5. АЛЬ-МАИДА

1.

ХIай иман диллинарш! Кхочушбе чIагIамаш; хьанал дина шуна бежанаш, шуна /хьарам
ду аьлла/ дийцина хилла доцурш а‚ шу ихьрам дихкина долуш экханна таллар доцург
а. Баккъалла а, Дела хьукам деш ву шена луъург.

2.

ХIай иман диллинарш! Аша хьанал ма де Делан Iадаташ /Дала хьарам динарг хьанал
ма де/‚ хьарам беттанаш а‚ хьаьжин цIа чу гIурбанна далийна долу бежана а /ма
диэ и/‚ шайн логах туьтеш кхазийна долу бежанаш а‚ хьарам цIийнан (КаIба‚
хьаьжин цIа) тIебаьхкина нах‚ шайн Кхиош-кхобучуьнгара дозалле а‚ резахиларе а
догдохуш болу /лийра уьш‚ тергал де и хьурматаш/. Шаьш хьаьж дихкина девлча‚
таллар де шайна акхарошна. Шу Хьарам Маьждиге (хьалха) ца дуьтуш хилла болчаьрга
шун болчу цабезамо шу ма дуьгийла (хIинца) царна тIелатарна (Делан дозанех
довларна тIе). Аша вовшийн гIо лаца диканна тIехь‚ Делах кхерарна тIехь. Аша
вовшийн гIо ма лаца къин тIехь‚ тIелатарна тIехь. Шу Делах кхера /и ца дан/.
Баккъалла а, и Дела бекхам чIогIа болуш ву.

3.

Шуна хьарам йина къен елла хIума а‚ цIий а‚ хьакхин жижиг а‚ Дела воцчун цIар
тIехь дийна /бежана/ а‚ лаг таIийна (са дуькъна) дийнарг а‚ шена хIума тоьхна
дийнарг а‚ лакхара охьадоьжна делларг а‚ кхечо маIа тоьхна дийнарг а‚ экхано
дийнарг а, аша цIандина доцург (экхано лаьцначул таьхьа аша хьакха деззачу
кепара урс хаькхна делахь – мегар ду даа)‚ жIарана тIехь урс хьаькхнарг а‚ аша
пхашца декъна хилларг а. И песакъ хIума ду. Тахана дог диллина керстанаша шун
динах. Шу царех ма кхера. Шу соьх кхера. Тахана чекхдаьккхина Аса шуна шун дин‚
кхочушдина шуна Сайн ниIмат. Реза хилла Со шуна Ислам дин хиларца. Нагахь санна
чIогIачу мацаллехь /царех хIума/ яа кхетахь цхьаннена, ша къа дарна тIегIерташ
воцуш‚– баккъалла а, Дела гечдеш а‚ къинхетаме а ма ву /цу хьарам йолчух кIеззиг
хIума яа мегар ду цунна ца вала/.

4.

Хьоьга хоьтту цара: “ХIун хьанал йина ю шайна /яа/?” бохуш. Ахьа ала: “Хьанал
йина шуна цIена хIуманаш а‚ Дала шайна Iамийнчух – аша Iамийна хилла долчу
дйинато лаьцнарг а‚ аша даа цо шайна лаьцначух‚ Делан цIе хьахае цунна тIехь‚
Делах кхера шу. Баккъалла а, и Дела хьесап сиха деш ву”.

5.

Тахана хьанал йина шуна цIена хIуманаш‚ жайнан оIлан кхача а хьанал бу шуна‚ шун
кхача хьанал бу царна‚ муъма нехан цIена гIиллакхе зударий /нахаца ца лелаш
берш/‚ шул хьалха шайга жайна доссийначеран цIена гIиллакхе зударий /нахаца ца
лелаш берш/ хьанал бу шуна‚ аша церан мах белча‚ шу боьханиг дан гIерташ ца
хилча‚ доттагIа лаца гIерташ дацахь. Иман харцдеш милла велахь а – цуьнан Iамал
яйна‚ эхартахь и хир ву эшначарех.

6.

ХIай иман диллинарш! Шаьш ламазна хIуттуш шайн яххьаш йила‚ куьйгаш а дила
гоьлашна тIекхаччалц‚ шайн коьртах хи тоха‚ когаш била хьорканашка кхаччалц.
Шайца боьха хи делахь – лийча. Нагахь санна шу цомгуш делахь‚ я новкъахь делахь‚
я шух цхьаъ хинара вахна веънехь‚ я шу зударех хьакхаделлехь‚ шуна хи ца
карадахь – тайм де цIенчу лаьттаца‚ аша хьакха цунах шайн яххьийх а‚ куьйгех а.
Шуна хало ян лууш вац Дела‚ мухха делахь а, шу цIандан лууш ву И. Шен ниIмат
шуна кхочушхилийтархьама‚ шу хилахьара баркалла олуш.

7.

Аша дагадаийта шайна хилла Делан ниIмат‚ Цуьнан барт ша шуьца бина хилла болу‚
шаьш алар /дагадаийта/: “Хезаш ду‚ муьтIахь ду”‚- аьлла. Шу Делах кхералаш
баккъалла а, и Дела Ша хууш ма ву дегнашкахь дерг.

8.

ХIай иман диллинарш! Шу хилалаш хIиттина Далла тешаш хилла нийсонца.
Цхьана нахе болчу цабезамо шу ма дуьгийла нийсо ца ярна тIе‚ нийсо
елаш‚ и герга ю Делах кхерарна‚ шу Делах кхералаш. Баккъалла а, и
Дела сов дика хууш ву аша дийриг.

9.

Дала ваIда йина: иман диллинчарна а‚ дика Iамалш йиначарна а – царна хир ду
гечдар а‚ сийлахь-йоккха ял а.

10.

(Дин) керстадина‚ Тхан аяташ харцдинарш – уьш бу жоьжахатин дай.

11.

ХIай иман диллинарш! Аша дагадаийта шайна тIехь хилла долу Делан ниIмат. Цхьа
къам ма дарий бала кхаьчна шуна тIе куьйгаш кховдо – Цо духатеттира шух церан
куьйгаш. Шу Делах кхералаш‚ Далла тIетевжийла муъманах.

12.

Дала барт бира бану Исраилашца /Исраилан кIенташца/‚ царех шийтта тешаме стаг
вахийтира Оха‚ Дала элира: “Со шуьца ву, аша ламаз хIоттадахь а‚ закат лахь а‚
Сан элчанех а тешахь‚ аша церан гIо а лацахь‚ аша Далла /юхалург/ хаза декхар
лахь – шун вонаш дойур ма ду Аса‚ бошмашна чу (ялсамане) духкур ма ду шу‚ шена
бухахула татолаш оьхуш долчу. Цул тIаьхьа шух керстаналла динарг – тилийнарг ма
ву и нийса некъ.

13.

Цара и шайн ваIда (барт) йохорна неIалт аьлла Оха царна‚ церан дегнаш дина
къиза‚ дош хийцош бу уьш шен меттигера. Дицдина цара /Дала/ шайга /хьехамца/
доссина хиллачух цхьа дакъа. Хьо (хIай Мухьаммад) дIатилар ма вац цаьргара тешна
бехкан тIекхиарх (хIинца а)‚ царех цхьа кIеззиг берш боцурш‚ къинтIера вала
царна‚ гечде царна. Баккъалла а, Далла дукхабеза диканиг деш берш.

14.

Оха ваIда ийцира тхо насарой (христианаш) ду аьллачаьргара‚ цара а дицдира цхьа
дакъа шеца шайна хьехам бина хилла долчух‚ царна юкъатесира Оха мостагIалла а‚
оьгIазло а къематде хIотталц‚ тIаккха дуьйцур ду Дала‚ хIун деш уьш хилла,
аьлла.

15.

ХIай жайнан охIла! Веъна шуьга Тхан элча‚ аша жайнах хьулдеш хилла долу
дуккханиг шуна билгалдеш волу‚ дукханиг гучу ца доккхуш а дуьту цо. Деъна шуьга
Делера нур а‚ билгала жайна а.

16.

Цуьнца нисво Дала Ша резахиларна тIехьахIоьттинарг машаран некъашка‚ боданашкара
нуьре арабоху Цо уьш Шен лаамца‚ нисбо Цо уьш нийсачу новкъа.

17.

Керстаналла дина шаьш аьллачара: “Баккъалла а, Дела – И ма ву Марьяман кIант
Масихь (Христос‚ хьакхийнарг – помазанный)”. Ахьа ала: “Делера цхьанне хIуманна
дола далуш мила ву, Цунна лиъча хIаллакван Марьяман кIант Масихь а‚ цуьнан нана
а‚ лаьттахь мел дерг а?” Делан ма ду стигланийн а‚ лаьттан а долалла‚ царна
юккъехь дерг а. Шена луург кхуллуш ву И. И Дела массо хIуманна тIехь ницкъ
кхочуш ма ву.

18.

Жуьгташа а‚ насараша а элира: “Тхо ду Делан кIентий а‚ цуьнан дукхадезарш”. Ахьа
ала: “Ткъа шуна Iазап хIунда до Цо шун къинош бахьнехь? ХIан-хIа‚ шу адамаш ду
Цо кхоьллинчарех. Шена луучунна гечдийр ду Цо‚ Шена луучунна Iазап дийр ду.
Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а долалла‚ царна юккъехь дерг а‚ Цуьнга ду
/массеран тIаьххьара/ дIадерзар”.

19.

ХIай жайнан охIла! Веъна шуьга Тхан элча билгаладоккхуш шуна (хIуманаш) элчанаш
бахкар хединчу муьрехь‚ шуьга ца алийтархьама: “Ца веъна тхоьга кхаъ боккхург‚
ца веъна тхоьга кхерам тосург”. Веъна шуьга кхаъ боккхург а‚ веъна шуьга кхерам
тосург а. Дела массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ма ву.

20.

/Хьахаде/ Мусас ма аьллера шен къоме: “ХIай сан къам‚ дагадаийта шайна тIехь
хилла долу Делан ниIмат: Цо шуна юккъехь пайхамарш хилийтира‚ шух бира
паччахьаш, (ФирIавнан йийсарех хьалха дехира шу)‚ шуна делира Iаламах цхьаннена
ца делларг.

21.

ХIай сан къам! Чу гIо Дезачу латта (Байтул Мукъаддис – Иерусалим)‚ Дала шуна
тIедиллина долчу‚ духа ма довла‚ тIаккха шу эшначаьрга доьрзур ду”.

22.

Цара элира: “ХIай Муса‚ цу чохь цхьа нуьцкъала къам ду‚ тхо даххане а цу чу гIур
ма дац уьш ара бовллалц цу чуьра. Уьш ара бевлча цу чуьра – тхо чу гIур ду”.

23.

Кхоьруш болчарех шина стага элира‚ Дала шайна ниIмат (бакъ дин) делла болчу: “Чу
гIо царна неIарехула‚ шу цу чу дахча – шу тоьлла ду. Далла тIетовжа‚ шаьш тешаш
делахь”.

24.

Цара элира: “ХIай Муса‚ тхо цкъа а цу чу гIур ма дац‚ уьш цу чохь мел лаьтта‚
хьада хьо а, хьан Кхиош-кхобург а гIо‚ лата шу шиъ‚ тхо кхузахь хевшина Iийр
ду”.

25.

Цо элира (Мусас): “Сан Кхиош-кхобуш волу (Дела)‚ со дола деш ма вац сан син а‚
сан вешин а бен‚ дIакъастаде тхо хIокху песакъ къомах /Хьан нийсачу хьукмаца/”.

26.

Элира (Дала): “Царна хьарам ю иза (Иерусалим‚ Палестина) шовзткъа шарахь‚ бевлла
лелар бу уьш лаьттахула‚ ахьа гIайгIа ма е песакъ къомах”.

27.

Дийца царна Адаман шина кIантах (Къабилах а, ХIабилах а) лаьцна. Баккъалла а,
цара шиммо а гIурба дийнера‚ цхьаннан (ХIабилан) и къобал хилира‚ вукхуьнан
(Къабилан) и къобал ца хилира. Цо (Къабила) элира: “Аса войур ву хьо”. Цо
(ХIабила) элира: “Дала къабалдо кхоьруш болчийн,

28.

Ахьа суна хьан куьйг айахь со вен‚ аса айдийр ма дац сайн куьйг хьо вен.
Баккъалла а, со кхоьру Делах‚ Iаламийн Дех.

29.

Суна лаьа хьо верза /Далла тIе/ сан къица а‚ хьан къица а – тIаккха хьо хир ву
цIеран дайх. И бу бекхам зуламхошна”.

30.

Хаздира цунна шен сино шен ваша вен‚ цо (Къабила) и (ХIабил) вийра‚ – и хилира
эшначарех.

31.

Дала къиг яхийтира латта охкуш цунна гайтархьама‚ муха хьулдо шен вешин дакъа.
Цо элира: “ОхI‚ ма дакъазваьлла со‚ цу къийгах тарваллал‚ хьулдан (ца могуш)
суна сайн вешин дакъа”. И хилира дохковаьллачарех.

32.

Цунна дуьхьа яздира Оха Исраилан кIенташка: са (хIаллак) динарг‚ сина дуьхьал я
лаьттахь лелочу вочу хIуманна дуьхьал доцуш‚ массо нах (хIаллак) бинарг санна
ву. И дендинарг – массо нах денбинарг санна ву. Цаьрга баьхкина Тхан элчанаш
билгалонашца (Делан аяташца)‚ тIаккха, баккъалла а, дукхахберш царех цул тIаьхьа
а лаьттахь тIаламза бу.

33.

Делаца а‚ Цуьнан элчанца а тIом беш болчеран а‚ лаьттахь боьханиг даржо
гIертачеран а бекхам бу уьш байар‚ я ирх охкар‚ я церан куьйгаш а‚ когаш а хедор
дуьхь-дуьхьал дерш (берш) ‚ я махкара арабахар. Иза царна дуьненахь а сийсаза
хилар ду‚ эхартахь царна доккха долу Iазап ду.

34.

Шу шайна тIедерзале тоба динарш боцурш. Шуна хаалаш, Дела гечдеш а‚ къинхетаме а
хилар.

35.

ХIай иман диллинарш! Делах кхералаш‚ Цунна /муьтIахь хиларца, Iибадат дарца/
герга гIо некъаш лахалаш‚ Цуьнан дуьхьа къийсалаш – шу даккхийдедан там бу.

36.

Баккъалла а, керстанашна лаьттахь мел дерг а‚ цуьнца кхин и саннарг хилча а
къематдийнан Iазапна дуьхьал дала /цунах кIелхьарвалархьама/ – къобалдийр дацара
цаьргара. Царна лазош долу Iазап ду.

37.

Луур долуш бу уьш цIергара арабовла‚ бевр бац уьш цу чуьра ара. Царна хIоттийна
Iазап хир ду.

38.

Къу – боьрша стаг а‚ къу зуда а – дIахедаде церан шиннен а куьйгаш бекхамна,
цара лачкъийначуьнца‚ Делера таIзарна. И Дела веза а‚ хьукаме а ву.

39.

Шен зуламал тIаьхьа тоба динарг а‚ тIаккха дика Iамалш йинарг а, – баккъалла а,
Дала гечдийр ду цунна. Баккъалла а, Дела гечдеш а‚ къинхетаме а ву.

40.

Хьуна хаац и Дела хилар стигланийн а‚ лаьттан а долалла Шегахь долуш‚ Шена
луучунна Iазап до Цо‚ Шена луучунна гечдо. И Дела массо хIуманна тIехь ницкъ
болуш ву.

41.

ХIай элча! Хьо пошме ма войла керстаналлехь сихбеллачара‚ шаьш аьлла хилла
болчарех багахь: “Тешна тхо”. Тешна дац церан дегнаш. Шаьш жуьгтий хиллачарех бу
ладоьгIуш берш харцдолчуьнга‚ ладоьгIуш берш кхечу нахе‚ хьо волчу беъна а
боцчу. Уьш бу дош шен меттигера дIадоккхуш‚ кхечухьа хIиттош. Цара олу: “И шайга
деллехь – схьалаца‚ шайга ца деллехь – ларло”. Дала шена питана лууш волчунна –
цунна Делера цхьанне хIуманна доладийр дац ахьа. Уьш бу Далла шайн дегнаш
цIандан ца лууш берш. Царна дуьненахь сийсазалла ю‚ эхартахь царна доккха Iазап
ду.

42.

ЛадоьгIурш бу уьш харцдолчуьнга‚ юурш бу уьш хьарам мел ерг. Уьш хьо волчу
багIахь‚ хьукам де царна юккъехь‚ я дIатила царех. Хьо царех дIатилча‚ хIумма
зен дийр дац цара хьуна. Айхьа хьукам деш‚ нийсонца хьукам де царна юккъехь.
Баккъалла а, Далла беза нийсо лелораш.

43.

Хьоьга хьукам муха дойту цара? Цаьргахь Товрат ма дуй‚ шена чохь Делан хьукам
долуш? ТIаккха цул тIаьхьа а дIабоьрзу уьш /Делан некъах/ – бац уьш муъма нах.

44.

Баккъалла а, Оха охьадоссийна Товрат (Мусага)‚ шена чохь нийса некъ а‚ нур а
долуш. Цуьнца хьукам до жуьгташна (Делан гIуллакхна) муьтIахь хилла болчу
пайхамараша а‚ (цуьнца хьукам до) раббанаша а‚ ахьбараша а (жуьгтийн Iелам нах)
Делан жайнах шайна Iалашдина хиллачуьнца‚ уьш хилира цу тIехь тешаш. Шу нахах ма
кхера‚ шу кхера Соьх‚ ма дохка Сан аяташ кIеззигчу мехах. Дала доссийначуьнца
хьукам ца дийриг – иза керста ву /и Делан хьукам цадезаш велахь/.

45.

Оха тIедиллина царна цу (Товратан) чохь: са – сица‚ бIаьрг – бIаьргаца‚ мара –
мерца‚ лерг – лергаца‚ церг – цергаца‚ чевнаш йоькхур ю, аьлла. Цхьаммо гечдахь‚
и цунна кафарат (къинойх цIанвар) ду. Дала доссийначуьнца (нийса) хьукам ца деш
берш – уьш бу зуламхой.

46.

Царна тIаьххье ваийтира Оха Марьяман кIант Iиса‚ бакъдеш шена хьалха хилла
Товрат. Цуьнга делира Оха Инжил‚ шен чохь нийса некъ а‚ нур а долуш‚ ша бакъдеш
долу шена хьалха хилла Товрат‚ ша нийса некъ а, /Делах/ кхоьруш болчарна хьехам
а хилла долу.

47.

Инжилан охIлано хьукам дойла шайга цу чохь доссийначуьнца. Дала доссийначуьнца
хьукам деш боцурш – уьш песакъаш бу (Далла дуьхьал баьлларш).

48.

Хьоьга доссийна Оха жайна бакъдолчуьнца‚ ша бакъдеш шена хьалха хилла жайна‚ ша
иза Iалашдеш а долу. Ахь хьукам де царна юккъехь Дала хьайга доссийначуьнца‚
церан синлаамашна тIаьхьа ма хIотта хьайга деъна долчу бакъдолчух. Шух хIоранна
Оха шарI дина‚ (динехь) билгала некъ бина (минхIаж). Далла лиъна хиллехьара
цхьана умматах дийр дара шу‚ мухха делахь а, шу таллархьама Ша шуна
деллачуьнгахь (хилийтина Цо дуккха динаш). Диканашна тIехь къовса (вовшашца)‚
Деле ду шун массеран дIадерзар‚ тIаккха дуьйцур ду Цо шуьга аша хилпалонаш йина
хилларг.

49.

(И доссийна Оха хьоьга омра деш): хьукам де царна юккъехь Дала доссийначуьнца‚
церан синлаамашна тIаьхьа ма ваза‚ ларло царех хьо цара дIатилаварх цхьадолчу
Дала хьоьга доссийначух. Уьш дIаберзахь‚ хьуна хаалахь Дела лууш хилар уьш
балане леца церан цхьадолчу къиношца. Баккъалла а, нахах дуккхахберш песакъаш ма
бу.

50.

ЖехIаллин хьукамна тIетийжа уьш, ткъа? Мила ву, ткъа, Делал хьукам хаза деш
тешаш долчу къомана?

51.

ХIай иман диллинарш! Аша ма лаца жуьгтий а‚ насараш а шайн доттагIий. Царах
цхьаберш доттагIий бу вукхарна. Шух царех шена доттагIий лецнарг, – баккъалла а,
и царех ву. Баккъалла а, Дала ца нисдо зуламе къам.

52.

Хьуна гуш бу и шайн дегнашкахь цамгар ерш (песакъаш я мунепикъаш) сихлуш
цаьргахь‚ олуш: “Тхо кхоьруш ду тхуна (хIара) гIуллакх цхьана балане хьовза”
Дала тарло Шегара толам бан‚ я цхьа гIуллакх дан – тIаккха уьш ма буьсу шаьш
хьулдинчух шайлахь дохкобевлла.

53.

Иман диллинчара олу: хIорш бу и шайн чIогIа дуйнаш Делаца биънарш, шаьш
баккъалла а, шуьца ду‚ бохуш. ДIаевлла церан Iамалш. Эшнарш хили уьш.

54.

ХIай иман диллинарш! Шух милла шен (ислам) динера дIаваьлча – тIаккха доуьйтур
ду Дала цхьа къам‚ Цунна (Далла) уьш безаш‚ царна Иза везаш‚ муъма нахана шаьш
атта а болуш‚ керстанашна хала а болуш‚ Делан новкъахь къуьйсуш‚ тIехтохам бечун
тIехтохамах ца кхоьруш. И Делан комаьршалла ду‚ Шена луучунна и доуьйту Цо. И
Дела шорто йолуш а ву‚ Iилма долуш а ву.

55.

Баккъалла а, шун доттагIа Дела ву‚ Цуьнан элча ву‚ иман диллинарш а бу‚ шаьш
ламаз хIоттадеш болу‚ шаьш закат а луш болу‚ шаьш гора а хIуьттуш болу.

56.

Дела а‚ Цуьнан элча а, иман диллинарш а доттагIий лаьцнарг, – баккъалла а, Делан
тоба – уьш бу толам боккхуш.

57.

ХIай иман диллинарш! Аша ма лаца шун дин беламе а‚ ловзаре а даьккхина, шул
хьалха шайга жайна даийтинчарех берш а‚ керстанаш а доттагIий (доладийраш). Шу
Делах кхера, шаьш иман диллина делахь.

58.

Аша ламазе кхайкхича и беламе а‚ ловзаре а оьцу цара. И ду уьш хиларна ша ойла
ца еш долу къам.

59.

Ахьа ала: “ХIай жайнан охIла! Аша бекхам бо тхуна деккъа Оха иман диллина
хиларна Деле‚ тхайга доссийначуьнга а‚ хьалха доссийначуьнга а‚ шух дуккханнаш
песакъаш хиларна а”.

60.

Ахьа ала: “Аса дIахоуьйту шуьга цул а вониг бекхам хиларца Делан гергахьара? Уьш
бу Дала шайна неIалт аьлларш‚ И шайна оьгIазвахнарш‚ Цо шайх маймалш а‚
хьакхарчий а йинарш а‚ тIагIутана шаьш Iибадат динарш а. Уьш бу вонаш (шайна хир
йолчу) меттигца‚ уггар тилла берш нийсачу некъах”.

61.

Шу долчу баьхкича /жуьгтий, мунепикъаш/ цара олу: “Тхо иман диллина ду”‚ уьш-м
/шу долчу/ баьхкина ма бара керстаналлица‚ – уьш /шу долчуьра/ ара ма бевли
цуьнца. И Дела дика хууш ву-кх цара хьулдеш хилларг.

62.

Хьуна го царех дукхахберш сихлуш къа дарехь а‚ мостагIалла лелорехь а‚ хьарам
хIума даарехь а. Ма вон хIума ду-кх цара деш хилларг!

63.

Уьш хIунда раббанаша а‚ ахьбараша а буха ца туху къахиларан дашан а‚ хьарам мел
дерг а цара даарх а? Ма вон ду цара деш хилларг!

64.

Жуьгташа элира: “Делан куьг дихкина ду”. Куьйгаш дихкина-кх церан. НеIалт аьлла
царна шаьш дуьйцучунна. Цуьнан (Делан) ши куьг даржийна ду‚ Шена луучунна рицкъа
луш ву И. Царех дукхахберш совбохур бу хьан Кхиош-кхобучуьнгара хьоьга
доссийначо къизаллица а‚ керстаналлица а. Царна юкъа мостагIалла а‚ оьгIазло а
кхоьссина Оха къематде кхаччалц. Цара цIе мел латий тIамна‚ Дала яйира и.
Лаьттахь пассад дерг (боьха хIуманаш) даржадо цара. Далла дезац пассад деш берш.

65.

Жайнан охIлано иман диллина хиллехьара‚ (Делах) кхоьруш хиллехьара‚ церан вонаш
(къинош) дIадохур дара Оха царех‚ ниIматан ялсамане чу бухкур бара уьш.

66.

Товрат а‚ Инжил а‚ кхин шайн Кхиош-кхобучуьнгара шайга охьадоссийнарг хIоттадеш
уьш белахьара‚ шайна лакхахь а‚ когий бухахь а дерг дуур дара цара. Царех нийса
уммат а ду. Царех дукхахберш вон хилла шаьш дечуьнца.

67.

ХIай элча! ДIакхачаде хьайга хьан Кхиош-кхобучуьнгара охьадоссинарг. Ахьа и ца
дахь – ахьа кхочуш ца дина Цуьнан элчалла. Дала ларор ву хьо нахах. Баккъалла а,
Дала ца нисдо керста къам.

68.

Ахьа ала: “ХIай жайнан охIла! Шу цхьанне хIуманна тIехь дац аша Товрат а‚ Инжил
а‚ кхин шайн Кхиош-кхобучуьнгара шайга доссинарг а хIоттадалц”. Хьоьга хьан
Кхиош-кхобучуьнгара доьссинчо алсамбахаза буьтур ма бац царех дукхахберш зулам
дарехь а‚ керстаналлехь а. Хьо сингаттаме ма хила керста къам бахьанехь.

69.

Баккъалла а, иман диллинарш а‚ жуьгтий а‚ сабиунаш а‚ насарой а – /царех/ Деле
а‚ тIаьхьарчу дийне а иман а диллинарг‚ дика Iамал а йинарг /милла велахь а/ –
царна кхерам бац‚ уьш сингаттаме хир бац.

70.

Исраилан кIенташца барт бира Оха /цара Деле а‚ цуьнан элчанашка а иман дуьллур
ду аьлла/‚ цаьрга элчанаш а бахкийтира. Шайга элча мел веъча‚ шайн синошна
дезарг ца дохьуш‚ цхьаберш харцбира цара‚ цхьаберш бойура.

71.

Царна моьтттура питана хир дац‚ бIаьрзе а‚ къора а хилира уьш‚ тIаккха Дала
царна гечдира. ТIаккха царех дукхахберш /юха а/ бIаьрзе а‚ къора а хилира. Дела
гуш ма ву цара дийриг.

72.

Керстаналла дина шаьш аьлла болчара: “Баккъалла а, Дела – Марьяман кIант Масихь
ву” (Iиса). Масихьа аьлла: “ХIай Исраилан кIентий! АллахIана Iибадат де – сан
Далла а‚ шун Далла а. Баккъалла а, милла велахь а, Делаца накъост лаьцна‚ Дала
цунна хьарам йина ялсамани‚ цуьнан чугIойла (жоьжахатин) цIе ю. Зуламхошна
гIоьнчий ма бац.

73.

Керстаналла дина шаьш аьлла болчара: “Баккъалла а, Дела ву кхааннан
кхоалгIаниг”. Цхьа а кхин дела вац и ша цхьа Дела воцург. Шаьш олучух уьш ца
совцахь – царех шаьш керстанаш хилларш лазош долчу Iазапо схьалоьцур ма бу.

74.

Деле тоба хIунда ца до цара‚ цуьнга гечдар а хIунда ца доьху? И Дела гечдеш а‚
къинхетаме а ма ву.

75.

Марьяман кIант Масихь ма вац элча бен‚ цул хьалха а дIабахана элчанаш‚ цуьнан
нана ю уггар бакълуьйш ерг. Уьш шиъа а хилла кхача бууш. Хьажал‚ муха билгалдеш
ду Тхо царна аяташ‚ тIаккха хьажал‚ муха Iехийна уьш (шайтIано).

76.

Ахьа ала: “Аша Iибадат до, ткъа, Дела а вуьтий, шен долахь шуна зен а‚ я пайда а
боцучунна? И Дела Ша хезаш а‚ хууш а ма ву”.

77.

Ахьа ала: “ХIай жайнан охIла‚ шайн динехь дукха тIех ма довла бакъдерг доцучохь‚
шу тIаьхьа ма хIитта цхьана къоман дезаршна‚ ша хьалха тиладелла долчу къоман‚
цо дукхахберш тилийна‚ нийсачу новкъах ша а тиладелла”.

78.

Исраилан кIентех керстаналла диначарна неIалт аьлла Давудан а‚ Марьяман кIант
Iийсан а багенаца. И – цара йина Iесаллина а‚ уьш дозанех бовлуш хиларна а ду.

79.

Уьш хилла шаьш динчу вочунна вовшашка нехIи ца деш. Ма вон ду-кх цара деш
хилларг!

80.

Хьуна го царех /жуьгтех/ дукхахберш бу керстаналла диначарех доттагIий беш. Ма
вон ду-кх цара шайна хьалхадаьккхинарг – Дела шайна оьгIазвахийтарехь а‚ Iазапан
чохь а уьш гуттар буьсур ма бу.

81.

Делах а‚ пайхамарах а‚ цуьнга доссинчух а уьш тешаш хиллехьара‚ уьш доттагIий
/валеш/ бина лоьцур а бацара цара‚ мухха делахь а, царех дукхахберш песакъаш бу.

82.

Хьуна а карор ма бу иман диллинчарна мостагIаллица нахах уггаре чIогIа берш
жуьгтий а‚ шаьш ширк динарш а. Хьуна а карор ма бу царех иман диллинчарна
безамца уггаре гергара берш, шаьш аьлларш: “Баккъалла а, тхо насарий
(христианаш) ду”. Иза царех къиссисаш (мозгIараш) а‚ рухIбанаш (монахаш) а
хиларна а‚ цара куралла ца ярна а ду /иштта Эфиопера насараша хаза тIелецира
шайн тIебаьхкина хилла болу бусулбанаш/ .

83.

Шайна хезча элчане доссинарг хьуна го церан бIаьргаш бIаьрхийх буьзна шайна
девзина бакъдолчух. Цара олу: “Тхан Кхиош-кхобург‚ Оха иман диллина. Тхо (Ахь)
дIаязделахь шахIадат далочаьрца.

84.

Тхуна хIун ду ца теша Деле а‚ Цо тхоьга деъначу бакъдолчуьнга а‚ тхо чIогIа лууш
ду тхан Кхиош-кхобучо тхо чудохуьйтийла (ялсамани чу) дикачу къомаца”.

85.

Дала миэл белира царна цара аьллачунна дуьхьал – бошмаш (ялсамане)‚ шайн
бухахула татолаш оьхуш йолу‚ гуттар лаьттар бу уьш цу чохь. И бу дикачеран
бекхам.

86.

Цатешарш а‚ Тхан аяташ харц динарш а – уьш бу жоьжахатин дай.

87.

ХIай иман диллинарш! Аша хьарам ма елаш Дала шайн хьанал йина цIена хIуманаш‚ шу
дозанах ма довлалаш. Баккъалла а, Далла ца беза дозанах бовлурш.

88.

Аша даа Оха шайна деллачу рицкъанх хьанал, цIена дерг‚ шу Делах кхералуш‚ шу Шех
тешаш волчу.

89.

Дала ца лоцу шу (бехке) шун дуйнашкахь (ца хууш) багах даьллачуьнца‚ амма Цо
лоцу шу (бехке) дуйнашца аша чIагIдина хиллачуьнца. Цуьнан кафарат ду итт
мискачунна кхача баор‚ юкъара аша шайн охIланна баош ма хуьлу, я царна духар
далар а‚ я лай азат ваккхар а. И ца карийначунна – кхаа дийнахь марха лацар. И
ду, аша биъча, шун дуйнийн кафарат. Ларде шайн дуйнаш. Иштта билгалдоху шуна
Дала Шен аяташ, шу хилархьама баркалла олуш.

90.

ХIай иман диллинарш! ЧагIар а‚ майсир а‚ цIуш а‚ пхерчий а – шайтIанан белхан
рижс ю‚ дIакъаста цунах – шу даккхийде тарло.

91.

ШайтIанна лаьа чагIарца а‚ майсирца а шуна юккъе мостагIалла а‚ оьгIазло а йожо‚
Делан цIе яккхарх а‚ ламазах а шу духатоха а‚ аша ца соцуьйту?!

92.

Шу муьтIахь хилалаш Далла‚ шу муьтIахь хилалаш элчанна‚ ларлолаш /вочух/. Шу
дIадерзахь‚ шуна хаалаш: Тхан элчанна тIехь ду билгало дIакхачор.

93.

Иман диллинчарна‚ дика Iамалш йиначарна къа дац цара (хьалха) диъначунна уьш
кхоьруш хилча‚ иман а диллича‚ дика Iамалш а йича‚ тIаккха а кхоьруш хилча‚ иман
диллича, юха а /вочух/ кхоьруш хилча, диканиг деш хилча. Далла беза диканиг деш
берш.

94.

ХIай иман диллинарш! Зенне а зуьйр ма ду шу Дала таллар дечу хIуманца (хьоза я
кхин акха делахь) шена шун куьйгаш а‚ чоьмукъаш а тIекхиъна долчу Далла
вовзархьама Ша гуш воццушехь Шех кхоьруш верг. Цул тIаьхьа дозанах ваьлларг –
цунна лазош долу Iазап ду.

95.

ХIай иман диллинарш! Аша дийнаташ (акхарой) ма дайалаш шаьш хьаьж дихкина долуш.
Шух шена хуъушехь цхьаммо и диэхь – цуьнан бекхам бу даьхнех цо дайинчун барам
/сагIина даккхар/‚ цуьнца хьукам дийр ду шух шина Iедале волчу стага и гIурбанна
кечдина бежана КаIбе кхочуьйтуш‚ я (цуьнан бекхам бу) кафарат дар – мискачу
нахана даа хIума далар‚ я цуьнан метта (мискачарна дала хIума дацахь) марха
кхабар‚ шен гIуллакхан бала Iовшархьама. Гечдина Дала хьалха даьлларг. Вуха а
цунна тIеверзахь (и къа дан) цуьнгара бекхам оьцур бу Дала. Дела веза а‚ бекхам
оьцуш а ву.

96.

Хьанал ду шуна таллар дан хIордан дийнаташна‚ цуьнан (хIордан дийнатийн) кхача а
шуна а‚ (новкъахь) боьдуш болчу нахана а (хьанал ду) пайдаэца. Хьарам ду шуна
таллар дан аренан дийнаташкахь шу хьаьжцIахь мел ду. Шу кхералуш Делах‚ шу Шена
тIе гулдийр долчу.

97.

Дала дина КаIба – хьурман цIа – нахана гIоьнна а, пайденна а, (иштта хилийтина
Дала) хьурман бутт а‚ гIурбанан бежана а‚ туьтеш а (бежанан логах тосу хIуманаш,
и билгалдархьама). Иза ду шуна хаийтархьама Дела стигланашкахь а‚ лаьттахь а
дерг хууш вуйла‚ Дела массо хIума хууш верг вуйла.

98.

Хаалаш‚ Дела таIзарехь чIогIаниг вуйла‚ Дела гечдийриг а, къинхетам бийриг а
вуйла.

99.

Элчанна тIехь дIакхачор а бен дац‚ Дела хууш ма ву аша гучудоккхрг а‚ аша
къайладоккхург а.

100.

Ахьа ала: “Боьханиг а‚ цIенаниг а ца нисло‚ боьханиг дуккха хиларо хьоьга тамаша
байтинехь а (хьо цецваьккхинехь а). Делах кхералуш‚ хIай хьекъал дерш‚ шу
даккхийден мегара!”

101.

ХIай иман диллинарш! Ма хитталаш цхьацца (пайда боцу) хIуманех лаьцна‚ уьш шуна
гучуялахь – шуна ца там бийр бу цара. Аша царех КъурIан дуссучу хенахь хиттахь‚
уьш шуна гучуер ю – Дала гечдина царех. И Дела гечдеш верг а ву‚ дукха собаре
верг а ву (шун таIзар ца деш).

102.

Царех хаьттира шул хьалха цхьана къамо – тIаккха цара керстаналла дира цуьнца.

103.

Дала ца хилийтина (Дала тергал е ца боху) бахьират а‚ саибат а‚ василат а‚ хьам
а‚ амма керстанаша Далла тIекхуллуш ду харцдерг‚ царех дукхаберш кхеташ ма бац.

104.

Цаьрга элча: “Схьадуьйла Дала доссинчунна тIе а‚ элчана тIе”‚ цара олу: “Тоам бу
тхуна тхан дай шена тIехь карийнарг”‚ церан дай хIумма хууш ца хиллехь а‚
нийсачу некъахь ца хиллехь а?

105.

ХIай иман диллинарш! Шуна тIехь ду шун догIмаш. Шуна зен ма дийр дац ша
тилавеллачо шу нийса деллачул тIаьхьа. Шун массеран дIадерзар Деле ду‚ тIаккха
Цо дуьйцур ду шуьга аша деш хилларг.

106.

ХIай иман диллинарш! Шух цхьанна валар тIедеъна весет деш шуна юккъехь тешалла
дан деза шух Iедале волчу шиммо‚ я шух воцчу кхечу шиммо‚ нагахь санна шу
новкъахь долуш шу валаран цамгаро схьалацахь. Нагахь санна шу шекдалахь‚ уьш шиъ
сацор ву /малхбузен/ ламаз диначул тIаьхьа‚ тIаккха цу шиммо Делаца дуй буур бу
шу шеко еш делахь: цуьнца мах ца оьцу шаьш аьлла‚ и /дуй буург, я шен тIехь
тешалла деш верг/ шен гергара велахь а‚ “Оха хьул ца до Делан тешалла‚ и динехь
– тхо хир ма ду къинош дечаьрех”‚ аьлла.

107.

Нагахь санна гучудалахь и шиъ къина хьакъ хилар – кхин шиъ хIуттур ву церан
меттана‚ хьалхалера шиъ хьакъ хиллачарех а волуш‚ цара шиммо дуй буур бу Делаца:
“Тхан тешалла бакъ ма ду цу шиннан тешаллал‚ тхо дозанах девлла ма дац, девллехь
тхо зулам диначарех хир ма дара”.

108.

И герга ду цара тешалла дан шен (нийсачу) некъахь‚ я уьш кхоьруш хиларан дуйнаш
духататтарах, церан дуйнел тIаьхьа. Шу Делах кхералаш‚ ладугIуш а хилалаш‚ Дала
нийса ца до песакъ къам.

109.

Оцу (къемат) дийнахь Дала гулбийр бу элчанаш‚ Цо эр ду: “ХIун жоп делла шуьга”.
Цара (элчанаша) эр: “Iилма дац тхан (тхуна хаац)‚ баккъалла а, Хьо ма ву
къайленаш дика хуург”.

110.

Дала аьллера: “ХIай Марьяман кIант Iиса‚ ахьа дагадаийта хьайна а‚ хьан нанна а
хилла долу Сан ниIмат. Аса чIагI ма вира хьо Дезачу Сица‚ аган чохь волуш нахаца
хабар дуьйцара ахьа‚ воккха хилча а‚ Аса хьуна ма Iамийра жайна а, хьекъалалла
а‚ Товрат а‚ Инжил а‚ ахьа ма кхуллура поппарх хьозанан сурт санна Сан пурбанца‚
цу чу са доIура ахьа – и хьоза хуьлура Сан пурбанца‚ ахьа товора бIаьрса доцург
а‚ барс (проказа) цамгар ерг а Сан пурбанца‚ велларг хьалагIаттавора ахьа Сан
пурбанца; хьо лар ма вирий Аса бану Исраилех‚ хьо царна тIе билгалонашца веъча.
ТIаккха царех керстанаша ма элира: “Иза билггала холмачалла ду”,

111.

Аса дагчу ма диллира хьаварешна (Iиса пайхамаран асхьабаш (апостолаш) Соьга а‚
Сан элчане а иман дилла‚ аьлла. Цара элира: “Оха иман диллина‚ ахьа тешалла де
тхо бусулбанаш хилар (Iаьрбийха – муслим – Далла муьтIахь верг)”.

112.

Хьавареша ма элира: “ХIай Марьяман кIант Iиса‚ хьан Элана (Далла) мегар дарий
тхуна стиглара шун (даарш долу стол) доссо?” Цо элира: “Делах кхера шу муъма нах
хилла делахь”.

113.

Цара элира: “Тхуна лаъа цу чуьра хIума яа‚ тхан дегнаш чIагIдан (тешарца)‚ хаа
лаьа тхуна хьо тхоьга бакълийна хилар (иманах а‚ Делах а лаьцна дийцарехь)‚ тхо
цунна тIехь тешаш хила а”.

114.

Марьяман кIанта Iисас элира: “Тхан Дела – тхан Эла (Дела)‚ доссадехьа тхуна
стиглара шун‚ тхуна дезде (Iид) хир дара цунах тхан хьалхарчунна а‚ тхан
тIаьхьарчунна а‚ хьоьгара делил а хир дара. Рицкъа лолахь тхуна. Хьо уггар
дикачех рицкъа лург ма ву”.

115.

Дала элира: “Аса доссор ду шуна и (шун‚ даарх дуьззина). ТIаккха цул тIаьхьа шух
керстаналла динчунна – аса Iазап дийр ма ду цунна Iазапца‚ Iаламехь – цхьаннена
ца динчу кеппара”.

116.

Дала эр: “ХIай Марьяман кIант Iиса‚ ахь аьллера нахе хьуо а‚ хьан нана а ши дела
ву алий тIелаца‚ АллахI витий‚ аьлла?” Цо эр: “Хьо цIанво аса‚ суна ала лур дац
сайгахь хьакъ доцург. Аса и аьллехьара – Хьуна и хууш хир ма дара. Соьгахь дерг
Хьо хууш ма ву‚ Хьоьгахь дерг со хууш ма вац. Баккъалла а, Хьо ма ву къайленаш
хуург.

117.

Ца элира аса цаьрга Ахьа соьга шеца омра динарг бен – “Iибадат делаш Далла‚ сан
Эла‚ шун Эла хилла волчу”. Со царна тIехь теш вара‚ со цаьрца мел волу‚ Ахьа со
валийтинчул тIаьхьа Хьо ву-кх царна тIехьожург. Хьо массо хIуманан теш ма ву.

118.

Ахьа царна Iазап дахь а – уьш хьан леш бу-кх‚ Ахьа царна гечдахь, баккъалла а,
Хьо веза верг а‚ хьукма нийса деш верг а ву-кх”.

119.

Дала эр: “ХIара де ду бакъ лийначарна шайн бакъхиларо пайда бийр болуш‚ царна
бошмаш (ялсамане) ю‚ шайн бухахула оьхуш татолаш долуш‚ цу чохь лаьттар бу уьш
гуттар а. Дела реза хуьлда царна‚ уьш а реза хуьлда Цунна – иза боккха толам
бу”.

120.

Делан ду-кх стигланийн а‚ лаьттан а‚ цу чохь долчун а долалла‚ И ву-кх массо
хIуманна тIехь ницкъ берг.