56. АЛЬ-ВАКЪИIА

1.

Ша хилаза ца долург хилича‚

2.

И хилар харцдеш цхьа а /са/ ма дац.

3.

/Дукханаш/ цо охьатаIор бу‚ /дукханаш/ хьалабохур а ма бу.

4.

Латта ластийча ласторца‚

5.

Лаьмнаш даржича даржорца‚

6.

/Царех/ хилча дIасхьаяьржина чан.

7.

Шу а хилча кхаа декъе декъаделла:

8.

Аьтту куьйган дай – муьлш бу и аьтту куьйган дай?

9.

Аьрру куьйган дай – муьлш бу и аьрру куьйган дай?

10.

/Иманца дуьненахь/ хьалхабевлла хилларш – хир бу /ял шайна яларца къемат
дийнахь/ хьалхабевлла берш.

11.

Уьш хир бу /Далла/ гергахь

12.

НиIматийн бошмашкахь.

13.

Хьалхарчех цхьа тоба‚

14.

ТIаьхьачарех цхьа кIеззиг берш

15.

/Деших‚ жовхIарех/ тегначу маьнганий тIехь хир бу.

16.

Царна тIетевжина‚ вовшашна дуьхьарбирзина.

17.

Царна /гIуллакх деш/ тIехьийзар бу гуттар къона кегирхой

18.

Стаькнашца‚ кIудалшца‚ чагIаран шовдан кадаца –

19.

Кортош лезар дац церан цунах‚ бехар а бац уьш.

20.

Стоьмаш хир бу царна шаьш хаьржинчех‚

21.

Хьозан жижиг хир ду царна шайна дукхадезачух‚

22.

Iаьржа‚ баккхий бIаьргаш болу мехкарий а хир бу‚

23.

НуьцIкъала Iалашдечу луълуъах тера болу –

24.

Цара деш хиллачун бекхаман дуьхьа ду иза.

25.

Царна хозур дац цу чохь /ялсаманехь/ деса хабарш а‚ къинош дина бохуш бехкаш а –

26.

Деккъа “Салам!” “Салам!” олу дош бен.

27.

Аьтту куьйган дай – муьлш бу и аьтту куьйган дай?

28.

КIохцалш доцчу лотос диттийн юккъехь хир бу /уьш/‚

29.

ТIетта стомех дуьзначу тIалхь диттийн юккъехь /хир бу/‚

30.

Дехха даьржинчу IиндагIехь хир бу‚

31.

Гуттар оьхачу хина юккъехь хир бу‚

32.

Дуккха стоьмийн юккъехь хир бу‚

33.

Шаьш царех хадор боцчу‚ духа тухур боцчу‚

34.

Хьала айбинчу маьнганий тIехь.

35.

Баккъалла а, Оха кхиина уьш кхиорца‚

36.

Оха хилийта уьш йоI-цIена

37.

Шайн майраш дукхабезаш‚ царца цхьана хеннара‚

38.

Аьттачу куьйган дайшна /хир бу уьш/‚

39.

/Уьш бу/: хьалхалерчех цхьа тоба‚

40.

Кхечарех цхьа тоба.

41.

Аьрру куъйган дай – муьлш бу и аьрру куьйган дай?

42.

Уьш хир бу цIе еттачу махехь‚ цIийдинчу хина юккъехь‚

43.

Сов Iаьржачу дохкан Iиндагехь‚

44.

Ша шила доцчу‚ ша /дегIана/ таме доцчу.

45.

Баккъалла а, уьш ма бара оцул хьалха зовкх хьоьгуш.

46.

Баккъалла а, уьш бара къар ца луш доккха къа деш.

47.

Уьш бара олуш: “Тхо делча‚ тхоьх поппар а‚ даьIахкаш а хилча тхо духа дендийр
ду?”

48.

Я тхан хьалхалера дай /денбийр бу/?

49.

Ахьа ала: “Баккъалла а, хьалхалераш а‚ тIаьхьарлераш а.

50.

Гулбийр ма бу билгалчу /къемат/ дийнан тоьхначу ханна.

51.

ТIаккха баккъалла а, аш‚ хIай тила делларш‚ /бакъдерг/ харцдийнарш‚

52.

Дуур ма ду заккъум диттах /стоьмаш/‚

53.

Юзор ма цунах /шайн/ гайш‚

54.

Цуьнан тIе /аш/ молур ма ду цIийдинчу хих‚

55.

/Аш/ молур ма ду хьогъеллачу эмкалан малар.

56.

Иза ду царна кечдийнарг Бекхаман дийнахь.

57.

Оха кхоьллина шу‚ аш хIунда бакъ ца до /дин/?

58.

Шуна ца го шаьш хIу тосуш?

59.

Аш кхуллуш ду иза /адам/ я Тхо ду кхуллурш?

60.

Оха билгалдаьккхира шуна юккъехь валар‚ Тхо тIаьхьа дуьсур дац

61.

Шу хийцон шух терачарех‚ шу кхоллан шуна ца хуучу кепара.

62.

Шуна девзира-май дуьххьашхалгIа кхоллар‚ аш ойла хIунда ца йо?

63.

Шаьш дуьйш дерг /ялта/ гой шуна?

64.

Шу ду и /лаьттах/ кхуьуьйтуш дерш я Тхо ду и кхуьуьйтуш дерш?

65.

Тхуна лиънехьара‚ Оха екъа яр хуьлуьйтур яра цунах‚ шу цецдевла дуьсур ма дара‚
/олуш/:

66.

“Баккъалла а, тхо декхаран кIел ма дисина.

67.

ХIаъ‚ тхо хIумма доцуш ма диси”.

68.

Шуна гой шаьш молуш долу хи?

69.

Аш даийтина иза мархийн юккъера я Тхо ду и доуьйтург?

70.

Тхуна лиънехьара Оха и дуьра холуьйтур дара /шуна мала ца луш/‚ баркалла а
хIунда ца олу аш?

71.

Шуна гой цIе‚ шаьш латаеш йолу?

72.

Аш кхиина цуьнан дитт я Тхо ду и кхиош дерг?

73.

Оха хилийтина иза /жоьжахатин цIе/ дагайоуьйтуш ерг а‚ есачу арахь болчарна
пайда оьцу хIума а хилла /царна нах бехаш болу меттиг йовзуьйтуш/.

74.

Хьан сийлахь-воккха волчу Кхиош-кхобушволчун цIе хастае!

75.

ТIаккха Аса дуй боу седарчий дIадузу меттигах.

76.

Баккъалла а, и дуй‚ шуна хаахьара‚ Iаламат боккха бу!

77.

Баккъалла а, иза сийлахь КъурIан ду

78.

Iалашдинчу жайна чохь.

79.

Цунах хьакха ца ло цIена берш бен.

80.

Охьадоьссина ду иза Iаламийн Дегара.

81.

И хабар а ца лоруш ду шу?

82.

И /дин/ харцдешдерг шайна рицIкъ хуьлуьйтуш ду шу?

83.

/И са долуш/ къанкъаркъе кхаьчнехьара‚

84.

Цу кепахь а шу хьоьжуш Iийр дара?

85.

Тхо вуно гергахь ду цуна шул‚ делахь а шуна ца го.

86.

Шу ца хиллехьара /къематдийнахь/ шайгара бекхам оьцуш‚

87.

Аш духадерзор дара и /са/ шаьш бакъ луьйш хиллехь?

88.

Амма иза хиллехь /Далла/ гергарчарех‚-

89.

/ТIаккха цуна/ ду садаIар‚ дог пархатдалар а‚ ниIматийн бошмаш а.

90.

Амма иза хиллехь аьтту куьйган дех –

91.

ТIаккха салам ду хьуна аьтту куьйган дайшкара.

92.

Амма иза хиллехь /дин/ харцдиначарех‚ тилабеллачарех –

93.

Цуна ду хьошалгIа тIелацар цIийделлачу хих‚

94.

Жоьжатехь вагар а.

95.

Баккъалла а, иза хьакъ-бакъдерг ду-кх!

96.

Ахь хастае хьан сийлахь-воккхачу Кхиош-кхобучун цIе!