8. АЛЬ-АНФАЛ

1.

Цара хьоьга хоьтту хIонсах лаьцна‚ ахьа ала: “ХIонс Делан /долахь/ ю‚ элчанан а
/долахь/ ю”. Шу Делах кхера‚ вовшийн юккъехь маслахьат а де‚ муьтIахь хила Далла
а‚ Цуьнан элчанна а‚ шаьш хиллехь тешаш (муъма нах).

2.

Баккъалла а, тешаш берш /муъма нах/ бу Дела хьехийча шайн дегнаш кIадлуш берш‚
шайна тIехь Цуьнан аяташ дешча, иманца совбуьйлуш берш‚ шайн Кхиош-кхобучунна
тIетевжаш берш.

3.

Ишттанаш бу уьш шаьш ламаз а хIоттош‚ Оха шайна деллачу рицкъанх сагIа а луш.

4.

Уьш бу хьакъ-бакъ болу тешаш берш (муъма нах)‚ царна шайн Кхиош-кхобучун гергахь
даржаш ду‚ гечдар ду‚ шортта рицкъа ду.

5.

Хьан Кхиош-кхобучо хьо бакъонца хьан цIа чуьра араваккхаре терра‚ тешаш болчех
(муъманахах) цхьа тоба чIогIа ца лууш ма ю /гIазот дан/.

6.

Хьоьца къуьйсуш бу уьш бакъдолчуьнгахь и билгалдаьллачул тIаьхьа‚ шаьш Iожална
тIе лоьхкуш санна, шаьш хьоьжуш лаьтташ.

7.

Дала шуьца ваIда йо шина тобанах цхьаъ шун ю, олий‚ шуна дезаш ду герз доцург
шайна хуьлийла‚ Далла лууш ду бакъдерг чIагIдан а Шен дешнашца‚ цатешачеран
тIаьхье хадон а.

8.

Бакъдерг чIагIдархьама а‚ харцдерг дIатилархьама а, къинош дечарна ца дезахь а.

9.

Аша шайн Кхиош-кхобучуьнга гIо доьхура. Цо шуна жоп делира: “Аса шу чIагIдийр ду
тIеттIа эзар маликашца”‚- аьлла.

10.

И ца дира Дала кхаъ хилла а бен‚ шеца шун дегнаш паргIатдахархьама а бен‚ гIо
дац Далла гергара а бен. Баккъалла а, Дела везза верг‚ хьукма дика деш верг ву.

11.

Цо шуна тIе ма хьажайора наб озор, шуна Шегара сапаргIато луш‚ доссадора шуна
тIе стиглара хи, Шеца шу цIандархьама‚ шайтIанан вас-васал шух дIаяккхархьама‚
шун дегнаш сацорхьама (собарца а‚ бакъдолчуьнца а)‚ шун когаш цуьнца
чIагIбархьама.

12.

Хьан Кхиош-кхобучо хаийтира маликашка Ша шуьца ву, аьлла‚ чIагIбе иман
диллинарш‚ Аса тIаьхьа ца тешна хиллачерийн дегнашка кхерам кхуссур бу – тоха
логах‚ хадайе церан массо пIелган юьхьиг.

13.

Иза ду уьш Далла а‚ Цуьнан элчанна а дуьхьал хилла хиларна. Далла‚ цуьнан
элчанна дуьхьал хиллачунна Дела бекхам эца чIогIа ву.

14.

Иза (Iазап) ду шуна: “Iовша и шайна – цатешачарна цIеран Iазап ду”.

15.

ХIай иман диллинарш! Шаьш цатешачаьрца дуьхьалкхетча (тIам тIехь эскарш вовшех
кхетча), могIаршца (шайн) баккъаш ма тоха царна /царех кхералой ма довда/.

16.

Оцу дийнахь (гIазотехь кхеравелла вухаваьлларг)‚ царна шен букъ тоьхнарг‚ ша
тIамна хьаьвзаш вацахь я кхечу тобанах дIауьйш вацахь, Делера оьгIазаллина
юкъаваьлла и‚ цуьнан чугIойла жоьжахати ю‚ вон ю дIаваьрзу меттиг!

17.

Аша ца байина уьш‚ делахь а Дала байина уьш. Ахьа ца кхоьссина (герз) айхьа
кхуссуш делахь а – Дала кхоьссина (Дела вара и шун гIазот дIахьош верг)
муъманахана шегара хаза ял (толам‚ хIонс) ялархьама. Баккъалла а, Дела хезаш а,
хууш а ву.

18.

Иза Дела хилар ду цатешачеран мекарло эшор йолуш.

19.

Аша толам бехча – толам беъна шуьга. Шу совцахь – и дика ду шуна‚ шу духа тIамна
юкъа дагIахь – Тхо а догIур ду, шун тобано шун хIумма тIаьхьара доккхур дац, и
йоккха хилахь а. Дела муъма нахаца ву.

20.

ХIай иман диллинарш! МуьтIахь хила Далла а‚ цуьнан элчанна а‚ и (пайхамар) витий
дIа ма гIо, шу хезаш долуш (цо дуьйцург).

21.

Шу тар ма ло аьллачаьрга: “ЛадоьгIна оха”‚ шаьш ладугIуш а боцуш.

22.

Баккъалла а, Далла гергахь уггар боьха бежана ду къораниг а, мотт ца хуург а.
Уьш бу кхеташ боцурш.

23.

Далла цаьргахь диканиг лиъна хиллехьара, Цо ладугIуьйтур дара цаьрга. Цо шайга
ладогIийтича а, тIаккха а дIагIур бара (гIазотера бовдур бара) уьш, дуьхьал а
бевлла.

24.

ХIай иман диллинарш! Жоп ло Далла а‚ элчанна а Цо шайга кхайкхича Ша шу дендеш
долчуьнга‚ шуна хаалаш, и Дела хьийзаш хилар стагана а‚ цуьнан дагана а юкъа‚ шу
а Цунна тIе гулдийриг хилар.

25.

Питанах кхералаш: къаьсттина шух зулам диначаьрна зен дина Iанне а ца Iа иза
(массарна зен до цо). Шуна хаалаш, и Дела бекхам барца (таIазар дарца) чIогIа
вуйла.

26.

Аша дагадаийтал шаьш, кIезиг а хилла, лаьттахь заьIап хилар‚ шаьш наха
схьалецарна кхоьруш. ТIаккха Цо тIелецира шу‚ Шен гIоьнца чIагIдира шу‚ цIенчух
рицкъа делира шуна, – шу хила мегара баркалла олуш.

27.

ХIай иман диллинарш! Аша тешнабехк ма белаш Далла а‚ элчанна а‚ аша тешнабехк ма
белаш шайга хиллачу тешамна (декхар делахь а‚ я кхин хIума далахь а), шаьш хууш
долуш.

28.

Шуна хаалаш, шун даьхний а (бахам)‚ шун доьзалш а питана дуй‚ баккъалла а, Дела
Шегахь йоккха ял йолуш вуйла.

29.

ХIай иман диллинарш! Шу Делах кхерахь‚ Цо кхетам бийр бу шуна (довзуьйтур ду
бакъдерг‚ харцдерг)‚ шун къинойх цIандийр ду шу‚ шуна гечдийр ду Цо, – и Дела
йокха комаьршалла йолуш ву.

30.

Хьуна мекарло ма йора цатешачара хьо лаца‚ я вен‚ я хьо араваккха (Макка чуьра).
Мекарло йо цара, – Дала а йо мекарло /церан мекарло йохош/. И Дела /мекарлонна
дуьхьал/ мекарло ечарех диканиг ву.

31.

Шайна тIехь Тхан аяташ дешча, цара олу: “Хезна тхуна‚ тхайна лиъча цунах тераниг
оха а эр дара‚ уьш-м хьалхалерачийн туьйранаш дара”.

32.

Цара ма элира (дагадаийтал, хIай элча): “Везан Дела‚ хIара хиллехь Хьан гергара
бакъдерг‚ догIанца кхерий (тIулгаш) делхийта тхуна стиглара‚ я лазош долу Iазап
даийта тхуна”.

33.

Дела ца хилира царна Iазап деш хьо царна юккъехь волуш. Ца хилира Дела царна
Iазап деш верг, уьш шайна гечдар доьхуш болуш.

34.

Дала Iазап хIунда ца до царна, уьш Хьарам-маьждиге (нах) ца буьтуш хилча. Уьш ца
хилла цунна доьналла деш берш. Цуьнан доьналлина хьакъ берш беккъа (Делах)
кхоьрурш бу‚ делахь а царех дукхачарна а ца хаьа-кх.

35.

Церан ламаз (КаIбан) цIийнан хьалхахь ма ца хилира, шок еттар а‚ тIараш деттар а
бен. /Царна жоп дац/ “Iовша шайна Iазап, шаьш цахиларна тешаш” /алар бен/.

36.

Баккъалла а, цатешачара шайн даьхний дойу Делан новкъах (нах дIатилабан).
ТIаьхьа дойур ду цара уьш‚ тIаккха и царна тIехь бала хир бу‚ тIаккха уьш эшор
бу. Цатешаш берш жоьжахате гулбийр бу

37.

Дала къасторхьама боьханиг цIеначух‚ боьханиг боьхачунна тIедиллархьама‚ тIаккха
царех массарех барз бархьама‚ тIаккха и жоьжахатехь хилийтархьама. Уьш бу-кх
эшнарш.

38.

Ахьа ала цатешачаьрга: “Уьш совцахь, царна гечдийр ду хьалха дахнарг‚ уьш юха а
буьйлалахь (бусулбанашца тIом бан) – хьалхалерачарна хилларг хир ду (хIаллакбийр
бу).

39.

ТIом бе цаьрца питана ца хилийта‚ дерриге дин Далла хилийта. ТIаккха уьш совцахь
(маслаIате беана – совца шу а), – баккъалла а, Дела цара дийриг гуш ву.

40.

Уьш дIаберзахь (маслаIате ца богIуш)‚ шуна хаалаш, Дела вуйла шуна гIоьнча
(тIаккха тIом бе аша) – дика гIоьнча ву‚ дика толам луш верг ву Иза.

41.

Шуна хаалаш, аша хIонсах хIума яьккхича, Далла а‚ элчанна а‚ цуьнан гергарчарна
а‚ буоберашна (бедашна) а‚ мискачарна а‚ некъан накъостана а оцунах пхоьалгIа
дакъа ду‚ шу хиллехь тешаш Делах а‚ Оха Тхан лайга къастаман дийнахь ши тоба
вовшийн дуьхьал нисъеллачу дийнахь доссийначух а (маликашка а, кхин Делан
билгалонашка а). Дела массо хIуманна тIехь ницкъ болуш ву.

42.

Шу гергарчу берда тIехь а долуш‚ уьш генарчу берда тIехь а болуш, и къепал шуна
лохахула а йолуш ма дарий. Аша вовшашца ваIда йина хиллехьара‚ галдевр дара шу
тоьхначу хенаца‚ делахь а Дала кхочуш- хилийтархьама дара и хилла даьлла
гIуллакх‚ хIаллакван ша хIаллакьхилларг билгалонца‚ денван ша вехаш хилларг
билгалонца. Баккъалла а, Дела хезаш а‚ хууш а ву.

43.

Хьоьга гайтира Дала уьш гIенах кIеззиг‚ Цо хьоьга уьш дукха гайтинехьара – духур
дара шу‚ гIуллакхехь къуьйсур дара аша‚ делахь а Дала лардина (шу эшарх).
Баккъалла а, Иза хууш ву дегнашкахь дерг.

44.

Шуна гайтира Цо уьш‚ шу цхьаьнакхетча‚ шун бIаьргашкахула кIеззиг‚ шу кIеззиг
гайтира церан бIаьргашкахула, Дала кхочушдархьама хилла даьлла долу гIуллакх.
Деле дIадоьрзу гIуллакхаш.

45.

ХIай иман диллинарш! Шайца тоба цхьаьнакхетча чIагIлолаш‚ Дела хьехавелаш
дуккха‚ шу даккхийдедан тарло.

46.

МуьтIахь хилалаш Далла а‚ цуьнан элчанна а‚ вовшашца ма къийсалаш – тIаккха
озалур ду шу /мостагIчух/‚ шун ницкъ дIабер бу. Собаре хилалаш. Баккъалла а,
Дела собаре болчаьрца ву (царна гIодарца).

47.

Шу ма хилалаш шайн цIеношкара арабевллачарех тера кураллица‚ нахана гайтархьама
Делан новкъах (нах) дIатилабеш. И Дела аша дечунна гуо беш ма ву.

48.

ШайтIано хазйира царна шайн Iамалаш‚ элира: “Тахана нахах цхьа а вац шу эшо‚ со
шуна лулахо ду”. ТIаккха, шена ши тоба гича, дIадедира иза‚ элира: “Баккъалла а,
со цIена ду шух‚ баккъалла а, со гуш ду (цунна маликаш гуш дара  бусулбанашна
гIо деш) шуна ца гург‚ со кхоьру Делах – и Дела таIзар дарца чIогIа ву”.

49.

Мунепикъаша а‚ шайн дегнашкахь цамгар йолчара а олура: “ХIорш шайн дино
Iехийна”. Далла тIетевжинарг, – баккъалла а, и Дела веза верг а‚ хьукаме верг а
ву.

50.

Хьуна гинехьара и цатешаш берш маликаша шайн синош схьадохуш шайн яххьийх а‚
тIехьа а етташ: “Iовша шайна жоьжахатийн Iазап”‚- олуш.

51.

Иза ду шун куьйгаша хьалха даькхинарг бахьанехь‚ Дела лешна зуламе вац.

52.

ФирIавнан доьзалан а‚ царел хьалха хиллачерийн а Iадатах тера‚ ца тийшира уьш
Делан аятех – тIаккха Дала шайн къиношца схьалийцира уьш. Баккъалла а, и Дела
нуьцкъала ву‚ чIогIа ву таIзар дарца.

53.

Иза ду – Дела цахиларна ша цхьана къомана делла хилла долу ниIмат хийцориг, цу
(къомо) ша-шена и хийццолац‚ и ду Дела хиларна хезаш а‚ хууш а.

54.

ФирIавнан доьзалан а‚ царел хьалха хиллачерийн а Iадатах тера‚ харц дира цара
шайн Делан аяташ – тIаккха Оха уьш, шайн къинош бахьанехь, хIаллакбира.
ФирIавнан доьзал Оха хIордан бухабахийтира‚ массо а хилира уьш зуламхой.

55.

Уггар боьха бежана Далла гергахь – цатешарш бу‚ (уьш ца теша) цара иман ца
дуьллу.

56.

Ахьа шайца барт бина (тIом бира бац, аьлла) хилларш бу уьш‚ тIаккха массо хенахь
и шайн барт бохабо цара‚ уьш ца кхоьру (Делах и барт бохо/.

57.

Хьайна царна тIехь тIам тIехь ка далахь – лелхабе цаьрца царел тIаьхьа берш‚
цара ойла ян мегара.

58.

Хьо кхерахь цхьана къоман /хьан шеца барт болчу/ тешнабехках‚ бохабе ахьа /барт/
цаьрца нийсса‚ баккъалла а, Далла ца беза тешнабехк бийраш.

59.

Цатешачарна маттанне а ма моьттийла шаьш хьалхадовлур ду (Iазапах)‚ баккъалла а,
царна ницкъ кхочур бац (Iазапах кIелхьарабовла).

60.

Кечбе царна дуьхьал шайн тар малло ницкъ‚ дIайихкина (кийча) говраш /хилийта/‚
шеца аша кхераван Делан мостагI а‚ шайн мостагI а‚ уьш боцурш кхиберш а‚ шуна
шаьш ца бевзаш болу‚ Далла бевза уьш‚ аша Делан новкъахь яьккхинарг юхайоьрзур ю
шуна‚ шуна зулам дийр дац.

61.

Нагахь санна уьш машаре кховдахь‚– тIаккха хьо а кховда цуьнга (машаре)‚ Далла
тIетовжа‚ баккъалла а, Иза хезаш а‚ хууш а ву.

62.

Царна лаахь хьо Iехо (тешнабехк бан) – хьуна кхачойийриг Дела ву. И ву Ша Шен
гIоьнца а, муъма нахаца а хьо чIагIвина хилларг.

63.

Цо кIаддира церан дегнаш (безам тесира вовшашна юккъехь)‚ ахьа лаьттахь мел дерг
доьхкича а, ахьа кIаддийр дацара церан дегнаш‚ делахь а Дала (дегнаш) кIаддира
церан вовшашна юккъехь‚ баккъалла а, Иза веза верг а‚ хьукаме верг а ву.

64.

ХIай пайхамар! Хьуна кхачоен ерг Дела ву‚ муъманахах хьуна тIаьхьахIоьттинарг а
ву.

65.

ХIай пайхамар! ТIамна тIеберзабе муъманах! Шух собаре ткъа хилча – эшор ву цара
ши бIе‚ шух бIе хилча – эшор ву цара цатешачарех эзар‚ хIунда аьлча, уьш
цакхеташ къам ду.

66.

ХIинца Дала дайдира шуна‚ Цунна хиира шух ледарло юй (кIеззиг хилар‚ тIамна
кийча цахилар)‚ шух собаре бIе хилча – ши бIе эшор ву цара‚ шух эзар хилча – ши
эзар эшор ву цара Делан пурбанца‚ Дела собаре болчаьрца (собар диначаьрца) ву.

67.

Йиш яц пайхамаран шен йийсарой хила лаьттахь кхоччуш ша чIагIваллалц‚ шу дезаш
ду дуьненан хIума‚ Далла дезаш ду эхарт‚ Дела веза верг а‚  хьукаме верг а ву.

68.

Делера жайна хьалха ца даьллехьара аша эцначунна доккхачу Iазапо схьалоьцур дара
шу.

69.

Яа шаьш яьккхинчу хIонсах хьанал ерг‚ цIена ерг‚ Делах кхера (хьарам дерг ца
дан). Баккъалла а, Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву.

70.

ХIай пайхамар! Ала шайн куьйгийн кIел болчу йийсархошка: “Далла хаахь шун
дегнашкахь диканиг‚ шуьгара даьккхинчул сов диканиг лур ду Цо шуна‚ гечдийр ду
Цо шуна‚ и Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву”.

71.

Царна лаахь хьуна тешнабехк бан‚ хьалха Далла а тешнабехк бина цара‚ Цо царна
тIехь ницкъ белла /хьуна таIзар дан)‚ и Дела хууш верг а‚ хьукаме верг а ву.

72.

Баккъалла а, иман диллинарш а‚ дIакхелхинарш а (динан дуьхьа пайхамарца Маккара
Мединате дIабаханарш)‚ шайн дохнаца а‚ синошца а Делан новкъахь къахьегнарш а‚
шаьш тIелаьцнарш а‚ гIо динарш а – уьш вовшийн верасаш (доттагIий‚ гIоьнчий) бу.
Иман а диллина дIа ца кхелхинарш – цхьанне хIуманца цаьрца гергарло дац шуна,
уьш дIакхалххалц. Динан хьокъехь цара шуьга гIо дехахь‚ – шуна тIехь (царна) гIо
дар ду, шуна а, шайна а юккъехь барт болчу къомана дуьхьал дацахь‚ и Дела  аша
дийриг гуш ма ву.

73.

Цатешарш вовшийн гергарнаш бу. Аша и (гIо) ца дахь‚ лаьттахь питана хир ду‚
доккха боьханиг даьржар ду.

74.

Иман диллинарш а‚ (Мадинате) дIакхелхинарш а‚ Делан новкъахь къахьегнарш а‚
тIелаьцнарш а‚ гIо динарш а – уьш бу хьакъ-бакъ муъманах‚ царна гечдар а‚ шортта
рицкъа а хир ду.

75.

ТIаьхьа иман диллинарш‚ (Мадинате) дIакхелхинарш‚ шуьца цхьаьна къахьегнарш –
уьш шух бу. Гергарлонаш дерш – царех цхьаберш вукхарел герга бу Делан жайни
чохь. Баккъалла а, Дела массо хIума хууш верг ву.