43. АЗ-ЗУХРУФ

1.

Хьа-мим.

2.

Билгалчу жайнаца /дуй боу Аса/.

3.

Оха хилийтина цунах Iарбийн КъурIан – шу хьекъале хир дацара-те?

4.

Баккъалла а, иза /КъурIан/ жайнан нена чохь ду Тхан гергахь‚ лекханиг а ду‚
хьукаме дерг а ду /ша/.

5.

Ткъа Оха шух ца тухуш буьтур бу хьехам шу тIаламза къам хили аьлла?

6.

Мел пайхамар вахийтина Оха хьалхалерачашкахь!

7.

Цхьа а пайхамар ца веъна цаьрга цара иза сийсаза веш бен.

8.

Оха хIаллакбина царех /хьан къамал/ ницIкъаца чIогIа берш – дIадахана
хьалхалерчийн масал.

9.

Ахьа цаьрга хаьттича‚ хьан кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ цара аланне а эр ду
хьуна: “Уьш кхоьллина Ша везза волчо‚ Ша хууш волчо /Дала/!”

10.

Ишттаниг ву Иза хилийтина шуна лаьттах /вижа/ мотт‚ Ша хилийтина шуна цу чохь
/лаьттахь/ некъаш – шу нийсачу новкъахь хир дацара-те.

11.

Ишттаниг а ву Иза Ша /тIетта/ доссадеш стиглара хи барамехь – Оха денбина цуьнца
белла болу мохк. Иштта шу /кешнашкара/ арадохур ду /къематдийнахь/.

12.

Ишттаниг а ву Иза Ша массо хIума шиш-шиш кхоьллина‚ Ша хилийтина шуна кеманах а‚
бежнех а шуна тIеховжа хIуманаш

13.

Шу дIанисдалийтан церан баккъаш тIехь‚ тIаккха аша хьехадан шайн Кхиош-кхобучун
ниIмат шаьш царна тIехь дIанисделча‚ аша алан: “Вонах цIена ву И ша тхуна хIара
муьтIахь йинарг‚ тхуна цу тIехь ницIкъ кхочур ма бацара.

14.

Баккъалла а, тхан Кхиош-кхобучуьнга дIадоьрзуш ма ду тхо”.

15.

Цара ма хилийти Цуна Цуьнан лех цхьа дакъа. Баккъалла а, адам билгала керста
хили-кх.

16.

Я Цо лаьцна Ша кхоьллинчух мехкарий‚ ткъа шу хаьржина кIенташца?

17.

Царех цхьаннена кхаъ беккхича шаьш Къинхетам болчун масал далийначуьнца –
Iаржалой лаьтта цуьнан юьхь‚ халла оьгIазло юхаозаеш /и шена йоI хилар ца
дезаш/.

18.

Ткъа хазаллашкахь кхиънарг, ша къийсамехь /бакъдолчуьнца/ билгала ца яьлларг
(зудастаг хуьлуьйту цара Далла)?

19.

Цара хилийти маликаш‚ шаьш Къинхетам болчун леш долу‚ зударий. Уьш /хьоьжуш/
бара-те уьш /маликаш/ кхуллучу хенахь? ДIаяздийр ма ду церан тешалла‚ цаьрга
хоттур ма ду.

20.

Цара элира: “Къинхетам болчун лиънехьара‚ оха царна /маликашна/ Iибадат дина хир
дацара”. Царна цуьнца цхьа а Iилма дац. Уьш бац харц луьйш бен.

21.

Я Оха жайна делла-те цаьрга цул /КъурIанал/ хьалха уьш цуьнца чIагIбелла болуш?

22.

ХIаъ‚ цара элира: “Баккъалла а, тхуна карийна тхан дай цхьана дина тIехь‚ тхо
церан лартIахь дIанисделла ду”.

23.

Иштта ца вахийтира Оха хьоьл хьалха юьртахь цхьа а кхерамча цуьнан зовкх
хьоьгучаьра олуш бен: “Баккъалла а, тхуна карийна тхан дай цхьана дина тIехь‚
тхо церан лар тIехь доьдуш ду”.

24.

Цо /Мухьаммад пайхамара/ элира: “Ткъа со веънехь шуьга шуна шайн дай шена тIехь
карийначул мелхо нийсачуьнца‚ /тIаккха харц во аша со/?” Цара элира: “Баккъалла
а, тхо шу /элчанаш/ шеца даийтинчун керста ду-кх”.

25.

Оха чIир ийцира цьаргара. Хьажал хьо‚ муха хили /дин/ харцдиначерийн тIаьхье!

26.

ИбрахIима аьллера шен дега а‚ шен къаме а: “Баккъалла а, со цIена ву аша шена
Iибадат дечух.

27.

Со кхоьллинчунна бен /дийр дац аса Iибадат/‚ баккъалла а, Цо со нисвийр ву”.

28.

Иза хилийтира цо шен тIаьхьенехь бухадуьсуш долу дош – уьш бухаберза там
бара-кх.

29.

ХIаъ‚ Аса бахам белира хIокхарна а‚ церан дайшна а цаьрга бакъдерг а‚ билгала
элча а валц.

30.

Шайга бакъдерг деъча‚ цара элира: “ХIара бозбуанчалла ду‚ баккъалла а, тхо цуна
керста ду”.

31.

Цара элира: “ХIара КъурIан доссинехьара шинне юьртара сийлахь-веззачу стаге”.

32.

Ткъа уьш бу хьан Кхиош-кхобучун къинхетам буьйкъуш берш? Оха бийкъина царна
юкъахь церан бахам дуьненан дахарехь‚ царех цхьаберш вовшийн тIехь даржашца
лакха бехина‚ царех цхьаболчаьрга шайна вакхарга гIуллакх дайтархьама. Хьан
Кхиош-кхобучун къинхетам дика бу цара гулдешдолчул.

33.

Нах /берриге/ цхьа уммат ца хилахьара Оха хилийтина хир ма дара Къинхетам
болчунах цатешаш болчаьрна церан цIеношна датон тхевнаш а‚ ламеш а‚ уьш шайна
тIебовлуш болу.

34.

Церан цIеношна неIарш а‚ маьнганаш а /датох хуьлуьйтура бара Оха/ уьш шайна
тIетовжуш болу.

35.

/Кхин/ хазаллаш /дашо/ а /лур яра Оха царна/. Иза дерриге а – дуьненан дахаран
хIума бен ма яц. Эхарт хьан Кхиош-кхобучун гергахь /Делах/ кхоьручаьрна ю.

36.

Къинхетам берг хьехьорах гIапал хилларг – Оха тIекхуссу цуна шайтIа и цуна ца
къесташ накъост а хуьлий.

37.

Баккъалла а, цара /шайтIанаша/ дIатилабо уьш /шайн накъостий – адамаш нийсачу
Делан/ некъах‚ царна моьтту шаьш нийсачу новкъахь ду.

38.

Ша тхуна тIе кхаччалц‚ тIаккха эр: “Декъаза ма вала со! Суна а‚ хьуна а юккъехь
малхбален а‚ малхбузен а юкъан геналла хиллехьара-кх! Ма вон накъост хили-кх
/суна шайтIанах/”.

39.

Банне а пайда /шу дохкодавларх/ хир бац шуна тахана /къематдийнахь/‚ аш зулам
дина. Баккъалла а, шу Iазапехь цхьана хир ду.

40.

Ткъа ахьа хозуьйту къораволчунна‚ нийсачу новкъа вуьллу бIаьрсадоцург‚ ша
билгалчу тилар чохь хилларг?

41.

Оха хьо дIакхалхийчи а – баккъалла а, Оха цаьргара чIир оьцур йолуш ма ю.

42.

Я Оха гайтанне а гойтур ма ду Оха царна ваIда йинарг – баккъала а Тхо царна
тIехь ницIкъ кхочуш ма ду.

43.

Ахьа схьалаца хьайга вехьеца делларг. Баккъалла а, хьо нийсачу новкъахь ма ву.

44.

Баккъалла а, иза /КъурIан/ хьехам бу хьуна а‚ хьан къаме а‚ тIаьхьа хоттур ду
шуга.

45.

Ахьа хаттал Оха хьоьл хьалха элчанех баийтинчаьрга: “Оха хилийтиний-те Къинхетам
беш верг воцург /кхин/ делий цара шайна Iибадат деш?”

46.

Оха вахийтинера Муса Тхан аяташца ФирIавне а‚ цуьнан элашка а‚ цо злира:
“Баккъалла со Iаламийн Ден элча ву”.

47.

Иза /Муса/ шайга веъча Тхан аяташца‚ уьш царех /аятех/ бийлира.

48.

Оха ца гойту цаьрга цхьа а аят иза шел хьалхадаханчул мелхо доккха долуш бен.
Оха схьалецира уьш Iазапаца – уьш бухабоьрзур бацара-те /шайн тиларх/.

49.

Цара элира: “ХIай бозбуанча! Деха тхуна хьан Кхиош-кхобучунга хьан гергахь
Цуьнан ваIда хилларг – баккъалла а, тхо нислур ма ду /оха иман дуьллур ма ду и
Iазап дIадаьккхича/.

50.

Оха ай ма диннехь шайна тIера Iазап – цара барт бохийра.

51.

Кхийкхира ФирIавнас шен къаман юккъехь‚ элира: “Ткъа сан дац Мисран паччахьалла,
хIара хиш суна /сан гIалин/ бухахула лелаш долу? Шуна ца го /сан сийлалла/?

52.

Я со дика вац хIокхал‚ ша заIип волчу‚ талкхо /мотт тийсалуш/ волчу?

53.

Кхуьссинехьара цунна тIе дашон чIуг‚ я деънехьара цуьнца цхьана маликаш /цунах/
хуттаделла”.

54.

/Дукха/ дайа карийра цуна шен къам – уьш цуна муьтIахь хилира. Баккъалла а, уьш
хилира песакъ нах.

55.

Цара Тхо оьгIаздаьхча – Оха цаьргара чIир ийцира – хина буха бахийтира уьш
берриге а.

56.

Уьш хилийтира Оха хьалхабахна‚ масал хилла тIаьхьабогIучаьрна.

57.

Марьяман кIантах масал далийча хьан къам цунах (масалх) дийлира /хазахетта/.

58.

Цара элира: “Тхан делий дика бу я иза ву?” И /масал/ ца далийра цара къийсамна
бен. ХIаъ‚ уьш /харц/ къуьйсуш къам ду.

59.

Иза-м веккъа лай бен вац‚ Оха ниIмат делла цуна‚ Оха хилийтина цунах масал
Исраилан кIенташна.

60.

Тхуна лууш далхьара шун метта маликаш хуьлуьйтура дара Оха лаьттахь‚ /шу
хIаллакдина/ тIаьхьа дуьсуш.

61.

Баккъалла а, иза /Iиса пайхамар/ сахьтан /къемат ден/ Iаламат ду‚ ахьа янне а
шеко ма елахь цуьнгахь‚ Суна тIаьхьавазалахь. ХIара бу /хьуна/ нийса некъ.

62.

Данне а шайтIано юьстах ма дохийла шу /бакъдолчух/. Баккъалла а, иза шуна
билгала млстагI ма ду.

63.

Iиса веъча билгалонашца цо элира: “Со веъна шуьга хьекъаллица /хьекъал дахьаш/‚
шуна шайца хилпало йолу цхьадерш билгалдаха а. Делах кхералаш‚ суна муьтIахь а
хилалаш.

64.

Баккъалла а, Дела Иза ву сан Эла а‚ шун Эла а‚ Цуна Iибадат делаш. ХIара бу
/шуна/ нийса некъ”.

65.

Хилпало хилира тобанийн царна юккъехь. Ма /боккха/ бала бу зулам диначаьрна
лазаме долчу дийнан Iазапах.

66.

Уьш хьожий-те шайга цIеххьана сахьт даре бен и шайна хаа ца леш?

67.

ДоттагIий оцу /къемат/ дийнахь вовшийн мостагIий хир бу /Делах/ кхоьруш боцурш.

68.

ХIай Сан лай! Кхерам бац шуна тахана‚ шу гIайгIане хир дац.

69.

Тхан аятех иман диллина хилла берш‚ бусулба хилла берш.

70.

ЧугIо ялсамане шу а‚ шун зударий /чIогIа/ даккхидедаш а хилла.

71.

Царна тIехьийзар ма бу /кегий къонахий/ дашон хедаршца а‚ кедашца а. Цигахь
синошна мел дезарг хир ду‚ бIаьргашна Iебарг а хир ду. Шу цигахь гуттар лаьттар
ду.

72.

Иза ялсамани ю шуна ирсана кхаьчна аша йина хилла Iамалш бахьанехь.

73.

Шуна цигахь стоьмаш а бу дуккха а‚ аша царех буур а бу.

74.

Баккъалла а, къинош динарш жоьжахатин Iазапехь гуттар а лаьттар бу.

75.

И царех айдийр дац‚ уьш цу чохь /диканах/ догдиллина /хьере/ хир бу.

76.

Оха зулам ца дина царна‚ делахь а уьш хилира /шайна/ шаьш зуламхой.

77.

Цара кхойкхура: “ХIай /жоьжахати/ долахь ерг! Далийтахьара тхо хьан
Кхиош-кхобучо” Цо элира: “Шу лаьттар ду /ца луш/”.

78.

Тхо деънера шуьга /дуьненахь/ бакъдолчуьнца‚ делахь а шух дукхох болчаьрна
бакъдерг ца дийзира.

79.

Я цхьа гIуллакх цхьалхадаьккхи цара /Маккин керстанаша элчанна дуьхьал/?
Баккъалла а, Тхо ду /гIуллакхаш/ цхьалхадохурш /Оха хIаллакбийр бу уьш/.

80.

Я царна метта-те Тхуна ца хозу церан къайле а‚ шабар-шибар а. ХIаъ‚ Тхан элчанаш
/маликаш/ цаьргахь яздеш лаьтташ бу.

81.

Ахьа ала: “Къинхетам болчунна доьзалхо хилча‚ со цхьалгIа ву-кх Iибадат
дечарех”.

82.

Вонах цIена ву стигланийн а‚ лаьттан а Да‚ Iаьршан Да‚ цара дечу /харц/ сипатах.

83.

Бита уьш къийса /харцдолчуьнца/ а‚ ловза а‚ шайна ваIда йина йолчу шайн /къемат/
денца цхьаьнакхетталц.

84.

Иза ву стиглахь а Дела‚ лаьттахь а Дела‚ Иза хьукаме верг а‚ хууш верг а ву.

85.

Декъала ву Шена стигланийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь долчун а паччахьалла
дерг‚ Цуьнгахь ду сахьт хIоттаран Iилма а‚ Цуьнан тIе дIадерзор ду шу а.

86.

Цара Иза воцуш шайга кхойкхучаьрийн долахь дац шапаIат а‚ ша бакъдолчуьнца
тешалла а диначуьнгахь бен /и шаьш деш долу тешалла/ шайна хууш.

87.

Ахьа цьарга хаьттича‚ уьш хьан кхоьллина аьлла‚ цара эр ма ду: “Дала”. Муха
Iехабина уьш /шайтIанаша/!

88.

Цуьнга /Мухьаммад пайхамара Деле/ элира: “Везан Дела‚ хIара къам иман дуьллуш ма
дац”.

89.

ДIаверза царех (уьш хьйца санна во ма хила цаьрца)‚ ала: “Машар!” ТIаьхьа хуур
ду царна.