47. МУХЬАММАД

1.

Шаьш цатешарш а‚ Делан некъах /нах/ тилийнарш а – Цо дIатилина церан Iамалш
/цара дуьненахь динчу диканна дуьхьал дуьненахь дикачуьнца бекхам хир бу царна,
эхартехь церан Iамалаш хьесапе оьцур яц/.

2.

Иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а‚ Мухьаммаде доссош хиллачух тешнарш а –
иза церан Кхиош-кхобушволчуьнгара бакъдерг ду – Цо дIаийцина цаьргара церан
къинош‚ тодина церан гIуллакх.

3.

Иза ду цатешнарш тIаьхьахIуттуш хиларна харцдолчунна‚ иман диллинарш
тIаьхьахIуттуш хиларна шайн Кхиош-кхобушволчуьнгара бакъдолчунна. Иштта дало
Дала нахана шайн масалш.

4.

Шаьш дуьхьал кхетча цатешначаьрца – лагах тоха аш уьш гIелбаллалц‚ чIагIъе
буржолаш – тIаьхьа къинхетам бер я дуьхьал мах оьцур – тIамо шен муьхь
охьабиллалц. Иза Далла лаахьара Цо толам лур бара царна тIехь‚ делахь а шун
цхьаберш вакхарца зерхьама /бойту Дала тIемаш/. Делан новкъахь байинарш – Цо
янне а дIатилор яц церан Iамалш.

5.

Цо нисбийр бу уьш‚ тодийр ду церан гIуллакх.

6.

Цо бухкур бу уьш ялсамани чу‚ Ша царна йовзийтина йолчу.

7.

ХIай иман диллинарш! Аша Далла гIо дахь /Цуьнан гIуллакхна/‚ Цо шуна гIо дийр
ду‚ шун ког чIагIбийр бу.

8.

Цатешнарш – хIаллакхилар ду царна‚ Цо дIатилина церан Iамалш.

9.

Иза царна ца дийзина дела Дала охьадоссинарг – Цо дIаяйа церан Iамалш.

10.

Уьш ца лела лаьттахула‚ ца хьоьжу‚ муха хилла царел хьалхалерачаьрийн тIаьхье?
Дала аьтира уьш. /ХIокху/ керстанашна а цуьнах тераниг хир ду.

11.

Иза Дела иман диллинчаьрийн доладийриг волу дела ду‚ ткъа керстанаш – церан
доладийриг вац.

12.

Баккъалла а, Дала бухкур бу иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а бошмашка‚
шайн бухахула хиш лелаш долчу. Ткъа цатешнарш /кIеззиг/ зовкх хьоьгур ду /кху
дуьненахь/‚ дуур ду бежнаша ма дуу – /тIаккха жоьжахатин/ цIе ю царна чохьIайла.

13.

Мел юрт‚ шаьш хьо шена чуьра ара ваьккхина хьан юьртал (Маккал) мелхо нуьцIкъала
йолуш йолу‚ хIаллакьйина Оха‚ ма ца хилира царна цхьа а гIоьнча.

14.

Ша Кхиош-кхобушволчуьнгара билгалона тIехь верг тера ву ткъа шен Iамалан вониг
шена хазахетачух‚ шайн дезаршна тIаьхьахIоьтинчух?

15.

/Делах/ кхоьручаьрна хир ю аьлла йолчу ялсаманин масал: цу чохь татолаш ду /чам
а‚ хьожа а/ ца хийцалучу хих а‚ шен чам ца хийцалучу шурин татолаш ду‚
молучаьрна чIогIа чомехь долчу чагIаран татолаш ду‚ цIеначу мозан татолаш а ду.
Царна цу чохь массо стоьмех /стоьмаш/ бу‚ шаьш Кхиош-кхобушволчуьнгара гечдар а
ду. Уьш /ялсаманин дай/ тера бу-й гуттар цIергахь болчарех /жоьжахатин дайх/
шайна кхахкина хи малош болчу – тIаккха цо церан чуьйраш хадош болчу?

16.

Царех хьоьга ладугIурш бу шаьш хьо волчуьра ара ма баьллинехь цара олура шайгахь
Iилма долчаьрга: “ХIун элира цо /Мухьаммада/ хIинца хьалха?” Уьш бу Дала шайн
дегнашна тIе мухIар тоьхнарш‚ шайн дезаршна тIаьхьабаьлларш.

17.

Шаьш нисбелларш а – Цо совбехира нийсачу некъаца‚ Цо делира царна /Делах/
кхерар.

18.

Уьш хьоьжур бу-й сахьте иза шайна дарх цIеххьана. Цуьнан /цхьацца/ шартIаш ма
деъна. Мичара хир бу царна иза шайна деъча шайн хьехам? /Цо гIо дийр дац царна
тIаккха/.

19.

Хьуна хаалахь‚ кхин дела вац ша АллахI бен‚ гечдар деха хьан къина а‚ муъма
божаршна а‚ муъма зударшна а. Дела хууш ву шун дIасхьаийдир /дийнахь/‚ шун
чудерзар а /буьйсана/.

20.

Иман диллинчаьра олу: “Сурат доьссинехьара”. Хьукаме долу сурат доссича‚ цу чохь
тIом хьахийча‚ хьуна ги шайн дегнашкахь цамгар ерш хьоьга хьоьжуш шена вала
хорша енарг санна. Царна мелхо таме дара –

21.

МуьтIахь хилар а‚ хаза дош а /там бара цаьргара хьуна хила/. ГIуллакх
сацаделлачу хенахь уьш Деле бакълийча – дика дара-кх царна.

22.

Шу хила мега шаьш /иманах/ дIадирзича боьханиг даржадеш лаьттахь‚ гергарлонаш
тоьдуш?

23.

Уьш Дала шайна неIалт аьлларш бу‚ тIаккха къора бина Цо уьш /бакъдерг ца хозуш/‚
бIаьрсаза а бина /бакъдерг ца гуш/.

24.

КъурIанах ойла ца йо цара‚ я церан дегнашкахь догIанаш ду?

25.

Баккъалла а, шаьш хьалха хиллачунна /керстаналлина/ тIе бухабирзинарш шайна
нийса некъ билгалбаьллчул тIаьхьа – шайтIано хаздина царна /шайн боьха
гIуллакхаш/‚ цо дагакхуьссуш ду царна /Делан некъах тилар/.

26.

Иза ду цара аларна Дала доссош дерг /КъурIан/ ца дезаш хиллачаьрга: “Тхо
муьтIахь хир ду шуна цхьадолчу гIуллакхашкахь”. Далла хууш ма ю церан къайленаш.

27.

Муха /хир ду церан хьелаш/ уьш маликаша дIакхалхинчу хенахь‚ цара царна етташ
яххьийх а‚ баккхийх а?

28.

Иза ду уьш Дела оьгIузвоккхучунна тIаьхьахIоттарна‚ Иза реза хилар царна ца
дезарна – тIаккха Цо дIаяйа церан Iамалш.

29.

Шайн дегнашкахь цамгар йолучаьрна меттана-те Дала цIаьллига цIа шайн мостагIалла
/гуча/ ара йоккхур яц?

30.

Тхуна лиъча Оха гайтина хир бара уьш хьуна – тIаккха хьуна бевзина
хир бара уьш шайн билгалонашца. Хьуна бовзанне а бовзур бу уьш дешан
аьзнашца. Дела хууш ву-кх шун Iамалш.

31.

Оха зенне зуьйр ду шу Тхуна шух джихIад кхочуш дийраш а‚ собар дийраш а бовзалц‚
Оха зуьйр ду шун хабарш а.

32.

Баккъалла а, цатешнарш а‚ Делан некъах /нах/ тилинарш а‚ шайна нийса некъ
билгалбаьллачул тIаьхьа элчанца мостагIалла лелинарш а – цара хIумма зен дийр ма
дац Далла‚ тIаьхьа Цо дIайойур ю церан Iамалш.

33.

ХIай иман диллинарш! Далла муьтIахь хила‚ Делан элчана муьтIахь хила‚ шайн
Iамалш ма яйа.

34.

Баккъалла а, цатешнарш‚ Делан некъах /нах/ дIатилинарш‚ тIаккха керста хьолехь
белла берш – Дала цIеллига цIа гечдийр дац царна.

35.

Шу ледар ма довлалаш‚ машаре /керстанаш/ ма кхайкхалаш‚ шу хьалахь /нуьцIкъала/
долуш‚ Дела шуьца ву шуна‚ Цо эшор яц шуна шун Iамалш.

36.

Баккъалла а, дуьненан дахар ловзар а‚ сакъерар а ду. Аш иман диллахь‚ шу /Делах/
кхерахь – Цо шуна лур ю шун ял‚ доьхур дац шун даьхний а /деккъа закат даккхар
бен/.

37.

Цо шуьга /дерриге даьхний/ доьхуш делхьара‚ шуна тIевирзина и доьхуш‚ шу
бIаьрмац хир дара‚ Цо гуча йоккхур яра шу /динехь йолу/ мостагIалла.

38.

ХIай шаьш кхойкхуш дерш Делан новкъахь харж ян – шух бIаьрмацаза (пис) верг –
шена бIаьрмацаза (пис) ма ву. Дела хьал долуш ма ву‚ шу пекъарш ма ду. Шу
духадовлахь /иманах/ Цо хийцор ду шу шу доцу кхечу къамаца‚ тIаккха уьш хир бац
шух тера.