50. КЪАФ

1.

Къаф. Сийлахь долчу КъурIанора /хьо Делан элча ма ву/.

2.

ХIаъ‚ ма цец баьли уьш шайга шайн юккъера кхерамча варх‚ керстанаша элира:
“ХIара тамаше хIума ду:

3.

Вай делча‚ вайх поппар хилча‚ /вай духа дендийр ду бохург/ – иза дукха генара
духадерзар ду”.

4.

Тхуна хиира мел лаьтто царех дIахьош бу – Тхоьгахь Iалаш деш долу жайна ма ду.

5.

Цара харцдира бакъдерг /КъурIан/ иза шайга деъначул тIаьхьа‚ тIаккха уьш дукха
кегаделлачу гIуллакхехь бу-кх.

6.

Уьш ца хьоьжу стигала шайна тIехахула‚ муха хIоттина Оха иза /цхьа а бIогIам а
боцуш‚ муха/ хазйина‚ цуьнан цхьа а Iуьрг а ма дац.

7.

Латта а даржина Оха‚ цу чохь дихкина Оха лаьмнаш‚ цу чохь ялийтина Оха массо
хазачу шиннах /ораматах/.

8.

Гар а‚ хьехам а хилла /халийтина Оха уьш/ массо воьрзачу /Тхоьга тобанца/ лена.

9.

Оха доссадина стиглара беркате хилла долу хи‚ цуьнца Оха ялийтина бошмаш а‚
ялтан буьртиг а.

10.

Хурманаш‚ ехха шайн тIеттIа стоьм а болуш.

11.

/Делан/ лешна рицIкъ а хилла. Цуьнца /догIица/ Оха денбина белла болу мохк.
Иштта /хир/ ду /шун кешнийн чуьра/ арадовлар а.

12.

Харцдира /бакъдолу дин/ царел хьалха Нухьан къамас а‚ Рассан дайша а‚ Самудаша
а‚

13.

Iадаша а‚ ФирIавно а‚ ЛутIан вежарша а‚

14.

Айкатан дайша а‚ ТуббаIан къамо а /Цара/ массоша харцбира элчанаш – бакъ хиллера
Сан кхерам /царна тIехь/.

15.

НицIкъ ца кхочуш дисира Тхо хьалха кхолларехь /стигланаш а‚ латта а/? ХIаъ‚ уьш
шеконехь бу керлачу кхолларах /денбарх/.

16.

Оха кхоьллира адам‚ Тхуна хаьа цуьнан сино кхуьссу васвасалла. Тхо герга ду цуна
лаган пхал а.

17.

ТIеоьцу /стаго дийриг/ шино тIеоьцучу /малико/ аьтту агIорхьара аьрру агIорхьара
а /шаьш/ хевжина долуш.

18.

Цхьа а дош олуш ма дац цо шена гергахь кийча волу тергалдеш верг волуш бен
/дIаяздеш малик/.

19.

Валаран вахар деара /эхартан гIуллакх/ бакъ хиларца. Иза дара хьо шех водуш
/кхоьруш/ верг.

20.

Сур лекхира – иза ду ша /Дала керстанашна Iазап дир ду аьлла/ ваIда йина де.

21.

Деара массо са шеца дIалоллург а‚ теш а волуш /шеца маликаш а долуш/.

22.

Хьо хиллера хьокхунах гIапал волуш /тидаме ца оьцуш/ – Оха айдира хьан
/бIаьргийн/ тIера кирхьа – тахана хьан бIаьрса ира хилира.

23.

Элира цуьнан накъосто /цунна тIе хIоттинчу малико/: “ХIара ду соьгахь /хьуна/
кечдинарг” – /жоьжахатин Iазап/.

24.

/Омра хир ду/: “Аша шиммо /тIехIоьттинчу малико/ кхосса жоьжахати чу массо
нуьцIкъала /дуьхьал/ волу керста.

25.

Диканах /нах/ духатухуш хилла волу‚ дозанах ваьлла хилла волу‚ /динехь нахе/
шеко йойтуш хилла волу.

26.

Иза ву ша Делаца кхин дела хилийтинарг‚ аша шиммо /омра шина малике ду/ кхосса
иза чIогIачу Iазапа чу”.

27.

Цуьнан накъосто элира: “Тхан Кхиош-кхобушверг! Аса ца тилина иза‚ тек иза ша
хили-кх генарчу тиларчохь”.

28.

Элира /Дала/: “Аш ма къийса Суна гергахь. Аса хьалха /дуьненахь/ бахийтира шуна
Сан кхерам.

29.

Дош хийцор дац Суна гергахь. Со вац зулам дийр долуш Сан лешна”.

30.

Оцу дийнахь Оха эр ду жоьжахатига: “Хьо юьзний?” Цо эр: “Кхин сов бу-й?”
/чубахка/.

31.

Гергаялира ялсамани /Делах/ кхоьручаьрна гена йоцуш.

32.

ХIара ду шуна хир ду аьлларг массо /тоба дарца/ Далла тIе воьрзучунна‚ /дин/
Iалашдечунна.

33.

Къинхетаме волчунах кхоьруш хиллачунна Иза шена гуш воццушехь‚ Ша /Далла тIе/
доьрзучу дагца веъна волчу.

34.

ЧугIо цуна машарца! ХIара ду гуттаренан де.

35.

Царна шайна луург ду цу чохь. Тхоьгахь тIетоха а ду.

36.

Мел хIаллакьйина Оха царел хьалха тIаьхьенаш‚ уьш царел мелхо а чIогIа а болуш
нуьцIкъаца. Уьш дIа-схьаийдира махкахула‚ ю-й техьа /валарх/ кIелхьарабовла
меттиг?

37.

Баккъалла а, цу чохь хьехам бу-кх шена дог долчунна‚ я ша лерг диллинчунна
/ладогIа/ ша теш а волуш.

38.

Оха кхоьллира стигланаш а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь мел дерг а ялх дийнахь‚
Тхоьх ца хьакхаделира цхьа а кIаддалар.

39.

Ахьа собар де цара дуьйцучунна тIехь‚ тасбахь де хьуьо Кхиош-кхобуш верг
хасторца малх схьакхетале а‚ дIабузале а.

40.

Буьйсанах а – тасбахь де Цуна‚ сужданийн /ламазийн/ тIаьхьа а.

41.

ЛадогIа оцу дийнахь кхойкхучо кхойкхур долчу гергарчу меттера.

42.

Оцу дийнахь царна хозур бу мохь /юха денбар/ бакъдеш. Иза арадовлу де ду
/кешнашкара/.

43.

Баккъалла а, Оха денбо‚ Оха болуьйту‚ Тхуна тIе ду дIадерзар а.

44.

Оцу дийнахь латта дедар ду царех /уьш/ сихлуш /шаьш кхойкхучунна тIе/. Иза
гулдар Тхуна атта ду.

45.

Тхо дика хууш ду цара олург. Хьо вац царна тIехь ницIкъ бан. Хьехам бе КъурIанца
Сан кхерамах кхоьруш волчунна.