80. IАБАСА

1.

Юьхь хабина дIавирзи

2.

Шена тIе бIаьргаш боцург вогIу‚ аьлла.

3.

Стено хаийтина хьуна‚ иза-м цIан вала а мегий?

4.

Я хьехам дагабогIур бу – цу хьехамо цуна пайда бийр бу.

5.

Амма хьал долуш верг –

6.

Хьо цуна тIе чIогIа воьрзу.

7.

Хьуна тIехь ма дац /къа/ иза цIан ца велчи а.

8.

Амма хьуна тIе веъча сихвелла

9.

И ша /Делах/ кхоьруш верг –

10.

Ахьа иза тергал ца во.

11.

ХIан-хIа! /Ма леладе иза/ баккъалла а, иза хьехам бу!

12.

Шена луучо и дагалоцу.

13.

Сийлахь долчу жайнашкахь бу иза /Лавхьул-Махьфуза чохь/

14.

Шаьш айдина хилла долчу /Далла гергахь/‚ цIан дина хилла долчу /жайнашкахь/‚

15.

Яздечу маликийн куьйгашца‚

16.

Лийраме‚ дика хилла долчу /маликийн/

17.

ХIаллакьхили адам! Стено керстаналла дайтина цуьнга?

18.

Муьлхачу хIуманах Цо /Дала/ ша кхоьллина /хаий цуна/?

19.

ТIадамах кхоьллина Цо иза‚ тIаккха Цо цуьнан массо хIума вовшашца догIуш дина.

20.

ТIаккха Цо цуна некъ атта бина.

21.

ТIаккха Цо иза валийтина‚ каш чувиллийтина.

22.

ТIаккха Шена ма лиънехь Цо иза денвийр ву /къематдийнахь/.

23.

ХIан-хIа! Цо /адамо/ кхочуш ца дина шега /Дала/ омра динарг.

24.

И адам хьожийла ша дуучуьнга!

25.

Оха ма доьттина /и стиглара/ хи (догIа) шортта доттарца!

26.

ТIаккха Оха ма дадийна и латта дадорца.

27.

Оха ма балийтина цу чохь буьртиг‚

28.

Кемсаш а‚ яраш (керла хастоьмаш) а‚

29.

Зайтун а‚ хурма а‚

30.

Дуккха дитташ долу бошмаш а‚

31.

Стоьмаш а‚ /бежнашна яа/ бецаш а.

32.

Шуна пайда болуш‚ шун бежнашна а пайда болуш.

33.

НуьцIкъалла мохь беъча!

34.

Оцу дийнахь стаг водур ву шен веших‚

35.

Шен ненах а‚ дех а‚

36.

Шен зудчух а‚ шен кIентийх а.

37.

Оцарах хIора стагана оцу дийнахь гIуллакх хир ду ша хьалхаваккхар.

38.

Цхьа яххьаш оцу дийнахь хир ю къегина‚

39.

Йоьлуш‚ яккхиедаш.

40.

Цхьа яххьаш оцу дийнахь хир ю шайна тIе чан йиллина‚

41.

Уьш дIалоцур ю бодано.

42.

Уьш бу цатешнарш‚ къинош динарш.