95. АТ-ТИН

1.

Инжирах а дуй боу Аса‚ зайтунах а‚

2.

Синин олучу ламах а дуй боу Аса‚

3.

ХIоккху тешаме йолчу гIалах а /Макках/ дуй боу Аса‚

4.

Оха кхоьллира адам уггар хазачу хьолехь.

5.

ТIаккха Оха дIаверзина иза уггар бухарчу хьоле /къанлой‚ тишлой. Муъма стеган
Iамал эшало иза къона хиллачу замане хьаьжча‚ Дала цуьна ял ло Шен дашца/:

6.

Иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а боцурш – царна ю хедар йоцу ял.

7.

Стено харцдойту хьоьга /хIай керста/ цул тIаьхьа а дин?

8.

Ткъа Дела вац уггар хьукам нийса деш верг?