78. АН-НАБАЪ

1.

Стенах /лаьцна/ вовшашка хоьтту цара?

2.

Доккхачу хабарх!

3.

Шаьш цу чохь хилпало йолуш долчу.

4.

ХIан-хIа! ТIаьхьа хуур ду царна!

5.

ТIаккха хIан-хIа! ТIаьхьа хуур ду царна!

6.

Оха ца дина латта мотт санна /кIеда/?

7.

Лаьмнаш хьостамий санна /чIогIа/?

8.

Оха кхоьллина шу шиш /боьрша а‚ сте а/.

9.

Оха хилийтина шун наб садаIар хилла.

10.

Оха хилийтина буьйса духар хилла.

11.

Оха хилийтина де дахар хилла /шайн хьашташ кхочушдан/

12.

Оха хIоттина шуна тIехьахула ворхI чIогIа /стигал/‚

13.

Оха бина лепаш чиркх /малх/.

14.

Оха дайитина Iовдаш йолчу мархийн юккъера дуттуш долу хи /догIа/.

15.

Цуьнца Оха схьабаккхархьама буьртиг а‚ орамат а‚

16.

Луьста бошмаш.

17.

Баккъалла а, къастаман де хилла хан тоьхна.

18.

Оцу дийнахь сур локхур ю – шу догIур ду тобанашца.

19.

ДIаеллира стигал – цунах хилира неIарш.

20.

ДIадихьира лаьмнаш – /царех/ дисина шаьш хилла сурт.

21.

Баккъалла а, жоьжахати хилира чударна йоьгIна‚

22.

/Делан дозанийх/ тIехбевлачаьрна чугIойла хилла.

23.

Лаьттар бу уьш цу чохь дуккха хенашкахь.

24.

Iовшур дац цара цу чохь шело а‚ малар а

25.

Лалина хи а‚ нетIкъанаш бен.

26.

/Царна/ богIуш бекхам бу /иза/.

27.

Баккъалла а, уьш хилира дог ца дохуш /шаьш динчун/ хьесапе.

28.

Цара харцдира Тхан аяташ харцдарца.

29.

Массо хIума дIатергалдина Оха жайнаца!

30.

Iовша шайна! Сов доккхур дац Оха шуна Iазап бен.

31.

Баккъалла а, /Делах/ кхоьручаьрна тола меттиг ма ю /ялсамани чохь/.

32.

Бошмаш а‚ кемсаш а /ю царна/.

33.

/Царна/ некхий гоьрга долу‚ шерашца цхьанийса болу мехкарий /хир бу/.

34.

Буьззина /маларан/ кад а /хир бу/.

35.

Царна хозур дац цу чохь деса хабар а‚ харцдерг а.

36.

Бекхам бу /иза/ хьо Кхиош-кхобуш волчуьнгара‚ совгIат а‚ хьесап а /Цуьнгара/
хилла.

37.

Стигланийн а‚ лаьттан а царна юккъехь долчун а Кхиош-кхобург /ву Иза/‚ Ша сов
къинхетаме верг. Цуьнгара хабар дийцаран дола дийр дац цара.

38.

Оцу дийнахь хIуттур ду Са а ‚ маликаш а могIица. Вист хир вац шена Сов
Къинхетаме волчо пурба делларг бен – цо эр ду бакъдерг.

39.

Иза хьакъ-бакъ долу де ду. Ша лууш волчо лаьцна ша Кхиош-кхобучуьнга дIаверзаран
некъ.

40.

Баккъалла а, Оха кхерам тесина шуна гергахь долу Iазапца – оцу дийнахь стаг
хьожур ву шен шина куьйго хьалхадаьккхинчуьнга‚ эр ду керстано: “Декъаза ваьлла
со‚ соьх хиллехьара латта! “