76. АЛЬ-ИНСАН

1.

Еарий ткъа адамна тIе заманан цхьа хан и ша хьехон хIума а доцуш?

2.

Баккъалла а, Оха кхоьллира адам ийначу тIадамах‚ Оха иза зуьйш ву /тIе декхарш
дихкаршца‚ баланаш кхиссарца/. ТIаккха хилийтира иза хозуш а‚ гуш а.

3.

Баккъалла а, Оха иза нисвира новкъа: я цо баркалла олуш‚ я керста деш.

4.

Баккъалла а, Оха кечъйина цатешачаьрна зIайнаш а‚ буржолаш а‚ цIе а.

5.

Баккъалла /Дала бохург деш/ дика хиллачаьра мер ду кадачуьра /хаза маларш/ шех
кафур /хаза хьеж йогIу хIума/ тоьхна долу.

6.

Шовданан хи муьйлур ду Делан леш‚ шаьш и схьадоккхуш /шайна луучахь/ шортта
схьадаккхарций.

7.

Уьш кхочуш деш бу /Далла Iибадат дан/ делла дош‚ уьш кхоьруш бу /къемат/ дийнах‚
шен вон чIогIа даьржина долчу.

8.

Цара даадо даар шайна деззашехь мискачунна а‚ боберана а‚ йийсарна а.

9.

/Шаьш олуш/: “Оха даадо шуна Делан юьхьана /Делан дуьхьа/‚ тхуна ца беза шугара
бекхам а‚ баркалла а.

10.

Баккъалла а, тхо кхоьру тхан Кхиош-кхобучуьнгара яххьаш чIогIа хебар йолчу
дийнах”.

11.

Дала хьалхабехира уьш оцу дийнан вонах‚ дуьхьал туьйхира царна яьххьаш къегар а‚
хазахетар а.

12.

Бекхам бира царна шаьш /Далла ечу Iамална тIехь/ собар дарна бешций а‚ дариций
а.

13.

Цигахь уьш Iийр бу маьнганий тIетевжина. Царна гур бац цигахь малх а‚ шело а‚

14.

Гергахь хир ду царна /цу бешан/ IиндагIа‚ охьакхевдина хир бу цуьнан стоьмаш
охьакхавдарах /аьтто хуьлуш шаьш баха ира хIоьттина волчунна а‚ охьа хиъна
волчунна а‚ вижна волчунна а/.

15.

Царна тIехьийзор бу датон пхьегIаца‚ чохь са гучу кадаца /кегий нах/ –

16.

Датон чохь са гучу кадаца /оцу тIехьийзачаьра хьуна мала бегIийла йолчу кепара
малар/ дIалуш.

17.

Цигахь малор бу чагIаран кад‚ шех занжабил тоьхна болу.

18.

Цигахь /малор ду/ шовда‚ шех салсабиль олу.

19.

Царна тIехьийзар бу къан ца лун кегирхой‚ хьуна уьш гича дIасхьадаржина луълуъ
ду моьттуш.

20.

Хьо хьежначу хенахь‚ цигахь хьуна гур ду ниIматаш а‚ доккха паччахьалла а.

21.

Царна тIедуьйхина хир ду дуьтIкъачу баьццара дарин духар а‚ стоммачу дарин духар
а‚ уьш хазбина хир бу датон чIагIаршца‚ уьш Кхиош-кхобучо царна малор ду цIена
малар а.

22.

“Баккъалла а, хIара хили шуна бекхамна /аш йина дика Iамалш бахьанехь/‚ шун
лелар хили хастаме”.

23.

Баккъалла а, Оха доссора хьоьга КъурIан /кIез-кIеззиг/ доссорца.

24.

Хьо собаре хила хьуо Кхиош-кхобучун хьукамна‚ хьо муьтIахь ма хила царех къинош
дечунна а‚ /дин/ керста дечунна.

25.

Ахьа хьехае хьуо Кхиош-кхобучун цIе Iуьйранна а‚ суьйрана а.

26.

Буьйсанах а сужд де Цуна‚ тасбахь а де Цуна еххачу буьйсана.

27.

Баккъалла а, хIорш дукхадезаш бу сиха чекхдаьр дерг /дуьне/‚ дуьту шайн тIехьахь
деза /хала/ де – /къематде/.

28.

Оха кхоьллина уьш‚ чIагIйина церан меженаш. Тхуна лиъча Оха /уьш/ хийцор бара
царех терачаьраца хийцорца.

29.

Баккъалла а, хIара хьехам бу‚ шена луучо схьалецина /иза/ ша Кхиош-кхобучуьнга
некъ бина.

30.

Шуна луур дац Далла лаахь бен. Баккъалла а, Дела хили хууш верг а‚ хьукаме верг
а.

31.

Цо вуьллу Шена луург Шен къинхетамна чу. Ткъа зуламхой – царна Цо кечдина лазош
долу Iазап.