39. АЗ-ЗУМАР

1.

Жайна доссор /ду хIара/ Ша везза волчу‚ хьукаме волчу Делера.

2.

Баккъалла а, Оха доссина хьоьга жайна бакъдолчуьнца: Далла Iибадат де‚ Цуьнан
дин цIандеш /ширках/.

3.

Ткъа Делан дац цIена дин? Иза воцург гIоьнчий лаьцнарш‚ /олуш/: оха царна
Iибадат ца до цаьрга тхо Далла гергадахийтарна а бе гергарлонца – баккъалла а,
Дала хьукам дийр ду царна юкъахь церан хилпало йолчохь. Баккъалла а, Дала нис ца
во ша харцверг а‚ керста а.

4.

Далла лиънехьара Шена доьзалхо лаца‚ Цо хаьржина хир ма вара Ша кхоьллинчух Шена
луург. Вонах цIена ву Иза. Иза АллахI ву‚ Ша цхьаъ волу‚ тIех сов нуьцIкъала
волу.

5.

Цо кхоьллина стигланаш а‚ латта бакъдолчуьнца. Цо хьавзайо буьйса дийне‚ де
хьовзадо буьйсане‚ муьтIахь бина малх а‚ бутт а – массо а дIасхьа лелаш бу шен
хан тIекхаччалц. Ткъа Иза вац везза верг а‚ тIех сов гечдеш верг а?

6.

Цо шу кхоьллина цхьана синах /Адамах/‚ тIаккха Цо йина цуьнах цуьнан зуда
/Хьава/‚ Цо доссина шуна дехнех борхI – борша а‚ сте а. Шу кхуллу Цо шун нанойн
кийрахь цхьана кхолларца /кхечу/ кхолларан тIаьхьа кха /хIуманан/ боданехь. Иза
ву АллахI – шун Эла‚ Цуьнан ду паччахьалла. /Кхин/ дела вац Иза воцург – ма
дIатилина шу /Цунах/.

7.

Аша керстаналла дахь – баккъалла а, Дела шух цIена ву. Иза реза вац Шен лешна
керстаналла дарна. Аша шукур дахь – цуьнан реза ву Иза шуна. Хьур бац хьочо
кхечун мохь. ТIаккха шун Кхиош-кхобучунна тIе шун дIадерзар ду. Цо дуьйцур ду
шуьга аша деш хилларг. Баккъалла а, Иза ву дегнашкахь дерг хууш верг.

8.

Адам цхьана бохамо схьалаьцча – шен Кхиош-кхобучуьнга кхойкху цо Цуьнан тIе
воьрзий /тоба дарца/. ТIаккха Цо Ша паргIат ваьккхича Шегара ниIматаца – дицдо
цо ша Цуьнга кхойкхуш хилларг хьалха‚ Далла нийсархой а бо цо Цуьнан новкъах
/нах/ тилорхьама. Ахьа ала: “Бахам бе шайн керстаналлица цхьа кIеззиг. Баккъалла
а, хьо ву цIеран дайх”.

9.

Ша Далла гIуллакх деш верг буьйсанан сахьташкахь‚ сужд деш‚ /ламазаш деш/
хIоьттина верг эхартах кхоьруш шен Кхиош-кхобучун къинхетаме дог дохуш /ву-й и
тера Далла Iесалла ечух/? Ахьа ала: “Цхьа терра бу-й хууш берш а‚ ца хууш берш
а?” Баккъалла а, ойла йийр ю хьекъал долчаьра.

10.

Ахьа ала: “ХIай сан иман диллина болу лай! Шу кхера шайн Кхиош-кхобучух. Диканиг
динчунна хIокху дуьненахь – диканиг ду. Делан латта шортта ду. Собар диначаьрна
шайн ял лур ма ю цхьа а хьесап доцуш”.

11.

Ахьа ала: “Баккъалла а, суна омра дина аса Далла Iибадат дан Цуьнан дин а
цIандеш /ширках/.

12.

Суна омра дина со цхьалгIа бусулба хила”.

13.

Ахьа ала: “Бакъалла а со кхоьру аса сан Кхиош-кхобучунна Iесалла йича деззачу
/къемат/ дийнан Iазапах”.

14.

Ахьа ала: “Далла Iибадат до аса сан дин Цуна цIандеш.

15.

Аша Iибадат де шайна ма луу Иза воцучунна”. Ахьа ала: “Баккъалла а, дайнарш бу
шаьш а‚ шайн доьзал а дайинарш къемат дийнахь”. Иза бац ткъа билгал эшам?

16.

Царна шайн тIехула а цIеран гIат хир ю‚ шайн бухахула а гIат ю. Ишта цуьнца
кхерабо Дала шен леш: хIай сан леш! Соьх кхерийш.

17.

ТIагIут генадаьккхинарш цуьнан Iибадат дарх‚ Далла тIе бирзинарш – царна кхаъ бу
– ахьа кхаъ баккха Сан лешна.

18.

/Уьш/ даше ладугIуш берш бу‚ тIаккха цуьнан уггар дикачунна тIехьабаьзаш берш –
уьш бу Дала шаьш нисбинарш. ХIорш – уьш бу хьекъал дерш!

19.

Ткъа Шена тIехь Iазапан дош /жоьжахате гIур ву аьлла/ бакъхилларг – /нисло дика
Iамал ечуьнца/ ахьа хьалха воккхур вуй цIаргахь верг?

20.

Делахь а шайн Кхиош-кхобучух кхиринарш – царна хIусамаш хир ю‚ шайн тIехула а
дина даьлла цIенош долуш‚ шайн бухахула татолаш а лелаш – Делан ваIда ю /иза/.
Дала харц ца йо ваIда.

21.

Хьуна ца го Дала доссина стиглара хи‚ цо доьхку лаьттахь хьосташ‚ тIаккха цуьнца
ялта доккху Цо тайп-тайпана беснаш долуш‚ тIаккха дакъадолуьйту Цо – хьуна и го
можа хилла‚ тIаккха Цо царех кийсакаш хуьлуьйту. Баккъалла а, цу чохь хьехам бу
хьекъал долчаьрна.

22.

Ткъа Дала шен дог исламана деллинарг‚ ша шен Кхиош-кхобучун нур тIехь волуш
/дика вац шен дагна тIе мухIар тоьхна чул/? Бала бу шайн дегнаш Дела хьехорх
къиза долчаьрна. Уьш билгалчу тилар чохь бу-кх!

23.

Дала хабарх уггар хазаниг доссадина – жайна тер-тера керла дохучу декъашца‚
цунах шен Кхиош-кхобучух кхоьручаьрийн чIор детталуш‚ тIаккха шен чIор а‚ дегнаш
а Дела хьехорна кIадлуш. Иза бу Делан нийса некъ‚ Цо нисво цуьнца Шена луург.
Дала тилаволуьйтуш верг – цуьнан вац /ша/ нисвийриг.

24.

Ткъа шен юьхьаца къематдийнахь Iазапах ларвала гIиртинарг /ву цу жоьжахатих
ларинчух тера/? Аьлла /хир ду/ зуламхошка: “Iовша /хIинца/ шаьш гулдеш хилларг
(цуьнан стоьмаш)!”

25.

Царел хьалха хиллачаьра а харц бира /элчанаш/ – Iазап деара царна шайна ца
моьттачуьра.

26.

Дала Iавшийтира цаьрга дуьненан дахарехь сийсазалла. Эхартан Iазап мелхо а
доккха ду‚ уьш хууш хиллехь.

27.

Оха далийна нахана хIоккху КъурIан чохь хIора масалх уьш ойла еш хир бацара-те?

28.

Iарбий /маттахь/ КъурIан /хилийтина/‚ цхьа а гамо йоцуш – уьш кхоьрур бацара-те?

29.

Валийна Дала масална цхьа стаг‚ шегахь накъостий къуьйсуш болу (дукха нехан
долахь волу)‚ /важа/ стаг а (веккъа цхьана стеган долахь волу). И шиъ цхьатерра
ву-й масалца? Хастам бу Далла. ХIаъ‚ царех дукхачаьрна ца хаьа-кх.

30.

Баккъалла а, хьо а лийрволуш ву‚ баккъалла а, уьш а лийр болуш бу.

31.

ТIаккха баккъалла а, шу къематдийнахь шайн Далла хьалхахь къуьйсуш хир ду.

32.

Мила ву ткъа зуламе ша Далла тIехь харцлуьйш волчул а‚ ша бакъдерг и шега
деъначул тIаьхьа харцдеш волчул? Ткъа жоьжахатин чохь яц Iан меттиг керстанашна?

33.

Ша бакъдолчуьнца веънарг‚ иза бакъдеш верг – уьш бу /Делах/ кхоьруш берш.

34.

Царна шайна луург /хир/ ю шайн Кхиош-кхобучун гергахь. И бу дикачаьрийн бекхам.

35.

Дала цIанбархьама уггар вочу шаьш динчух /къинах/‚ царна шайн ял ялархьама шаьш
динчух уггар хазачуьнца.

36.

Ткъа Дела вац кхачо йолуш Шен лена? Цара хьуна кхерамаш туьсу Цул лахарчаьрца.
Милла велахь а Дала тилавала витинарг – ма вац цунна цхьа а иза нисвийриг.

37.

Милла велахь а Дала нисвеш верг – ма вац цхьа а и тилаван. Ткъа Дела вац везза
верг а‚ шегахь бекхам берг а?

38.

Ахьа цаьрга хаьттича: “Хьан кхоьллина стигланаш а‚ латта а”‚ аьлла‚ цара аланне
эр ма ду: “Дала”. Ахьа ала: “Гой шуна и аша Дела а витина шайга кхойкхурш‚ Далла
суна цхьа зен лиъча‚ цара дIадоккхур долуш ду-й и Цуьнан зен‚ я Цуна лиъча суна
къинхетам‚ цара сацор болуш бу-й Цуьнан къинхетам?” Ахьа ала: “Тоам бу суна
Дела‚ Цуьнан тIе товжийла шаьш товжуш берш”.

39.

Ахьа ала: “Сан къам‚ Iамал е шайна могучу кепара‚ баккъалла а, со а Iамал еш ву.
ТIаьхьа хуур ду шуна,

40.

Хьанна тIе догIур ду Iазап цуьнан сий дайаш‚ хьанна тIе хьаьрчар ду лаьтташ долу
Iазап?”

41.

Баккъалла а, Оха доссина хьоьга жайна нахана бакъдолчуьнца. Нисвелларг а – шена
/нисвелла/‚ тилавелларг а – иза шена тилавелла. Хьо ма вац царна тIехь векал.

42.

Дала схьаоьцу синош уьш лечу хенахь‚ ца делларг – набарх. Цо схьалоцу шена
Iожалла сацам хилларг‚ дIадохуьйту важа шен тоьхначу ханна. Баккъалла а, цу чохь
делилш ма ду ойла ечу къамана.

43.

Цара лаьцна Дела воцург шайна гIодоккхурш? Ахьа ала: “Уьш цхьанне хIуманна дола
деш ца хилча а‚ хьекъале ца хилча а?”

44.

Ахьа ала: “Делан ду гIодаккхар дерриге. Цуьнан ду стигланийн а‚ лаьттан а
паччахьалла. ТIаккха Цуьнан тIе шу дIадерзор долуш ду”.

45.

Веккъа цхьа АллахI хьехавича дегнаш тохало /и ца дезаш/ эхартах ца тешаш
болчаьрийн. Иза воцурш хьехабича – уьш баккхибеда.

46.

Ахьа ала: “/Везан/ Дела‚ /Хьо ву-кх/ стигланаш а‚ латта а кхоьллинарг‚ къайлахь
дерг а‚ гучахь дерг а хууш верг а‚ Ахьа хьукам дийриг ду-кх Хьан лешна юккъехь‚
цара хилпало еш хилларг”.

47.

Зулам диначаьрна лаьттахь мел дерг а‚ цуьнца кхин цулла а хилча – и делла а
хьалха бала гIоьртира ма бара уьш къематдийнахь Iазапан вочух. Гуча делира царна
Делера цара хьесап деш ца хилларг.

48.

Гучаделира царна боьха хIуманаш шаьш гулдинчух‚ хьакхаделира царех уьш шех ца
бешаш хилларг.

49.

Адамо цхьана зено ша лаьцча Тхоьга кхойкху‚ тIаккха Оха иза Тхайгаре ниIмате
хьавзадича‚ цо олу: “Баккъалла а, иза-м деллера суна сан хаарна”. ХIаъ‚ иза
питна ду‚ делахь а царех дукхох болчаьрна ца хаьа-кх.

50.

Иза элира царел хьалха хиллачаьра а‚ кIелхьара ца баьхира уьш цара гулдеш
хиллачо.

51.

Царех кхиира боьха хIуманаш‚ цара гулдина хилла долу. ХIокхарех зулам динарш –
царех а кхиар ду шаьш гулдина долу боьха хIуманаш‚ цара /и Делан Iазап/ гIелдийр
ма дац. (Цунах бовдур ма бац уьш).

52.

Царна ца хаьа-те Дала рицIкъ даржадеш хилар Шена луучунна /и зерхьама/‚ барам а
беш /хилар Шена луучунна и бале озорна/. Баккъалла а, цу чохь делилш ду-кх тешаш
долчу къамана.

53.

Ахьа ала: “ХIай сан шайна тIаламза хилла болу лай /къинош дукхадарца/. Аша дог
ма дилла Делан къинхетамах. Баккъалла а, Дала гечдо къинош дерриге а. Баккъалла
а, Иза тIех гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ву”.

54.

Шайн Кхиош-кхобучунна тIе хьовза (тоба дарца)‚ муьтIахь хила Цуна шайна Iазап
далале хьалха‚ тIаккха шуна гIо дийр дац.

55.

ТIаьхьахIотта шайга шайн Кхиош-кхобучуьнгара доссинчух уггар хазачунна шайна
цIеххьана Iазап дале шуна ца хаалуш.

56.

Сино аларх /ларло/: “Байлахь диси со Делан агIорхьара аса ледарло ярна‚ со
хилира-кх ца дешачарех”.

57.

Я цо аларх: “Дала со нисдинехь‚ со а хир ма дара /Делах/ кхоьручарех”.

58.

Я цо аларх Iазап шена гича: “Суна юха делахьара /дуьненан дахар/ – со хир ма
дара дикачарех”.

59.

ХIаъ‚ деъна хьоьга Сан аяташ‚ уьш харцдира ахьа‚ хьо кура делира‚ хьо хилира
цатешначарех.

60.

Къематдийнахь хьуна гур бу Далла тIехь харцлийнарш шайн яххьаш Iаржъелла. Ткъа
жоьжахатин чохь яц Iан меттиг курахиллачаьрна?

61.

Дала хьалхабохур бу кхоьруш хилларш шайн толамца‚ царех хьакхалур дац боьха
хIума‚ уьш сингаттаме а хир бац.

62.

Дела ву массо хIуманан кхоллархо. Иза массо хIуманан векал а ву.

63.

Цуьнан ду стигланийн а‚ лаьттан а догIанаш. Делан аятех цатешнарш – уьш бу
эшнарш.

64.

Ахьа ала: “Дела воцчунна омра до аша соьга Iибадат де олий‚ хIай‚ жехIал нах!”

65.

Хьоьга вехьеца хаийтина‚ хьоьл хьалхалерчаьрга а: “Ахьа накъост лацахь /Делаца/‚
хьан Iамал йоьйур ю хьуна‚ хьо эшначарех хир ву хьуна”.

66.

ХIаъ‚ Далла Iибадат де ахьа‚ хьо хила шукр дечарех.

67.

Мах ца хадийра цара Делан хадо ма безза‚ латта дерриге а Цуьнан буйнахь хир ду
къематдийнахь‚ стигланаш а хир ю хьарчийна Цуьнан аьтту куьйгаца. Вонах цIена ву
Иза‚ лекха вели Иза цара накъост лацарх.

68.

Сур лекхира – тентакваьлира стигланашкахь мел верг а‚ лаьттахь мел верг а‚ Далла
лиънарг воцург. Юха лекхира /сур/ кхин – уьш /кешнашкара/ гIевтина бисира
хьоьжуш.

69.

Къегира латта шен Кхиош-кхобучун нураца‚ охьадиллира жайна‚ схьабалабира
пайхамарш а‚ тешаш а‚ кхиэл йира царна юкъахь бакъдолчуьнца‚ царна зулам дийр
дац.

70.

ДIаделира /механа/ хIора сина ша динарг‚ Иза дика хууш ву цара деш дерг.

71.

ДIабигира цатешнарш жоьжахате тобанашца‚ уьш цига беъча дIаеллаелира цуьнан
неIарш‚ элира цаьрга цуьнан гIаролаша: “Ца баьхкира шуьга элчанаш шуна юкъара‚
шаьш шуна шун Кхиош-кхобучун аяташ а доьшуш‚ шаьш шуна дIахьедош шун хIокху
дийнан цхьанакхетар?” Цара элира: “ХIаъ‚ делахь а бакъ хили керстанашна Iазап
хир ду аьлла дош”.

72.

Элира: “ЧугIо жоьжахатин неIаршкахула лаьтташ цу чохь гуттарена а”. Ма вон ю-кх
курабеллачаьрийн чохь Iен меттиг.

73.

ДIабигира шайн Кхиош-кхобучух кхоьруш хилларш ялсамане тобанашца‚ уьш цига беъча
дIаеллаелира цуьнан неIарш‚ элира цаьрга цуьнан гIаролаша: “Салам-маршалла ду
шуьга. Декъала хили шу. ЧугIо цуна гуттарена а”.
74. Цара элира: “Хастам бу Далла‚ Ша тхуна бакъхилийтина Шен ваIда‚ Цо ирсана делира
тхуна латта‚ охьаховшур ду тхо ялсаманехь тхайна луучохь”. Ма хаза ял ю-кх /иза/
Iамал йиначаьрийн.
75. Хьуна гур ду маликаш хьийзаш Iаршан гонахула‚ тасбахь деш шайн Кхиош-кхобучунна
хасторца. Кхиэл йина царна юкъахь бакъдолчуьнца‚ элира: “Хастам бу Далла –
Iаламийн Дена”.