74. АЛЬ-МУДДАССИР

1.

ХIай /бедарх/ дIахьаьрчинарг!

2.

ХьалагIатта‚ кхерам таса!

3.

Хьуо Кхиош-кхобушверг воккхаве!

4.

Хьан бедар цIанъе!

5.

Нажас хIуманах вада!

6.

Ма ло хIума хьайна /цунах/ алсам тIекхиар лоьхуш.

7.

Хьо Кхиош-кхобуш волчун /гIуллакхна/ собаре хила.

8.

Сур лекхначу хенахь /шолгIа локху сур/ –

9.

Иза оцу дийнахь хала де ду.

10.

/Делах/ тешаш боцучаьрна атта доцуш.

11.

Вита со а и Аса кхоьллинарг а тхаьш.

12.

Аса хилийтира цуна шортта даьхний‚

13.

КIентий цуна агIор лаьтташ.

14.

Аса аьтту бира цуна аьттубарах а.

15.

ТIаккха а леара цуна Аса совдаккха /шен хьал/.

16.

ХIан-хIа! Баккъалла а, иза хилира Тхан аяташна дуьхьал.

17.

Аса тIеюьллур ю цуна ирхо /Iазапан мохь/.

18.

Баккъалла а, цо ойла йира‚ хьесап а дира.

19.

ХIаллак хила иза! Муха дина цо хьесап?

20.

ТIаккха а хIаллакьхили иза. Муха дина цо хьесап?

21.

ТIаккха иза хьежира.

22.

ТIаккха юьхь хабийра‚ вусавелира.

23.

ТIаккха иза вухваьлира /КъурIанах/‚ куравелира.

24.

Цо элира: “ХIара деккъа бозбуанчалла ду /хьалха дуьйна/ схьадогIуш долу.

25.

ХIара деккъа адаман дош ду”.

26.

Аса вагор ву иза сакъаран /жоьжахати/ чохь.

27.

Хьан хаийтина хьуна‚ хIун ю и сакъар?

28.

Буха а ца вуьту цо‚ дIа а ца тосу,

29.

Гучуйолу и адамна /геннара цуьнан юьхь Iаржаеш/.

30.

Цунна тIехIоьттина ткъеяссина /малик/ ду.

31.

Жоьжахатина тIехIоьттина берш Оха маликаш бен ца хилийтина. Церан дагардар ца
хилийтина Оха деккъа цатешачаьрна питнина бен а‚ жайнан охIлана и бакъдий
хаийтархьама а‚ /Делах/ тешаш берш иманца сов бахархьама а‚ шеко ца яйтархьама
жайнан охIлане а‚ муъма нахе а; шайн дегнашкахь цамгар йолучаьрга а‚
цатешачаьрга а алийтархьама: “ХIун лиъна-техьа Далла хIокхунца‚ масал далийна?”
Иштта тилавала вуьту Дала Шена луург‚ нисво Шена луург. Хьо Кхиош-кхобушволчун
эскар хуур дац Цуна Шена бен. Иза беккъа хьехам бу-кх адамашна.

32.

ХIан-хIа! Баттаца дуй боу Аса!

33.

Буьйсанца дуй боу и тIаьхьаяханчу хенахь.

34.

Сатасарца дуй боу и гучудаьллачу хенахь.

35.

Баккъалла а, иза /сакъар олу жоьжахати/ уггар яккхичарех цхьаъ ю!

36.

Кхерамча адамашна /ю иза/.

37.

Шух шен луучунна /диканна/ хьалхаваха а‚ /вочунна/ тIаьхьависа а.

38.

Массо са ша тардинчуьнца закъалт хилла ду

39.

Аьтту куьйган дай боцурш.

40.

Уьш /бошмашкахь/ вовшашка хоьттуш хир бу

41.

Къинош диначарех:

42.

“Хьан дигина шу сакъара чу?”

43.

Цара элира: “Тхо ца хилира ламазаш дечарех

44.

Тхо ца хилира мискачаьрна хIума даош.

45.

Деса хабарш дуьйцучаьрца /деса/ хабар дуьйцуш хилира тхо‚

46.

Бекхаман де харц деш хилира тхо

47.

Тхайга бакъдерг далц”.

48.

Пайда бийр бац царна шапаIат дечаьрийн шапаIато.

49.

ХIун ду царна уьш хьехамах дIаберза?

50.

Шаьш акхаелла вираш санна‚

51.

/Кхераелла/ йовдаш ломах?

52.

ХIаъ царех массо ву лууш шега лойла схьадиллина жайнаш.

53.

ХIан-хIа‚ уьш ца кхоьру эхартах.

54.

ХIан-хIа! Баккъалла а, иза /КъурIан/ хьехам бу.

55.

Шена луучо хьахош бу.

56.

Далла лаахь бен цара хьахор-м бац. Иза ву /Шех/ кхеран охIла‚ Иза ву /Ша/
гечдаран охIла.