1. |
Хьуна тIе мунепакъаш баьхкича цара элира: “Оха тешалла до баккъалла а, хьо Делан элча вуйла”. Далла хууш ду хьо баккъалла а, Шен элча вуйла. Дала тешалла до: баккъалла а, и мунепакъаш харцлуьйш бу. |
2. |
Шайн дуйнаш шайна кирхьа лецира цара – /ишта/ цара дIатилина /нах/ Делан некъах. Баккъалла а, ма вон хили-кх цара деш хилларг! |
3. |
Иза ду цара иман диллина хиларна тIаккха керста дарна. Церан дегнийх мухIар тоьхна – уьш ца кхета. |
4. |
Хьуна уьш гича хьо цецвоккху церан догIмаша‚ цара хабар дуьйцуш ахьа ладугIу церан даше. ГIортина бIогIамаш санна бу уьш /шаьш хIоьттана Iа ца луш/. Массо мохь шайна дуьхьал бу метта царна. Уьш мостагIий бу‚ хьо ларлолахь царех. Дала хIаллакбийр бу уьш. Муха генабевла уьш /иманах билгалонаш еъначул тIаьхьа/?! |
5. |
Цаьрга элча: “Схьадуьйла‚ Делан элчано гечдар доьхур ду шуна”‚ шайн кортош хьебо цара. Хьуна гина уьш дIабоьрзуш /иманах/ шаьш кура а бовлий. |
6. |
Царна цхьатерра ду ахьа царна гечдар дийхича а‚ ца дийхича а. Данне Дала гечдийр дац царна. Баккъалла а, Дала нис ца бо песакъ нах. |
7. |
Уьш бу олуш: “Харжаш ма е Делан элчана гергахь болчарна – дIасхьабаржийта уьш /Мадинатера/”. Делан ю стигланийн а, лаьттан а хазнаш, амма мунепакъаш кхеташ бац-кх. |
8. |
Цара /мунепакъаша/ олу: “Тхо Мадинате духадирзича сийлахь болчара сийсаза берш арабохур бу цу /Мадината/ чуьра”. Делан ду сий‚ Цуьнан элчана а ду‚ муъма нехан а ду‚ делахь а мунепакъашна ца хаьа-кх. |
9. |
ХIай иман диллинарш! Шу духа ма тухийла шун бахамо а‚ шун доьзалаша а Дела хьехорах /дийнахь-бусий дечу пхеа ламазах/. И деш берш – уьш бу эшанрш. |
10. |
Харж е /Делан новкъахь/ Оха шайна деллачу рицIкъех шайх цхьанне тIе валар кхачале‚ тIаккха цо олуш: “Везан Дела‚ Ахьа со тIаьхьатаьттинехьара цхьа кIеззиг заманна аса сагIа лур дара‚ со хирвара дика Iамал ечарех”. |
11. |
ТIаьхьатоттур вац Дала цхьа а цуьнан Iожалла еъча. Дела дика хууш верг ву аш дийриг. |