90. АЛЬ-БАЛАД

1.

ХIан-хIа! Дуй боу Аса хIоккху гIалах /Макках/.

2.

Хьо /хIай Мухьаммад/ хьанал ву-кх цу гIалахь!

3.

Дех /Адамах/ дуй боу Аса‚ цо дуьнена ваьккхиначух а /цуьнан доьзалах – нахах/:

4.

Оха кхоьллина адам халонгахь.

5.

Цуна метта-те шена тIехь цхьаннена ницIкъ кхочур бац?

6.

Цо олу: “Аса дуккха даьхни хIаллак дина”.

7.

Цуна метта-те ша цхьаннена гина вац?

8.

Оха цуна ши бIаьрг ца бина?

9.

Мотт а‚ ши балда а /ца дина/?

10.

Оха нисвина иза /дикачунна а‚ вочунна а тIе боьдучу/ шина новкъа.

11.

Ирхо яхьан хьала ца гIирти иза.

12.

Хьоьга стено хаийтина‚ иза хIун ирхо яхьар ду?

13.

Лай азат ваккхар ду.

14.

Я хIума яор ду мацалла йолчу дийнахь

15.

Шен гергара долчу боберана‚

16.

ЧIогIа къоьлла йолчу мискачунна.

17.

ТIаккха /иза дахь/ хир ву иза иман диллинчарех а‚ вовшашка собаре хила олуш
весет диначарех а‚ вовшашка къинхетаме хила олуш весет диначарех а.

18.

Уьш бу аьтту агIонан /ялсаманин/ дай.

19.

Тхан аятех цатешнарш – уьш бу аьрру агIонан /жоьжахатин/ дай.

20.

Царна хир ю /шен неIарш царна тIехь/ къевлина цIе.