52. АТI-ТIУР

1.

Ламах /дуй боу Аса/.

2.

Сиз хьаькхна хилла долчу жайнаца а /дуй боу Аса/.

3.

Ша даржийначу анний тIехь /яздина/ хилла долчу.

4.

Шена зиярат дечу цIийнаца а /дуй боу Аса/.

5.

Айбина хилла болчу тховаца /стигал/ а /дуй боу Аса/.

6.

Буьззана болчу хIоьрдаца а.

7.

Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобуш волчун Iазап доьжна ма ду (догIур долуш ма ду).

8.

Ма дац цуна ша духатухург.

9.

Стигал дIатохалер йолчу /къемат/ дийнахь тохаяларца.

10.

Лаьмнаш а дIадоладелча дIадоладаларца.

11.

Бала бу-кх оцу дийнахь /дин/ харц диначаьрна.

12.

Шаьш харцона чохь ловзуш болчу.

13.

Оцу дийнахь уьш кхойкхур бу жоьжахатин цIарга кхайкхарца.

14.

/Эр ду цаьрга/: “ХIара ю и цIе‚ шу ша харц еш хилла долу.

15.

Бозбуанча ду хIара я шу ца гуш ду?

16.

Дага цу чохь‚ собар де я ма де /цIарна/ – цхьатерра ду шуна. Шуна бекхам беш бу
аш еш хиллачу Iамалшца”.

17.

Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш – бошмашкахь а‚ ниIматашкахь а ма бу

18.

Зовкх хьоьгуш шаьш Кхиош-кхобуш волчо шайна деллачуьнца‚ шаьш Кхиош-кхобуш волчо
жоьжахатин Iазапах хьалхадахарца.

19.

/Эр ду цаьрга/: “ГIоза даа‚ мала шайна шаьш еш хиллачу Iамалш бахьанехь”.

20.

Вовшашца могIаршца лаьттачу маьнганий тIе тевжина /хир бу уьш/. Оха балор бу
царна хьурал Iинаш.

21.

Шаьш иман диллина хилла берш‚ шайн зуьррет а иманца шайна тIаьхьахIоьттина
хилларш – царех тухур ду Оха церан зуьррет а. Церан Iамалех хIумма а эшор а яц
Оха. Массо стаг а ша гулдинчуьнца закъалт ву.

22.

Оха латтор бу царна стоьмаш а‚ жижиг а – царна мел езнарг а.

23.

Цара вовшашка кхийдор бу чагIаран кад‚ шеца /и молуш/ деса къамелаш доцуш‚ къа а
доцуш болу.

24.

Царна /гIуллакх деш/ тIехьийзар бу кIентий-ялхой‚ шаьш Iалашбеш болу луълуъ
санна.

25.

Уьш вовшашна тIегIур бу хоьттуш.

26.

Цара эр ду: “Баккъалла а, тхо ма дара хьалха тхан доьзалах кхоьруш /уьш
хIаллакхиларна/.

27.

Дала къинхетам бина тхоьх. Цо кIелхьарадаьхна тхо самуман Iазапах.

28.

Баккъалла а, тхо дара хьалха /дуьненахь/ Цуьнга доIанаш деш. Баккъалла а, Иза ву
диканиг а‚ кхинхетаме верг а”.

29.

/Керстанашна/ кхерам тасарна тIехь даиман латта! Хьан Делан ниIматаца хьо вац
бозбуанча а‚ жиних верг а.

30.

Я цара олу: “Илланча ву. Хьовсар вай – замано дIалистар ву иза”.

31.

Ахьа ала: “Хьовса шу. Со а шуьца цхьаьна хьовсачарех ву”.

32.

Я церан набаран гIенаша хьоьхуш ду-те и царна‚ я иза дозанах даьлла халкъ
ду-те?

33.

Я цара олу: “Цо кхоьллина иза?” ХIаъ‚ уьш ца теша-кх.

34.

Цуьнах тера дийцар дахьийла цара шаьш бакълуьйш балахь!

35.

Я уьш хIумма йоцчу хIуманах кхоьллина бу‚ я уьш шаьш бу кхуллурш?

36.

Я цара кхоьллина стигланаш а‚ латта а? ХIаъ‚ баккъалла а, хьакъ мадду ца хаьа-кх
царна.

37.

Я цаьргахь ю хьан Делан хазнаш‚ я уьш бу урхалла деш?

38.

Я цаьргахь лами бу‚ /уьш шеца Iарш тIе бовлуш/ ладугIуш цу чохь /дуьйцучуьнга/?
Схьадаладе церан ладугIачо билгала делил!

39.

Я Цуьнан мехкарий бу‚ шуна кIентий бу?

40.

Я ахьа цаьрга мах боьху уьш декхарша хьулбина болуш?

41.

Я цаьргахь къайле ю‚ цара дIаяздеш?

42.

Я мекарло езаш бу уьш? Цатешаш хилларш – царна йина мекарло!

43.

Я церан АллахI воцург кхин дела ву? ЦIена ву и Дела цара /Шеца/ накъост лацарх!

44.

Царна стиглара охьа йогIуш кийсагаш гичи а‚ цара эр ма дара: “ТIеттIа йолу марха
ю”.

45.

Бита уьш‚ шегахь ткъес йолу шайн денца цхьаьнакхетталц.

46.

Оцу дийнахь церан мекарлос цхьанне хIуманах кIелхьара бохур бац уьш‚ царна гIо
хир дац!

47.

Баккъалла а, зулам диначаьрна цул совнаха Iазап хир ду‚ делахь а царех вуно
дукха болчарна ца хаьа-кх.

48.

Хьан Делан хьукамна собаре хила. Хьо Тхан бIаьргийн хьалха ву. Ахьа хьан Далла
хастам беш тасбахь де хьуьо хьалагIеттича.

49.

Буьйсана а тасбахь де Цуна‚ седарчий дIа тилаш а /де тасбахь/.