89. АЛЬ-ФАДЖР

1.

Сатасарах дуй боу Аса.

2.

Итт буьйсанех а дуй боу Аса.

3.

Шала а‚ шалза а долчух дуй боу Аса.

4.

Буьйсанах а дуй боу Аса‚ иза дIайолаелча.

5.

Цу чохь дуй бу-й хьекъал долчунна?

6.

Хьуна ца гира /хIай Мухьаммад/‚ хIун дира хьо Кхиош-кхобуш волчо Iадашца?

7.

Шайн бIогIамаш долчу ирамашца?

8.

Ишттанаш бу уьш шайх теранаш махкахь кхин кхоьллина боцуш.

9.

Самудашца а атагIахь тархаш (чараш) туьстуш /цIенош деш/ хиллачу?

10.

Хьостамаш долчу ФирIавнаца?

11.

Шаьш махкахь /Делан дозанех/ тIех бевла хилла болчу.

12.

Алсам дехира цара цигахь боьха хIуманаш.

13.

Царна тIе Iанийра хьо Кхиош-кхобучо тайп-тайпана Iазап.

14.

Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобуш верг /нахана/ тIехьожуш ву-кх /церан Iамалш тергал
еш/.

15.

Адамо ша Кхиош-кхобуш волчо зийча‚ Цо шена сий дича‚ ниIматаш делча‚ олу: “Со
Кхиош-кхобучо сий дина сан”.

16.

Амма Цо ша зийча‚ шена рицIкъ кIеззиг делча‚ цо олу: “Со Кхиош-кхобучо со
сийсаза вина”.

17.

ХIан-хIа! Боберан сий ца до аш.

18.

Мискачунна даа хIума дала /нехан/ дегнаш айа ца до аш.

19.

/Боберийн а‚ зударийн а/ ирс дууш ду шу чIогIа даарца.

20.

Дехний дезаш ду шу дукха дезарца.

21.

Латта /дегорца/ нисдийча‚ нисдеш‚ нисдеш.

22.

ВогIур ву хьо Кхиош-кхобуш верг а‚ малик а могIица – могIица.

23.

Оцу /къемат/ дийнахь ялор ю /гучу йоккхур ю/ жоьжахати. Оцу дийнахь дагадогIур
ду адамна. Стенна ду цуна /хIинца/ и дагадар?!

24.

Цо эр ду: “Хьалхадаьккхина хиллехьара аса /диканиг/ сайн /хирг долчу/ дахарна”.

25.

Оцу дийнахь Цуьнан /Делан/ Iазап дийр дац цхьаммо а‚

26.

Цхьаммо а буьхкур бац цуьнан шад.

27.

/Делах кхоьруш хиллачаьрга эр ду/: “ХIай паргIат даьлла долу са!

28.

ДIадерза хьуо Кхиош-кхобучуьнга хьо реза долуш‚ хьайна /Дела а‚ маликаш а/ реза
долуш‚

29.

ДIакхиа Сан /дикачу/ лешка‚

30.

Чу гIо Сан ялсамани”.