1. |
ХIай иман диллинарш! Ма лаца Сан мостагI а‚ шун мостагI а доттагIий‚ аша цаьрга безам а кховдабеш. Цара керста ма дина шуьга деъна долу бакъдерг‚ шаьш аравоккхуш элча а‚ шу а /цIеношкара/ деккъа шу Делах – шаьш Кхиош-кхобуш волчух тешаш долу дела. Шу арадевлача гIазотана Сан новкъахь‚ Сан реза хилар лоьхуш аш /дегнашкахь/ хьулбора цаьрга безам. Со дика хууш ву аш хьулдинарг а‚ аш дIахьединарг а. Шух иза деш верг тила велла ву нийсачу некъах. |
2. |
Шуна тIаьхIоттабелча шуна мостагIий хуьлу царех‚ шуна тIекхийдадо шайн куьйгаш а‚ шайн меттанаш а /шуна/ зен дарца‚ царна лиира аш /и бакъдерг/ керста дойла. |
3. |
Банне а шуна пайда бийр ма бац шун гергарлонаша а‚ шун доьзалша а къемат дийнахь: Цо къастам бийр бу шуна юккъехь. И Дела аш дийриг гуш ма ву. |
4. |
Хаза масал ма хилира шуна ИбрахIимехь а‚ цуьнца хиллачаьргахь а‚ цара аьлча шайн нахе: “Тхо цIени ду шух а‚ аш шайна Iибадат дечу хIуманех а Дела витина. Оха шуна керстаналла дина. Тхуний а‚ шуний а юккъехь мостагIалла ю‚ оьгIазло а ю гуттарена аш веккъа цхьана Деле иман диллалц”. ИбрахIиман шен дега аьлла цхьа дош доцург /цунах масал ма эца/: “Данне а хьуна гечдар дуьхар ду аса Деле‚ /хIетте а/ Делера хьуна цхьанне хIуманна дола деш-м вац со”. /Цара – ИбрахIима а‚ цуьнан накъосташа а доIа дора/: “Тхо Кхиош-кхобуш волу тхан Дела! Хьуна тIетевжи тхо‚ Хьуна тIедирзи тхо‚ Хьуна тIе ду-кх тхан дIадерзар а. |
5. |
Тхо Кхиош-кхобушволу тхан Дела! Тхьох питна ма делахь цатешаш хиллачаьрна‚ Ахьа гечделахь тхуна‚ тхо Кхиош-кхобушволу тхан Дела. Баккъалла а, Хьо ву-кх веза верг а‚ хьукаме верг а”. |
6. |
Шуна хили цаьргахь хаза масал – Деле а‚ къемат дийне а дог дохуш волчунна‚ /Цунах/ милла а дIаверзахь – баккъалла а, и Дела хьал долуш а ву‚ хастаме а ву. |
7. |
Тарло Дала шуний а‚ царех аш шайца мостагIалла лелош йолчарийн а юккъехь безам хилийтан. Дела ницIкъ кхочуш ву. И Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву. |
8. |
Дала духа ца туху шу дин бахьнехь шуьца тIом цабечарех а‚ шу шайн цIеношкара ара ца дохучарех а аш царна диканиг дан а‚ аш цаьрца нийсо ян а. Баккъалла а, Далла беза нийсо еш берш. |
9. |
Дала духа туху шу дин бахьанехь шуьца тIом биначарех‚ шу шайн цIеношкара арадехначарех‚ шу арадахарна тIехь гIодиначарех аш уьш доттагIий бан. Царех доттагIий беш берш – уьш зуламхой бу. |
10. |
ХIай иман диллинарш! Шуьга баьхкича бевдда муъма зударий – зелаш уьш Далла-м дика хаьа церан иман. Шайна хааделча уьш муъма буйла – уьш керстанашна дIамаберзабелаш. Уьш /и муъма зударий/ царна /керстанашна/ хьанал бац. И /керста нах/ а бац царна /зударшна/ хьанал. ДIало царна /цу зударий хиллачу керста марошна/ цара йина харж /цара зударшна белла хилла болу там/. Къа дац шуна аш уьш шайна балийча царна шайн мах /там/ дIа а белла. Аш ма лийца цатешаш болчу зударшца /зудчун-майрачун/ уьйранаш /аш ма кхаба и керста зударий/. Аш еха цаьргара шаьш йина харж. Цара а юьхийла шаьш йина харж /шуьга/. Иза ду Делан хьукам: Цо до шуна юккъехь хьукам. Дела хууш верг а ву‚ хьукаме верг а ву. |
11. |
Шун зударех цхьаъ дIаяхча цатешачаьрга‚ ткъа аша тIом бина хIонс яккхинехь – дIало шайгара зударий дIабаханчаьрна цара йина харжаца нислург /хIонсах/. Шу кхералаш /и нийсо ца ян/ Делах‚ шаьш Цунах тешаш долчу. |
12. |
ХIай пайхамар! Хьуна тIе баьхкича муъма зударий хьоьца дуйца барт бан /динан агIонаш ларъян/ шаьш Делаца цхьанне хIуманца накъост ца лацарна тIехь‚ шаьш /хIума/ ца лачъкъорна тIехь, зина ца дарна тIехь‚ шаьш шайн бераш ца дайарна тIехь‚ шаьш ца дахьарна тIехь эладита шаьш иза кхуллуш шайн куьйгийн а‚ когийн а хьалха (шен майрачунна дин доцу бер цуна тIе ца кхуссуш)‚ шаьш дикачу хIуманна тIехь хьоьца Iесалла ца ярна тIехь – царца и дуйца барт бе‚ царна Деле гечдар деха. Баккъалла а, и Дела гечдийриг ву‚ къинхетаме верг ву. |
13. |
ХIай иман диллинарш! Аш доттагIий ма лаца шайна Дела оьгIазваьлла нах. Цара догдиллина эхартах‚ цатешачаьра догдиллина хиларх терра кешнийн дайх /уьш денбина гIовторах/. |