1. |
Баккъалла а, Оха вахийтира шен къомана тIе Нухь: “Кхерам таса хьан къамана цуна тIе лазош долу Iазап дале”‚ аьлла. |
2. |
Цо элира: “ХIай сан къам! Баккъалла а, со шуна билгала волу кхерамча ву-кх: |
3. |
Далла Iибадат де‚ Цуьнах кхера‚ суна муьтIахь хила! |
4. |
/ТIаккха/ Цо гечдийр ду шуна шун къинош‚ тIаьхьатоттур ду шу /Iазап ца деш/ цхьана тоьхначу ханна – Iожалла кхаччалц. Баккъалла а, Делан Iожалла ша еъча тIаьхьа ца таттало‚ шу хууш хиллехь”. |
5. |
Цо /Нухьас/ элира: “Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ баккъалла а, аса кхайкхира /дин/ сан къаме буса а‚ дийнахь а. |
6. |
Амма сан кхайкхамо уьш /динах/ бовдар бен алсам ца даьккхи. |
7. |
Баккъалла а, аса уьш мел кхайкхи Хьоьга шайна гечдан‚ цара шайн пIелгаш шайн лергий чудуьхкара /сан кхайкхар шайна ца хазийтархьама/‚ шайн бедаршца шайн кортош хьулдора /ца хазийтархьама/‚ уьш чIагIбелира /шайн къиной тIехь/‚ курабелира курабаларца. |
8. |
ТIаккха аса цаьрга кхайкхира чIогIа. |
9. |
ТIаккха баккъалла а, аса цаьрга кхайкхира гучахь, аса кхайкхира цаьрга къайлах. |
10. |
Аса элира: “Гечдар деха шаьш Кхиош-кхобуш волчу Деле‚ баккъалла а, Иза хилла дукха гечдешверг. |
11. |
Цо стигал йоуьйтур ю шуна алсам /догIица/. |
12. |
Цо гIодийр ду шуна хьолаца‚ кIенташца‚ хуьлуьйтур ю шуна бошмаш‚ хуьлуьйтур ду шуна хиш-татолаш. |
13. |
Шуна хIун хилла? ХIунда дог ца доху аш Деле /Иза/ лийрарца? |
14. |
Цо кхоьллина шу даржаца /цIа тIадам‚ тIаккха детина цIи хуьлуш‚ тIаккха – даьIахк хуьлуш‚ тIаккха цунна тIе жижиг латош…/. |
15. |
Шуна ца го‚ муха кхоьллира Дала тIеттIа ворхI стигал? |
16. |
Цо хилийтира бутт царна чохь нур хилла‚ Цо хилийтира малх чиркх хилла. |
17. |
Дала шу схьадовлийтира лаьттах орамат /санна кхуьуш/. /Адам лаьттах кхоьллира/. |
18. |
ТIаккха Цо шу юха дIадерзор ду цуьнга /лаьтте/‚ схьадохур ду схьадахарца /къематдийнахь/. |
19. |
Дала хилийтина шуна латта кIел куз санна. |
20. |
Шу цуна тIехахула лелийтархьама шайна шуьйра некъаш луьйцуш”. |
21. |
Нухьас элира: “Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ баккъалла а, цара суна Iесалла йи‚ уьш тIаьхьахIоьтти шен бахамо а‚ шен доьзало а шайна эшал бен сов ца яьккхинчунна. |
22. |
Цара йи йоккха мекарло‚ |
23. |
Цара элира: “Ма биталаш шайн делий а‚ ма виталаш Вадда а‚ СуваI а‚ ЯгIус а‚ ЯIукъ а‚ Наср а!” |
24. |
/Нухьас доIа дира/: “Цара тилира дукханаш‚ зуламхой сов ма бахалахь тиларций бен”. |
25. |
Шайна гIалатех /къинойх/ уьш хича бахийтира‚ тIаккха цIерга бахийтира‚ царна ца карийра Дела воцург гIоьнчий. |
26. |
Нухьас элира: “Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ Ахьа ма виталахь лаьттан тIехь цатешачарех цхьа а цIа чохь вехаш верг. |
27. |
Баккъалла а, Ахьа уьш битахь цара Хьан лай тилор бу‚ цара дуьнена бохур бац къинош деш верг‚ цатешаш верг бен. |
28. |
Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ Ахьа гечделахь суна а‚ сан денна-нанна а‚ муъма хилла сан цIачу ваьллачунна а‚ муъма нахана а‚ муъма зударшна а‚ Ахьа сов ма бахалахь зуламхой хIаллакбарций бен!” |