84. АЛЬ-ИНШИКЪАКЪ

1.

Стигал яьдча‚

2.

Шен Кхиош-кхобуш волчу /Далла/ муьтIахь хилла‚ /и Далла муьтIахь хилар цуна/
хьакъ хилча /и массо хир ду къематдийнахь/‚

3.

Латта дIадаржича /нисдича, тIаьхь мел йолу хIума дIа а яккхина/‚

4.

Шена тIехь мел дерг дIакхоьссина‚ ша десса дисча‚

5.

Шен Кхиош-кхобуш волчу /Далла/ муьтIахь хилла /и Далла муьтIахь хилар цуна/
хьакъ хилча.

6.

ХIай адам! Баккъалла а, хьо хьан Кхиош-кхобучунна тIе вахан къахоьгуш ву
къахьегарца /валарна тIе вахан‚ я Далла/‚ хьо Цуна дуьхьал кхетар ма ву /я айхьа
йинчу Iамална – диканиг ялахь а‚ вониг ялахь а/.

7.

Амма и шен тептар шен аьтту куьйга дIаделларг –

8.

ТIаьхьа цуна хьесап дийр ду аттачу хьесапаца /миза-терза узуш/‚

9.

Шен цIийнан охIлана тIе иза воьрзур ву хазахеташ.

10.

Амма и шен тептар шега шен букъатехьахула дIаделларг –

11.

ТIаьхьа цо кхойкхур ду хIаллакхиларе /велла дIавалар атта дара цунна/‚

12.

Чуваьр ву жоьжахатина.

13.

Баккъалла а, иза вара шен цIийнан охIлахь хазахеташ.

14.

Баккъалла а, цуна меттара ша /шен Кхиош-кхобучунна тIе/ вухавоьрзур вац.

15.

ХIаъ‚ баккъалла а, иза Кхиош-кхобуш волу Дела хилла цунах дерг гуш.

16.

ХIан-хIа! Дуй боу Аса малх дIабузуш стигал цIийяларца‚

17.

Дуй боу Аса буьйсанах а‚ цо гулдечух а.

18.

Баттах а /дуй боу Аса/ и буьзича /боккха хилла/

19.

Шу ховжар ма ду цхьаьна хьалера кхечу хьале.

20.

ХIун ду-те царна уьш ца теша?

21.

Шайна тIехь КъурIан доьшуш сужд ца да?

22.

ХIаъ! И ца тешаш хилларш /дин/ харцдеш бу-кх.

23.

Дела дика хууш ву цара шайгахь хьулдинарг.

24.

Кхаъ баккха царна лазош долчу Iазапца‚

25.

Иман диллинарш а‚ дика Iамал йинарш боцучаьрна – царна хир ю хедар йоцу ял!