58. АЛЬ-МУДЖАДИЛА

1.

Хезина Далла шен майрачух лаьцна хьоьца дуьхьаллуьйш йолчун дош‚ цо Деле балхабо
шен болх‚ и Дела хозуш ма ву шун шиннан къамел. Баккъалла а, и Дела хозуш верг а
ма ву‚ гуш верг а ма ву.

2.

Шух шайн зударшка “шу тхуна тхан нанойн букъах тера ду”‚ бохурш – уьш церан
наной ца хуьлу /цара иза бахарх/. Церан наной уьш дуьнена баьхнарш бен бац.
Баккъалла а, цара дуьйцург ца деза дош ма ду‚ харцдерг ма ду. Баккъалла а, Дела
/уьш дохкобевла и къа дитича/ бехк ца буьллург а ву‚ гечедешверг а ву.

3.

И шайн зударшка “шу тхуна тхан нанойн букъах тера ду”‚ олурш‚ тIаккха шаьш
аьллачунна тIе бухабоьрзуш берш – цхьа лай азат ваккха веза цара шаьш /майрий а‚
зуда а/ вовшех хьакхабалале. Цуьнца хьехам беш бу шуна. Дела аш дийриг сов дика
хууш ву.

4.

И ца карийначо марха лоцур ду ши бутт тIеттIа шаьш шиъ вовшех хьакхадалале. И ца
мегначо‚ кхузткъа мискачунна даа хIума лур ду. Иза ду шу Делах а‚ Цуьнан элчанах
а тешийтархьама. Уьш Делан дозанаш ду /тIех ма довла царна/. /Делах/
цатешачаьрна лазош долу Iазап ду.

5.

Баккъалла а, и Далла‚ Цуьнан элчана а дуьхьал бовлуш берш бохор ма бу‚ царел
хьалха хилларш бохорах терра. Оха доссина билгала долу аяташ. Цатешачаьрна
сийсаза долу Iазап ма ду.

6.

Оцу дийнахь Дала гIовтор бу уьш берриге /кешнаш чуьра/‚ Цо дуьйцур ду цаьрга
цара дина хилларг /дуьненахь/. Дала тергалдина иза‚ цара дицдина. И Дела массо
хIуманна тIехь теш ву-кх.

7.

Хьуна ца го и Дела хууш ма ву стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Кханнен
къайлахь хабар хир ма дац воьалгIаниг Иза волуш бен‚ пхеннан а – йолхалгIаниг
Иза волуш бен. Цул /кIеззиг/ дерг а‚ цул дукха дерг а хир ма дац Иза цаьрца
волуш бен уьш миччахьа а хилчи. ТIаккха Цо цаьрга дуьйцур ду цара дина хилларг
къематдийнахь. Баккъалла а, Дела массо хIума хууш верг ма ву.

8.

Хьуна ца го и къайлах хабар дийцар шайна наьхI дина хилларш? ТIаккха юха а
тIебоьрзуш шайна наьхI диначунна‚ вовшашка къайлах хабарш дуьйцуш къа дарций а‚
мостагIаллиций а‚ элчана Iесалла ярций а. Хьо волчу шаьш баьхкича хьоьга салам
ло цара Дала хьоьга салам ца лучу кепара. Шайга олу цара: “ХIунда Iазап ца до
вайна Дала вай бохучуьнца?” Кхачо ю царна жоьжахати – бегар бу уьш цу чохь. Ма
вон дIавоьрзу меттиг ю-кх иза!

9.

ХIай иман диллнарш! Шаьш къайлах хабар дийцахь‚ ма дица иза къаций а‚
мостагIаллиций а‚ элчана Iесалла ярций а. Аш дийца къайлах хабар диканций а‚
/Делах/ кхерарций а. Шу кхералаш Делах‚ шу Шена тIе дIагулдийр долчу.

10.

Баккъалла а, къайлах хабар дийцар шайтIанера ду иман диллнарш пошме
хилийтархьама. Царна цуьрриг зен дийр дац цо Делан пурбанций бен. Далла тIе
тевжийла муъма нах!

11.

ХIай иман диллинарш! Шайга аьлча: “Меттиг хилийта /дIасхьахилий/ мажлисехь‚
меттиг хилийта. Дала шорто йийр ю шуна. “ХьалгIовта!” аьлча хьала гIовта. Дала
лакха боху шух иман диллинарш а‚ шайна Iилма делларш а даржаца. И Дела аш дийриг
сов дика хууш ма ву.

12.

ХIай иман диллинарш! Аш къайлах хабар дийцинехь элчанца цу шайн къайлах хабарна
хьалхадаккхалаш сагIа. Иза шуна дика а ду‚ вуно цIена а ду. И /сагIа/ шуна ца
карадахь – тIаккха баккъалла а, и Дела гечдеш верг а ву, къинхетаме верг а ву.

13.

Шу кхирина шайн къайлах хабарал хьалха сагIа даккха? /Шуьгахь и доцу дела/.
ТIаккха аш иза ца дахь‚ – Дала шуна гечдина – ламаз /мукъане/ хIоттаде‚ закат а
ло‚ Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь а хилла. И Дела дика хууш верг а ву аш
дийриг.

14.

Хьуна гой и Дела шайна оьгIаз ваханчу къамаца доттагIалла тосуш берш? Уьш шух
бац‚ царех а бац. Харцдолчунна тIехь дуй боуш бу уьш шайна хуушехь.

15.

Дала кечдина царна чIогIа Iазап. Баккъалла а, ма вон хили-кх цара деш хилларг.

16.

Цара лецира шайн дуйнаш /нехан довах а‚ бехках а‚ шайн къинойх/ дуьхьало йина‚
иштта цара дIатилира /нах/ Делан некъах. Царна сийсаза долу Iазап ду-кх.

17.

Делера цхьанне хIуманах уьш хьалхабохур ма бац церан бахамо а‚ церан доьзало а.
Уьш /жоьжахатин/ цIеран дай бу-кх. Уьш цу чохь гуттар хир бу.

18.

Цхьана дийнахь Дала хьалагIовтор бу уьш берриге‚ тIаккха цара Цуна дуйнаш боур
бу шуна шаьш дуйнаш баарх терра. Царна моттур ду шаьш цхьана бухана тIехь ду.
Ткъа баккъалла а, уьш бац харц луьйш берш?!

19.

ШайтIано доладина царна тIехь‚ цо дицдайти цаьрга Дела хьехавар. Уьш шайтIанан
тоба ю. Ткъа шайтIанан тоба яц гIорасазниг /эшнарг/?

20.

Баккъалла а, Далла а‚ Цуьнан элчана а дуьхьал буьйлурш – уьш бу-кх уггар сийсаза
хиллачерийн юккъехь.

21.

ДIаяздина Дала: “Тоьлур ву Со а‚ Сан элчанаш а”. Баккъалла а, Дела нуьцкъала
верг а ву‚ веза верг а ву.

22.

Хьуна карор бац Делах а‚ тIаьхьарчу дийнах а тешаш болу нах шайна дукхабезаш
Далла а‚ Цуьнан элчана а дуьхьал буьйлуш берш‚ уьш церан дай хиллехь а‚ я
кIентий хиллехь‚ я вежарий хиллехь‚ я церан гергара хиллехь. Уьш бу Цо шайн
дегнашкахь иман яздинарш‚ Цо чIагIбинарш Шегара сица. Цо буьхкур бу уьш
бошмашка‚ шайн бухахула татолаш лелаш долчу‚ уьш цу чохь гуттар лаьтташ. Дела
реза хили царна‚ уьш реза хили Цунна. Уьш бу Делан тоба. Ткъа баккъалла а, Делан
тоба – и яц яккхиедар ерг?!