1.

Стигал едча‚

2.

Седарчий охьдегча‚

3.

ХIоьрдаш /шайн йисташ дIаяьлла вовшех ийна/ цхьа хIоьрд хилча‚

4.

Кешнаш тIекIел девлача /белларш хьалгIовтийта/‚ –

5.

/ТIаккха/ хии сина ша хIун хьалхадаьккхи‚ хIун тIаьхьатаьтти.

6.

ХIай адам /хIай керста/! Стено марздина хьуна хьан сийлахь Кхиош-кхобучунна
Iесалла ян?

7.

Иштта ву Иза Ша хьо кхоьллина‚ тIаккха нисвина‚ /хьан массо меже/ вовшашца
йогIуш йина волу.

8.

Шена луучу суртехь хьо дIатарви Цо.

9.

ХIан-хIа! Шу харц деш ма ду бекхам хирг хилар /къемат дийнахь/.

10.

Баккъалла а, шуна тIе хIоттийна лардархой ма бу‚

11.

Сийлахь хилла‚ яздеш долу.

12.

Царна хаьа аш дийриг.

13.

Баккъалла а, диканаш /шена чохь массо хIума долу/ наIим цIе йолчу ялсаманехь хир
бу.

14.

Баккъалла а, къинош динарш жоьжахатехь хир бу.

15.

Цу чу гIур бу уьш‚ /цуьнан йовхо Iовшур ю цара/ бекхаман /къемат/ дийнахь.

16.

Цунах къайлабер ма бац уьш.

17.

Хьуна стено хаийтина‚ иза хIун бекхаман де ду?

18.

ТIаккха а хьуна стено хаийтина‚ иза хIун бекхаман де ду?

19.

Оцу дийнахь сино синан цхьанне хIуманна тIехь дола дийр дац. ГIуллакх оцу
дийнахь хир ду Делан.