7. АЛЬ-АIРАФ

1.

Алиф-лам-мим-ссад.

2.

Жайна /КъурIан/ доссина хьоьга /я Мухьаммад/‚ хьан дагчохь ма хуьлийла цунах
хало‚ цуьнца ахьа кхерам таса а‚ ша хьехам а хилла болу тешачарна.

3.

ТIаьхьахIотта шайн Кхиош-кхобучуьнгара шайга доссинчунна‚ тIаьхьа ма хIотта, иза
а витина, /кхечу/ доттагIашна‚ кIезиг ду-кх аша ойла йийриг.

4.

Маса юрт Оха хIаллакйина! Тхан ницкъ беара буьйсанна я царна делкъанна наб
озаелча.

5.

Тхан ницкъ шайга беъча церан кхайкхар ма ца хилира алар бен: “Баккъалла а, тхо
хилла зулам динарш”.

6.

ТIаьхьа хаттане а хоттур ма ду Оха шайга элчанаш бахкийтина хиллачаьрга‚ хаттане
а хоттур ма ду Оха элчанашка.

7.

Цаьрга дийццане а дуьйцур ма ду Оха Iилманца‚ Тхо доцуш ма ца хуьлу.

8.

Мизан-терза оцу дийнахь хирг хилар хьакъ-бакъ ду. Шен терза дазделларш – уьш бу
баккхийбуьйраш.

9.

Шен терза дайделларш – уьш бу шайн синош эшийнарш Тхан аяташца шаьш зулам деш
хилла хиларца.

10.

Лаьтта тIехь Оха чIагIдира шу‚ Оха шуна цу тIехь бахам хилийтира‚ кIезиг ду-кх
аша баркалла олург.

11.

Оха шу кхоьллира‚ тIаккха Оха шуна куц хилийтира‚ тIаккха Оха элира маликашка:
“Сужд де Адамна!” Цара сужд дира‚ Иблис доцчо – и ца хилира сужд дечарех.

12.

Элира (Дала): “Стено дуьхьало йина хьуна сужд дан Ас хьайга омра дича?” Элира
(иблисо): “Со дика ду цул (Адамал). Со кхоьллина Ахьа цIарах‚ и кхоьллина Ахьа
поппарх”.

13.

Элира: “Охьадосса цигара (ялсаманера). Оьшуш дац хьан цу чохь доккхадер.
Арадала! Баккъалла а, хьо хилла сийсаза хиллачарех”.

14.

Цо элира: “Хьем бе соьх, уьш юха денбийр болу де тIекхаччалц (къемат де далц ца
долийтуш дита со)”.

15.

Элира (Дала): “Баккъалла а, шех хьем биначарех ду хьо (дити хьо къемат де далц
ца долийтуш)”.

16.

Элира: “Ахьа со тилорна‚ Хьан нийсачу некъах (Адам а, цуьнан зуьррет а тило)
царна кIелонна хуур ма ду со.

17.

ТIаккха догIур ма ду со царна хьалхахула‚ тIехьахула‚ аьтту агIорхула‚ аьрру
агIорхула‚ царех дукхахберш карор ма бац хьуна баркалла олуш”.

18.

Элира (Дала): “Арадала цу чуьра (ялсаманера) хьайна неIалт хилла‚ къинхетамна
генадале. Милла хилахь а царех хьуна тIехьахIоьттинарг – юззанне а юзонза юьтур
ма яц Аса жоьжахати шух массарех.

19.

ХIай Адам! Ваха хьо а‚ хьан зуда а ялсаманехь‚ аша шиммо а даа шайна луъучуьра‚
шу шиъ герга ма гIолаш хIокху диттана – зулам диначарех хир ду шу шиъ”.

20.

И шиъ Iехо доладелира шайтIа, гучуяхархьама царех шиннех хьулйина йолу церан
эхье меттигаш. Элира: “Шун Кхиош-кхобучо цу диттах шу шиъ духатоьхна ма дац, шу
ши малик хиларх я шу гуттар дехачарех хиларх кхоьруш бен”.

21.

Царна шиннена а дуйнаш биира цо: “Баккъалла а, со ма ду шуна шиннена а
хьехамча”‚- бохуш.

22.

Делилаш далийра цо царна кIорггера. ТIаккха цу шимма цу диттах чамбаьккхича,
царна гучуелира шайн эхье меттигаш‚ уьш буьйлабелира шайна тIе ялсаманин гIаш
Iитта. Церан Кхиош-кхобучо цу шиннега кхайкхира: “Аса цу диттах духатоьхна
дацара шу шиъ? Аса шуьга аьлла дацара: шайтIа шун билгала мостагI ду?”

23.

Цу шиммо элира: “Тхан Кхиош-кхобург‚ тхайн догIмашна зулам ма дина оха‚ Ахьа
тхуна геч ца дахь‚ Ахь тхоьх къинхетам ца бахь – тхо хир ма ду эшначарех”.

24.

Элира (Дала): “Охьадисса (ялсамани чуьра)‚ шу вовшийн мостагIий ду. Лаьттахь
шуна чIагIам а‚ цхьа хан тIеккхаччалц бахам а хир бу”.

25.

Элира: “Цу чохь шу денлур ду‚ цу чохь шу лийр ду‚ цу чуьра шу ара -дохур а ду”.

26.

ХIай Адаман кIентий! Оха доссийна шуна духар шун эхье меттигаш хьулъеш долу‚
месаш а‚ (Делах) кхераран духар – и ду дика дерг. И Делан аятех ду, уьш
хилархьама кхеташ.

27.

ХIай Адаман кIентий! Шу Iеха ма дойла шайтIано‚ цо шун да-наний ялсамани чуьра
арадаккхаре терра, доккхуш церан шинненна а тIера духар‚ царна шиннена а
гайтархьама шайн эхье меттигаш. Баккъалла а, цунна (шайтIанна) шу гуш ду‚ ткъа
иза а‚ цуьнан зуьрет а шуна ца гучарех ду. Баккъалла а, Оха шайтIанаш хилийтина
цатешачарна доттагIий /доладийраш/.

28.

Шаьш боьханиг дича‚ цара олу: “Тхан дай карийна тхуна цунна тIехь‚ Дала омра
дина тхуна цуьнца”. Ахьа ала: “Баккъалла а, Дала омра ца до боьхучуьнца‚ аша
олу, ткъа, Делах шайна ца хуург?”

29.

Ала: “Омра дина сан Кхиош-кхобучо нийсонца‚ хIоттае шайн яххьаш (Далла тIе)
хIора суьжд дечу меттигехь а, суьжд дечу хенахь а‚ кхайкха Цуьнга (Деле)‚ Цуьнан
дин цIандеш /ширках/‚ Цо шу кхолларе терра‚ духадоьрзур ду шу (Къематдийнахь)”.

30.

Цхьа тоба нисйина Цо‚ вукхарна тIехь тилар бакъхилла. Баккъалла а, цара Дела а
витина, шайтIанех доттагIий /доладийраш/ бина шайна‚ царна моьтту шаьш нийсачу
новкъахь ду.

31.

ХIай Адаман кIентий! Эца шайн хаза духар хIора суьжд дечу меттигахь а, суьжд
дечу хенахь а (хаза, цIена духар духа, шаьш ламаз деш а, тIаваф деш а – хаьжин
цIинан го боккхуш а)‚ даа‚ мала‚ тIалам бе. Баккъалла а, Далла ца беза тIалам
боцурш.

32.

Ахьа ала (хIай Мухьаммад, оцу Маккин керстанашка, шаьш берз-тIерза КаIбина
тIаваф деш хилла болчу, Дала хьанал динарг шайна хьарам деш хилла болчу): “Хьан
хьарам дина Делера хаза дерг (духар)‚ Цо шен лешна даьккхина долу‚ рицкъанх
цIена дерг?” Ала: “Иза ду иман диллинчарна гергарчу (дуьненан) дахарехь‚ деккъа
царна долуш Къематдийнахь. Иштта къастадо Оха аяташ хууш долчу къомана”.

33.

Ахьа ала: “Баккъалла а, сан Кхиош-кхобучо хьарам дина боьханиг‚ цунах
гучадаьлларг а‚ хьуламехь дерг а‚ къа а‚ бахьана доцуш гIело яр а‚ аша /Делаца/
накъост лацар Цо шеца цхьа а делил доссийна доцчуьнца‚ аша Далла тIехь алар
шайна ца хуург”.

34.

ХIора умматан Iожалла ю (тоьхна хан). Шен Iожалла тIееъча цхьа сахьт
тIаьхьадуьсур а дац и‚ хьалха а дер дац.

35.

ХIай Адаман кIентий! Бахказа буьсур ма бац шуьга элчанаш шуна юкъара‚ шуна
дуьйцур ду цара Тхан аяташ‚ /Делах/ кхийринчунна‚ диканиг диначунна – кхерам бац
царна‚ сингаттаме хир бац уьш.

36.

Тхан аяташ харцдинарш‚ царна куралла йинарш – уьш бу /жоьжахатин/ цIеран дай.
Уьш цу чохь даима лаьттар бу.

37.

Мила ву Далла тIе харцдерг кхоьллинчул зуламе‚ я Цуьнан аяташ харц- динчул
(зуламе)? – Царна шайн дакъа кхочур ду яздинчух. Тхан элчанаш шайна тIебогIуш
синош эца‚ олуш: “Мичахь бу аша, Дела а витина, Iибадат деш хилларш?” Цара
элира: “ДIатилина уьш тхоьх”. Шайна тIехь тешалла дира цара шаьш цатешаш
(керстанаш) хилира, аьлла.

38.

Элира (Дала): “ЧугIо шайл хьалха /жоьжахатин/ цIергахь хиллачу жинийн а‚ адамийн
а умматашна”. Чоьхьа мел даьллачу уммато неIалт олура вукхарна‚ берриге а вовшех
кхетча – тIаккха тIехьарчо хьалхарчух элира: “Тхан Кхиош-кхобург‚ хIокхара
тилийра хьуна тхо‚ (жоьжахатин) цIеран Iазап дехьа царна тIеттIа”. Элира (Дала):
“ХIоранна а тIеттIа /Iазап/ хир ду‚ делахь а ца хаьа-кха шуна”.

39.

Хьалхарчо тIехьарчуьнга элира: “Тхуна тIехь дозалла ца хилира шун‚ Iовша шайна
Iазап, шаьш тардина хиллачуьнца”.

40.

Баккъалла а, Тхан аяташ харцдинарш‚ царна куралла йинарш – стиглан неIарш
дIайоьллур ма яц царна‚ ялсаманин чу гIур ма бац уьш эмкал механ Iуьрга йоллалц
– иштта бекхам бийр бу Оха къинош диначарна.

41.

Царна жоьжахатих хир бу (вижа) мотт а‚ царна тIехула цIеран пардо хир ду – иштта
бекхам бийр бу Оха зулам диначарна.

42.

Иман диллинарш а‚ диканаш динарш а‚ – сина тIе ца дуьллу Оха цунна ницкъ кхочург
бен‚ – уьш ялсаманийн дай бу‚ уьш цу чохь гуттар лаьттар бу.

43.

Оха дIаяьккхира церан дегнашкара оьгIазло; дIаоьхуш ду церан бухахула татолаш‚
цара эр: “Хастам бу Далла‚ тхо нисдинчу хIокхунна тIе‚ тхо хир ма дацара
нисделла, Дала нисдина ца хиллехь. Тхан Кхиош-кхобучун элчанаш баьхкира
бакъонца”. Цаьрга кхайкхира: “ХIара ялсамани шуна ирсана кхаьчна ю, аша Iамал
йина хиларца”.

44.

Ялсаманийн дайша жоьжахатийн дайшка кхойкхур: “Тхуна-м карийна тхайн
Кхиош-кхобучо тхуна ваIда йина хилларг бакъ хилла‚ шуна карийний шун
Кхиош-кхобучо шуна ваIда йина хилларг бакъ хилла?” Цара эр: “ХIаъ”. ТIаккха
дIахьедечо дIахьедира царна юккъехь: “Делан неIалт хуьлда зуламхошна”‚ – аьлла.

45.

Ишттанаш бу уьш шаьш дIатилабеш /нах/ Делан новкъах, и шаьш гамбан лууш‚ уьш
эхартана керсталла деш бу.

46.

Царний, вукхарний юккъехь духьало хир ю. АIрафана тIехь божарий хир бу, шайна
массо вевзаш шайн билгалонашца. Ялсаманийн дайшка цара кхойкхур ду: “Саламун
Iалайкум”‚ – аьлла. Оцу (ялсаманийн) чу гIур бац уьш‚ уьш чIогIа лууш ма бара.

47.

Жоьжахатийн дай болчу агIор шайн бIаьрг бирзича‚ цара аьр: “Тхан Кхиош-кхобург‚
тхо ма хилийталахь зуламе долчу къомаца”.

48.

АIрафан дайша кхойкхур ду божаршка, шайна бевзаш болчу церан билгалонашца‚ олуш:
“ХIун пайда би шун гулдаро а (аша дуьненахь гулдеш хиллачу хьоло)‚ аша куралла
(доналла) еш хиларо а?”

49.

“ХIорш бу уьш, аша дуйнаш бууш хилларш‚ Делан къинхетам царех кхетар бац‚
бохуш?” “ЧугIо ялсаманина. Кхерам бац шуна‚ сингаттаме (пошме) хир дац шу”.

50.

Жоьжахатийн дайша ялсаманийн дайшка кхойкхур: “Доттийша тхуна тIе хи я Дала
шайна деллачу рицкъанх”. Цара аьр: “Баккъалла а, Дала и хьарам дина ма ду
цатешачарна” –

51.

Уьш бу шайн динах забар а, ловзар а динарш‚ шаьш дуьненан дахаро Iехийнарш.
Тахана Оха уьш бицбийр ма бу‚ цара хIокху денца цхьаьнакхетар дицдаре терра‚
тхан аятех керсталла деш хиларе терра.

52.

Тхо даьхкина цаьрга жайнаца‚ Оха шена чохь Iилманца къастийна долчу‚ тешаш долчу
къомана нийса некъ а‚ къинхетам а хилла долчу.

53.

И тидаре бен хьоьжуш буй-те уьш? Цуьнан тидар деъначу дийнахь и хьалха
дицдинчара эр ма ду: “Тхан Кхиош-кхобучун элчанаш ма баьхкира бакъонна тIехь.
ХIинца тхуна шапаIат дан цхьа а вуй‚ и тхуна дийр долуш волу‚ я тхо
духадерзадан‚ тIаккха оха йийр ма яра тхаьш йина ца хилла йолу Iамал”. Цара шаьш
эшийра шаьш‚ дIатилира царех цара шаьш кхоьллина хилларг.

54.

Баккъалла а, шун Кхиош-кхобург ву – Дела‚ Ша кхоьллина волу стигланаш а‚ латта а
ялх дийна чохь‚ тIаккха дIанисвелира Иза Iарша тIехь‚ буьйсане де хьулдойту Цо‚
(царех) хIораммо важа лоьхуш сихонца‚ малх а‚ бутт а‚ седарчий а болх беш ду
Цуьнан омраца. Ткъа Цуьнан дац кхоллар а‚ омра а? Беркате хили и Дела – Iаламийн
Да.

55.

Кхайкха (доIа де) шайн Кхиош-кхобучуьнга мукIар хиларца а‚ меллаша а (доIа деш
маьхьарий ма бетта). Баккъалла а, Цунна ца беза дозанах бовлурш.

56.

Боьханиг ма леладе лаьттахь, и цIанделлачул тIаьхьа‚ кхайкха Цуьнга /Деле/
кхерамца а‚ догдахарца а. Баккъалла а, Делан къинхетам герга бу дика хиллачарна.

57.

И ву мехаш боуьйтуш, кхаъ хуьлий, Шен къинхетамал хьалха. Цара (догIих) езза
марха ялийча‚ Оха цуьнца башабо белла болу мохк – цуьнца хи доссадо Оха‚ цуьнца
массо стом араболуьйту. Иштта белларш а арабохур бу Оха‚ шу хила мегара ойла еш.

58.

Дика мохк – цуьнан ораматаш (латтах схьайолу дика хIума) арадуьйлу шен
Кхиош-кхобучун пурбанца‚ бехбелла хилларг /мохк/ – цхьа пайда боцург бен ара ца
йолу. Иштта къастадо Оха аяташ баркалла олучу къомана.

59.

Оха ваийтира Нухь шен къомана тIе. Цо элира: “ХIай сан къам! Iибадат дейша
Далла‚ и воцург кхин дела вац шуна. Со кхоьру шуна тIе доккхачу дийнан Iазап
дарах”.

60.

Цуьнан къоман элаша элира: “Баккъалла а, тхуна хьо гуш ма ву билггалчу тилар
чохь”.

61.

Цо элира: “ХIай сан къам! Соьца тилар ма дац‚ делахь а со Iаламийн Дегара элча
ма ву.

62.

Аса шуьга кхачадо сан Кхиош-кхобучун элчалалла‚ аса шуна хьехам бо‚ Делера шуна
цахуург хууш ву со.

63.

Я шу цецдевлира шайга шайн Кхиош-кхобучуьнгара ваIда ярах, шуна юккъера цхьана
стагехула шуна кхерам тасархьама‚ шу кхоьруш хилархьама‚ шух къинхетам бан
мегара”.

64.

Цара и харцвира. Оха и кIелхьараваьккхира‚ цуьнца берш а‚ кеман чохь‚ Тхан аяташ
харцдинарш хи чу бахийтира. Баккъалла а, уьш хилира бIаьрса доцу къам.

65.

Iадашка а /вахийтира/ церан ваша ХIуд. Цо элира: “ХIай сан къам! Iибадат дейша
Далла‚ И воцург кхин дела ма вац шуна. Шу ца кхоьру?”

66.

Цуьнан къоман цатешаш болчийн элаша элира: “Баккъалла а, тхуна хьо го Iовдаллин
чохь‚ баккъалла а, тхуна хьо хеташ ма ву харцлуьйчарех”.

67.

Цо элира: “ХIай сан къам! Соьх Iовдалалла а ма дац‚ делахь а со Iаламийн Дегара
элча ма ву.

68.

Аса шуьга кхачадо сан Кхиош-кхобучун элчаналла‚ со шуна тешаме волу хьехамча а
ву.

69.

Я шу цецдевлира шайга шайн Кхиош-кхобучун ваIда ярах, шуна юккъера цхьана
стагехула шуна кхерам таса. Дагадаийтал‚ Цо /Дала/ шух тIаьхье хилийтира Нухьан
къомал тIаьхьа‚ Цо шу алсамдехира кхолларехь ницкъаца. Дагадахкийта Делан
ниIматаш‚ шу хила мегара хазахеташ”.

70.

Цара элира: “Хьо тхуна веъна тхоьга веккъа цхьана Далла Iибадат дайта‚ тхоьга
дитийта тхан дай шена Iибадат деш хилларг? ХIан‚ даийта тхуна айхьа тхоьца ваIда
йина хилларг‚ хьо бакълуьйчарех хиллехь”.

71.

Цо элира: “Доьжна шуна тIе шайн Кхиош-кхобучуьнгара Iазап а‚ оьгIазло а. Соьца
къуьйсу, ткъа, аша‚ шаьш а‚ шун дайша а тихкина хиллачу цIерашкахь‚ шайца Дала
цхьа а делил доссийна ца хиллачу? Собарде аша /Iазап догIур ду шуна/‚ со а шуьца
цхьаьна собар дечарех ву”.

72.

ТIаккха и кIелхьараваьккхира Оха /Iазапах/‚ цуьнца хилларш а‚ Тхайгара
къинхетамца‚ Тхан аяташ харцдиначеран тIаьхье хадийра Оха‚ уьш ца хилира тешаш
берш.

73.

Самудашка а /ваийтира Оха/ церан ваша СалихI. Цо элира: “ХIай сан къам! Далла
Iибадат дейша‚ И воцург кхин дела вац шуна. Шайн Кхиош-кхобучуьнгара билгало ма
еъна шуьга‚ хIара Делан стен эмкал ю шуна делил хилла. Йита аша иза яжа Делан
лаьттахула‚ ма Iотталолаш цунах зуламца – тIаккха лазош долчу Iазапо схьалоцур
ду шу.

74.

Аша дагадаийта Цо /Дала/ шух Iадийл тIаьхьа тIаьхье хилийтар‚ Цо шу даха
ховшийна хилар лаьттахь‚ цуьнан /лаьттан/ нийсачу меттигех аша гIаланаш еш‚
цуьнан ламанех аша цIенош а деш. Дагадахкийта Делан ниIматаш. Ма де боьханиг
лаьтта тIехь”.

75.

Цуьнан къомах курабевллачийн элаша элира царех иман диллина болчу заьIап нахе:
“Шуна хаьий и Салихь шен Кхиош-кхобучуьнгара ваийтина вуйла?” Цара элира:
“Баккъалла а, тхо и шеца ваийтинчух тешаш ду-кх”.

76.

Куралла йиначара элира: “Баккъалла а, тхо шу шех тешначунна керсталла деш
ду-кх”.

77.

ТIаккха цу эмкална урс хьаькхира цара‚ шайн Кхиош-кхобучун омрана куралла йира
цара‚ элира: “ХIай Салихь! Даийта тхуна айхьа тхуна ваIда йина хилларг, нагахь
хьо хиллехь элчанех”.

78.

Ирча ласторо схьалецира уьш – уьш Iуьйренга бевлира шайн цIеношкахь белла,
лаьтта тIе а бегабелла.

79.

Царех юьстахвелира иза /Салихь/‚ элира: “ХIай сан къам! Аса шуьга дIакхачийра
сан Кхиош-кхобучун элчалалла‚ аса шуна хьехам бира‚ амма шуна хьехамчаш ца
беза-кх”.

80.

/Дагаваийта хьайн къомана/ ЛутI‚ цо ма аьллера шен къоме: “Сел боьханиг леладо,
ткъа, аша‚ Iаламел цхьа а шеца шул хьалха ваьлла доцу?

81.

Баккъалла а, шу ду божаршна шовкъ луш, зударий буьтий‚ сов тIехдаьлла къам ду-кх
шу”.

82.

Цуьнан къоман жоп ма ца хилира, цара алар бен: “Арабаха уьш шайн юьртара – шаьш
цIена бу моьттуш нах бу уьш”.

83.

Оха кIелхьараваьккхира иза а‚ цуьнан доьзал а‚ цхьа зуда йиссалц – и хила
бухайисинчарех /Iазапан чохь/.

84.

Царна тIе догIа делхийтира Оха – хьажал‚ муха хилла къинош диначеран тIаьхье!

85.

Мадьянашка а церан ваша ШуIайб /вахийтира Оха/. Цо элира: “ХIай сан къам! Далла
Iибадат де‚ И воцург кхин дела вац шуна. Шуьга еъна шун Кхиош-кхобучуьнгара
билгало: дустар а‚ терза озар а нийса хилийта‚ нахана хIуманаш ма эшае‚ ма
даржаде лаьтта тIехь вониг, и цIандинчул тIаьхьа. Иза шуна дика ду, шу тешаш
хиллехь.

86.

Некъаш ма леца /нах/ кхерош‚ Делан некъах воккхуш ша Цунах тешна хилларг‚ чIогIа
и ганбан гIерташ. Аша дагадаийта шаьш кIеззиг бен цахилар – Цо /Дала/ дебийра
шу. Хьовсал шу! Муха хилла вониг диначеран тIаьхье!

87.

Шух цхьа тоба иман диллина хиллехь соьга доссийначуьнга‚ важа тоба иман ца
дуьллуш хиллехь – аша собарде Дала вайна юккъехь цхьа хьукма даллалца. – Иза
хьукма Ша дика деш верг ву”.

88.

Цуьнан къомах курабевллачийн элаша элира: “Оха ваккхане а аравоккхур ма ву хьо‚
хIай ШуIайб‚ хьоьца цхьаьна иман диллинарш а тхан юьртара‚ я хьо тхан дине
вуьрзур ма ву”. Цо элира: “Тхо хиллехь безам боцуш?

89.

Далла тIе харцдерг кхоьллина хир ма дара Оха, нагахь санна тхо шун дине дирзича
(хIинца)‚ Дала тхо цунах хьалхадаьхначул тIаьхьа. Тхуна Цунна тIе духадерзар хир
ма дац Далла‚ тхан Кхиош-кхобучунна‚ лаахь бен. Массо хIума Iилманца /хаарца/
шорта дина тхан Кхиош-кхобучо. Далла тIетевжина тхо. Тхо Кхиош-кхобушверг!
Нийсонца дастахь тхуна а‚ тхан къомана а юкъахь дерг‚ Хьо /гIуллакх/ дика
достург ма вуй”.

90.

Цуьнан къоман цатешаш хиллачийн элаша элира: “Нагахь шу ШуIайбана
тIаьхьахIиттахь, баккъалла а, шу тIаккха дIадевлла шуна /хIаллакьхиларца/!”

91.

ТIаккха /латта/ ластаро схьалецира уьш – Iуьйренга ма бевлира уьш шайн
цIеношкахь белла Iункар а беттабелла.

92.

ШуIайб харцвинарш /бисира шаьш/ баьхна а хиллий-техьа /шайн цIеношкахь/ хеташ.
ШуIайб харцвинарш хилла-кх шаьш хIаллакьхилларш.

93.

И дIавирзира царех‚ элира: “Сан къам! Сан Кхиош-кхобучун элчаналла шуьга
дIакхачийна-кх аса‚ шуна хьехам а бина-кх. Аса муха синтем бойур бу сан цатешачу
къомана дуьхьа?”

94.

Оха ца ваийтина юьрта цхьа а пайхамар цуьнан /юьртан/ охIла баланашца а‚
халонашца а схьалоцуш бен‚ уьш хьастлур бацара-те (Далла)?

95.

ТIаккха вочунна метта диканиг хийцира Оха уьш сов буьйлуш‚ цара элира: “Вайн
дайх а хьакхаделла халахетарш а, хазахетарш а”. ТIаккха Оха цIеххьана схьалецира
уьш /Iазапаца/, царна ца хаалуш.

96.

Яртийн охIлано иман диллинехьара‚ /Делах/ кхийринехьара – царна стиглара а‚
лаьттара а ниIматаш схьадиллина хир ма дара Оха‚ делахь а харцдина-кх цара
/дин/. ТIаккха Оха схьалийцира уьш шаьш лелош хиллачуьнца.

97.

Тешна юй-те яртийн охIла Тхан Iазап шайна тIе буьйсанна, шаьш наб еш йолуш‚ ца
дарна?

98.

Я тешна ю-те яртийн охIла Тхан Iазап шайна тIе ца дарах Iуьйранна, шаьш ловзуш
йолуш?

99.

Делан мекарлонех (кхерам цахиларх) тешна бу-те уьш? Делан мекарлонех (кхерам
цахиларх) тешна хир ма дац ша декъаза къам бен.

100.

Лаьттан дайл тIаьхьа и шайга кхаьчначарна ца хаьа-те Тхайна лиъча Оха шайна
таIзар дийр дуйла, шайн къинош бахьанехь. Церан дегнийн тIе мухIар туху Оха –
царна ца хеза.

101.

Цу яртийн хабарех дуьйцу Оха хьоьга. Цаьрга баьхкира Тхан элчанаш билгалонашца‚
уьш ца хилира тешар болууш шаьш хьалха харцдинчух. Иштта мухIар туху Дала
цатешачеран дегнашна тIе.

102.

Царех дукхахболчийн Тхуна ца карийра ваIда кхочушъяр‚ Тхуна ма карийра царех
дукхахберш песакъ нах.

103.

ТIаккха царел тIаьхьа ФирIавна а‚ цуьнан элашна а тIе Муса вахийтира Оха Тхан
аяташца – цаьрца зулам дира цара. Хьажал‚ муха хилла вон хиллачеран тIаьхье!

104.

Мусас элира: “ХIай ФирIавн! Баккъалла а, со ву Iаламийн Кхиош-кхобучуьнгара
элча.

105.

Хьакъ а долуш, со ву Далла тIехь бакъдерг бен ца ала. Со веъна шуьга шун
Кхиош-кхобучуьнгара билгалонца‚ соьца бахкийта Исраилан кIентий”.

106.

Цо элира: “Хьо веъна хиллехь делилаца‚ схьало и, хьо бакълуьйчарех хиллехь”.

107.

ТIаккха (Мусас) шен Iаса кхоьссира – цунах билггала текхарг хилира.

108.

ТIаккха цо шен куьйг схьадаьккхира (кисанара) – и хьоьжучарна шурул кIай хилира.

109.

ФирIавнан къоман элаша элира: “Баккъалла а, хIара ву говза бозбуанча.

110.

Шу шайн лаьттара арадаха лууш ву иза – хIун омра до аша?”

111.

Цара элира: “Бухасацаве иза а‚ цуьнан ваша а (цхьа жимма)‚бахийта гIаланашка
гуламхой.

112.

Хьуна тIе валор ву цара массо говза бозбуанча”.

113.

ФирIавнан бозбуанчаш баьхкира‚ цара элира: “Баккъалла а, тхуна мах хир буй тхо
хиллехь тоьлларш?”

114.

Цо (ФирIавнас) элира: “ХIаъ‚ баккъалла а, шу хир ду-кх (суна) гергарчарех”.

115.

Цара элира: “ХIай Муса! Ахьа кхуссу (хьалха)‚ я тхо хир ду кхуссурш (хьалха)?”

116.

Цо элира: “Аша кхосса”. Цара кхоьссича, нехан бIаьргашна бозбуанча хилира‚
чIогIа кхерийра цара уьш‚ доккха бозбуанча даийтира цара”.

117.

Мусага хаийтира Оха хьайн Iаса кхосса‚ аьлла. ТIаккха цо сихха кхаьллина
дIаяхийтира цара сурт хIоттийнарг.

118.

Гучуделира бакъдерг‚ харц хилира цара деш хилларг.

119.

Цигахь эшийра уьш‚ сийсазхилла дIахьаьвзира уьш.

120.

Бозбуанчаш суждане охьабахара.

121.

Цара элира: “Оха иман дилли массо Iаламан Кхиош-кхобучуьнга‚

122.

Мусан а, ХIаронан а Кхиош-кхобучуьнга”.

123.

ФирIавнас элира: “Аш иман дилли цуьнга, аса шайна пурба далале хьалха?!
Баккъалла а, иза мекарло ю-кх‚ аша шаьш йина гIали чуьра нах арабахархьама‚
тIаьхьа хуур ду шуна.

124.

Шун куьйгаш а‚ когаш а хедонза буьтур ма бац аса дуьхь-дуьхьала‚ тIаккха шу
дерриге ирх кхазор ду аса”.

125.

Цара элира: “Баккъалла а, тхо тхан Кхиош-кхобучуьнга дIахьаьвзар ду.

126.

Ахьа тхоьгара бекхам оьцуш ма бац тхо тхан Кхиош-кхобучун аятех тешна аьлла бен,
уьш тхоьга деъначул тIаьхьа. Тхан Кхиош-кхобушверг! Тхуна собар лолахь‚ тхо Ахьа
далийталахь (хьуна) мукIар хилла”.

127.

ФирIавнан къоман элаша элира: “Муса а‚ цуьнан къам а дуьту ахьа лаьттахь доьхна
хIуманаш дан‚ цо хьо а‚ хьан делий а дIатаса?” Цо элира: “ТIаьхьа вай бойур бу
церан кIентий‚ дийна буьтур бу церан зударий‚ баккъалла а, вай царна тIехь ницкъ
болуш ду”.

128.

Мусас шен къоме элира: “Делаца гIо лаха аша‚ собар делаш‚ лаьтта Делан ду – Цо
ирсана ло и Шен лех Шена луучунна, тIаьхье (Делах) кхоьручарна ю”.

129.

Цара элира: “Лазарш (бохамаш) дина тхуна хьалха хьо тхоьга вале а‚ хьо тхоьга
веъначул тIаьхьа а”. Цо элира: “Шун Кхиош-кхобуш волчо мостагI хIаллакван мега‚
лаьттахь верасаш шу а хуьлуьйтуш – тIаккха Иза хьожур ву аша хIун до”.

130.

ФирIавнан доьзал схьалецира Оха шерашкахь (йокъанца) а‚ стоьмаш эшорца а – цара
ойла ян там бара.

131.

Шайга диканиг
деъча‚ цара олура: “ХIара тхуна ду”‚ шайх вониг хьакхаделча‚ Муса а‚ цуьнца берш
а бахьанехь хуьлуьйтура цара и. Баккъалла а, и вониг уьш шаьш бахьанехь дац ткъа
Далла гергахь? Делахь а царах дукхаберш ца хууш бу.

132.

Цара (ФарIавнан
наха) элира: “Муьлхха а делил ахьа тхуна даладахь а, тхуна шеца бозбуанчалла
дархьама‚ тхо хьоьх тешар долуш дац хьуна”.

133.

Оха царна
тIекхиссира хи тIедалар а‚ цIоз а‚ мезий а‚ пхьидаш а‚ цIий а къегина делилаш
хилла – тIаккха а куралла йира цара‚ царех хилира къинош дина къам.

134.

Шайна тIе Iазап
доьжча‚ цара элира: “ХIай Муса! Деха тхуна хьан Кхиош-кхобучуьнга хъоьца Шен
ваIда хилларг (Iазап айде, тхо хьох тешча). Нагахь ахьа тхуна тIера хIара Iазап
айдахь‚ хьоьх тешанза а Iийр ма дац тхо‚ хьоьца Исраилан кIентий а бохкуьйтур ма
бу Оха”.

135.

Оха шайна тIера
Iазап айдича‚ цхьана ханна шаьш цунна тIе кхиа дезаш болчу‚ цара бина хилла болу
барт бохийра.

136.

ТIаккха Оха
цаьргара бекхам ийцира. Оха уьш хIордан буха бахийтира, уьш хиларна Тхан аяташ
харцдеш‚ уьш хиларна уьш тергал ца деш.

137.

Оха ирсана елира
заьIап хиллачу къомана лаьттан малхбалеш а‚ цуьнан малхбузеш а‚ Оха ша беркате
дина хилла долу латта /Шам/ а. Исраилан кIенташна тIехь кхочушхилира хьан
Кхиош-кхобучун хаза дош, цара собар дарна. Оха дохийна дIадахийтира ФирIавнас а‚
цуьнан къомо а деш хилларг а‚ цара хьалхахIоттийна хилларг а.

138.

Оха Исраилан
кIенташна хIорд бийкъира. ТIаккха уьш кхечира цхьана къомана тIе‚ шайн жIарашна
Iибадат деш долчу‚ цара (Исраилан кIенташа) элира: “ХIай Муса! Тхуна Дела
хилийта церан делий санна”. Цо (Мусас) элира: “Баккъалла а, ма жаьхIал къам
ду-кх шу.

139.

Баккъалла а, хIорш
шаьш хиллчохь хIаллакьхир бу‚ харц ду цара деш хилларг”.

140.

Цо (Мусас) элира:
“Дела (АллахI) воцург кхин дела лоху, ткъа, аса шуна? Цо шу даз ма дина
(ниIматашца) Iаламел.

141.

Цо хьалха ма
дехира шу ФирIавнан доьзалх‚ шуна боьха Iазап латтош хилла болчу. Цара бойура
шун кIентий‚ дийна буьтура шун зударий. Шуна цу чохь шун везза волчу
Кхиош-кхобучуьнгара зер ма ду.

142.

ТIаккха Оха Мусаца
ваIда йира ткъе итт буьйсанца‚ уьш кхочуш-
хилийтира Оха иттанца. Цуьнан Кхиош-кхобучун тоьхна хан кхочушхилира шовзткъа
буьйсанца. ТIаккха Мусас элира шен вешига ХIаруне: “Сан метта виса сан къомаца‚
маслаIат (диканиг) де‚ вон лелачеран новкъа ма хIотталахь”.

143.

Оха
билгалъяьккхинчу меттиге веъча‚ шен Кхиош-кхобучо шеца къамел дича‚ Мусас элира:
“Сан Кхиош-кхобушверг‚ суна Хьуо гайтахьа – Хьоьга хьожур вара со!”. Цо элира:
“Со ганне а гур вац хьуна‚ делахь а хьажахьа дIо ломе‚ цуьнан меттиг чIагIлахь –
тIаккха тIаьхьа Со гур ву хьуна”. Цуьнан Кхиош-кхобург ломана гучуваьлча‚ Цо и
аьтта дIабахийтира‚ Муса, эсах а ваьлла, вуьйжира. ТIаккха ша метта веъча‚ цо
элира: “Хьо вонах цIанво аса‚ аса тоба ди Хьоьга‚ со ву-кх тешачарех
дуьххьарлераниг”.

144.

Цо /Дала/ элира:
“ХIай Муса! Баккъалла а, Аса хьо хаьржина нахал Сан элчаллица‚ Сан къамелаца‚
дIалаца Аса хьайга делларг‚ хьо хила шукур дечарех”.

145.

Оха яздира цунна
ардахийн (аьннийн) чохь хIора хIуманах хьехам а‚ хIора хIуманна къастор а
/олуш/: “ДIаэца и ницкъаца‚ хьайн къоме а омра де дIалаца алий цуьнан уггар
хазаниг. Аса тIаьхьа гойтур ду шуьга песакъ нехан цIа”.

146.

ТIаьхьа Аса Сан
аятех генабохур бу лаьттахь, бовла хьакъ боцуш, курабевлла хилларш‚ муьлхха а
делил гича а – цунах ца теша уьш‚ нийсонан некъ гича а – и некъ бой тIе ца лоцу
цара‚ тиларан некъ гича – и некъ бой тIелоцу цара‚ иза цара Тхан аяташ харцдина
дела ду‚ уьш царех гIовпал хилла дела ду.

147.

Тхан аяташ а‚
эхартаца цхьаьнакхетар а харцдинарш – церан Iамалш хIаллакьхилла. Шаьш еш
хиллачу Iамалашца а бен бекхам хир буй царна?!

148.

Мусан къомо и
(Делаца хабар дийца) ваханчул тIаьхьа гIозарех а‚ мухIарех эса дира шен дегI а‚
аз а долуш. Царна ца го техьа‚ цо цаьрца къамел ма ца дой‚ новкъа а ниса ма ца
бо цо уьш? Цара и лецира /шайн Дела хилла‚ цунна цара Iибадат деш/, – уьш
зуламхой хилира.

149.

ТIаккха уьш
дохкобевлла‚ хIун дийр ду ца хууш болуш‚ царна гича шаьш тиладелла хилар‚ цара
элира: “Вай Кхиош-кхобучо вайх къинхетам ца бахь‚ Цо вайна геч ца дахь – вай
эшна хиллачарех хир ду-кх”.

150.

Муса шен къомана
тIе вухавирзича‚ ша оьгIазвахана‚ чIогIа пошме хилла‚ элира: “Ма вон хIума ду-кх
аша суна кхоьллинарг соьл тIаьхьа /со воцуш/. Сихлой‚ ткъа, шайн Кхиош-кхобучун
гIуллакхехь?” Шегара аннаш охьакхиссира цо‚ шен вешин корта(-н месаш) шена тIе
озийра цо. Элира /ХIаруна/: “ХIай сан ненан кIант! Цу къомо со заьIап ма ви‚ со
вен герга ма хилла уьш‚ мостагIий баккхий ма бебелахь суна‚ зуламе къомаца ма
хилийталахь со”.

151.

Элира /Мусас/: “Со
Кхиош-кхобушверг! Гечделахь суна а‚ сан вешина а‚ Хьан къинхетамна чудохкалахь
тхо. Хьо ву-кх уггар къинхетаме верг”.

152.

Баккъалла а, эса
лаьцнарш /шайн дела вина/ – шайн Кхиош-кхобучуьнгара оьгIазло кхуьур ма ю царех‚
сийсазалла а /ю царна/ дуьненан дахарехь. Иштта бекхам бо Оха харцдерг
кхуллучарна.

153.

Вониг /къинош/
динарш‚ тIаккха цул тIаьхьа тоба дина иман диллинарш, – баккъалла а, хьан
Кхиош-кхобург цул тIаьхьа гечдеш верг ма ву‚ къинхетам беш верг ма ву.

154.

Муса оьгIазаллих
ваставелча, аннаш схьаийцира цо‚ церан йозанийн чохь бара нийса некъ а‚
къинхетам а шен Кхиош-кхобучух кхоьруш болчарна.

155.

Мусас шен къомах
кхузткъе итт стаг хаьржира Тхьоца цхьаьнакхетарна. ТIаккха чIогIачу латта
ласторо уьш схьалецча‚ цо элира: “Со Кхиош-кхобушверг‚
Хьайна лиъна хиллехьара Ахьа хьалха хIаллакбина хир бара уьш а‚ со а. Тхо
хIаллакдо Ахьа тхан юккъера Iовдалша лелийначуьнца? Иза хьан питана ма дуй‚ Ахьа
шеца Хьайна луург тилош‚ Хьайна луург нисвеш долу. Хьо ву-кх тхан доладийриг
/вали/‚ гечдехьа тхуна‚ къинхетам бехьа тхоьх‚ Хьо ву-кх уггар дика гечдийриг.

156.

Яздехьа тхуна
хIокху дуьненахь диканиг‚ эхартахь а /диканиг/‚ баккъалла а, тхо нисделла-кх
Хьоьга”. Цо /Дала/ элира: “Сан Iазап Аса кхиор ду Суна луучух‚ Сан къинхетамо
массо хIума шена чулаьцна – тIаьхьа Аса дIаязбийр бу и /къинхетам/ шаьш /къинах/
кхоьруш болчарна‚ закат луш болчарна‚ шаьш Тхан аятех тешаш болчарна.

157.

Ишттанаш бу уьш
шаьш тIаьхьахIуттуш элчанна-пайхамарна йоза-дешар ца хууш волчу‚ шех лаьцна
яздина шайна карош шайн гергахь Товрата чохь‚ Инжила чохь‚ ша царна “Диканиг
де!” олуш волу‚ вочух уьш бухатухуш волу‚ цIена дерг царна хьанал деш волу‚
боьханиг шайна хьарам деш волу‚ царна тIера дезза хIуманаш а‚ буржолаш а ша
дIадохуш волу. Цунах тешнарш‚ и леринарш‚ цунна гIо динарш‚ цуьнца доссийна
долчу нуьрана /КъурIанна/ тIаьхьахIиттинарш – уьш бу баккхийбуьйр берш.

158.

Ахьа ала: “ХIай
нах! Баккъалла а, со Делан элча ву шуьга массаьрга‚ ишттаниг ву И /Дела/
стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла Шен долуш‚ Иза воцург кхин дела вац‚ денбо
Цо‚ буьйла а болуьйту. Теша шу Делах а‚ Цуьнан элча-пайхамарах а‚ йоза-дешар ца
хууш волчу‚ ша тешаш волчу Делах а‚ цуьнан дешнех а. ТIаьхьахIитта цунна – шу
нийсачу новкъа довла там бара”.

159.

Мусан къомах а ду
цхьа уммат‚ ша бакъдолчунна тIе нисделла долу‚ ша цуьнца нийсо еш долу.

160.

Оха уьш /Исраилан
кIентий/ бийкъира шийтта некъене. Мусага хаийтира Оха иза шен къомана хи доьхуш
волчу хенахь “хьан Iаса тоха тIулгах”‚ аьлла. ТIаккха шийтта хьоста дедира
цунах. ХIора некъана /тобанна/ шайн молу меттиг хиира‚ Оха царна IиндагI
/салкха/ дира мархаца‚ доссийра царна Манна а‚ Салва а – даа Оха шайна деллачу
рицкъанх цIенаниг. Тхуна зулам ца дина цара – уьш хилла-кх шаьш шайна зулам деш.

161.

Дагадаийта цаьрга
аьлла хилар: “ХIокху юьртахь даха совца‚ даа цу чуьра шайна луъучохь‚ аша ала:
“Дайде!”‚ неIарехула чоьхьадовла сужд деш‚ Оха гечдийр ду шуна шун гIалаташ.
ТIаьхьа Оха алсамбохур бу дика берш”.

162.

Царех зулам
диначара хийцира дош шайга аьлла доцучуьнца. ТIаккха Оха царна тIе стиглара
Iазап доссийра, уьш зулам деш хиларна.

163.

Хаттал цаьрга
хIордан уллохь хиллачу юьртах лаций: уьш дозанах бевлира шоьтан дийнахь‚ царна
чIерий догIура гучудовлий церан шоьтан дийнахь‚ церан шоьтан де доцуш царна ца
догIура уьш /чIерий/ – иштта балане лецира Оха уьш, шаьш песакъ хиларна.

164.

Царех цхьана
тобано аьллера: “Аша хIунда хьехамбо /къомана/ нахана‚ шаьш Дала хIаллакбийр
болчу‚ я Цо шайна чIогIачу Iазапца Iазап дийриг долчу?” Цара элира: “Шун
Кхиош-кхобучуьнга бехказадовлархьама‚ уьш хилархьама /Делах/ кхоьруш”.

165.

Цара шайга
хьехийнарг дицдича‚ Оха кIелхьарабехира шаьш /нах/ вочух духатухуш берш‚ зулам
динарш Оха схьалецира ирчачу Iазапца уьш /Исраилан кIентий – жуьгтий/ песакъ
хиларна.

166.

Цара тергал ца
дича Оха шаьш шайх духатоьхнарг‚ Оха элира цаьрга: “Хила шух сийсаза маймалш”.

167.

Хьан Кхиош-кхобучо
дIахаийтира ша царна (жуьгташна) тIе хьежжоне а хьежор бу Къематде кхаччалц
царна луьра Iазап деш берш‚ баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург сиханиг ву таIзар
дарца‚ Иза – гечдийриг а‚ къинхетам бийриг а ву.

168.

Оха бийкъира уьш
(жуьгтий) лаьттахь тобанашка – царех диканаш а бу‚ царех уьш боцурш а бу. Оха
уьш теллира хазачуьнца а‚ вочуьнца а, уьш бухабоьрзур бацара-те (Далла тIе)‚
бохуш.

169.

Царел тIаьхьа кхин
тIаьхье хилира‚ жайна ирсана кхечира цаьрга‚ хIокху дуьненан бахам оьцура цара‚
олура: “Вайна-м гечдийр дай”. Цуьнга терра кхин бахам шайга беъча – иза а оьцур
бара цара. Ткъа жайнан чIагIо ца хиллера царна тIехь‚ цара Далла тIехь бакъдерг
бен эр дац аьлла‚ цу чохь дерг цара Iамийна ма дара? Эхартан цIа тоьлуш ма ду
шаьш /Делах/ кхоьруш болчарна‚ аша ойла ца йо-техьа?

170.

Шаьш жайна
схьалаьцнарш‚ ламаз хIоттийнарш, – баккъалла а, Оха эша ма ца бо дикачеран миэл.

171.

Царна тIехь лам айбира Оха‚ ша тIейожа йоллу лаба санна лаьтташ‚ царна моьттура
и шайна тIеюжуш ю. /Оха элира/: “ДIалаца Оха шайна делларг ницкъаца‚ хьехаде цу
чохь дерг‚ шу хила мегара /Делах/ кхоьруш!”

172.

Хьахаде хьан Кхиош-кхобучо Адаман кIентийх – церан баккъех церан зуьрет
схьадаккхар‚ тIаккха шайна тIехь уьш тешаш хIоттор: “Со вац, ткъа, шун
Кхиош-кхобург”‚- аьлла. Цара ма элира: “ХIаъ! Оха тешалла дина”. /Иза ду/ аша
Къематдийнахь эриг хиларна: “Баккъалла а, тхо цунах гIовпал ма хили”.

173.

Я аша эриг хиларна: “Тхан дайша ширк /керсталла/ дира хьалха‚ тхох хилира царел
тIаьхьа зуьрет‚ Ахьа хIаллакдийр ду тхо харцболчара динарг бахьанехь?”

174.

Иштта къастадо Оха аяташ – уьш бухабоьрзур бацара-те /къинош дарах/.

175.

Дийцал царна Оха шена Тхан аяташ делла, тIаккха уьш дIатесначун хабар‚ тIаккха
шайтIано шена тIаьхьавазийра и‚ тилабеллачарех хилира иза.

176.

Тхуна лиънехьара Оха цаьрца айвира вара иза‚ делахь а дуьненан тIе тевжира иза‚
шен дезаршна тIаьхьавезира. Цуьнан масал жIаьлин масалх тера ду: хьо шена
тIаьхьа ваьлча мотт аракхуссу цо‚  я ахьа ша дитича а мотт аракхуссу цо. И ду
тхан аяташ харцдинчу къоман масал. Дийца дийцарш‚ ойла ян там бара цара.

177.

Тхан аяташ харцдина къам вон хилла масалца – шайна зулам деш хилла уьш.

178.

Ша Дала нисвеш верг нислур ву‚ Цо тилавала вуьтуш верг, – уьш бу эшнарш.

179.

Оха кхоьллина жоьжахатина дуккха жинеш а‚ адамаш а. Церан дегнаш ду – цаьрца ца
кхета уьш‚ бIаьргаш бу – цаьрца ца го царна‚ лергаш ду – цаьрца ца хеза царна‚
уьш бежанех тера бу. ХIаъ! Царел а тилла бу! Уьш бу-кха гIовпал хилларш.

180.

Делан ю хаза цIераш – кхайкха аша Цуьнга цаьрца. Бита Цуьнан цIераш харцъеш
берш. ТIаьхьа шаьш динчуьнца бекхам хир бу царна.

181.

Оха кхоьллинчарех ду уммат‚ ша бакъдолчунна тIе (нах) нисбеш долу‚ ша цуьнца
нийсо еш долу /цIена бусулба уммат ду иза/.

182.

Тхан аяташ харцдинарш – тIаьхьа жим-жимма таIош, охьатаIор бу Оха уьш, шайна а
ца хууш.

183.

ТIаьхьатотту Аса уьш – Сан /керстанийн/ мекарлонна /дуьхьало/ чIогIа ю.

184.

Ойла ца йо-техьа цара? Жинех ма вац церан накъост /Мухьаммад пайхамар; ца
тешачара олуш хилла жинех ву иза/. Иза билггала кхерамча ву.

185.

Уьш ца хьожу стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалле‚ Дала кхоьллинчу хIуманашка‚
шайн ажал /Iожалла/ гергакхаьчна хила магаре? Цул тIаьхьа муьлхачу хьадисах уьш
тешар бу.

186.

Дала тилавала вуьтуш волчунна – и нисван цхьа а вац. Цо буьту уьш шайн тиларчохь
дIай-схьай уьдуш.

187.

Хьоьга хоьтту цара сахьтах /Къематдийнах/ лаьцна – цуьнан хIоттар маца хир ду
боху. Ахьа ала: “Цуьнан Iилма сан Кхиош-кхобучун гергахь ду. Шен хеннахь и
билгалдоккхур ду веккъа Цо‚ дазделла и стигланашкахь а‚ лаьттахь а. ЦIеххьана
бен догIур дац иза шуна”. Хьоьга хоьтту цара – хьо иза дика хууш верг волуш
санна. Ахьа ала: “Цуьнан Iилма Делехь ду”. Делахь а‚ дуккха нахана ца хаьа.

188.

Ахьа ала: “Аса дола ца до сан дегIах пайданца а‚ я зенаца а Далла лиънарг бен.
Со хиллехьара хууш къайлах дерг‚ аса совдаьхна хир дара диканаш‚ халоно
схьалаьцна хир ма вацара со. Со веккъа кхерамча а‚ хаамча а ву тешаш долчу
къомана”.

189.

И ву шу кхоьллинарг цхьана синах‚ цунна зуда а кхоьллина, и цуьнца вахийта. И
цунна улло вахча – байа болчу мохьца язло и‚ и дIакхоьхьу цо. ТIаккха иза
язъелча цара шиммо /майрачо а‚ зудчо а/ шайн Кхиош-кхобучу Деле доьху: “Ахьа
тхуна дика доьзалхо лахь, тхо баркалла бохучарех хир дара-кх”.

190.

ТIаккха цо шаьшшиннена дика доьзалхо велча‚ Цо шайна деллачуьнгахь Цунна накъост
хилийтина цу шиммо. Генаволу Дела цара накъост лацарх.

191.

Цара хуьлуьйту, ткъа, Цунна накъост ша хIумма ца кхуллург‚ шаьш кхечо /Дала/
кхуллуш берш?

192.

Царна гIодан ца могу царна‚ шаьш шайна а гIо ца до цара.

193.

Аша уьш нийсачу новкъа кхайкхахь‚ шуна тIаьхьа а ца хIуьтту уьш. Цхьатерра ду
шуна: аша уьш кхайкхахь а‚ я шу севцна Iахь а.

194.

Аша, Дела а витина, шайга кхойкхуш берш – шух терра леш бу‚ кхайкха цаьрга‚ шуна
жоп лойла цара‚ шу бакълуьйш хиллехь.

195.

Ткъа церан когаш бу шашах дIа-схьа лелаш‚ я церан куьйгаш ду цара шаьш детташ‚ я
церан бIаьргаш бу шашах царна гуш‚ я церан лергаш ду шашах царна хозуьйтуш? Ахьа
ала: “Кхайкха шайн накъосташка‚ мекарло е суна‚ тIаьхьа ма татта со.

196.

Баккъалла а, сан доттагIа – Дела ву‚ Ша жайна доссийна волу‚ И ву дикачарех
Iуналла деш верг”.

197.

Аша, И /Дела/ а витина, шайга кхойкхуш берш, – шуна гIодан луш бац уьш‚ шайна
гIо дийр долуш а бац.

198.

Аша шаьш нийсачу новкъа кхайкхича – ца хеза царна. Хьуна го уьш хьайга хьоьжуш,
– царна ца го.

199.

КъинтIера вала‚ диканиг хьеха‚ дукха тергал ма бе жехIал нах.

200.

ШайтIанера талхор хьо талхо гIертахь, – Делаца ларвалар деха. Баккъалла а, Иза
хезаш верг а‚ хууш верг а ву.

201.

Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш шаьш шайтIанан балано схьалаьцча, /Дела/
хьехаво /зикр до/ цара‚ уьш гуш хуьлу /нийса некъ/.

202.

Амма церан вежарий (къинош деш берш) – царна-м тиларчохь гIо до хьуна цара
/шайтIано а, цуьнан накъосташа а/‚ тIаккха а ледарло ца йолуьйту цара (уьш тилош
къахьегарехь).

203.

Ахьа шайга аят ца деъча‚ олура: “Айхьа хаьржина хиллехьара ахьа /аят/”. Ахьа
ала: “Сайга сан Кхиош-кхобучуьнгара догIучу вехьена бен со тIаьхьахIуттуш вац.
ХIара /КъурIан/ – шун Кхиош-кхобучуьнгара билгалонаш ю‚ нийса некъ а‚ къинхетам
а бу, ша тешаш долчу къомана”.

204.

КъурIан доьшуш долуш – ладогIа цуьнга‚ гIовгIа ма е‚ шух къинхетам бан тарло.

205.

Хьехаве хьан Кхиош-кхобург хьайгахь: муьтIахь а хилла‚ кхоьруш а хилла‚ чIогIа
доцчу озаца‚ Iуьйранна а‚ суьйранна а. Хьо ма хилалахь и тергам ца бечарех.

206.

Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобучун гергахь дерш Цунна Iибадат дарна куралла еш
дац‚ массо вочух И цIанвеш ду, Цунна сужд деш ду.