1.

/Аса дуй боу/ могIаршкахь лаьттачарех могIарца.

2.

/Аса дуй боу/ лохкучарех лахкарца.

3.

/Аса дуй боу/ доьшучарех хьехам.

4.

Баккъалла а, шун Дела цхьаъ ву.

5.

Стигланийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь мел долчун а Да волу‚
малхбалийн а Да волу.

6.

Баккъалла а, Оха хаздина гергара стигал седарчийн хазаллица.

7.

Iалашдарца а массо карзах даьллачу шайтIанах.

8.

Цара ладогIур дац Лакхарчу Кхеташоне‚ духатухур ду массо
агIорхьара

9.

Генадаккхарца‚ царна гуттарена долу Iазап ду.

10.

Сихха /цхьа дош/ схьалаьцнарг доцург‚ цуна тIаьхьакхуьу
/стиглара/ охьабужу цIе туху седа.

11.

Ахьа хаттал цаьрга: “Уьш бу вуно чIогIа кхолла‚ я Оха
кхоьллинарг ду? Баккъалла а, Оха кхоьллина уьш /церан бух –
Адам/ леташ болчу поппарах.

12.

ХIаъ‚ цецваьлла хьо? Уьш ца бешаш бу /хьан цецваларх/.

13.

Шайна /КъурIанца/ кхерам тесчи а, цара тидам ца бо.

14.

Шайна делил гичи а тIех ца бешаш хуьлу.

15.

Цара элира: “ХIара билгала бозбуанчалла а бен дац.

16.

Вай делча‚ вайх поппар а‚ даьIахкаш а хилча вай духадендийр ду?

17.

Я вайн хьалхалера дай?”

18.

Ахьа ала: “ХIаъ‚ шу кIелдуьсур ма ду”.

19.

Иза-м цхьа аз бен дац – уьш хьоьжуш хир бу.

20.

Шаьш олуш: “Ма бала бу вайна! ХIара ду-кх и бекхаман де”.

21.

“ХIара ду-кх и къастаран де‚ аша ша харцдеш хилла долу”. (Эр ду
цаьрга маликаша бехк боккхуш).

22.

“Схьагулбе и зулам динарш а‚ церан зударий а‚ цара /шайна/
Iибадат деш хилларш а!

23.

Дела а витина. ДIанисбе уьш жоьжахатин новкъа!

24.


Совцабе уьш – цаьрга барт хоттур бу!” /И эр ду цаьрга маликаша
Делан пурбанца/.

25.

“Шуна хIун хилла? Вовшашна гIо деш ма дац шу?”

26.

ХIаъ‚ уьш тахана мукIар хилла.

27.

Царех цхьаберш дуьхьалбаьлла вакхарга хоьттуш.

28.

Олуш: “Шу ма дара тхуна тIедогIуш аьтту агIорхьара”.

29.

/Вакхара/ эр: “ХIаъ‚ шу шаьш ца хилира тешаш /Делах/.

30.

Тхуна шуна тIехь цхьа а бакъо яцара. ХIаъ‚ шу шаьш хили
тIехдаьлла къам.

31.

Тхуна тIехь бакъ хили тхан Кхиош-кхобучун дош. Баккъалла а, оха
Iовшур ду-кх /Iазап/.

32.

Оха шу а тили-кх‚ баккъалла а, тхо тхаьш а хилла-кх тиладелла”.

33.

Баккъалла а, уьш оцу дийнахь Iазапехь /цхьанна/ декъах хир бу.

34.

Баккъалла а, Оха ишта до къинош диначаьрна.

35.

Баккъалла а, уьш хилира шайга аьлча: “Кхин дела вац АллахI бен”
курабуьйлуш.

36.

Цара олура: “Оха буьтура ткъа тхан делий жинех волчу илланчина
дуьхьа”.

37.

ХIаъ‚ иза-м веъна бакъдолчуьнца‚ цо бакъбина баийтинарш.

38.

Баккъалла а, аша Iовшур ма ду лазош долу Iазап.

39.

Шуна бекхам хир ма бац аша деш хилларг бен.

40.

Делан сов цIена леш боцучаьра.

41.

Царна – девзаш долу рицIкъ ду –

42.

Стоьмаш‚ церан сийдеш хир ду

43.

НиIматийн бошмашкахь.

44.

Маьнганий тIехь вовшийн духь-дуьхьал лаьтташ.

45.

Царна /тIехьизаш/ го боккхур бу /бераша/ шовданчуьру (ихачу)
чагIаран кадаца.

46.

КIайн‚ чоме /малар/ долуш молучаьрна.

47.

Цу чохь /хьекъал/ талхор а дац /корта лезаш/‚ уьш цунах бехар а
бац.

48.

БIаьрса лоцу долуш бIаьргаш баккхий болу /хаза зударий/ хир бу
церан.

49.

Шаьш хьуламехь долчу хIоах тера.

50.

Царех цхьаберш вакхарна дуьхьал гIур бу хоьттуш.

51.

Эр ду царех олучо: “Баккъалла а, сан цхьа накъост ма вара
/дуьненахь долуш/.

52.

Цо олура: “Баккъалла а, хьо /пайхамараш/ бакъбечарех ву?

53.

Вай делча‚ вайх поппар а‚ даьIахкаш а хилча вай бекхаме узур
ду?”

54.

Цо элира: “Шу хьовсий?”

55.

Иза хьевсира‚ тIаккха цуна иза жоьжахатин юккъехь гира.

56.

Цо элира: “ТаллахIи‚ /цхьана маьIIара/ со хIаллак веш ма
лаьттара ахьа.

57.

Сан Кхиош-кхобучун ниIмат ца хиллехьара со хир ма вара
/хIоккхахь/ лаьттачарех”.

58.

/Ялсаманин охIлано эр ду/: “Вай лийр долуш дац?

59.

Вайн цIа далар а бен‚ вайна Iазап дийр долуш а дац?

60.

Баккъалла а, хIара бу-кх боккха толам.

61.

Ишттачунна дуьхьа къахьоьгийла къахьоьгучаьра”.

62.

Ткъа иза ду дика тIедосса /хьошалгIа/‚ я заккъум дитт ду?

63.

Баккъалла а, Оха иза хилийтина питна хилла зуламхошна.

64.

Баккъалла а, иза ду жоьжахатин бухахь арадолу дитт.

65.

Цуьнан стоьмаш бу шайтIанийн кортош санна.

66.

Баккъалла а, цара цунах дуур долуш а ду‚ гайнаш юзор йолуш а ю
цунах.

67.

ТIаккха баккъалла а, царна цуьнан тIе /тоьхна/ цIийдина хи ду.

68.

ТIаккха баккъалла а, церан дIадерзар жоьжахате а ду.

69.

Баккъалла а, царна карийра шайн дай а тилабелла.

70.

Уьш церан лорах лехкира. (Дуьненахь болуш шайн дайша дина къинош
дира цара а).

71.

Тилабелира царел хьалха дуьххьашхалгIачарех дукхох берш.

72.

Оха бахийтира цаьргахь кхерамчаш.

73.

Хьажал‚ муха хилла шайна кхерам тесначаьрийн тIаьхье.

74.

Делан сов цIена леш боцучаьрийн.

75.

Тхоьга кхийкхира Нухьас – ма дика жоп луш дерш ду /Тхо/.

76.

Оха хьалхаваьккхира иза а‚ цуьнан доьзал а боккхачу балех.

77.

Оха хилийтира цуьнан зуьррет – иза бухадуьсург.

78.

Оха цуна дитира /хаза хаставар/ тIаьхьенашкахь.

79.

Салам ду Нухьана Iаламашкахь.

80.

Баккъалла а, Оха иштта бекхам бо дикачаьрна.

81.

Баккъалла а, иза ву Тхан муъма лех.

82.

ТIаккха Оха хи буха бахийтира бисинарш.

83.

Баккъалла а, цуьнан тобанах ма ву ИбрахIим а.

84.

Иза веара шен Кхиош-кхобучунна тIе цIеначу дагца.

85.

Цо аьллера шен дега а‚ шен къаме а: “ХIун ю аша Iибадат деш ерг?

86.

Харцдерг делий /лаца/ лаьа шуна АллахI вуьтий?

87.

ХIун ду шуна моьттург Iаламийн Дех?”

88.

Иза хьежира хьажарца седаршка.

89.

ТIаккха цо элира: “Баккъалла а, со цомгаш ву”.

90.

Уьш дIабирзира цунах‚ юха ца бовлуш.

91.

Иза тIевирзира церан делашна‚ цо элира: “Аша ца юу?

92.

Шуна хIун хилла‚ дист ца хуьлу шу?”

93.

Иза тIевирзира царна тухуш аьтту куьйгаца.

94.

Уьш дуьхьалкхийтира цуна бевда беъна.

95.

Цо элира: “Аша Iибадат до ткъа шаьш хьоькхуш йиначаьрна?”

96.

Дела ма ву шу кхоьллинарг а‚ аша еш ерг а /кхоьллинарг а/”.

97.

Цара элира: “Е цунна гIишло‚ чу кхосса иза егачу цIарга!”

98.

Царна лиира цуьнца мекарло ян‚ Оха хилийтира уьш кIелбисинчарех.

99.

Цо /ИбрахIима/ элира: “Баккъалла а, со воьду сан Кхиош-кхобучун
тIе. Цо нисвийр ву со.

100.

Сан Кхиош-кхобушверг‚ суна дикачарех /доьзалхо/ лолахь”.

101.

Оха цуна кхаъ баьккхира даккха собаре кIантаца.

102.

Иза цуьнца /ИбрахIимца/ сиха лелалучу хьоле кхаьчча‚ цо
/ИбрахIимо/ элира: “ХIай сан кIант‚ баккъалла а, суна го гIенах
аса хьуна /гIурбанна/ урс хьокхуш‚ хьажал‚ хьуна хIун хета”. Цо
элира: “Дада‚ хьайга омра дерг де‚ хьуна со карор ву‚ Далла
лаахь‚ собаречарех”.

103.

И шиъ /Далла/ мукIар хилча‚ цо /ИбрахIима/ иза хьаьжа тIе
вожича‚

104.

Оха цуьнга кхийкхира: “ХIай‚ ИбрахIим!

105.

Бакъхилийти ахьа гIан”. Баккъалла а, Оха ишта бекхам бо
дикачаьрна.

106.

Баккъалла а, хIара – иза ду-кх билгала долу зер.

107.

Оха текхира цунах доккха гIурба.

108.

Оха дитира цуьнан /цIе яккхар а‚ и хаствар а/
тIаьхьабогIучаьргахь.

109.

Салам-маршалла ду ИбрахIимна.

110.

Оха ишта бекхам бо дикачаьрна.

111.

Баккъалла а, иза ву Тхан муъма лех.

112.

Оха кхаъ баьккхира цуна Исхьакъаца‚ – дикачарех пайхамарца.

113.

Оха декъалвира иза а‚ Исхьакъ а. Цу шиннан зуьрретах диканиг а
ву‚ ша шена билгала зуламхо а ву.

114.

Мусана а‚ ХIаруна а дира Оха дика.

115.

КIелхьара ваьккхира Оха и шиъ а‚ цу шиннан къам а боккхачу
баланах.

116.

Царна гIо дира Оха – уьш хилира тоьлларш.

117.

Оха делира цу шиннега билгала долу жайна.

118.

Оха нисвира и шиъ нийсачу новкъа.

119.

Оха дитира цу шиннена /хаза цIе яккхар/ тIаьхьабогIучаьргахь.

120.

Салам-маршалла ду Мусана а‚ ХIаруна а.

121.

Баккъалла а, Оха ишта бекхам бо дикачаьрна.

122.

Баккъалла а, и шиъ Тхан муъма лех ву.

123.

Баккъалла а, Ильяс а ма ву баийтинчарех.

124.

Цо ма элира шен къаме: “Шу /Далах/ ца кхоьру?

125.

Аша кхойкху ткъа БаIлага‚ уггар дика кхоллархо а вуьтий?

126.

АллахI – шун Дела а, шун хьалхалера дайн Дела а вуьтий?”

127.

/ТIаккха/ цара иза харцвира – баккъалла а, уьш хьалхахIоттор ма
бу /жоьжахатина‚ Iазапна/.

128.

Делан сов цIена леш боцурш.

129.

Оха дитира цуна /цIе яккхар/ тIаьхьабогIучаьргахь.

130.

Салам-маршалла ду Ильясана.

131.

Баккъалла а, Оха ишта бекхам бо дикачаьрна.

132.

Баккъалла а, и Тхан муъма лех ву.

133.

Баккъалла а, ЛутI а ву баийтинчарех.

134.

Оха кIелхьараваьккхира иза а‚ цуьнан берриге доьзал а.

135.

Цхьа йоккха стаг йоцург бухабисинчаьрна юкъахь йолу.

136.

ТIаккха Оха этира бисинарш.

137.

Баккъалла а, шу лелаш ма ду-й царна юкхехула Iуьйрана а‚

138.

Буьйсана а. Шу хьекъале ца хуьлу?

139.

Баккъалла а, Юнус а ву баийтинчарех.

140.

Ведара иза дуьзанчу кема тIе.

141.

Цо кхаж тесира /царца/ – иза эшначарех хилира.

142.

И кхеллира чIеро и бехке а волуш.

143.

Баккъалла а, иза ца хиллехьара тасбахь дечарех

144.

Вуьсара ма вара цуьнан кийрахь уьш духадендечу /къемат/ дийне
кхаччалц.

145.

Кхоьссира Оха иза есачу аре цомгуш а волуш.

146.

Оха далийтира цуна туьтен (гIабакхан) дитт.

147.

Оха вахийтира иза бIа эзарна /дуккха нахана тIе/ я совболчаьрга.

148.

Цара иман диллира – Оха цхьа хан тIекхаччалц бахам белира царна.

149.

Ахьа хаттал цаьрга: “Ткъа хьан Кхиош-кхобучунна мехкарий бу‚
ткъа царна кIентий бу.

150.

Я Оха кхоьллина маликаш зударийн /тайпана/ царна гуш?”

151.

ХIан-хIа! Баккъалла а, шайн эладитанах дуьйцуш ма ду и цара

152.

Дала бера дина /бохуш/ – баккъалла а, уьш харцлуьйш ма бу.

153.

Мехкарий хаьржина Цо кIентийл‚ /бохуш/?

154.

ХIун ду шуна‚ муха хьукам до аша?

155.

Ойла ца йо аша?

156.

Я шун билгала бакъо ю?

157.

Схьало шайн жайна, шу бакълуьйш хиллехь.

158.

Цара хилийтира Цуьнан а‚ жинийн юкъахь гергарло. Жинашна хиира
уьш дIахIоттор буйла.

159.

ЦIена ву и Дела цара дечу /харц/ сипатах.

160.

Сов цIена Делан леш боцурш /жоьжахатина хьалха дIахIоттор бу/.

161.

Баккъалла а, аша а‚ аша /шена/ Iибадат дечо а –

162.

Аша питне лоцур ма вац

163.

Ша жоьжахатехь вегар верг бен.

164.

Тхоьх ма дац цхьа а шена билгала меттиг йолуш бен.

165.

Баккъалла а, тхо могIарш бина ду /ламазна хIоттина/.

166.

Баккъалла а, тхо тасбахь деш ду.

167.

Уьш хиллехь олуш:

168.

“Тхоьгахь хьехам хиллехьара хьалхалерачаьргара‚

169.

Тхо хир дара Делан сов цIена леш”.

170.

Керстаналла дина цара цуна /КъурIанна/‚ тIаьхьа хуур ду царна.

171.

Хьалхаделира Тхан дош Тхан бахкитинчу лешка.

172.

Баккъалла а, уьш – уьш бу шайн гIо дийр дерш.

173.

Баккъалла а, Тхан эскар /муъма нах/ – и ду толамхо.

174.

Вуха вала царех цхьа хан яллалц.

175.

Гайта цаьрга /царна Iазап дуссуш/ – тIаьхьа гур ду царна /шайн
керстаналлин бекхам/.

176.

Ткъа Тхан Iазапца а сих ло уьш?

177.

Иза /Iазап/ доьссича церан къомана – ма вон хилла-кх шайна
кхерам тесначаьрийн Iуьйре.

178.

Вуха вала царех цхьа хан яллалц.

179.

Гайта – тIаьхьа гур ду царна.

180.

ЦIена ву хьан Кхиош-кхобург‚ сийлаллин Эла – цара дечу сипатах.

181.

Салам-маршалла ду элчанашна.

182.

Хастам бу Далла – Iаламийн Дена.