57. АЛЬ-ХЬАДИД

1.

Далла тасбахь дина стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел долчо. Иза веза верг а ву‚
хьукаме верг а ву.

2.

Цуьнан ду стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Цо дендо‚ Цо долуьйту. Иза массо
а хIумана тIехь ницIкъ кхочуш ву.

3.

Иза ву хьалхарниг а‚ тIаьхьарниг а‚ гучахь верг а‚ къайлахь верг а. Иза ву массо
хIума хууш верг а.

4.

Иза ву Ша кхоьллинарг стигланаш а‚ латта а ялх дийнахь. ТIаккха Иза дIанисвелира
Iарша тIехь. Цуна хаьа латта чу дуьйлург а‚ цу чуьра ара дуьйлург а‚ стиглара
охьадогIург а‚ цу чу айлург а. Иза шуьца ву шу миччахьахь хилчи а. И Дела аш
дийриг гуш ву.

5.

Цуьнан ду стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Деле дIадоьрзу гIуллакхаш.

6.

Буьйса денна чуйолуьйту Цо‚ де буьйсана чудолуьйту. Иза ву хууш верг дегнашкахь
дерг.

7.

Шу теша Делах а‚ Цуьнан элчанах а‚ харжаш е /Делан новкъахь – сагIа луш…/ Оха
шаьш тIаьхье хилийтинчух. Шун юкъара /Делан новкъахь/ харжаш йинарш – царна
йоккха ял ю.

8.

Шуна хIун ду ца теша Делах? – Элча ма ву-й шу кхойкхуш шайн Кхиош-кхобучуьнга
тешаре‚ Цо (“Ша ву-й шун Дела”, олуш аш “Ву Деллара”, олуш) шуьгара чIагIо ма
эцна, шу муъма нах делахь.

9.

Иза ву доссош верг Шен лега билгала аяташ шу арадахархьама боданера нуре.
Баккъалла а, и Дела шух дог лезаш а‚ къинхетаме а ма ву.

10.

Шуна хIун ду Делан новкъахь харж ца ян? Делан ма ду стигланийн а‚ лаьттан а ирс!
Цхьатерра вац шух /Делан новкъахь/ харж йинарг толам баккхале‚ тIом бинарг /цул
тIаьхьа харжаш йинарг а‚ тIом бинарг а/. Царна вуно сийлахь-йоккха ял ю тIаьхьа
харж йиначарел‚ тIаьхьа тIом биначарел. /Царна/ массарна а хазниг ваIда йина
Дала. Дела аш дийриг дика хууш ву.

11.

Мила ву Деле юхалург хаза декхар луш верг – Цо тIеттIа алсам доккхур ду Иза
цуна‚ цуна хир ю сийлахь йолу ял а.

12.

Оцу /къемат/ дийнахь хьуна гур бу /хIай Мухьаммад/ и муъма божарий и муъма
зударий шайн нур шайна хьалхахула‚ аьтту куьйган агIорхьара уьйдаш‚ /цаьрга олуш
маликаша/: ” Кхаъ бу шуна тахана – бошмаш шайн бухахула /хин/ татолаш лелаш
долу. Цу чохь /шу/ гуттар лаьттар ду. Иза бу сийлахь-боккха толам!”

13.

Оцу дийнахь мунепикъ божарша а‚ мунепикъ зударша а эр ду тешаш хиллачаьрга:
“Хьажаш тхоьга! Шун нурах нур оьцур дара Оха”. Олур ду: “Духа дерза‚ лаха шайна
нур!” Царна /муъма нехан а мунепикъ нехан а/ юккъехь керт хIоттор ю шена неI
йолуш‚ цуьнан бухахула къинхетам болуш /муъма нах болу агIо/‚ цуьнан тIехахула
Iазап долуш /мунепикъ нах болу агIо/.

14.

Цаьрга кхойкхура цара /бухахь болчара – мунепикъаша/: “Тхо шуьца дацара ткъа?”
Цара эр: “ХIаъ‚ делахь а шайн догIмаш питане лаьцира аш‚ /тхуна вон хиларе/
ладуьйгIира аш‚ /Делан ваIда/ шеконе лаьцира аш‚ лаамаша Iехийра шу Делан омра
/Iожалла/ далц‚ Делаца Iехийра шу Iехочо /шайтIано/.

15.

Тахана оьцур бац шуьгара мах‚ цетешаш хиллачаьргара а /оьцур бац/. Церан
чугIойла – жоьжахати хир ю. Иза ю шун эла. Ма вон дIадерзар ду-кх иза!”

16.

Хан ца кхаьчна-те иман диллинчаьрна шайна дегнаш муьтIахь хилан Дела хьехорна‚
бакъдолчух доьссинчунна‚ уьш ца хилан хьалха шайга жайна доссинчарех тера?
Церан-м зама яхъелира – дегнаш /къизаллица/ чIагIделира церан. Царех дукханаш
песакъ ма бу.

17.

Шуна хаалаш‚ Дала латта дендо и деллачул тIаьхьа. Оха билгалдаьхна шуна аяташ‚
шу хир дац-те хьекъале.

18.

Баккъалла а, сагIа луш берш‚ божарий а‚ зударий а‚ Далла юхалург хаза декхар а
делларш – Цо тIеттIа алсам дохур ду царна. Царна хир ю сийлахь ял а.

19.

Делах а‚ Цуьнан элчанех а тешнарш – уьш бу бакъберш а‚ шайн Далла гергахь
шахIидаш а. Царна шайн ял а ю‚ нур а ду. Ткъа цатешнарш а‚ Тхан аяташ харцдинарш
а – уьш бу жоьжахатин дай.

20.

Шуна хаалаш: дуьненан дахар – ловзар а‚ самукъадаккхар а ду‚ хазахеташ шайга
хьежар ду‚ вовшашна юккъехь кураллаш яр а ду‚ хьолехь а‚ доьзалехь а вовшийн
юккъехь совбийлар а ду. ДогIех тера ду /иза/: и деача /лаьттах/ йолучу хIуманаша
цецбоху керстанаш. ТIаккха уьш якъало‚ хьуна го уьш можаелла‚ тIаккха хуьлу уьш
кагъелла. Эхартахь нуьцIкъала Iазап ду /керстанашна/‚ Делера гечдар а‚ реза
хилар а ду /муъма нахана/. Ма дац и дуьненан дахар Iехаваларан хIума бен.

21.

Сихло шайн Кхиош-кхобучуьнгара гечдаре а‚ ялсамане‚ шен шоралла стиглан а‚
лаьттан шораллех тера йолчу‚ ша кечъйина йолчу Делах а‚ Цуьнан элчанех а тешаш
хиллачаьрна. И Делан дозалла ду-кх‚ Цо ло и Шена луучунна. И Дела Шегахь сов
доккха дозалла долуш ву-кх.

22.

Цхьа а бохам хир ма бац лаьттахь а‚ шуьгахь шайгахь а /цамгар хиларца/ иза Оха
хилийтале хьалха /Лавхьул-Махьфуз/ жайна чохь язбелла болуш бен. Баккъалла а,
иза Далла атта ду –

23.

/Иза ду/ шу гIайгIане ца хилийтархьама шух дIатилинчух‚ шу даккхий ца
дедийтархьама Цо шуна деллачух. Далла ца веза-кх массо кура верг а‚ ша /наха/
хеставан лууш верг а‚-

24.

Ша бIаьрмециг волуш‚ нахана а бIаьрмециг хила бохуш омра деш волу. Милла а
дIаверзахь /Делан некъах/ – баккъалла а, и Дела Ша хьал долуш ву‚ хастаме а ву.

25.

Оха бахийтира Тхан элчанаш билгалонашца‚ доссира цаьрца жайна а‚ терза а нах
латтархьама нийсона тIехь. Оха доссира эчиг‚ шена чохь чIогIа ницIкъ болуш‚
нахана пайданаш болуш‚ Далла хаархьама‚ мила ву Шена а‚ Шен элчанашна а гIо
лоцуш верг /и Дела/ шена гуш воццушехь. Баккъалла а, и Дела нуьцIкъала ву‚
веза-воккха а ву.

26.

Оха вахийтира Нухь а‚ ИбрахIим а‚ Оха хилийтира церан зуьрретехь пайхамаралла а‚
жайна а. Царех нисвелларг а ву‚ царех дукхаберш песакъ бу-кх.

27.

ТIаккха церан ларца Оха бахийтира Тхан элчанаш. /Церан ларца/ Оха вахийтира
Марьяман кIант Iиса‚ цуьнга делира Оха Инжил‚ цуьнан тIаьхьахIиттинчаьрийн
дегнашкахь хилийтира Оха дог-кIедалла а‚ къинхетам а‚ монашество – иза цара шаьш
кхоьллина ю‚ Оха и лелор царна тIе ца диллина‚ Дела реза хилар лахар а бен‚ иза
тергал ца йина цара тергал ян ма езза. Царех иман диллинчаьрна шайн ял ели Оха.
Царех дукхаберш песакъ бу-кх.

28.

ХIай иман диллинарш! Делах кхералаш‚ Цуьнан элчанах тешалаш – Цо Шен къинхетамах
ши дакъа лур ду шуна‚ Цо хуьлуьйтур ду шуна нур‚ цуьнца шу лелаш‚ Цо шуна
гечдийр ду. И Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву.

29.

/И хоуьйту Аса шуна/ жайнан охIлана хаархьама Делан дозаллин цхьанне хIуманна
тIехь шайна ницIкъ кхочурбоцийла‚ дозалла Делан карахь дуйла: Цо ло иза Шена
луучунна. И Дела Шегахь доккха дозалла долуш ву-кх.