73. АЛЬ-МУЗАММИЛ

1.

ХIай дIахьаьрчинарг!

2.

ГIатта буьйсана‚ цхьа кIеззиг /буьйса/ йите /хьайна садаIан/.

3.

Цуьнан ах йите‚ я цунах цхьа кIеззиг эшае.

4.

Я тIетоха цуна. КъурIан деша (меллаша, хазачу) дешарца.

5.

Оха дуьхьалтухур ду хьуна хала дош.

6.

Баккъалла а, буьйсанан хан езза ю (ламаз дечунна)‚ вуно билгала ю дашца.

7.

Хьуна дийнахь дехха гIуллакхаш ду /КъурIан деша мукъа ца волу хьо/.

8.

Хьехае хьуо Кхиош-кхобушволчу /Делан/ цIе. /Дуьненах/ хада Цуна /Далла/ Iибадат
дарца, (дог цIена) хадарца.

9.

Малхбалин а‚ малхбузен а Кхиош-кхобушверг ву Иза‚ вац кхин дела Иза воцург‚ лаца
Цунах /хьайна/ векал /тIетовжа гIоьнча/.

10.

Собар де цара /Маккан керастанаша/ олучунна тIехь‚ вада царех хаза вадарца.

11.

Вита Со а‚ и шайгахь ниIматаш долу /дин/ харцдешберш а‚ собар де цаьрца цхьа
кIеззиг.

12.

Баккъалла а, Тхоьгахь буржолаш а ю‚ /жоьжахатин/ цIе а ю.

13.

Лага чохь дуьсур долу даар а ду‚ лазош долу Iазап а ду.

14.

Оцу /къемат/ дийнахь латта а‚ лаьмнаш а дегар ду /ластор ду/‚ лаьмнех хир бу
Iенаш болу барз.

15.

Баккъалла а, Оха ваийтина шуьга элча /Мухьаммад/ шуна тIехь теш хилла‚ Оха
ФирIавне а элча /Муса/ ваийтарх терра.

16.

ФирIавн Iеса хилира элчана – тIаккха Оха иза схьалецира чIогIачу лацарца.

17.

Шу муха кIелхьарадовлур ду аша керстаналла дича ша бераш къеж бийр болчу дийнах?

18.

Стигал этIар ю /оцу дийнахь/. Цуьнан /Делан/ ваIда кхочуш хилла.

19.

Баккъалла а, хIара хьехам бу. Шена луучо ша Кхиош-кхобучуьнга некъ лоцур бу
/цунах/.

20.

Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобушволчунна хууш ду хьо буьйсан кха декъан шина
декъал кIеззиг йолчу заманчохь гIеттина /Шен Iамал еш/ вуйла‚ цуьнан ах
заманчохь‚ кха декъан цхьа дакъа заманчохь а‚ хьоьца болчарех цхьа тоба ю /иштта
буьйсана гIеттина Iамал еш – иза а хаьа Далла/. Дала барам бийна буьйсан а‚
дийнан а. Цуна хиина аш иза дагар ца дой‚ Цо шун тоба къобал дина. Деша атта
дерг КъурIанах. Цуна /Далла/ хиина‚ шух хир ву цомгашверг‚ кхиберш лаьттахула
баьлла лелаш бу Делан ниIмат лоьхуш /шайна рицIкъ доккхуш/‚ /цхьа/ кхиберш Делан
новкъахь тIом беш бу. Деша атта дерг цунах /КъурIанах/. ХIоттаде ламаз‚ ло
закат‚ аш ле Далла хаза декхар /юха лург/. Аш шайна хьалхадаьккхина диканиг шуна
иза карор ду Далла гергахь диканиг а‚ дукха йоккха ял а хилла. Деле гечдар деха.
Баккъалла а, Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву.