1. |
Сов къинхетаме верг. |
2. |
Цо Iамадина /Шен пайхамарна/ КъурIан. |
3. |
Цо кхоьллина адам. |
4. |
Цо Iамадина цуна /адамна/ хаар. |
5. |
Малх а‚ бутт а /Цуьнан/ хьесапаца /дIасхьалелаш/ бу. |
6. |
Седа а‚ дитт а /Цуна/ сужд деш ду. |
7. |
Стигал – Цо иза аййина‚ Миза-терза дIахIоттина. |
8. |
Шуьга харцо ца яйта /терзанца/ озарехь. |
9. |
Озар-эцар хIоттаде нийсонца‚ эша ма е терза! |
10. |
Латта а дIадаржина Цо Шен Iаламна! |
11. |
Цуьнан /лаьттан/ тIехь стоьмаш болу‚ кедалгаш долу хурманан дитт а /долу/. |
12. |
Буьртигаш /долу/ ча-гIад долуш хаза хьожа йолу баццаш а. |
13. |
Шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо /хIай адам а‚ жин а/? |
14. |
Цо кхоьллира адам бекъачу поппарах кхийра пхьегI санна (топпаран пхьегI санна). |
15. |
Цо кхоьллира жин кIура ца болучу /цIеначу/ цIерах. |
16. |
Шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо /хIай адам а‚ жин а/? |
17. |
Шинан малхбален а Дела ву Иза‚ шинан малхбузен а Дела ву. |
18. |
Шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо /хIай адам а‚ жин а/? |
19. |
Цо паргIат битира Ши хIорд /дуьра берг а‚ теза берг а/ вовшашца цхьаьнакхетан. |
20. |
Царна шиннан юккъехь дуьхьало ю уьш вовшийн тIе ца кхийдан. |
21. |
Шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо /адам а‚ жин а/? |
22. |
Схьадолу цу шина /хIордах/ луълуъ а‚ маржан а. |
23. |
Шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо /хIай адам а‚ жин а/? |
24. |
Цуьнан ду хIоьрдачухула дIалела кеманаш лекхачу лаьмнех тера. |
25. |
Шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо /хIай адам а‚ жин а/? |
26. |
Массо цу /лаьттан/ тIехь верг хIаллак хир ву. |
27. |
Юьсур ю хьан Кхиош-кхобучун юьхь‚ Шегахь сийлахьалла а‚ коьмаьршалла а долу. |
28. |
Шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо‚ аш шиммо /хIай адам а‚ жин а/? |
29. |
Цуьнга доьху стигланашкахь а‚ лаьттахь а болчаьра. Массо дийнахь Иза гIуллакхлахь ву. |
30. |
Шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо‚ аш шиммо /хIай адам а‚ жин а/? |
31. |
ТIаьхьа мукъадер ду Тхо шуна /гIуллакхна/‚ хIай жинаш а‚ адамаш а. |
32. |
Шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо /хIай адам а‚ жин а/? |
33. |
ХIай жинийн а‚ адамийн а гулам! Шайна магахь стигланийн а‚ латтан а дозанийн дехьадовла‚ довлал! Шу дер-м дац цхьаьна бакъонца бен. |
34. |
/ТIаккха/ шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо? |
35. |
Шуна шиннан тIе йоуьйтур ю цIеран алу /кIура боцу/‚ кIура а‚ гIо дийр дац шуна. |
36. |
ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо? |
37. |
Стигал йедича‚ иза юьсур ю цIиелла басар санна. |
38. |
ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо‚ аш шиммо? |
39. |
Оцу дийнахь шен къих хоттур ма дац адаме а‚ жине а. |
40. |
ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо? |
41. |
Къинош динарш бевзар бу шайн билгалонашца а‚ схьалоцур бу кIужалашца а‚ когашца а. |
42. |
ТIаккха шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо? |
43. |
ХIара ю и жоьжахати къиношдиначаьра ша харц еш хилла йолу. |
44. |
Цара гонаш бохур бу цуьнан а цIийдинчу хинан а юккъехула. |
45. |
ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо? |
46. |
Шен Кхиош-кхобучунна хьалха хIоттарах кхийринчуьнна ши беш хир ю. |
47. |
ТIаккха шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо? |
48. |
Гаьннаш долуш /ю и ши ялсамани/. |
49. |
ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо? |
50. |
Цу чохь оьхуш ши шовда ду. |
51. |
ТIаккха шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо? |
52. |
Цу шина /ялсамани/ чохь хIора стоьмах ши тайпа бу. |
53. |
ТIаккъа а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо? |
54. |
Уьш /дика Iамалш йинарш/ хир бу маьнганий тIе тевжина‚ /цу маьнганийн/ чоь езадарех йина йолуш. Цу ялсамани чохь /стоьмаш/ баха гергахь хир бу. |
55. |
ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо? |
56. |
Цу /ялсамани/ чохь бIаьрг оьзда мехкарий хир бу‚ шайх царел хьалха цхьа а адам а‚ жин а хьакхаделла боцу. |
57. |
ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо‚ аш шиммо? |
58. |
Шаьш якъут а‚ маржан санна хир бу уьш. |
59. |
ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо? |
60. |
ТIкъа диканан бекхам диканиг бен бу-й? |
61. |
ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо? |
62. |
И шиъ йоцург кхин ши беш хир ю. |
63. |
ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо? |
64. |
ТIаьIна баьццара босахь /ю и ши беш/. |
65. |
ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана иакарло йо аш шиммо? |
66. |
Царна чохь хи кхуьссуш ши шовда хир бу. |
67. |
ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо? |
68. |
Царна чохь стоьмаш хир бу‚ хурма а‚ нар а хир ю. |
69. |
ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо? |
70. |
Царна чохь дика‚ хаза /мехкарий/ хир бу. |
71. |
ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо? |
72. |
Iаьржа бIаьргаш болуш‚ оьзда мехкарий хир бу шайн четаршкахь. |
73. |
ТIаккха шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо? |
74. |
Шайх царел хьалха цхьа а адам а‚ жин а хьакхаделла боцу. |
75. |
ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо? |
76. |
Шаьш тIетоьвжина болуш баьццарачу гIайбанийн‚ хазаллих буьззинчу кузашна а. |
77. |
ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо? |
78. |
Беркате хилла хьан Кхиош-кхобучун цIе‚ Шегахь сийлахьалла а‚ коьмаьршалла а долу. |