59. АЛЬ-ХЬАШР

1.

Тасбахь до Далла стигланашкахь мел долчо а‚ лаьттахь мел долчо а. Иза веза верг
а ву‚ хьукаме верг а ву.

2.

Иза ву Ша арабаьхнарг жайнан охIлех цатешнарш хьалхарчу дIалахкарехь. Шуна ца
моьттура уьш арабер бу. Царна моьттура шайн /тIеман/ гIопаша лардийр ду шаьш
Делах. Дела веара цаьрга шайна дага а ца догIучухула. Церан дегнашка кхерам
тесира Цо – дохадеш шайн цIенош шайн куьйгашца а‚ муъма нехан куьйгашца а. Ойла
йе цуна‚ хIай бIаьрсадерш!

3.

Дала царна ца яздинехьара мохках бахар Iазап дина хир дара царна дуьненахь.
Царна эхартахь а цIеран Iазап ду.

4.

Иза ду цара дуьхьало ярна Далла а‚ Делан элчана а. Милла велахь Далла дуьхьало
еш верг – баккъалла а, Дела нуьцIкъала ву-кх бекхамца.

5.

Аш хадийна долу хурманан дитт‚ я дитина дерг Шен орамий тIехь – Делан пурбанца
ду‚ песакх нах сийсаза барна а.

6.

Дала Шен элчанна елла цаьргара хIонс – шуна ца кхийтира цуна тIаьхьа лахка
говраш а‚ эмкалш а‚ амма Дала ло урхалла Шен элчанашка Шена луучунна тIехь. Дела
массо хIуманна тIехь ницIкъ кхочуш ву.

7.

Дала Шен элчана яртийн нахера яьккхина елла хIонс ю Далла‚ Цуьнан элчана‚
/пайхамара/ гергарчаьрна‚ боберашна‚ мискачаьрна‚ некъан накъостана а шух хьал
долчу нехан долахь ца хилийтархьама. Элчано деънарг схьаэца‚ цо ца магийнарг
дита: Делах кхералаш. Баккъалла а, и Дела чIогIа ву таIзар дарехь.

8.

МухIажирийн пекъар нахана а /ю и хIонс/‚ шайн цIенойх а‚ бахамах а арабехна
хилла болчу‚ Делера къинхетам а резалла а лоьхуш болчу‚ Далла а‚ Цуьнан элчана а
гIо деш болчу. Уьш бу бакъберш.

9.

Царел хьалха шайн цIенош хилларш‚ имана чохь чIагIбелларш безаш бу шайна тIе
баьхкинарш‚ царна ца карайо шайн дегнашкахь /мухIажиршна еллачу хIонс бахьанехь/
хьагI‚ шайл а уьш совбоху цара шайгахь пекъаралла хиллехь а. Шен дегI
бIаьрмацагаллех лардинарг – уьш бу-кх баккхийбедар берш.

10.

Царел тIаьхьа баьхкинчаьра олу: “Везан Дела‚ гечделахь тхуна а‚ тхоьл иманца
хьалха беллачу тхан вежаршна а‚ ма хилийталахь тхан дегнашкахь иман диллинчаьрна
цабезам. Везан Дела‚ баккъалла а, Хьо ву-кх /тхоьх/ доглозуш верг а‚ къинхетаме
верг а”.

11.

Хьуна гири-й и мунепакъ нах олуш жайнан охIлан юккъера цатешаш хиллачу шайн
вежаршка: “Шу арадехна хиллехьара‚ данне тхо арадовлур дара шуьца. Шуна дуьхьал
цхьаннена цхьаьллигацIа муьтIахь хир дацара тхо. Шуьца тIом бинехьара – шуна
данне гIо дийр ма дара оха”. Дала тешалла до‚ баккъалла а, уьш харц луьйш бу‚
аьлла.

12.

Уьш арабаьхча‚ царца арабовлур а ма бацара уьш. Царца тIом бийча – царна гIо
дийр ма дацара цара. Цара царна гIо дийчи а бухабовлур ма бара уьш /бовдар ма
бара уьш/‚ тIаккха /церан/ гIо царна хир ма дацара.

13.

Шу ма ду церан дегнашкахь Делал а тIех кхераме. Иза уьш кхетам боцу къам долу
дела ду.

14.

Цара шуьца тIом бийр бац массара цхьана а чIагIйина ярташкахь бен я пенийн
тIехьахь бен. Церан ницIкъ вовшийн юккъехь чIогIа бу. Хьуна моьтту уьш цхьаьна
бу. Церан дегнаш декъаделла ду. Иза – уьш хьекъал доцу къам долу дела ду.

15.

Дукха хан йоцуш шайл хьалха хиллачаьрех тера бу уьш: шайн гIуллакхан бала
Iевшира цара. Царна ду лазош долу Iазап а /эхартахь/.

16.

ШайтIанах тера бу уьш ша аьллачу адаме: “/Делах/ цатешарг хила!” Иза /Делах/
цатешарг хилча цо элира: “Баккъалла а, со цIени ду хьоьх. Баккъалла а, со кхоьру
Делах – Iаламийн Дех!”

17.

Цу шиннан тIаьхье хилира и шиъ жоьжахатехь хилар‚ цу чохь гуттар а лаьтташ. Иза
бу зуламхойн бекхам.

18.

ХIай иман диллинарш! Делах кхералаш. Хьожийла са‚ ша хIун кечдина-те кханена. Шу
кхералаш Делах. Баккъалла а, Дела сов дика хууш ву аш дийриг.

19.

Шу ма хилалаш Дела вицвинчарех тера. ТIаккха Цо бицбайтира цаьрга
шаьш а. Уьш песакъ нах бу.

20.

Цхьатерра бац жоьжахатин дай а‚ ялсаманин дай а. Ялсаманин дай – уьш бу
тоьлларш!

21.

Оха хIара КъурIан доссина хиллехьара ламе хьуна гур ма бара иза мукIар хилла
баьдда Делах кхерабаларна. ХIара масалш Оха даладо нахана цара ойла яхьара
аьлла.

22.

Иза АллахI ву‚ кхин дела вац Иза воцург. Къайлахь дерг а‚ гучахь дерг а‚ хуург
ву Иза. Иза сов къинхетаме верг а‚ къинхетаме верг а ву.

23.

Иза АллахI ву‚ кхин дела вац Иза воцург. Паччахь ву Иза‚ сийдерг ву‚ машаре верг
ву‚ тешаме верг ву‚ ларош дерг ву‚ веза верг ву‚ нуьцIкъала верг ву‚ /вала хьакъ
долуш/ кура верг ву. ЦIена ву Иза /Шен/ цара накъост лацарх.

24.

Иза АллахI ву‚ Кхоллархо ву Иза‚ сурт хIоттош верг а ву Иза. Цуьнан хаза цIерш а
ю. Цуна тасбахь деш ду стиглашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Иза веза
верг а ву‚ хьикмате верг а ву.