1. |
Я син. |
2. |
Ша хьикмате долчу КъурIанах дуй боу Аса: |
3. |
Баккъалла а, хьо ма ву бахкийтанчаьрех |
4. |
Нисчу новкъахь. |
5. |
Ша везза а‚ къинхетаме а волчуьнгара охьадоссина ду иза /КъурIан/‚ |
6. |
Хьоьга хьехам байта къомана‚ шайн дайшна бина ца хилла – уьш гIапал хилла /Делан дин ца девзаш/. |
7. |
Царех дукхах болчаьрна тIехь дош бакъхилла – цара /ахь деъначуьнга/ иман дуьллур дац. |
8. |
Церан логех Оха буржолаш тоьхна‚ уьш чIенгийх кхаьчча – церан кортош ирх айабелла. |
9. |
Царна хьалхахула а‚ тIехьахула а дуьхьало йина Оха‚ церан бIаьргийн хьалха кирхьа диллина Оха – уьш гуш ма бац. |
10. |
Царна цхьатерра ду: ахьа хьехам бича а‚ ца бича а – уьш тешар болуш бац /ахь деъначух, хIай Мухьаммад/. |
11. |
Баккъалла а, ахьа хьехам бе хьехамна тIаьхьахIуттуш волчунна‚ шена гуш воццушехь Къинхетаме волчух /Делах/ кхоьруш волчунна. Ахьа цуьнга кхаъ баккха: цунна гечдина хиларца а‚ сийлахь ял хиларца а. |
12. |
Баккъалла а, Оха ден ма бо белларш‚ дIа яз ма до Оха цара хьалха лелийнарг а /дахийтинарг а/‚ церан /тIаьхьа хир йолу/ лар а. Массо хIума дIанис ма дина‚ Оха билгалчу жайнан чохь. |
13. |
Балабе царна масална цхьана юьртан дай: цига баьхкира элчанаш. |
14. |
Оха вахийтинера цаьрга шиъ – цара уьш шиа харцбира. ТIаккха Оха уьш чIагIбира кхоалгIачуьнца‚ цара элира: “Баккъалла а, тхо шуьга /дахкийтина/ элчанаш ма ду”. |
15. |
Цара /юьртан наха/ элира: “Шу ма дац тхо санна адамаш бен. Цхьанне хIуманца Къинхетаме волчо дахкийтина ма дац шу – шу харц луьйш ма ду”. |
16. |
Цара /элчанаша/ элира: “Вайн Кхиош-кхобучунна хаьа-кх тхо шуьга даийтина элчанаш дуйла. |
17. |
Тхан тIехь-м дац билгала дерг дIакхачор бен” |
18. |
Цара /юьртан наха/ элира: “Шу бахьанехь вон билгалонаш хааелла тхуна‚ шу ца совцахь‚ оха шуна тIулгаш деттар ма ду‚ тхоьгара лазош долчу Iазапо схьалоьцур ду шу”. |
19. |
Цара элира: “Шун вон билгалонаш шуьца шайца ю. Ткъа шуна хьехам бина дела /ю шун вон билгалонаш; цундела до аша тхуна Iазап?/ ХIаъ‚ шу ду-кх тIаламза къам /дуккха кIорга дахна шу къинош дарехь/”. |
20. |
ГIалин йистера ведда цхьа цхьа стаг схьакхечира‚ цо элира: “ХIай сан къам! ТIаьхьахIитта оцу элчанашна. |
21. |
ТIаьхьахIитта шайга мах ца боьхуш болчаьрна – уьш нисчу новкъахь ма бу. |
22. |
Аса хIунда ца до Iибадат суо кхоьллинчунна‚ шу а Шена тIе дIадуьгур долчунна? |
23. |
Иза вуьтий‚ кхин делий тIелоцу ткъа аса? Къинхетаме волчунна (Далла) суна цхьа зен дан лиъча‚ церан шапаIаташа хIумма а гIо дийр ма дацара суна‚ цара со кIелхьаравоккхур ма вацара /Делан Iазапах/. |
24. |
Гуш-лаьтташ тиларчохь хир ма вара со тIаккха. |
25. |
Баккъалла а, аса иман дилли шун Кхиош-кхобучуьнга соьга ладогIа…” |
26. |
/Маликаша/ элира: “Ялсамане чу гIо”. Цо элира /шен са долуш/: “ХIай сан къам‚ шу хууш хиллехьара-кх |
27. |
Суна сан Кхиош-кхобучо гечдина хилар а‚ Цо со сийлахьболчарех хилийтар а”. |
28. |
Цул тIаьхьа цуьнан къоманна тIе стиглара бIо ца баийтира Оха‚ и боуьтуш ца хилира Тхо. |
29. |
Беккъа цхьа чIогIа мохь хилира – уьш /чим хилла/ дIатийна бисира. |
30. |
Ма боккха бала бу-кх /Сан/ лешна: цхьа а элча ца веъна-кх цаьрга И цара сийсаза веш бен. |
31. |
Царна ца го-техьа: мел дукха нах хIаллак бина Оха царел хьалха‚ уьш царна тIе бухабоьрзур ма бац. |
32. |
Массо а цхьана Тхуна хьалха дIахIиттор ма бу. |
33. |
Билгала делил ма ду-й царна делла долу латта: Оха иза дендина‚ цуьнах Оха буьртигаш а дехна – царех цара кхача боу. |
34. |
Цуьнан тIехь Оха хурманийн а‚ кемсийн а бошмаш хIиттина. Цуьнах Оха шовданаш а дехна – |
35. |
Цаьрга цуьнан стоьмаш баийта – церан куьйгаша ца дина иза. Цара баркалла хIунда ца олу? |
36. |
Вонах цIена ву и Дела‚ Ша массо хIума боьрша а‚ сте а‚ кхоьллина волу: лаьттан тIехь схьадолуш дерг а‚ шу шаьш а‚ шуна ца хуург а. |
37. |
Билгала делил ду царна буьйса: цунах де доккху Оха‚ уьш боданехь буьсуш. |
38. |
Малх а дIалела шена хIоттинчу меттиге – Ша везза волчун‚ Ша хууш волчун дIахIоттам бу иза. |
39. |
Беттан а барам бина Оха шен манзалашкахь – дIабоьрзуш хурманан ширчу гах тарлой. |
40. |
Малх баттана тIаьхьа ца кхуьу‚ буьйса дийнал хьалха ца йолу – массо а шен-шен меттехь нека деш ю. |
41. |
Билгала делил ду царна Оха церан зуьррет дуьззина хиллачу кема тIехь лелийна хилар. |
42. |
Цуьнах тера кхоьллира Оха царна уьш тIе хаа хIуманаш а. |
43. |
Тхуна лиънехьара‚ хи чу бахийтина хир бара уьш‚ – ма хир дацара царна гIо‚ ма кIелхьарабохур бацара уьш |
44. |
Тхоьгара къинхетам а‚ цхьа хан тIекхаччалц бахам а хилча бен. |
45. |
Цаьрга аьлча: “Шу кхералаш шун хьалха хиллачух а‚ шун тIаьхьа хирдолчух а – шух къинхетам бан там бара” /уьш дIабоьрзу/. |
46. |
Делан билгалох цхьа а делил ца деъна‚ уьш цуьнах дIабоьрзуш а бен. |
47. |
Цаьрга аьлча: “Аша сагIа ло Дала шайна деллачу рицIкъах” ца тешачаьра олу иман диллинчаьрга: “Оха хIунда кхобу уьш? Дала Шена лаахь Ша кхобур бу‚ гуш-лаьтташ тилар чохь ду-кх шу”. |
48. |
/ТIаккха/ цара олу: “Маца хир ду иза аша дуьйцург шу бакълуьйш хиллехь?” |
49. |
Хьоьжуш лаьттар бац уьш – беккъа цхьа чIогIа мохь хир бу: цо схьалоьцур бу уьш шаьш лаьтташехь къуьйсуш. |
50. |
Весет дан а ницIкъ кхочур бац царна‚ шайн нахана тIе бухабоьрзур а бац уьш. |
51. |
Сур локхур ю – уьш кешнашкара шайн Кхиош-кхобучунна тIе сихлур бу. |
52. |
Цара эр ма ду: “Ма боккха бала беъна вайна! Хьан гIовтина-те вай‚ дийшина Iохкучуьра?! /Маликаша я муъма наха эр ду/: “ХIара ду шуна Къинхетам болчо хир ду аьлларг. Бакъ луьйш хилла элчанаш”. |
53. |
Беккъа цхьа чIогIа мохь хилла – уьш берриг Тхуна хьалха дIахIиттина /хир бу/. |
54. |
Тахана сина цхьанне хIуманца зулам дийр ма дац‚ аша йинчу Iамалшца бен бекхам а шуна хир ма бац. |
55. |
Баккъалла а, ялсаманин дай тахана /шайн/ гIуллакхашкахь зовкх хьоьгуш хир бу. |
56. |
Уьш а ‚ церан зударий а IиндагIехь маьнганашна тIетевжина лаьттар ма бу. |
57. |
Царна цигахь стоьмаш а‚ царна шаьш ехнарг хир ма ю. |
58. |
“Салам!” – олуш маршалла хир ду къинхетам болчу Кхиош-кхобучуьнгара. |
59. |
Шу дIакъаста тахана‚ хIай къинош динарш! |
60. |
Аса шуьга ца аьллера ткъа: “ХIай Адаман кIентий! ШайтIанна Iибадат ма делаш – иза шуна билгала а мостагIа ма ду? |
61. |
Суна Iибадат дейша – хIара бу нийса некъ!” |
62. |
Шух йоккха тоба тилина даьлла и! – Шу ца хуьлу-кх хьекъале? |
63. |
ХIара ю и жоьжахате‚ хир ю шуна‚ аьлла‚ хьехинарг! |
64. |
Iовша цуьнан йовхо тахана – шаьш цатешаш хиларна! |
65. |
Тахана Оха церан багенашна мухIар тухур ма ду‚ церан куьйгаша Тхоьга дуьйцур ма ду‚ когаша тешалла дийр ма ду‚ дерриге цара /дуьненахь/ деш хиллачунна. |
66. |
Тхуна лиънехьара бIаьрса дехьна буьтур бара уьш‚ новкъах тилла бисинчу царна мичара гур дара? |
67. |
Я Тхуна лиъна хиллехьара шайн меттигехь куьцаш хуьйцура ма дара церан – дIабахалур ма бацара уьш‚ буха а боьрзур ма бацара уьш. |
68. |
Оха ваха витинарг кхолламах вухаверзаво цара ойла ца йо-те? |
69. |
Ца Iамийна Оха цуна /Мухьаммад пайхамарна/ иллеш – и дан цо там ма бацара: из хьехам а, /хIумнаш/ билгал доху КъурIан а ма ду‚ |
70. |
Шеца кхерам таса дийнаволчунна‚ цатешначаьрна тIехь /царна Iазап хир ду аьлла/ дош бакъхилийта. |
71. |
Царна ца го-техьа Оха шайна Тхан куьйгашца дехний кхоьллина хилар‚ уьш царна тIехь дай а бина? |
72. |
Оха уьш царна муьтIахь хилийтина: царех уьш тIехуьйшурш а ду‚ царех цара доу. |
73. |
Царна царех пайданаш а‚ маларш а ду – баркалла хIунда ца олу цара? |
74. |
АллахI а витина кхин делий лаьцна – шайна гIо хир ду моьттуш. |
75. |
Хир дац царна цаьргахула гIо – ма бу уьш царна дIахIоттина бIо. |
76. |
Церан дашо сингаттаме ма войла хьо – Тхо хууш ду хьуна цара къайладоккхург а‚ цара дIахьедийриг а. |
77. |
Стагана ца го-те Оха ша кхоьллина хилар тIадамах? – билгала мостагI хили-кх цунах. |
78. |
Тхуна масал а далийна‚ ша кхоллар диц а дина‚ аьллера: “Хьан ден йийр ю даьIахкаш уьш яхкаелча?” |
79. |
Ахьа ала: “Денйийр ю уьш шаьш дуьххьала кхоьллинчо – Иза массо хIума кхолла Ша хууш ма ву. |
80. |
Иза ву шуна сийначу диттах цIе хилийтина‚ – аша цунах лата а еш”. |
81. |
Ткъа стигланаш а‚ латта а ша кхоллинчун ницIкъ ца кхочу‚ и саннарг юха кхолла?! Кхочу!!! И ша дика хууш кхоллархо ма ву! |
82. |
Цуьнан гIуллакх ду Шена цхьа хIума лиъча”Хила!” алар – иза хуьлу. |
83. |
Вонах цIена ву И /Дела/‚ Шен куьйгахь массо а хIуманан паччахьалла долу‚ шу а Шена дIадерзор долу. |