72. АЛЬ-ДЖИНН

1.

Ахьа ала: “Соьга вехьеца хаийтина: “ЛадуьгIийра /КъурIане/ жинийн цхьана тобано‚
тIаккха цара элира: “Баккъалла а, тхуна хезира цхьа тамаше дешар /КъурIан/!

2.

Цо /КъурIано/ нисво нийсачу новкъа‚ тхо цунах тийшира‚ оха лацанне а лоцур вац
тхаш Кхиош-кхобушволчу Делаца цхьа а накъост.

3.

Баккъалла а, лекха хили тхо Кхиош-кхобушволчу Делан возалла – ца леци Цо зуда а‚
доьзалхо а.

4.

Баккъалла а, хили тхан Iовдалниг олуш Далла тIехь кIорггера харцдерг.

5.

Тхуна меттара цIа а эр дац адамо а‚ жино а Далла тIехь харцдерг.

6.

Адамийн цхьа божарий бара ларлуш жинийн божаршца /цаьргара гIо луьйцуш/ – цара
совбехира уьш Iовдаллица.

7.

Баккъалла а, царна меттара шуна метташ хилларг: “ЦIа а Дала цхьа а денвийр вац”‚
аьлла.

8.

/Жинаша элира/: “Тхо хьакхаделира стиглах‚ тхуна иза карийра нуьцIкъалчу
гIаролах‚ цIе тухучу седарчех юьззина.

9.

Тхо хилира цигахь охьахууш ладогIаран охьахаарна. ЛадугIуш волчунна хIинца карор
шена кIело йина Iеш болу цIе туху седа.

10.

Тхуна хаац‚ вониг лууш ду лаьттахь болчарна я уьш Кхиош-кхобушволу Дела царна
нийса некъ лууш ву.

11.

Тхоьх диканаш бу‚ тхоьх царел лахарнаш а бу‚ тхо хилира тайп-тайпана некъенаш.

12.

Тхуна хиира: тхуна цIкъа а ницIкъ кхочур бац Дела (-н омрах довла) лаьттахь а‚
тхуна цIкъа а ницIкъ кхочур бац девдана кIелхьарадалан а.

13.

Тхуна нийса некъ /КъурIан/ хезича‚ тхо Цунах /Делах/ тийшира. Ша
Кхиош-кхобушволчу шен Делах тешашверг – кхоьрур вац шен миэл эшарах а‚ къа сов
даларх а.

14.

Баккъалла а, тхоьх /Далла/ мукIар берш а бу‚ тхоьх бакъболчу некъах дIабирзинарш
а бу. Ткъа шаьш /Далла/ мукIар хилларш – дикачунна тIе нисбелла.

15.

Амма бакъболчу некъах дIабирзинарш – царех хили жоьжахатина дечиг”.

16.

Уьш нисбеллехьара /исламан/ новкъа Оха малор дара царна шортта хи (оьшучу хенахь
шортта догIа дойтур дара Оха царна)‚

17.

Цуьнца уьш зерхьама. Ша Кхиош-кхобушволу шен Дела хьехорах дIавоьрзуш верг Цо
вуьллур ву лан хала долчу Iазапа чу.

18.

Баккъалла а, маьждигаш Делан ду – аш ма кхайкха Делаца цхьа а!

19.

Баккъалла а, Делан лай /Мухьаммад/ хIоьттича Цуьнга кхойкхуш уьш /бусулба
джинаш/ дисира тIеттIа цуна тIе гулделла /ладогIа лууш/.

20.

Ахьа ала: “Баккъалла а, аса кхойкху со Кхиош-кхобушволчу сан Деле‚ Цуьнца цхьа а
накъост ца лоцу аса”.

21.

Ахьа ала: “Баккъалла а, со вац сан долахь шун зен долуш‚ нийса некъ болуш а”.

22.

Ахьа ала: “Баккъалла а, со Делах ларор вац цхьаммо а‚ суна карор яц Иза воцург
вадан меттиг

23.

Делера‚ Цуьнан элчаналлин дерг дIакхачор бен /нахе дац суна тIехь/. Далла а‚
Цуьнан элчана а Iесалла еш верг – баккъалла а, цуна жоьжахатин цIе хир ю‚ уьш цу
чохь гуттар лаьтташ.

24.

Шайна хир ду аьлла ваIда йинарг галц – тIаккха хуур ду царна‚ мила ву вуно ледар
гIоьнчий хиларца‚ вуно кIеззиг ницIкъ хиларца.

25.

Ахьа ала: “Суна хаац‚ герга ду и шуна хир ду аьлла ваIда йинарг я со
Кхиош-кхобушволчу сан Дала цуна хан тоьхна‚

26.

Къайле хуург /ву Иза/‚ Цо ца кхиаво Шен къайленна тIе цхьа а

27.

/Ша Далла/ реза хилла элча воцург. Баккъалла а, цуьнан хьалхахула а‚ тIаьхьахула
а лела /иза Iалашвеш маликийн/ гIарол.

28.

Шена хаийтан цара /элчанаша/ дIакхачийна дуйла шаьш Кхиош-кхобушволчу шайн Делан
элчаналла. Цаьргахь дерг кхоччуш хууш ву Иза‚ хIора хIума дагарйина Цо барамца”.