38. САД

1.

Сад.
Шегахь хьехам болчу КъурIанах /дуй боу Аса/.

2.

ХIаъ‚ цатешнарш куралла чохь а‚ мостагIалла чохь а бу-кх.

3.

Мел тIаьхье хIаллакйина Оха царел хьалха‚ цара кхийкхира –
яцара и /кIелхьара баьлла/ бовдаран хан.

4.

Цецбелира уьш шайга шайн юккъера кхерамча варх. Цатешачаьра
элира: “ХIара харцволу бозбуанча ву.

5.

Цо
делех цхьа дела вина? И тамаше хIума ду!”

6.

Царех хьалдолу тоба дIаяхара /олуш/: “Шу дIалела‚ собар а де
шайн делий тIехь. Баккъалла а, хIара ду дезаш долу хIума”.

7.

Тхуна ца хезна оцунах тIаьхьарчу миллатехь. Иза шаьш кхоьллина
хIума а бен дац.

8.

“Цуьнга боссина хьехам вайна юккъера?”. ХIаъ‚ уьш шеконехь бу-кх
Сан хьехамах. ХIаъ‚ цара /хIинца а/ ца Iевшина Сан Iазап.

9.

Ткъа цаьргахь ю хьан везза волчу‚ /пайхамарна ниIмат/ луш волчу
Кхиош-кхобучун къинхетаман хазнаш?

10.

Я
церан ду стигалнийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь долчун а
паччахьалла? Хьалаболийла уьш /стигла/ гIирсашца.

11.

/Паймарна дуьхьал вовшех тоьхначу/ тобанех цхьа кIеззиг бIо бу
уьш –бохор бу хьуна иза.

12.

Харцбира /пайхамарш/ царел хьалха Нухьан къамо а‚ Iадаша а‚
ФирIавно а‚ хьостамаш долчу.

13.

Самудаша а‚ ЛутIан къамо а‚ Айкатан дайша а – цу /ерриге/
тобанаша.

14.

Массара харцбира элчанаш – бакъхилира Сан бекхам.

15.

Уьш хьоьжур ма бац цхьана мохье бен – цуна хан яхъяр хир дац.

16.

Цара элира: “Тхан Кхиош-кхобушверг‚ сих де тхуна тхан дакъа
Хьесапан де дале”.

17.

Сатоха /ахь‚ хIай Мухьаммад/ цара дуьйцучунна‚ дагавайта Тхан
лай Давуд‚ шегахь ницIкъ хилла волу. Баккъалла а, иза /Далла/
тIевоьрзуш верг вара.

18.

Оха муьтIахь дира /Давудана/ лаьмнаш – цуьнца цхьана тасбахь деш
суьйранца а‚ /малх/ дIакхетарца а.

19.

Олхазарш а‚ гулдеш /тобанашкахь/ – массо а Цуна тIедоьрзу
/муьтIахь хиларца, тасбахь дарца/.

20.

Оха чIагIдира цуьнан паччахьалла‚ делира цуна хьекъалла а‚ дов
къастон хаар а.

21.

Хьоьга деъний довхойн хабар? Уьш михьрабе хьала ма белира.

22.

Уьш Давуд волчу чоьхьа белира‚ иза царех кхеравелира. Цара
элира: “Ма кхера. Ши довхо ву. Тхан цхьаберш вакхарна
чугIиртина. Кхиэл е тхуна юккъехь нийсонца‚ харцо ма елахь‚ нис
де тхо нисчу новкъа.

23.

ХIара сан ваша ву‚ цуьнан дезткъе ткъаяссан уьстагI бу‚ сан цхьа
уьстагI бу. Цо аьлла: “Суна кхачо е цуьнца”. Иза соьл тоьлира
довехь”.

24.

Цо /Давуда/ элира: “Хьуна зулам дина цо хьан уьстагI бехарца шен
уьстагIий тIе. Баккъалла а, цхьаьна гIуллакх дечарех дукхачаьра
вовшашна гамо йо‚ иман диллинарш а‚ дика Iамалш еш берш а
боцучаьра – ма кIеззиг бу уьш!” Давудана хиира Оха ша питне
лаьцна хилар. ТIаккха шен Кхиош-кхобучуьнга гечдар дийхира цо‚
гора воьжира иза‚ /Далла/ тIевирзира иза.

25.

Оха цуна из гечдира. Баккъалла а, цуна Тхоьгахь гергарло а ю‚
хаза тIетовжийла а ю.

26.

ХIай Давуд! Оха хилийтина хьоьх лаьттахь халип. Кхиэл е нехан
юккъехь нийсонца‚ тIаьхьа ма хIотта дезаршна – цара тилор ву хьо
Делан некъах. Баккъалла а, Делан некъах тилалуш берш – царна
чIогIа Iазап ду цара хьесапан  де дицдарна.

27.

Оха эрна ца кхоьллина стигал  а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь дерг
а. Иза цатешачаьрна моттар ду. Бала бу цатешачаьрна /жоьжахатин/
цIергара.

28.

Я Оха хуьлуьйту иман диллинарш а, дика Iамалш йинарш а лаьттахь
боьхалелачарех тера? Я Оха хуьлуьйту /Делах/ кхоьруш берш къинош
дечарех тера?

29.

Жайна ду /хIара/‚ Оха ша хьоьга доссина‚ беркате долуш‚ цаьрга
цуьнан аятех ойлаяйта‚ хьекъал долчаьрна дагадайта.

30.

Оха велира Давудна Сулейман – дика лай. Баккъалла а, иза /Далла
тIе/ вухавоьрзуш верг ву.

31.

Цуна /Сулейманна/ гайтира суьйранца барг туху /кха коган тIехь
хIотталуш/ говраш.

32.

Цо элира: “Баккъалла а, суна дукхадиза ниIмат сан Кхиош-кхобург
хьехорал кирхьаца /малх/ дIахьулбаллалц.

33.

Схьаялаел уьш суна тIе!” Волавелира иза /урс/ хьекха ностарех а‚
логех а.

34.

Оха питне лецира Сулейман‚ цуьнан тажана тIе дегI кхуьссира Оха‚
тIаккха иза /тоба дарца Тхуна/ тIе вирзира.

35.

Цо элира: “/Везан/ Дела‚ гечдехьа суна‚ ло суна паччахьалла соьл
тIаьхьа цхьаннена хир доцчу тайпана. Баккъалла а, хьо ву-кх луш
верг”.

36.

Оха муьтIахь бира цуна мох‚ байа лелаш цуьнан омраца цуна луучу‚

37.

ШайтIанаш а – массо гIишлоярхо а‚ хIоьрда буха уьйдург а
(маржанаш лоьхуш)‚

38.

Важаш а‚ дихкина долу буржолашкахь.

39.

/Оха элира цуьнга/: “ХIара – Тхан совгIат ду. Зовкх хьега‚ я
схьалаца хьесап а доцуш”.

40.

Баккъалла а, цуна Тхоьгахь гергарло а ю‚ дика тIетовжийла а ю.

41.

Дагавайта Тхан лай Аюб‚ цо кхийкхира шен Кхиош-кхобучуьнга:
“Баккъалла а, со схьалаьцна шайтIано халонца а‚ Iазапаца а”.

42.

/Элира цуьнга/: “Тоха хьан когаца! ХIара – шийла лийчар а ду‚
малар а ду”.

43.

Оха белира цуна шен доьзал а‚ кхин царел а цаьрца цхьана
Тхоьгара къинхетам а хилла‚ хьекъал долчаьрна хьехам а хилла.

44.

/Оха элира цуьнга/: “Схьаэца хьан куьйга цIов‚ цуьнца тоха‚ хьан
дуй къар ма бе!” Баккъалла а, Тхуна иза карийра собаре. Дика лай
ву. Баккъалла а, иза /Далла тIе/ воьрзуш верг ву.

45.

Дагабайта Тхан леш ИбрахIим‚ Исхьакъ‚ ЯIкъуб‚ шайгахь ницIкъ
хилла болу /Далла Iибадат дарехь/‚ тидамалла а хилла болу /дин
кхочушдарехь/.

46.

Оха цIанбира уьш цIена Iалашонна – /эхартан/  цIа дагадайтан.

47.

Баккъалла а, уьш Тхан гергахь хаьржинчарех‚ дикачарех бу.

48.

Дагабайта /хьахабе/ ИсмаIил а‚ АльясаI а‚ Зуль-Кифл а – берриге
а дикачарех бу.

49.

ХIара хьехам бу. Баккъалла а, /Делах/ кхоьручаьрна дика
тIетовжийла ю.

50.

Iаднан бошмаш ю царна‚ /шайн/ неIарш еллина йолу.

51.

Тевжина лаьтташ /хир бу уьш/ цигахь‚ цара боьхуш цу чохь дуккха
стоьмаш а‚ малар а.

52.

Царна бу бIаьргаш гатта болу‚ цхьана хеннара болу /мехкарий/.

53.

ХIара ду-кх шуна хир ду аьлларг хьесапан денна.

54.

Баккъалла а, хIара Тхан рицIкъ ду‚ цуна кхачадалар дац.

55.

ХIара! Баккъалла а, /Делан/ дозанах баьллачаьрна вон тIетовжийла
ю-кх!

56.

Жоьжахати – цу чохь бегар бу уьш – ма вон дIадуьшийла ю-кх
/иза/.

57.

ХIара /Iазап/ Iовшийла цара‚ и ду лелина хи а‚ нотIкъа а.

58.

Кхин а‚ цуьнан кепара‚ тайп-тайпана /Iазапаш хир ду царна/.

59.

ХIара толгIе ю шуьца цхьаьна /жоьжахатина/ чу йоьдуш. “Марша
догIийла” дац царна. Баккъалла а, уьш цIаргахь бегар бу-кх.

60.

Цара элира: “ХIаъ‚ шуна “марша догIийла” дац-кх. Аша
хьалхадаьккхина тхуна хIара. Ма вон чIагIо ю-кх!”

61.

Цара элира: “Везан Дела‚ хIара тхуна хьлхадаьккхинчунна
тIетохалахь Iазап шозза цIаргахь”.

62.

Цара элира: “Вайна хIун хилла ца ган божарий‚ вай шаьш вочарех
лоруш хилла болу /дуьненахь/?

63.

Вай ца дешаш дара царех‚ я /вайн/ бIаьрг царех дIатили?”

64.

Баккъалла а, иза хьакъ-бакъ ду – жоьжахатин дайша вовшашца
къийсар.

65.

Ахьа ала: “Баккъалла а, со кхерамча ву. Ма вац цхьа а дела Ша
веккъа Цхьаъ волу‚ нуьцIкъала волу АллахI бен.

66.

Ша стигланийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь долчун Да волу‚ Ша
везза волу‚ гечдеш волу”.

67.

Ахьа ала: “Иза – сийлахь доккха хабар ду.

68.

Шу цунах дIадоьрзуш ду.

69.

Суна ца хили хаар Лаккхарчу Элих лаьцна уьш къуьйсуш болуш.

70.

Суна вехьеца хаийтина со билгала кхерамча вуйла”.

71.

Хьан Кхиош-кхобучо аьллера маликашка: “Баккъалла а, Со кхолла
воллу адам поппарах.

72.

Аса иза нисвича‚ цу чу Сан сих са а диллича цуна суждане
гIолаш”.

73.

Сужд дира маликаша массара цхьаьна.

74.

Иблис доцург – цо куралла йира‚ и хилира керстанех.

75.

Цо /Дала/ элира: “ХIай иблис‚ стено дуьхьало йина хьуна сужд дан
Аса кхоьллинчуьнна Сан куьйгашца? Курадаьлла хьо‚ я хьо хилла
хьалхадала гIертачарех”.

76.

Цо элира: “Со цул /адамал/ дика ду. Со кхоьллина Ахьа цIарах‚ и
кхоьллина Ахьа поппарах”.

77.

Цо /Дала/ элира: “Арадала цу /ялсамане/ чуьра. Баккъалла а, хьо
неIалт аьлла /массо диканах/ хадийнарг ду.

78.

Баккъалла а, хьуна Сан неIалт ду бекхаман де даллалц”.

79.

Цо /Иблисо/ элира: “Везан Дела‚ хан яхъехь сан уьш /адамаш/ буха
ден бен де кхаччалц”.

80.

Цо элира: “Баккъалла а, хан яхъйиначарех ду-кх хьо!

81.

Билглчу хенан де кхаччалц”.

82.

Цо элира: “Хьан возаллех дуй боу аса: аса тиланне а тилор ма бу
уьш берриге.

83.

Царех Хьан сов цIена леш боцурш”.

84.

Цо элира: “Баккъалла а, хьакъ-бакъ Аса олу:

85.

Юзанне а Аса юзор ма ю жоьжахате хьоьх а‚ хьан тIаьхьа мел
хIоьттинчух а – царех массарех а”.

86.

Ахьа ала: “Аса цу тIехь цхьа а мах ца боьху‚ со сайна
тIедиллинчарех а вац”.
87. Иза /КъурIан/ беккъа Iаламашна хьехам бу.
88. Шуна хаанне а хуур ду оцунан хабар цхьа хан яьлча.