98. АЛЬ-БАЙЙИНА

1.

Ца хилира жайнан охIлах а‚ мушрикунех а болу кератсанаш къасталуш /шаьш тIехь
хиллачу динах/ шайга къеггина делил далц-

2.

Делера элча /Мухьаммад пайхамар/‚ ша доьшуш /царна/ цIена долу хьарчораш.

3.

Царна чохь мехала долу яздинарш а /жайнаш/ долуш.

4.

Шайга жайна доссинарш бекъа ца белира шайга къеггина долу делил деъначул тIаьхьа
а бен‚

5.

Цаьрга омра-м ца динера /деккъа/ Далла Iибадат де аьлла бен‚ шаьш цIандеш Цуна
дин‚ /бакъ долчунна ИбрахIиман а‚ Мухьаммадан а динан/ тIе тижаш‚ ламаз
хIоттаде‚ закат ло аьлла бен. Иза ду нийса долу дин.

6.

Баккъалла а, жайнан охIлах а‚ мушрикунех а болу и керстанаш жоьжахатин цIергахь
хир бу‚ гуттар цу чохь лаьтташ. Уьш вон халкъ ду-кх.

7.

Баккъалла а, иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а – уьш дика халкъ ду-кх!

8.

Церан бекхам шаьш Кхиош-кхобучун гергахь Iадн цIе йолчу ялсаманин бошмаш ю-кх‚
шайн бухахула лелаш татолаш а долуш‚ цу чохь уьш гуттар лаьтташ‚ Дела реза хили
царна‚ уьш а хили Цуна реза. Иза ду ша Кхиош-кхобучух кхоьруш хиллачунна дерг.