87. АЛЬ-АIЛЯ

1.

Хастае вуно лекха волчун‚ хьо Кхиош-кхобуш волчун цIе!

2.

Ишттаниг ву Иза Ша кхоьллина‚ /массо хIума шен-шен меттиге/ дIанисйина волу‚

3.

Ишттаниг а ву Иза Ша /массо хуманан/ барам бина‚ /адам/ нийсачу новкъа диллина
волу‚

4.

Ишттаниг а ву Иза Ша /шун бежнашна/ дежийлаш схьадаьхна волу.

5.

Цо хилийтина царех /сен еллачул тIаьхьа/ якъаелла Iаржаелла яраш.

6.

Оха хьуна /хIай Мухьаммад/ доьшур ду /КъурIан/‚ хьуна дицлур дац иза

7.

Далла лиънарг бен! Баккъалла а, Иза хууш ву гучахь дерг а‚ къайлахь дерг а.

8.

Оха аттадийр ду хьуна аттадолчунна /тIаьхьа хьо хIотта/.

9.

Хьехам бе /КъурIанца/‚ хьехамо пайда бахь!

10.

Дагалоцур ду хьуна /и КъурIан/ /Делах/ кхоьруш волчо.

11.

Цунах хийрваьрву хьуна декъазаваьлларг.

12.

Иза ву хьуна вегар верг йоккхачу цIаргахь.

13.

ТIаккха иза лийр вац цигахь‚ дийна а хир вац.

14.

Ваккхийвиди /закат луш/ ша цIанвелларг‚

15.

Ша Кхиош-кхобуш волчун цIе хьехийнарг‚ тIаккха ламаз дийнарг.

16.

ХIаъ! Аш дуьненан дахар хоржу!

17.

Ткъа эхарт дика а‚ мелхо а буха юьсуш ма яра!

18.

Баккъалла хIара ду-кх хьалхалерчу жайнашкахь дерг а‚

19.

ИбрахIиман а‚ Мусан а жайнашкахь дерг а.