9. АТ-ТАВБА

1.

Делера а‚ Цуьнан элчанера а шаьш цIена хилар ду аша барт бина хилла болчу
мушрикунашка.

2.

ДIа-схьа лела лаьттахула беа баттахь‚ тIаккха шуна хаалаш, Далла тIехь шун ницкъ
кхочур боцийла‚ и Дела вуйла цатешарш сийсазабийр болуш.

3.

Делера а‚ Цуьнан элчанера а кхайкхар ду нахе Доккха хьаьж доьхкучу дийнахь. И
Дела цIена ву мушрикунех‚ Цуьнан элча а /цIена/ ву, аьлла‚ аша тоба дахь – и
шуна дика ду‚ шу дуьхьалдовлахь – шуна хаалаш, шуна Далла тIехь ницкъ боцийла.
Кхаъ баккха цатешачарна лазош долчу Iазапаца.

4.

Аша шайца барт бина хилла берш боцучарех‚ тIаккха шуна цхьанне хIуманца эшам
бина хилла боцучарех‚ шуна тIехь цхьаннена гIо дина хилла боцучарех – цаьрца
бина барт кхочушбе шен хан чекхъяллалц‚ Далла беза /Шех/ кхоьруш берш.

5.

Деза /хьаьж доьхку/ беттанаш чекхдевлча /и шайца маслаIате ца богIу, шуьца
мостагIалла лелош болу/ мушрикунаш байа, шайна уьш карабоьллачохь‚ схьалеца уьш‚
гуо бе царна‚ охьаховша царна кIелонна массанхьа а. Уьш дохкобовлахь‚ цара ламаз
хIоттадахь‚ закат лахь – церан некъ маьрша бе. Баккъалла а, Дела гечдийриг ву‚
къинхетам бийриг ву.

6.

Мушрикунех цхьаммо хьоьга ша тIеэцар дехахь – тIеэца иза цунна Делан дош
хаззалц‚ тIаккха дIакхачаве иза кхерам боцучу меттиге /шен даймахка‚ цунна
лаахь/, – иза уьш ца хууш къам хиларна ду.

7.

Муха хир бу мушрикунашца барт Далла гергахь а‚ Цуьнан элчанна гергахь а‚
Хьарам-маьждиган гергахь аша шайца барт бинарш боцучаьрца? Уьш шуьца нийса ма
хилла‚ шу цаьрца а нийса хила. Баккъалла а, Далла беза /Шех/ кхоьрурш.

8.

Муха..? Шаьш шуна тIехь толам баьккхича‚ цара тергал ца до шуна юккъехь гергарло
а‚ барт а‚ шу реза до цара шайн багенашца‚ куралла йо церан дегнаша‚ царех
дукхахберш песакъ /вон лела‚ Iесалла еш болу нах/ бу.

9.

Делан аяташ доьхкина цара кIеззигчу мехах‚ Цуьнан новкъах /дуккха а нах/ тилий
цара. Баккъалла а, ма вон хилла-кх цара деш хилларг.

10.

Тергал ца до цара муъма стагехь гергарло а‚ барт а‚ уьш дозанех белларш бу.

11.

Нагахь санна цара тоба дахь‚ ламаз хIоттадахь‚ закат лахь – тIаккха шун вежарий
бу уьш динехь, (иштта) къастадо Оха аяташ хууш долчу къомана.

12.

Нагахь санна цара шайн дуйнаш къардахь, шайн барт хиллачун тIаьхьа‚ Iиттарш яхь
шун динна – керсталлин кортош дайа‚ – баккъалла а, церан дуйнаш бан а бац‚ – уьш
совца мегара /шайн коьртехь берш байича/.

13.

Шу ца лета шаьш шайн дуйнаш бохийначу къомах‚ элча араваккха гIайгIа беш хилла
долчу‚ шаьш юьхьанцара шуьца и (тIом) болийна хиллачу? Царех кхоьру шу? Дела там
болуш ма вара шу Шех кхера‚ шу муъма нах хиллехь!

14.

ТIом бе цаьрца‚ Дала шун куьйгашца Iазап дийр ду царна‚ сийсазбийр бу уьш‚ царна
тIехь шуна гIо дийр ду‚ тодийр ду муъма нехан (къоман) дегнаш.

15.

ДIайоккхур ю церан дегнийн оьгIазло‚ Дала гечдо Шена луучунна (бусулба дине
верзош Абу-Суфьян санна)‚ Дела хууш верг а‚ /нийса/ хьукма дийриг а ву.

16.

Шу моьттуш дара шаьш дуьтур ду (балане а ца лоцуш)? Далла хIинца а шух гIазот
динарш а‚ Дела а, элча а витина‚ муъма нах а битина, кхин доттагIий ца лаьцнарш
а ца бевзина (нахана гучабохуш)? Дела сов дика хууш верг ву аша дийриг.

17.

Оьшуш дац мушрикунаш Делан маьждигашкахь Iен, керстанаш шаьш хиларан тешалла а
деш‚ церан Iамалш дIатили‚ уьш цIергахь гуттар лаьттар бу.

18.

Делан маьждигашкахь Iийр ву Делах а‚ эхарт дийнах а тешна верг‚ ламаз
хIоттийнарг‚ закат делларг‚ Дела воцчух ца кхоьрург – уьш хила там бу
нисбеллачарех.

19.

Аша хилийти хьаьжина хи далар а‚ Хьарам-маьждигехь Iар а Делах а‚ эхарт дийнах а
тешначух а‚ Делан новкъах къахьегначух а тера? Ца нисло уьш Далла гергахь‚ Дала
ца нисдо зуламе къам.

20.

Иман диллинарш‚ дIакхелхинарш‚ (пайхамарца Маккара Мединате ислам
Iалашдархьама)‚ Делан новкъахь шайн дохнаца а‚ шайн синошца а къахьегнарш дуккха
беза бу даржаца Далла гергахь‚ уьш бу тоьлларш.

21.

Царна церан Кхиош-кхобучо кхаъ боккху Шегара къинхетам хиларца а‚ резахиларца а‚
бошмаш (ялсамани) хиларца а‚ шайна цуьнан (ялсаманин) чохь лаьтташ долу ниIмат
долуш.

22.

Цу чохь уьш гуттар лаьттар бу‚ баккъалла а, Дела Шегахь сийлахь-еза ял йолуш ву
(царна яла).

23.

ХIай иман диллинарш! Ма лацалаш шайн дай а‚ шайн вежарий а доттагIий, (ма бе
царех дола дийраш) царна иманал керсталла дукхадезахь. Шух царех доттагIий
бинарг – уьш бу зуламхой.

24.

Ахьа ала: “Нагахь санна шун дай‚ шун кIентий‚ шун вежарий‚ шун зударий‚ шун
гергарнаш‚ даьхний‚ аша гулдина хилла долу‚ йохка-эцар‚ ша (са йоцуш) йисарх шу
кхоьруш йолу‚ цIенош шайна шу реза долу‚ шуна дукха- дезахь Делал а‚ цуьнан
элчанал а‚ Делан новкъахь гIазот дарал а, – хьоьжуш Iе Дела валлалц Шен
гIуллакхца. (цуьнан Iазап‚ оьгIазло йогIур ю шуна). Дала ца нисдо песакъ къам.

25.

Дала гIо дира шуна дуккхачу меттигашкахь‚ Хьунайн дийнахь а. Шу цецдехира шун
дукхалло‚ цо (шу дуккха хиларна, Делан гIоьнах ойла еш дацара шу) шун хIумма
кIелхьара ца дехира‚ сел шортта хилла долу латта гатделира шуна (довда меттиг
йоцуш дисира шу)‚ тIаккха шу духадевлира.

26.

ТIаккха Дала Шен синтем боссийра Шен элчанна а‚ муъма нахана а; эскар доссийра‚
шуна гуш доцу; цатешачарна Iазап дира‚ цатешачеран бекхам и бу.

27.

ТIаккха гечдийр ду Дала, цул тIаьхьа, Шена луучунна‚ и Дела гечдеш верг а‚
къинхетам беш верг а ву.

28.

ХIай иман диллинарш! Мушрикунаш нажс /боьха хIума/ ю‚ хIокху шарал тIаьхьа
Хьарам-маьждигна герга ма гIойла уьш. Шу кхерахь мискаллех (мушрикунаш ца
баьхкича йохка-эцар сецна), – тIаьхьа Дала хьоле дийр ду шу Шен комаьршаллах,
Шена лаахь. Баккъалла а, Дела хууш верг а‚ хьукаме верг а ву.

29.

ТIом бе шайга жайна деллачарех Делах а‚ эхарт дийнах а ца тешаш болчаьрца‚ Дала
а‚ Цуьнан элчано а хьарам динарг хьарам ца деш болчаьрца‚ хьакъ-бакъ долу дин
(Ислам) къобал ца деш болчаьрца шайн куьйгаца (мукIар хилла) жизьят луш, уьш
кIел совццалц.

30.

Жуьгташа элира: “Iузайр – Делан кIант ву”‚ насараша (Iисана тIаьхьа хIиттинарш –
христианаш) элира: “Масихь /Iиса пайхамар – Христос/ – Делан кIант ву”. Иза –
церан дош ду шайн багара (схьадаьлла)‚ тардеш бу уьш хьалха керсталла диначеран
дашах‚ Дала хIаллак бойла уьш! Ма бакъдолчух дог даьлла бу уьш!

31.

Шайн епископаш а‚ монахаш а делий лецира цара Дела а витина‚ Марьяман кIант
Масихь а (Дела лецира цара). Цаьрга омра дина дацара цхьанна Далла Iибадат де
аьлла бен‚ кхин Дела воцчу И ша бен – цIена ву иза цара Шеца накъост лацарх.

32.

Уьш лууш бу Делан нур дайа шайн багенашца‚ Дала ца магадо Шен нур кхоччуш
хилийтар бен‚ керстанашна ца дезахь а.

33.

И ву ваийтинарг Шен элча нийсачу некъаца а‚ бакъонан динца а, и массо динна
тIехь толийтархьама, мушрикунашна ца дезахь а.

34.

ХIай иман диллинарш! Баккъалла а, епископех а‚ монахех дукхахберш харцонца нехан
даьхний дууш бу хьуна‚ Делан некъах (шайна тIаьхьахIуьтту нах) дIатоьттуш а бу.
Деший а‚ детий а гулдеш болчаьрга‚ Делан новкъахь цуьнца харж ца еш – царна ахьа
кхаъ баккхалахь, шайна лазош долу Iазап хиларца.

35.

Цхьана (къематан) дийнахь жоьжахатин цIергахь цIе юьллур ю царех‚ цуьнца
(цIарца) дагор ду церан хьаьжнаш а‚ церан агIонаш а‚ церан баккъаш а: “ХIара ду
аша шайна гулдинарг‚ Iовша шаьш гулдина хилларг”‚- (маликаша) олуш.

36.

Баккъалла а, беттанийн дукхалла Далла гергахь – шийтта бутт бу Делан жайна чохь
язбина Цо стигланаш а‚ латта а кхоьллинчу дийнахь‚ царех биъ беза бу
(зуль-къаIада‚ зуль-хьиджа‚ мухьаррам‚ раджаб). И ду мехала дин. Цу чохь шайна
зулам ма де. ТIом бе массо мушрикунашца цара шуьца массаьрца тIом баре терра‚
шуна хаалаш, и Дела (Шех кхоьручаьрца) вуйла.

37.

(Цхьа беза бутт кхечуьнга ) тIаьхьататтар керсталлехь сов валар ду‚ шеца
цатешарш тилош, цхьана шарахь хьанал беш и (беза бутт‚ цу чохь тIом бан магош)‚
вукху шарахь – хьарам беш, Дала базбинчийн дукхаллица богIуш хилийтархьама –
хьанал бо цара Дала хьарам бинарш. Хазйина царна шайн вон амалш. Дала ца нисдо
керста къам.

38.

ХIай иман диллинарш! Шуна хIун хилла, шайга Делан новкъахь (гIазотана) арадовла
аьлча, (лаьттахь) дазлой ма Iа шу (гIазоте ца гIош)? Эхартал а дуьненан дахарна
реза хилла-те шу? Ма кIезиг хIума ю-кх и, дуьненан дахар, эхартаца юьстича!

39.

Шу гIазотана ара ца довлахь – Цо шуна лазош долу Iазап дийр ду‚ хуьйцур ду шу
кхечу къомаца‚ аша Цунна зен дийр дац цхьанне хIуманца. Дела массо хIуманна
тIехь ницкъ болуш ву.

40.

Аша цунна (вай пайхамарна Мухьаммадана гIазоте хIуттуш) гIо ца дахь – Дала гIо
дира цунна керстанаша иза (Маккара) араваьккхинчу хенахь‚ шиннех шолгIаниг и
хилла волчу хьолехь. Уьш шиъ нокхечохь (хьехахь) болуш‚ цо (пайхамара) элира шен
накъосте (Абу-Бакре): “Хьо гIайгIане ма вожалахь‚ вайца Дела ву хьуна”. Дала
дог-паргIато йоссийра цунна тIе‚ Цо чIагIвира и эскарца‚ шуна ша гуш ца хилла
долчу‚ цатешачеран дош бухахь хилийтира. Делан дош – и ду лакхахь дерг‚ Дела Ша
веза верг а‚ хьукаме верг а ву.

41.

Арадовла шаьш дайа дерш‚ деза  дерш а‚ къахьега (гIазот де) шайн дохнаца а‚ шайн
синошца а Делан новкъахь. И дика ду шуна, шу хууш хиллехь.

42.

Iалашо гергахь хилахь‚ некъ атта а хилахь – хьуна тIаьхьахIуьтту уьш‚ хIетте а
(некъ) гена хиларца хилла царна /хало/‚ Делаца дуйнаш буур бу цара: “Шайн ницкъ
кхачахьара, шуьца арадевр дара шаьш” (гIазотана)‚- бохуш.  Шаьш шайн хIаллакдо
цара шаьш. Далла хаьа уьш харцлуьйш буй.

43.

Дела къинтIера ваьр хьуна! Ахьа хIунда пурба делла царна хьайна бакълуьйш берш
билгалбовллалц‚ харцлуьйш берш бовззаллц?

44.

Хьоьга пурба доьхур дац хьуна Делах а‚ эхар дийнах а тешаш болчара шайн дохнаца
а‚ шайн синошца а гIазот ца дан. Дела хууш ву (Шех) кхоьруш берш.

45.

Хьоьга пурба доьху Делах а, эхар дийнах а цатешачара‚ шайн дегнаша шеко ечара‚ –
уьш шайн шекон чохь ойланаш керчош бу.

46.

Шаьш /гIазотана/ арабовла лууш хиллехьара‚ цунна кечамбина хир бара цара‚ делахь
а Далла ца деза церан гучубовлар /гIазотана/. Цо уьш бухабуьтуш бу /шуьца
гIазотана арабовларх, мало ярца/‚ элира /цаьрга/: “Охьаховжший Iиэ охьахевшина
Iачаьрца” /зударшца а‚ берашца а‚ къеначу нахаца а/.

47.

Шуьца уьш арабевллехьара а‚ шу совдохур ма дацара цара, низам дохорца а бен‚ шун
юкъ эгIор ма яра цара шуна питана лоьхуш‚ шуна юкъахь ма бу цаьрга ладоьгIуш
берш. Дела бевзаш ву-кх зуламе берш.

48.

Хьалха а питана лехира цара‚ хьуна мекарлонаш йира бакъдерг даллалц‚ Делан
гIуллакх гучуделира, уьш ца лууш а болуш.

49.

Царех ву ша олуш верг: “Пурба лохьа /гIазотана ара ца вала/ суна‚ питана ма де
суна”. Ткъа питанна чубегна бац уьш? Баккъалла а, жоьжахати гуо бийр болуш ма ю
керстанашна.

50.

Хьуна диканиг хилахь‚ цо вон хоьтуьйту царна. Хьуна хало хилахь‚ цара олу: “Оха
хьалха дIалецира тхан гIуллакх” /гIазоте ца даха сацам бира оха хьалха‚ цундела
тхуна вон ца хили/. Уьш  дIабирзира шаьш баккхийбуьйш.

51.

Ахьа ала: “Тхуна хиланне а хир ма дац Дала тхуна яздинарг бен. И ву тхан
гIоьнча”‚ Далла тIетевжийла муъма нах.

52.

Ахьа ала: “Шина диканах /я толам хир бара тхуна‚ я гIазот хир дара тхуна/
цхьанне а бен хьоьжийла дарий шун тхуна? Тхо хьоьжуш ду шуна Дала шегара я тхан
куьйгашца Iазап кхачориг хиларе. Хьоьжуш Iе‚ тхо а шуьца цхьаьна хьоьжуш Iийр
ду”.

53.

Ала: “СагIа ло шайна лаахь а‚ ца лаахь а‚ шуьгара данне а къобалдийр дац и.
Баккъалла а, шу хили-кх песакъ къам”.

54.

Цаьргара сагIа къобалдар духатоьхна, уьш Делах а‚ элчанах а тешаш ца хиларо‚
шаьш мало еш бен цара ламаз ца даро‚ ца лууш, халла бен цара сагIа а ца
даккхаро.

55.

Ахьа тамаша ма бойла церан дохнах а‚ церан кIентех а. Далла лууш ду цаьрца царна
Iазап дан дуьненан дахарехь‚ синош дер ду церан уьш керстанаш болуш.

56.

Цара Делаца дуйнаш боу шаьш шух ду‚ бохуш‚ шух бац уьш‚ хIетте а къаьсташ къам
ду уьш.

57.

Шайна лачкъа меттиг караяхь‚ лаьттах бола меттиг караяхь я чудовла меттиг
караяхь – цига сихлур бу уьш чехка /къаьхкина говр санна/.

58.

Царех бу хьуна ирча бехкаш бохуш берш сагIадаккхарехь‚ цунах шайна делча реза
хуьлу уьш‚ цунах шайна ца лахь – уьш оьгIазбоьлху.

59.

Уьш реза хиллехьара Дала а‚ цуьнан элчано а шайна деллачунна‚ аьллехьара цара:
“Тхуна кхачам болуш ву-кх Дела‚ тIаьхьа лур ду тхуна Дала Шен комаьршаллах.
Цуьнан элчано а /лур ду тхуна/‚ баккъалла а, тхо Деле догдохуш ду-кх” /дика хир
дара-кх царна/.

60.

СагIанаш ло Делера парз хилла пекъаршна а‚ мискачарна а‚ царна тIехь болх
бечарна а‚ дегнаш кIаддархьама а‚ леш азат бахарехь а‚ декхарийн кIелбисинчарна
а‚ Делан новкъахь а‚ некъан накъостана а. Дела хууш а ву‚ /нийса/ хьукам деш а
ву.

61.

Царех бу пайхамарна халахоьтуьйтуш берш‚ олуш берш: “Иза /пайхамар/ – лергаш ду”
/массо хIума хезаш ду-кх цунна/. Ахьа ала: “Дикаллин лергаш ду-кх шуна‚ тешаш ву
и /Мухьаммад пайхамар/ Делах а‚ тешаш ву и муъма нахах а‚ шух иман диллинчарна
къинхетам бу и”. Делан элчанна халахоьтуьйтуш берш – царна ду лазош долу Iазап.

62.

Шуна Делаца дуйнаш боу цара шу реза дархьама. Дела а‚ Цуьнан элча а хьакъ бар-кх
цара реза бан, шаьш муъма нах хиллехь.

63.

Царна ца хаьа-те Далла а‚ Цуьнан элчанна а дуьхьало йиначунна жоьжахатин цIе хир
юйла, и цу чохь гуттар лаьтташ? Ма йоккха сийсазалла ю-кх и!

64.

Кхоьруш бу мунепикъаш цаьрга /бусулба нахе/ шайн дегнашкахь дерг /мунепикъийн
дегнашкахь йолу шеко гучуйоккхуш/ дуьйцуш сурат доссарх. Ахьа ала: “Ма даша шу”
/ма лара аша дин а‚ Дела а‚ бусулбанаш а/. Баккъалла а, Дела арадоккхург ву шу
кхоьруш (ларлуш) дерг.

65.

Ахьа цаьрга хаьттича‚ цара алланне а эр ду хьуна: “Тхо-м забар еш‚ ловзуш
дарий”. Ахьа ала: “Делах а‚ Цуьнан аятех а‚ Цуьнан элчанах а доьлуш хилла шу?”

66.

Бехказлонаш ма е аша. Керсталла дина аша шайн иманал тIаьхьа‚ шух цхьана тобанна
Тхо къинтIера довлахь а‚ кхечу тобанна Оха Iазап дийр ду, уьш хиларна къинош
динарш.

67.

Мунепикъ божарий а‚ мунепикъ зударий а – уьш цхьаберш вовшех бу. Вониг омра до
цара‚ диканиг ма де олу‚ шайн куьйгаш дIакъовлу цара /сагIа ца луш‚ Делан
новкъахь харж ца еш/. Дела вицвина цара – Цо а ма биц бина уьш. Баккъалла а,
мунепикъаш – уьш бу-кх песакъаш.

68.

Дала ваIда йина мунепикъ божаршна а‚ мунепикъ зударшна а‚ керстанашна а
жоьжахатин цIарца‚ цу чохь уьш гуттар лаьттарг болуш. И ю царна кхачо йийриг‚
Дала неIалт аьлла царна‚ царна хIоьттина долу Iазап ду.

69.

Шул хьалха хиллачарех тера /ду иза/. Шул чIогIа бара уьш ницкъаца‚ алсам бара
дохнаца а‚ доьзалшца а. Шайн декъах зовкх хьийгира цара‚ шайн декъах зовкх
хьийгира аша а‚ шул хьалха хиллачара а зовкх хьегаре терра шайн декъах‚ забарш
йира аша а, забарш йиначарех терра. Уьш бу-кх шайн Iамалш яйнарш дуьненахь а‚
эхартахь а‚ уьш бу-кх шаьш эшийнарш.

70.

Цаьрга ца деъна-те шайл хьалха хиллачу Нухьан‚ Iадин‚ Самудан къаьмнийн хабар‚
ИбрахIиман къоман‚ Мадъянан дайн‚ Муътафикатийн хабар? Цаьрга шайн элчанаш ма
баьхкира билгалонашца. Дела ца хилла царна зулам деш‚ хIетте а шаьш хилла уьш
шайна зулам деш.

71.

Муъма божарий‚ муъма зударий – цхьаберш вовшийн доттагIий /верасаш/ бу‚
дикачуьнца омра деш‚ /вон дерг ма де олуш/ вочух духатухуш‚ ламаз хIоттадеш‚
закат луш‚ Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь а болуш. Царех тIаккха къинхетам
бийр бу Дала. Баккъалла а, Дела ма ву веза верг а‚ хьукаме верг а.

72.

Дала ваIда йина муъма божаршна а‚ муъма зударшна а бошмаш /ялсаманехь/‚ шайн
бухахула татолаш оьхуш йолу‚ цу чохь уьш гуттар лаьтташ‚ цIена гIишлош Iаднин
бошмашкахь‚ Делера реза хилар дуккха доккха ду – иза беза-боккха толам бу.

73.

ХIай пайхамар! ГIазот де керстанашца а‚ мунепикъашца а‚ кIоршаме хила цаьрца‚
церан чохьIойла жоьжахати ю, – вон дIадерзар ду-кх иза.

74.

Цара /мунепикъаша/ дуйнаш боу Делаца‚ ца аьлла /пайхамарна вониг/ шаьш‚ бохуш.
Аьлла цара керсталлин дош‚ царех керстанаш хилла шаьш бусулбанаш хиллачул
тIаьхьа‚ шайна карх ца даьлларг дан хьаьвсира уьш‚ бекхам бира цара, беккъа Дала
а‚ Цуьнан элчано а шайна Шен комаьршаллах хьал даларна. Цара тоба динехьара дика
хир дара царна. Уьш дIаберзахь– лазош долчу Iазапца Iазап дийр ду Дала царна
дуьненахь а‚ эхартахь а. Ма вац царна лаьттахь верас а‚ гIоьнча а!

75.

Царех бу шаьш Делаца ваIда йинарш: “Цо тхуна Шен комаьршаллах /ниIмат/ лахь‚
/шортта/ лур ма ду шаьш /дала дезачунна/ сагIа, хиллане а хир ду шаьш
дикачарех”‚- аьлла.

76.

Цо /Дала/ Шен комаьршаллах шайна делча‚ уьш цуьнца пис хилира‚ дIабирзира, шаьш
дуьхьала хуьлуш.

77.

Церан дегнашка Цо /Дала/ доссийра мунепикъалла, уьш Цуьнца цхьанаькхетар долу
/къемат/ де тIекхаччалц‚ цара шаьш Делаца йина ваIда йохийна хиларна‚ уьш шаьш
харцлуьйш хиларна.

78.

Царна ца хаьа-те Далла хууш хилар церан хьулдинарг а‚ церан къайлах дерг а‚ и
Дела Ша къайлах долу хIуманаш дика хууш верг хилар а?

79.

Муъма нахах сагIанашкахь муьтIахь болчарех а‚ шаьш къахьегнарг бен
цакарийначарех а, луьйш берш‚ тIаккха уьш хьийзош берш, – Дала хьийзор бу уьш‚
царна ду лазош долу Iазап.

80.

Ахьа гечдар деха царна я ахьа гечдар ма деха царна. Ахьа царна кхузткъе уьттазза
гечдар дехча а – Дала данне а гечдийр долуш дац царна. И ду цара Далла а‚ Цуьнан
элчанна а керсталла дарна. Дала ца нисдо песакъ къам.

81.

Баккхийбийра шаьш бухабитинарш Делан элчанна тIехьахь хевшина бисарна (гIазоте
ца боьдуш)‚ царна ца дийзира Делан новкъахь шайн дохнаца а‚ шайн синошца а
къахьега /гIазот дан/‚ цара элира: “Ма довла (гIазотана ара) йовхонгахьа”. Ахьа
ала: “Жоьжахатин цIе йовхонца кхин а нуьцкъала ю”‚ уьш кхеташ хиллехь.

82.

Боьлийла уьш кIеззиг‚ боьлхийла уьш дуккха – шаьш деш хиллачун /вонан/ бекхам бу
и.

83.

Дала хьо вухаверзийча царех цхьана тобана тIе хьоьга пурба доьху цара ара довла
/гIазотана/. ТIаккха ахьа ала: “Цкъеллига цкъа соьца ара довлур дац шу‚ соьца
цхьаммо а мостагIца тIом бийр бац аша. Шу реза хилла дуьххьара хевшина Iен –
ховший Iиэ хIинца а бухабисинчаьрца”.

84.

Царех цхьанненна велча цкъеллига цкъа ламаз ма де‚ цуьнан коша тIе ма хIотта.
Баккъалла а, цара керстаналла дина Далла а‚ Цуьнан элчанна а‚ уьш белла шаьш
песакъ хилла.

85.

Хьоьга тамаша ма бойтийла церан бахамо а‚ церан доьзалша а. Далла лаьа цуьнца
царна Iазап дан дуьненахь а‚ церан синош довла уьш керстанаш а болуш.

86.

Сурат доьссича Делах а теша‚ Цуьнан элчанца гIазот а де‚ аьлла‚ царех
хьалдолчара хьоьга пурба дийхира‚ элира: “Дитахь тхо‚ хевшина лаьттачаьрца хир
дара тхо”.

87.

Реза хилла уьш бухабисинчаьрца хила‚ церан дегнашна мухIар тоьхна, – уьш ца
кхета.

88.

ХIетте а элчано а‚ цуьнца иман диллинчара а гIазот дира шайн бахамца а‚ шайн
синошца а‚- уьш бу шайна диканаш деш берш‚ уьш бу шаьш баккхийбуьйр берш.

89.

Царна Дала бошмаш кечйина‚ шайн бухахула татолаш а оьхуш‚ цу чохь уьш гуттар
лаьттар бу. И бу-кх беза-боккха толам.

90.

Бевлла лелачу Iарбех бехказлонаш еш берш баьхкира шайна пурба далийтархьама‚
бухабисира шаьш Делаца а‚ Цуьнан элчанца а харц хилларш‚ тIаьхьа кхетар ду царех
керсталла диначарна лазош долу Iазап.

91.

ЗаьIапхошна а‚ цомгуш болчарна а‚ ян харж ца карочарна а къа дац /гIазоте ца
бахча а/ уьш Делаца а‚ Цуьнан элчанца а дог цIена хилча. Диканиг деш болчарна
некъ бац /бехк билла/. Дела гечдеш верг а‚ къинхетам беш верг а ву.

92.

Хьо волчу баьхкинчарна а дац /къа/ ахьа шаьш кечдахьара, бохуш‚ ахьа аьлча: “Шу
шеца кечдан хIума ца карадо суна”‚ дIабирзина болчу шайн бIаьргаш хих буьзна вон
хеташ, шайна харж ярна хIума ца карадарна /шайна гIазоте баха таро ца хиларна/.

93.

Некъ бу /бехк билла/ хьоьга пурба доьхучарна а шаьш хьалдолуш а болуш. Уьш реза
хилла бухабисинчаьрца /зударшца/ хила‚ церан дегнех Дала мухIар тоьхна, – царна
ца хаьа.

94.

Шуьга бехказлонаш йо цара шу царна тIе духадирзича. Ахьа ала: “Бехказлонаш ма е!
Тешшане а шух тешар дац тхо. Дала дийцина тхуна шун хабарех. Гур ю Далла а‚
Цуьнан элчанна а шун Iамал‚ тIаккха шу духадерзор ду къайлахь дерг а‚ гучахь
дерг а хууш волчунна /Далла/ тIе – Цо дуьйцур ду шуьга аша деш хилларг”.

95.

Шуна Делаца дуйнаш буур бу цара шу царна тIедирзича шу шайх духа- дахархьама.
Духадовла царех! Баккъалла а, уьш рижс ю‚ церан чугIойла жоьжахати ю – бекхамна
уьш деш хиллачунна (дуьхьал).

96.

Дуйнаш боу шуна шу шайна реза хилийтархьама. Шу царна реза хилахь – Дела реза
хир вац песакъ къомана.

97.

Бевлла лела Iарбий керсталлица а‚ мунепикъаллица а мелхо а чIогIа бу (кхечарел)‚
Дала Шен элчане диссийна дозанаш ца хаарехь а сов бу. Дела хууш верг а‚ хьукаме
верг а ву.

98.

Бевлла лелачу Iарбех бу шаьш сагIийна луш дерг гIуда лоруш берш‚ шуна баланаш
хиларе хьоьжуш берш. Царна бу-кх вочун бала. Дела хезаш верг а, хууш верг а ву.

99.

Бевлла лелачу Iарбех бу шаьш Делах а‚ тIаьхьарчу дийнах а тешаш берш а, шаьш луш
долу сагIа Далла гергахь гIурба а‚ элчанна /шайна/ доIа дан /некъ/ лоруш берш.
Царна гIурба дац, ткъа, и?! Дала Шен къинхетамна чубухкур бу уьш. Баккъалла а,
Дела гечдеш верг а‚ къинхетам берг а ву.

100.

ДIакхелхинчарех а‚ (царна) гIо лаьцначарех а дуьххьара (ислам дин оьцуш) хьалха
хилларш‚ дикачуьнца царна тIаьхьа хIиттинарш – Дела реза хилла царна. Уьш а реза
хилла Цунна. Цо царна бошмаш кечйина бухахула татолаш оьхуш йолу. Уьш цу чохь
гуттар лаьттар бу. И сийлахь- боккха толам бу!

101.

Шуна гонах болчу бевлла лелачу Iарбех мунепикъаш бу‚ Мадинатан бахархойх а бу
уьш (мунепикъаш)‚ мунепикъаллин чу кIорга бахана уьш‚ хьуна ца бевза уьш‚ Тхуна
бевза уьш. Оха шозза Iазап дийр ду царна‚ тIаккха доккхачу Iазапе берзор бу.

102.

Кхиберш къера хилира шайн къиношна‚ цара эйира дика Iамал кхечу вочуьнца‚ Дала
гечдан мега царна. Баккъалла а, Дела ву гечдийриг а‚ къинхетам берг а.

103.

Церан бахамах сагIа эца – цуьнца догIмаш а‚ синош а цIандийр ду ахьа церан‚
/Деле/ доIа а де царна‚ баккъалла а, хьан доIа царна паргIато ю. И Дела хезаш
верг а‚ хууш верг а ву.

104.

Царна ца хаьа-те Дала къабалдеш хилар Шен лешкара тоба а‚ сагIа оьцуш хилар а‚ и
Дела ша тоба къобалдеш верг а‚ къинхетам беш верг а вуйла?

105.

Ахьа ала: “Iамал е! Далла а‚ Цуьнан элчанна а‚ муъма нахана тIаьхьа гур ю шун
Iамал‚ тIаьхьа дерзор ду шу хьуламехь дерг а‚ гучохь дерг а хууш волчунна тIе –
(Далла тIе). ТIаккха Цо шуьга дуьйцур ду аша деш хилларг”.

106.

Цхьа кхиберш Делан гIуллакхе догдохуьйтуш хир бу: я Iазап дийр ду Цо царна‚  я
церан тоба къобалдийр ду Цо. И Дела хууш верг а‚ хьукаме верг а ву.

107.

Цхьа кхин берш бу шаьш зуламна а‚ керсталлина а‚ муъма нахана юккъехь барт
эгIорна а‚ хьалха Делаца а‚ Цуьнан элчанца а тIом беш хиллачарна кечамна а
маьждиг дина берш – баъанне а дуйнаш буур бу цара шайна диканиг бен лууш ма
дацара хьуна‚ бохуш. Дала тешалла до: “Баккъалла а, уьш бу харцлуьйш”‚- аьлла.

108.

Хьо ма хIотталахь цу чохь цкъа а. Дуьххьарлерачу дийнахь дуьйна (Делах) кхерарна
тIехь хIоттийна долу маьждиг мелхо а хьакъ ду хьо шена чохь хIотта – цу чохь бу
шаьш цIанбала лууш болу божарий. Далла беза шаьш цIанлуш берш.

109.

Шен гIирс Делера кхерарна а‚ резаллина а тIехь хIоттийнарг ву дика‚ я шен гIирс
йоьхна‚ охьаоьгуш йолчу (бердан) йистехь хIоттийнарг ву‚ цо шеца жоьжахатин
цIерга вожийна волу? Дала ца нисдо-кх зуламе долу къам.

110.

Ца соцу церан гIирс‚ цара шаьш бина болу‚ церан дегнашкахь шеко хилла а бен‚
церан дегнаш кийсигаш хилла теда даллалц. Дела хууш верг а‚ хьукаме верг а ву.

111.

Баккъалла а, Дала эцна муъма нахера церан синош а‚ церан бахам а царна ялсамани
яларца. Уьш Делан новкъахь тIом беш бу‚ цара а бойу‚ уьш а бойу. И цуьнан
(Далла) тIехь ваIда ю‚ хьакъ-бакъ хилла йолу Товратан чохь а‚ Инжилан чохь а‚
КъурIан чохь а. Мила ву шен ваIда Делал дика кхочушъеш верг? Шу даккхийде шайн
йохка-эцарца‚ аша Цуьнца кхочушйина йолчу /ваIдица/. Иза – сийлахь-боккха толам
бу-кх!

112.

Тоба деш берш‚ Iибадат деш берш‚ (Далла) хастам беш берш‚ къахьоьгуш берш‚
рукIе-суждане гIош берш‚ дикачуьнца омра деш‚ вочух (нах) бухатухуш берш‚ Делан
дозанаш Iалашдеш берш (уьш бакхийбуьйр бу), – кхаъ баккха муъма нахана.

113.

Ца оьшу пайхамаро а‚ иман диллинчара а мушрикунашна гечдар дехар‚ уьш шайн
гергара хиллехь а‚ шайна уьш жоьжахатин дай хилар билгалдаьллачул тIаьхьа.

114.

ИбрахIиман шен дена гечдар дехар ца хилла еккъа цо цуьнца йина ваIдина дуьхьа а
бен. Шена и Делан мостагI хилар билгалдаьлча цIанвелира и цунах. Баккъалла а,
ИбрахIим ма ву хьасталуш верг а‚ дуккха собаре верг а.

115.

Ца хилла Дела къам тилош, Цо Ша нисдинчул тIаьхьа уьш Шех ларбала дезарг царна
билгалдаккхалц. Баккъалла а, Дела массо хIума хууш верг ву.

116.

Баккъалла а, Дела стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла Шегахь долуш ву‚
дендолуьйтуш а ву И‚ долуьйтуш а ву – И воцург верас а вац шуна‚ гIоьнча а вац.

117.

Дала тоба къобалдира пайхамаран а‚ дIакхелхинчеран а‚ ансарийн а‚ халачу
сохьтехь цунна тIаьхьахIиттина хилла болчу‚ царех цхьана тобанан дегнаш
дIатиладеллачул тIаьхьа‚ тIаккха Цо тоба къобал- дира церан‚ баккъалла а, И
царех дог лозуш а‚ къинхетам болуш а ву.

118.

Кхааннен а /тоба къабалдира Дала/‚ шаьш бухабисийтина хилла болчу‚ (уьш дукха
пошме хилира) шайна латта готта даллалц‚ ша шортта хилла долу‚ шайн синош а
царна гаттаделира‚ царна хиира Делах довдийла доцийла, Цунна Шена тIе а бен‚
тIаккха царна тIевирзира Иза (церан тоба къабал деш), цаьрга (нахе) тоба
дайтархьама. Баккъалла а, Дела тоба къабалдийриг а‚ къихетаме верг а ву.

119.

ХIай иман диллинарш! Делах кхералаш‚ бакълуьйчаьрца хилалаш.

120.

Ца безара Мадинатан бахархой а‚ цунна гонахара бевлла лелаш хиллачу Iаьрбех берш
а Делан элчанах бухабисина‚ и (пайхамар) витина шайн синош деза а. Иза ду –
царех ца хьакхаялийта Делан новкъахь хьогалла а‚ хало а‚ мацалла а‚ уьш ца
биссийта керстанашна кхерам тосучу меттиге‚ уьш ца кхиийта мостагIчуьнгара
цхьанне кхиаме, цуьнца шайна дика Iамал язъеш бен. Баккъалла а, Дала ца эшайо
дикачийн ял.

121.

Жима а‚ йокха а харж йир ма яц цара‚ цхьа а тогIий хадор ма яц цара (некъ беш)‚
и шайна яздина долуш бен‚ Дала царна бекхам балархьама цара деш хиллачух
хазачуьнца.

122.

Ца оьшу муъма нахана массо а (гIазотана) гIатта. Царех хIора тайпанах цхьа тоба
гIаьттича (тоьар ду)‚ (бисинчара) динехь гIуллакхаш къастор ду‚ нахана уьш шайна
тIе бухабирзича хьехам а бийр бу, – уьш (вочух) ларбала (Iама) мегара.

123.

ХIай иман диллинарш! ТIом бе керстанех шайна гергахь болчаьрца‚ шуьгахь луьралла
карайойла царна‚ шуна хаалаш‚ Дела /Шех/ кхоьруш болчаьрца вуйла.

124.

Царех бу сурат доьссича олурш: “Шух мила соввоккху хIокхо иманца?” Иман
диллинарш – уьш совбоху цо иманца‚ уьш баккхийбоь.

125.

Шайн дегнашкахь цамгар ерш – уьш совбоху боьха леларна тIе а боьха леларца‚ уьш
белла шаьш керстанаш болуш.

126.

Царна ца го-техьа шаьш хIора шарахь цкъа я шозза питане лоцуш хилар? ТIаккха а
тоба ца до цара‚ ойла а ца йо цара.

127.

Суратах хIума доьссича цхьаберш вовшашка хьовсу уьш‚ цхьаннена шу гуш дуй-те
бохуш‚ тIаккха дIабоьлху /и ца хазархьама/. Дала церан дегнаш дIадерзийна
/серлонах/, уьш ца кхеташ къам долу дела.

128.

Шуьга веъна элча‚ шух шайх а волуш‚ шуна хала хилларг шена дазлуш‚ шух чIогIа
гIайгIа еш волуш‚ муъма нахах дог лозуш а‚ къинхетаме а волуш.

129.

Уьш дIаберзахь‚ ахьа ала: “Кхачо ю сан Дела‚ кхин дела вац И бен‚ Цунна
тIетевжина со. И ву сийлахь-йоккхачу Iаршан Да”.