70. АЛЬ-МАIАРИДЖ

1.

Дийхира цхьана доьхучо дужу Iазап

2.

Цатешачаьрна яц цуна ян дуьхьало.

3.

Делера /Iазап/ ду иза‚ Шен /маликашна/ хьаладала кензаш йолчу.

4.

Хьаладолу маликаш а‚ Са /Джибрил малик/ а Иза волчу‚ шен барам /нахан гергахь/
шовзткъе итт эзар шо долчу дийнахь.

5.

Ахьа собар делахь хазачу собарца.

6.

Баккъалла а, царна иза /Делан Iазап/ гуш ду генахь‚

7.

Тхуна иза гуш ду гергахь.

8.

Оцу дийнахь стигал хир ю лалина цIеста санна.

9.

Лаьмнаш хир ду /бежнийн тIера даьккхина/ цIока санна.

10.

/Оцу дийнахь/ доттагIчо доттагIчух хоттур ма дац /шен бала сов баларна/-

11.

Уьш вовшашна гойтуш хир ма бу /хIетте а хоьттур дац цара вовшех/. Луур ду къинош
диначунна оцу дийнахь Iазапах кIелхьара вала шен кIентий дIабелла‚

12.

Шен зуда а‚ шен ваша дIавелла‚

13.

Ша тIелаьцна волу шен тухум дIаделла а‚

14.

Массо лаьттахь мел верг дIавелла а тIаккха кIелхьара вала /луур дара цуна/.

15.

ХIан-хIа! Баккъалла а, иза /жоьжахати/ алу лепа цIе ю.

16.

Схьаозор долуш ду цо коьртан чIор.

17.

ТIекхойкхур ву цо ша вухаваьлларг а‚ дIаведдарг а.

18.

Цо гулдира /даьхни‚ хьал/‚ дIадиллира иза.

19.

Адам кхоьллина ду дукха кхоьруш‚ дукха суттар‚

20.

Ша балано схьалаьцча дукха сингаттаме‚

21.

Шега диканиг деъча дукха духадетташ /сагIа далар‚ дикачу агIор харж яр а/‚

22.

Ламазаш деш берш боцурш‚

23.

Шаьш шайн ламазашкахь гуттар болуш‚

24.

Шайн /хьолехь/ билгала хьакъ долуш

25.

/СагIа/ доьхучунна‚ шегахь хIумма доцучунна а /сагIа ца доьхучунна а/.

26.

Уьш бу декхаран /къемат/ де бакъдеш берш

27.

Уьш бу шаьш Кхиош-кхобуш волчу шайн Делан Iазапах кхоьруш берш.

28.

Баккъалла а, уьш Кхиош-кхобуш волчу церан Делан Iазап кхерам боцуш дац‚

29.

Уьш бу шайн эхьан меженаш ларъеш берш

30.

Шайн зударий боцучарех а‚ шайн аьтту куьйго дола дина зударий а боцучарех а.
Оцаргахь уьш бехке бац.

31.

Цул тIехбевларш уьш дозанах бевларш бу.

32.

Уьш бу шайна бина тешам а‚ шаьш йина ваIда а кхочуш еш берш.

33.

Уьш бу шайн тешаллина тIехь лаьтташ берш.

34.

Уьш бу шайн ламазаш Iалашдеш берш.

35.

Уьш /ялсаманин/ бошмашкахь хир бу шайх сийдина.

36.

ХIун хилла цатешаш болчаьрна хьуна хьалха дIа-схьауьдуш болчарна‚

37.

/Хьуна/ аьтту агIорхьа‚ аьрру агIорхьа а тобанаш еш болчу /бусулбанех ца бешаш
вовшашка дуьйцуш болчу: хIорш ялсамани гIахь‚ вай царел хьалха гIур ду/?

38.

Лууш ву-й те царех массо стаг ша ниIматийн ялсамани чу вахийта?

39.

ХIан-хIа! Баккъалла а, Оха уьш кхоьллира царна хуучух.

40.

ХIан-хIа! Аса дуй боу малхбален а‚ малхбузен Кхиош-кхобучу Делах: баккъалла а,
Тхо ницIкъ болуш ду-кх

41.

/Уьш/ хийцабан царел дикачаьрца‚ /цу тIехь/ тхоьл хьалха вер вац /цхьа а/.

42.

Бита уьш /шайн тиларчохь/ дIасхьаийдан а‚ ловзан а шайн ваIда йина йолчу денца
цхьаьнакхетталц.

43.

Оцу дийнахь уьш арабовлур бу кешнашчуьра сихбелла шаьш /хьалха шаьш Iибадат деш
хилла болу/ тIулгашна тIе бовдуш санна‚

44.

Шайн бIаьргаш охьатоьхна. Сийсазалла кхуьур ю царех. И де ду-кх царна хир ду
аьлла ваIда йина хилларг!