34. САБАЪ

1.

Хастам бу Далла‚ Шена стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг долчу‚ Шена хастам
болчунна эхартахь а. Иза хьукаме верг а ву‚ сов дика хууш верг а ву.

2.

Цуна хаьа лаьттан чу гIош дерг а‚ цунах схьа долуш дерг а‚ стиглара охьадогIуш
дерг а‚ цига ирх долуш дерг а. Иза къинхетаме верг а ву‚ гечдеш верг а ву.

3.

Ца тешачаьра элира: “Сахьт вайна догIур а дац”. Ахьа ала: “ХIаъ‚ сан
Кхиош-кхобучуьнах дуй боу аса‚ къайлах дерг хууш волчу: догIур долуш ду иза
шуна”. Цунах /Делах/ къайладер дац мискъала зарратал хIума стигланашкахь а‚
лаьттахь а‚ цул мелхо а жиманиг а, мелхо а доккханиг а‚ билгалчу жайнан чохь
долуш а бен.

4.

Иман диллинчаьрна‚ дика Iамалш йиначаьрна ял ялархьама. Уьш бу шайна гечдар а‚
сийлахь рицIкъ а дерш.

5.

Тхан аяташ талхо къахоьгуш берш, /уьш/ гIелдан гIерташ – царна Iазап ду лазош
долчу таIзарех.

6.

Шайна Iилма деллачаьрна хаьа хьуна хьан Кхиош-кхобучуьнгара доьссинарг бакъдерг
дуйла‚ ша /нах/ нисбеш долу везза волчун‚ хастаме волчун /Делан/ новкъа.

7.

Цатешначаьра элира: “Оха нисдой шу цхьана стагана тIе‚ шуьга ша дуьйцуш волчу‚
шу массо кийсагана декъаделча шу керлачу кхолларчохь хир ду /духа дендийр ду/‚
бохуш?

8.

Далла тIе харцдерг кхоьллина цо‚ я цуьнца жинаш ду”. ХIаъ‚ эхартах ца тешаш берш
Iазапан чохь а‚ генарчу тилар чохь а ма бу.

9.

Царна ца го-те шайна хьалхахь а, тIехьахь а дерг, стиглара а, лаьттара а? Тхуна
лууш хиллехьара Оха лаьтте худийтар бара уьш‚ я стиглара кийсагаш егор яра царна
тIе. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду ша воьрзуш волчу /Деле тоба дарца/ лена.

10.

Оха деллера Давудана Тхайгара ниIмат‚ /элира/: “ХIай лаьмнаш! Тасбахь де цуьнца
цхьана‚ /аша а/ олхазарш”. Оха кIаддийра цуна эчиг:

11.

“ГIаьгIнаш е‚ тIе юста /уьш/. Диканиг делаша. Баккъалла а, Со аша дийриг гуш
ву”.

12.

Сулейманна а /муьтIахь бира Оха/ мох‚ цуьнан Iуьйренан некъ бутт болуш‚ цуьнан
суьйренан некъ а бутт болуш. Оха ирабира цуна цIестан хьоста. Жинех ду шаьш цуна
хьалхахь болх беш дерш цуьнан Кхиош-кхобучун пурбанца. Царех Тхан омрах
дIатилначаьрна Iавшор ду Оха жоьжахатин Iазапах.

13.

Цара еш цуна‚ шена луу‚ михьрабаш‚ сурташ а‚ кедаш черманаш санна‚ чIогIа яйнаш
а. Хам бе‚ Давудан доьзал. КIеззиг бу Сан лайх хам беш берш.

14.

Оха цуна /Сулейманна/ Iожалла тIехIоттича цуна валаран тIе уьш нис ца бира
цхьана лаьттан дийнато бен‚ ша цуьнан Iаса юуш. Иза охьавоьжча билгалделира
жинашна шайна къайле хууш хиллехьара лаьттар ца хилар шаьш сийсазаллин Iазапехь.

15.

Хилира сабаашна шайн гIишлошкахь делил: ши беш аьтту агIорхьара а‚ аьрру
агIорхьара а. Даа шайн Кхиош-кхобучун рицъкех‚ хам бе Цуна! Токхе мохк а‚ гечдеш
волу Кхиош-кхобург /хилира царна/.

16.

Юьстах белира уьш /Далла хам барна/‚ Оха доссира царна тIе дуккха Iовраш‚ церан
шина бешан меттана хилийтира ши беш къаьхьа стоьмаш болуш‚ аслих а‚ /цхьацца/
хIума кIеззиг сидрех а йолуш.

17.

Иза бекхам бира Оха царна уьш ца тешаш хиларна. Оха /иштта/ бекхам бой ца
тешачаьрна а бен?

18.

Царна юкъахь а‚ Оха шайна чохь декъалйина хиллачу яртийн юкъахь Оха йира гуш
йолу ярташ‚ царна чохь къастийра некъ: “Лела царна чухула буьйсанашкахь а‚
деношкахь а кхерам боцуш!”

19.

Цара элира: “Тхан Кхиош-кхобург‚ гена хилийталахь тхан кхерсташ лелар”. Цара
зулам дира шайна‚ Оха хилийтира царех /нахана/ дийцарш‚ хедийра уьш массо а
кийсаг хилла. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду массо собаре волчунна а‚ хам
бечунна а.

20.

Иблисо бакъ дайтара цаьрга шена моттар‚ уьш цуна тIаьхьахIоьттира муъма нахах
цхьа тоба йоцург.

21.

Ма яцара цуна царна тIехь цхьа а бакъо‚ деккъа Тхуна хаархьама‚ мила ву эхартах
тешаш цунах шеконехь хиллачех. Хьан Кхиош-кхобург массо а хIуманна лардархо ву.

22.

Ахьа ала: “Кхайкха шайна Дела витина /делий бу/ метташ хиллачаьрга”. Цара дола
ма ца до мискъала заррат /хIуманна/ стигланашкахь а‚ лаьттахь а. Ма дац царна цу
шиннан чохь цхьа а накъосталла‚ ма вац Цуна царех цхьа а гIоьнча.

23.

Пайда бийр бац гIо даккхаро Цуьнан гергахь Цо шена пурба деллачун бен. Шайн
дегнашкара кхерам дIабаьккхича‚ цара (шайна шапаIат дан бакъо елла хилла долчу
маликаша а, пайхамараша а) элира: “ХIун элира шун Кхиош-кхобучо?” Цара
/вовшашка/ элира: “Бакъдерг. Иза лекха а‚ воккха а верг ву”.

24.

Ахьа ала: “Мила ву шуна рицIкъ луш верг стигланашкара а‚ латтара а?” Ахьа ала:
“Дела ву”. Баккъалла а, Тхо я шу нийсачу новкъахь ду я билгалчу тиларан чохь
ду”.

25.

Ахьа ала: “Шуга хоттур дац оха къа дарна‚ тхоьга хоттур дац аша деш долчух”.

26.

Ахьа ала: “Гулдийр ду вай вайн Кхиош-кхобучо тIаккха къастор ду Цо вайна юккъехь
бакъдолчуьнца‚ Иза хууш волу къастош верг ву”.

27.

Ахьа ала: “Аша гайта суна шаьш Цунах кхиина накъостий”. ХIан-хIа! Иза – Дела ву‚
ша везза волу‚ ша хьукаме волу.

28.

Оха ваийтина ма вац хьо массо нахе кхаъ бахьаш верг а‚ кхерамча а хилла бен‚
делахь а дукхох болчу нахана ца хаьа-кх.

29.

Цара олу: “Маца /кхочуш/ хир ду и ваIда шу бакълуьйш делахь?”

30.

Ахьа ала: “Шуна хан тоьхна де ду‚ цунах цхьа сахът тIаьхьадуьсур а дац шу‚
хьалха довлур а дац”.

31.

Ца тешначаьра элира: “Тешанне а тешар ма дац тхо хIоккху КъурIанах а‚ цул хьалха
хиллачух а”. Хьуна гуш балхьара и зуламхой шайн Кхиош-кхобучун хьалха хIоттина‚
царех цхьаберш вакхарга дош духадерзадеш‚ шаьш заьIип хиллачаьра куралла еш
хиллачаьрга олуш: “Шу ца хиллехьара тхоьх муъма нах хилла хир ма бара”.

32.

Шаьш куралла еш хиллачаьра элира заьIип хиллачаьрга: “Оха дIатилира шу /нийсачу/
некъах и шуьга беъначул тIаьхьа? ХIаъ‚ шу шаьш хилира къинош деш”.

33.

Шаьш заьIип хиллачаьра элира куралла еш хилачаьрга: “ХIаъ‚ буьйсанан а‚ дийнан а
мекарлонаца аша тхуна омра ма дора тхо Делах ца тешар‚ Оха Цуьнца кхин нисвар”.
Цара хьулдийра дохкобовлар шайна Iазап гича. Оха буржолаш туьйхира ца тешаш
хиллачаьрийн лагийх. Шаьш деш хиллачуьнца бен бекхам хир бу-й царна?

34.

Оха ца ваийтира юьртахь цхьа а кхерамча цуьнан /юьртан/ хьалдолчаьра олуш бен:
“Баккъалла а, тхо шу шеца даийтинчун /ца тешаш/ керста ду-кх”.

35.

Цара элира: “Тхо мелхо алсам ду бахамца а‚ доьзалца а‚ тхуна Iазап дийр дац”.

36.

Ахьа ала: “Баккъалла а, сан Кхиош-кхобучо рицIкъ даржадо Шена луучунна /дукха
луш/‚ барам а бо /кIеззиг луш/‚ делахь а дукхох болчу нахана ца хаьа.

37.

Шун бахам а‚ шун доьзал а ма бац шу Тхуна гергадалош берш (кIез-кIеззиг)
гергадалорца – ша иман диллинарг а‚ дика Iамал йинарг а бен. Уьш бу шайна шозза
ял ерш шаьш йинчу Iамалшца‚ уьш /хир/ бу /ялсаманин/ хIусамашкахь кхерам боцуш.

38.

Тхан аяташ /дохорехь/ къахьоьгуш берш /уьш/ ледара дан гIерташ – Iазапан чу
хIоттор ма бу.

39.

Ахьа ала: “Баккъалла а, сан Кхиош-кхобучо даржадо /шорта/ рицIкъ Шен луучунна
Шен лех‚ Цо цуна барам а бо”. Аша хIуманах сагIина елларг Цо меттахIоттор ю. Иза
рицIкъ лучарех уггар диканиг ву.

40.

Цу дийнахь Цо гулбийр бу уьш берриге‚ тIаккха эр ду маликашка: “ХIорш бу и шуна
Iибадат деш хилларш?”

41.

Цара элира: “Вонах цIена ву хьо‚ Хьо ву-кх тхан вали уьш боцуш. ХIаъ‚ уьш хилира
жинашна Iибадат деш‚ царех дукхох берш царна иман диллина бу”.

42.

Тахана шух цхьаболчаьрийн долахь бац вакхарна пайда а‚ зен а‚ Оха эр ду зулам
диначаьрга: “Iовша шайна цIеран Iазап аша ша харцдеш хилла долу”.

43.

Шайна тIехь Тхан къесташ долу аяташ доьшуш цара элира: “ХIара ма вац шу шун дай
шена Iибадат деш хиллачух дIатило лууш волу стаг бен”. Цара элира /юха а/: “Ша
кхоьллина харцдерг бен ма дац хIара /Къуръан/”. Ца тешначаьра бакъдолчунна и
шайга деъча элира: “ХIара деккъа къеггина бозбуанчалла ду-кх”.

44.

Оха ца делла цаьрга /Iарбашка/ цхьа а жайна цара и Iамадеш долу‚ Оха ца ваийтина
цаьрга хьоьл хьалха цхьа а кхерамча.

45.

Харцдира царел хьалха хиллачаьра а‚ /хIорш-м/ ца кхиира Оха царна деллачух
итталгIачу декъах а. Цара харцбира Сан элчанаш. Муха хилира Сан /уьш/ цаларар
(Сан Iазап)?

46.

Ахьа ала: “Аса хьоьху шуна цхьа хIума: шу хIоттар Далла хьалаха /бакъдерг
лоьхуш/ шишша а‚ цхьаьцца а‚ тIаккха аша ойла яр: шун накъост ма вац жинех. Иза
ма вац кхерамча бен чIогIа Iазап хилале хьалха /ваийтина волу/”.

47.

Ахьа ала: “Аса ца бехна шуга цхьа а мах‚ иза шуна бу. Сан мах Дела тIехь бен
бац. Иза массо хIуманна тIехь теш ма ву”.

48.

Ахьа ала: “Баккъалла а, сан Кхиош-кхобучо кхуссу /пайхамарийн дегнашка/
бакъдерг‚ къайленаш дика хууш верг ву Иза”.

49.

Ахьа ала: “Деъна бакъдерг. Гучадер дац харцдерг‚ духадоьрзур а дац”.

50.

Ахьа ала: “Со тилвеллехь – со тилалуш ву сайна. Со нисвеллехь – Сан
Кхиош-кхобучо сайга деллачу вехьеца /нисвелла/. Баккъалла а, Иза хозуш верг а
ву‚ гергахь верг а ву”.

51.

Хьуна гинехьара уьш кхерабелла‚ бовла меттиг йоцуш‚ схьаьлаьцна гергарчу
меттигера.

52.

Цара элира: “Оха иман диллина цунах”. Мичара ду царна /иманах/ кхиар генарчу
меттигера?

53.

Цара керста дина иза хьалха. Цара дIатосура къайлахьдерг генарчу меттигера.
(Цара бакъ ца лорур шайга дуьненахь дуьйцуш хилла долу къематдийнах а,
юхадендарах а, ялсаманих а, жоьжахатих а лаьцна хабарш).

54.

Дуьхьало хилира царна а‚ царна дезачунна а юккъехь‚ уьш санначарех хьалха дина
ма хилла. Баккъалла а, уьш хилира кегари хиллачу шеконехь.