86. АТI-ТIАРИКЪ

1.

Стиглах а дуй боу Аса‚ /буьйсана кхетачу / седах а дуй боу Аса.

2.

Хьоьга стено хаийтина  и буьйсана кхетарг хIун ю?

3.

Бода хадош болу седа бу иза.

4.

Цхьа а са ма дац шена тIехь лардархо волуш бен.

5.

Хьажал адам‚ стенах ша кхоьллина ду!

6.

Иза кхоьллина ду ийначу /боьршачу стеган а‚ зудчун а/ хих.

7.

Иза схьадолу /ден/ букъара‚ /ненан/ некхан даьIакех.

8.

Баккъалла а, И /Дела/ иза ву вухаверзон ницIкъ кхочуш ву.

9.

Къайленаш толлучу /къемат/ дийнахь.

10.

Ма бац цуна /къинош диначунна/ ницIкъ а‚ ма вац цуна /къинош диначунна/ гIоьнча
а.

11.

Стигланах а дуй боу Аса‚ шегахь духа дерзар долчу /шен хен-хенахь доьлху догIа
долчу/.

12.

Латтах а дуй боу Аса‚ шегахь дадар долчу /орамат схьадолуш/:

13.

Баккъалла а, и /КъурIан/ /диканиг а‚ вониг а/ къастош дош ду-кх!

14.

Иза забар яц-кх!

15.

Баккъалла а, уьш /керстанаш/ мекарло еш бу мекарло ярца.

16.

Аса йо /церан мекарлонна дуьхьал/ мекарло ярца.

17.

Бита и керстанаш /сих ца луш цаьргара чIир эца/‚ Аса а буьтур бу цхьа жимма.