83. АЛЬ-МУТIАФФИФИН

1.

Боккха бала бу /йохка-эцар еш юстуш‚ узаш/ эшош болчаьрна‚

2.

Ишттанаш бу уьш шаьш нахера юсташ оьцуш /терза/ нисйойтуш‚

3.

Ткъа шаьш царна юстуш а‚ узаш а эшаеш.

4.

Царна ца метта-те шаьш /деллачул тIаьхьа/ дендийр ду?

5.

Сийлахь-доккхачу денна!

6.

Оцу дийнахь нах хIуттур бу Iаламийн Дена /Далла/ хьалха.

7.

ХIан-хIа! Баккъалла а, къинош диначарийн тептар Сижжин олучу жоьжахатахь хир ю!

8.

Хьуна стено хаийтина‚ иза хIун Сижжин ю?

9.

МухIар тоьхна тептар /ду иза/.

10.

Боккха бала бу оцу дийнахь /дин/ харцдечаьрна!

11.

Шаьш бекхаман де харцдеш болчу‚

12.

Иза харц дийр ма дац массо дозанах ваьлла‚ къинош деш волчо бен.

13.

Шена тIехь Тхан аяташ дешча‚ цо олу: “Хьалхалерчийн туьйранаш /ду хIорш/”.

14.

ХIан-хIа! ХIаъ! Цара карадеш долчо макх латийна церан дегнашка.

15.

ХIан-хIа! Баккъалла а, уьш оцу дийнахь шаьш Кхиош-кхобучух дIахьулбина хир бу
/царна и Дела гур вац/.

16.

ТIаккха уьш чугIур бу жоьжахатина.

17.

ТIаккха эр ду: “ХIара ду аш харцдеш хилларг”.

18.

ХIан-хIа! Баккъалла а, дикачаьрийн тептар Iиллиййунан чохь хир ду.

19.

Хьуна стено хаийтина‚ и хIун Iиллиййун ю?

20.

МухIар тоьхна тептар /ду иза/.

21.

Цуна тешалла дийр ду /Далла/ гергахь долчу /маликаша/.

22.

Баккъалла а, диканаш наIим олучу ялсаманехь хир бу‚

23.

Маьнганий тIехь хьоьжуш:

24.

Хьуна хаалур ду церан яххьашкахь ниIматийн лепар!

25.

Малор ду царна мухIар тоьхначу уггар цIеначу чагIарах‚

26.

Ша мелла ваьлча мискан хьожа йогIуш. Цунна тIе сихлойла шаьш сихлуш берш!

27.

Цунах /чагIарах/ тоьхнарг таснимах хир ду‚

28.

Шовда бу иза‚ шена чуьра мер долуш /Далла/ гергаболчаьра.

29.

Баккъалла а, къинош динарш бара иман диллинчарех боьлуш‚

30.

Царна тIехбовлуш вовшашка муьшкаш еш‚

31.

Шайн доьзална тIебоьрзуш тIебоьрзара забарш еш‚

32.

И /муъма нах/ шайна гича‚ цара олура: “Баккъалла а, хIорш тилабелларш бу-кх!”

33.

Ца бахийтина уьш царна тIе уьш Iалашбан.

34.

Тахана иман диллина хилларш /Делах/ ца тешаш хиллачарех боьлур бу!

35.

Маьнганий тIехь хьоьжуш хир бу!

36.

Бекхам биний /Делах/ цатешачаьрна цара деш хиллачуьнца?