33. АЛЬ-АХЬЗАБ

1.

ХIай пайхамар!
Делах кхералахь‚ хьо муьтIахь ма хилалахь керстанашна а‚ мунепакъашна а.
Баккъалла а, Дела хили хууш верг а‚ хьукаме верг а.

2.

Хьо тIаьхьахIотта
хьайга вехьешца хьан Кхиош-кхобучуьнгара деъначунна. Баккъалла а, Дела хили аша
дийриг сов дика хууш.

3.

Ахьа таваккал де
Далла –
кхачо хили Делаца векал.

4.

Ца дина Дала
цхьанне стагана ши дог цуьнан кийрахь‚ ца хилийтина Цо шун зударех‚ аша шайга
шун баккъаш шайн нанойн баккъашка тера хета‚ аьлла болу‚ шун наной‚ аша
долабаьхина берийх шуна кIентий ца бина Цо. Иза шун дош ду шун багенашца /олуш
долу/. Дала олу бакъдерг‚ Цо нисво нийсачу некъа.

5.

Шайн дайшка
дIакхайкха уьш –
иза ду мелхо нисдерг Далла гергахь. Шуна церан дай ца бовзахь –
шун вежарий а бу уьш динехь‚ шун доттагIий а бу. Шуна къа дац шу шегахь гIалат
деллачун‚ аша дагалаьцначун бен. Хили Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.

6.

Пайхамар таме ву
муъма нахана шайл а‚ цуьнан зударий церан наной бу. Гергарнаш цхьаберш вакхарел
таме бу Делан жайнахь муъма нахал‚ хIижар дихкинчарел‚ аша шайн доттагIашна
диканиг деш далахь бен. Хили иза жайнахь дIаязделла.

7.

Оха схьаийцира
пайхамарашкара чIагIам‚ хьоьгара а‚ Нухьера а‚ ИбрахIимера а‚ Мусагара а‚
Маръяман кIантера Iисагара а. Оха схьаийцира цаьргара чIогIа чIагIам.

8.

Цо /Дала/
бартхаттархьама бакълуьйчаьрга шайн бакълерах. Кечдина Цо керстанашна лазош долу
Iазап.

9.

ХIай иман
диллинарш! Аша дагадайта Делан ниIмат шайн долу –
шуна деара эскар –
Оха бахийтира царна тIе мох а‚ эскар а‚ шуна ша гуш доцу. Хилира Дела аша дийриг
гушверг.

10.

Уьш баьхкира шуна
тIе шун тIехула а‚ шун бухахула а –
бIаьргаш хьен тIе баьлира‚ дегнаш къамкъаргашка кхечира‚ шуна моттайолаелира
Делах лаьцна цхьацца /нийса йоцу/ моттаргIонаш.

11.

Цигахь зийра муъма нах‚ чIогIа мохк а бегийра.

12.

/Ахьа дагадаийта/ мунепакъаша а‚ шайн дегнашкахь цамгар йолчаьра а элира: “Дала
а‚ Цуьнан элчано а вайца йина ваIда Iехор бен ма дац”.

13.

/Ахьа хьахаде/: царех цхьана тобано элира: “ХIай Ясрибан бахархой! Шуна латта
меттиг яц /тIом бан/‚ духадерза”. Царех кхин йолу тоба пайхамаре пурба деха
йолаелира‚ олуш: “Тхан цIенош десса ду”. Десса ма дац уьш – царна луург бовдар
ду-кх /тIамтIера/.

14.

Царна чубаьхкича цуьнан /гIалин/ йисташкахула‚ тIаккха цаьрга питна дийхича – и
лур ма дар хьуна цара‚ цхьа кIеззиг хьоьжуш лаьттар а ма бацара хьуна.

15.

Уьш хьалха а хилира Делаца ваIда еш‚ шаьш довдур дац /тIамтIера/‚ бохуш. Хили
Делан ваIда жоп доьхуш.

16.

Ахьа ала: “Пайда бийр бац шуна довдаро‚ шу довдарах даларх‚ я дайарх кIеззиг бен
бахам хир бац шуна”.

17.

Ахьа ала: “Мила ву иза ша Делах шу лардийр верг Цуна шуна цхьа зен лиъча‚ я Цуна
шуна цхьа къинхетам лихча. Цара карор ма вац шайна Дела воцург цхьа а вали а‚
цхьа а гIоьнча а”.

18.

Бевза Далла шух новкъарло еш берш /нах гIазоте ца бохуьйтуш/‚ шайн вежаршка олуш
берш: “Схьадуьйла тхо долчу /ма гIо гIазоте/!” Цхьа къеззиг бен ца беара цара
ницIкъ.

19.

Шуна бIаьрмециг хуьлуш. Кхерам беъча хьуна гира уьш хьоьга хьоьжуш шайн бIаьргаш
хьийзаш валан шен дог вон хилларг санна. Кхерам дIабаьлча шух чекхдохур ду цара
чIиран меттанаш дикачунна бIаьрмециг хилла. Уьш иман диллина бац хьуна‚ Дала
яйана хьуна церан Iамалаш. Иза хилира Далла атта.

20.

Царна метта и тобанаш дIа ца яхна. И тобанаш еъча царна лаьа Iаьрбийн юккъехь
дIасхьалеларш хила‚ шун хабарш хоьттуш. Шун юккъехь хилча а кIеззиг бен тIом
бира бацара цара.

21.

Баккъалла а, шуна хилира Делан элчанехь хаза мисал /шух/ Делах а‚ ТIаьхьарчу
дийнах а кхоьруш волчунна а‚ дуккха Дела хьехош волчунна а.

22.

Муъма нахана и тобанаш гича‚ элира: “ХIара ю Далла а‚ Цуьнан элчано а вайца йина
ваIда‚ бакълина Дела а‚ цуьнан элча а”. /Цу гIуллакхо/ уьш алсам ца боху иманца
а‚ муьтIахь хиларца а бен.

23.

Муъма нахах цхьа божарий бу шаьш бакъйина шайн Делаца хилла йолу ваIда‚ царех
шен Iожалла кхочуш хилларг /велларг/ а ву‚ царех хьоьжуш верг а ву‚ цхьа а
хийцам ца бина цара /шайн ваIдин/.

24.

Дала ял ялархьама бакълийначаьрна шайн бакълерца‚ Iазап дийр ду мунепикъашна Шен
лаахь‚ я гечдийр ду царна. Баккъалла а, Дела хили гечдеш верг а‚ къинхетаме верг
а.

25.

Дала бухаберзира ца тешнарш шайн оьгIазаллица‚ ца кхиира уьш дикачух. Кхачо
хилийтира Дала муъма нахана тIамах. Хили Дела нуьцIкъала верг а‚ веза верг а.

26.

/Дала/ охьабоссира жайнан дайх царна гIо дина хилларш шайн чIагIонашкара‚ Цо
кхоьссира церан дегнашка кхерам‚ цхьаберш аша бойу‚ цхьаберш аша йийсаре лоьцу.

27.

Цо ирсана шуна делира церан лаьтта а‚ церан цIенош а‚ церан бахам а‚ аша хьешна
доцу лаьтта а. Хили Дела массо хIуманна тIехь ницIкъ болуш.

28.

ХIай пайхамар! Ахьа ала хьан зударшка: “Шу делахь дуьненан дахар дезаш‚ цуьнан
хазалла а /езаш/‚ схьадуьйла – аса бахам лур бу шуна‚ хазачу кепара паргIат
дохур ду шу.

29.

Шу делахь везаш Дела а‚ Цуьнан элча а‚ тIаьхьа хир йолу хIусам а /ялсамане/ –
Дала кечйина шух  дикачаьрна йоккха ял.

30.

ХIай пайхамаран зударий! Шух билгала ирчаниг деанчунна – шозза алсам хир ду цуна
Iазап. Хили иза Далла атта.

31.

Шух Далла а‚ Цуьнан элчана а муьтIахь хилларг а‚ дика Iамал а йинарг – цуна ял
лур ю Оха шозза. Оха цуна кечдина сийлахь рицIкъ.

32.

ХIай пайхамаран зударий! Шу дац зударех цхьаннега тера. Шу /Делах/ кхоьруш
делахь ма хила дашца кIеда /хийрачу божаршна/ – тIаккха шен дагчохь цамгар ерг
тIе хьийзар ву‚ аша ала дика дош.

33.

Шайн цIеношкахь совца‚ кеч ма ло хьалхалера жехIаллин кеч баларца. Ламаз а
хIоттаде‚ закат а ло‚ Далла а‚ Цуьнан элчана а муьтIахь хила. Баккъалла а, Далла
лаьа, /хIай пайхамаран/ цIийнан охIла, шух боьху хIума дIадаккха а, шу цIандан а
цIандарца.

34.

Дагадайта шайн цIеношкахь доьшуш долу Делан аяташ а‚ хьикмат а. Баккъалла а,
Дела хили тIекаре верг а‚ сов дика хууш верг а.

35.

Баккъалла а, бусулба божарий а‚ бусулба зударий а‚ муъма божарий а‚ муъма
зударий а‚ /Делах/ кхоьруш болу божарий а‚ /Делах/ кхоьруш болу зударий а‚
бакълуьйш болу божарий а‚ бакълуьйш болу зударий а‚ собаре болу божарий а‚
собаре болу зударий а‚ /Далла/ муьтIахь болу божарий а‚ /Далла/ муьтIахь болу
зударий а‚ сагIа луш болу божарий а‚ сагIа луш болу зударий а‚ марха лоцу
божарий а‚ марха лоцу зударий а‚ шен эхье йолу меттигаш ларош болу божарий а‚
зударий а‚ дуккха Дела хьехош волу божарий а‚ зударий а – кечдина Дала царна
гечдар а‚ сийлахь-йоккха ял а.

36.

Яц муъма стагана‚ я муъма зудчунна Дала а‚ Цуьнан элчано а цхьа гIуллакх
кхочушдича шайн гIуллакхах /шайн дезарг/ харжан бакъо. Далла а‚ Цуьнан элчана а
Iесалла еш верг тилавелла билгалчу тиларца.

37.

/Хьажал/ ахьа ма элира Дала а‚ ахьа а шен ниIмат деллачуьнга: “Хьайгахь кхаба
хьан зуда‚ Делах кхера!” Ахьа хьулдийра хьайгахь Дала гучадоккхуш дерг. Хьо
кхоьрура нахах‚ ткъа Дела мелхо там болуш вара хьо Шех кхера. Зайда цуьнца шен
лаам кхочушбича (цо иза йитича, Iиддат чекхдаьлча)‚ Оха иза хьуна ялира муъма
нахана хало ца хилийтархьама шаьш дай хIоьттинчу кIентийн зударий бало цара шайн
царца долу гIуллакх чекхдаькхича /шарIехь уьш битича/. Хили Делан гIуллакх дина
даьлла.

38.

Пайхамарна хало хила мегар дац Дала Шена тIе диллинчуьнгахь – Делан Iадат /ду
иза/ хьалха баханчаьргахь а хилла. Хили Делан гIуллакх азаллехь кхочуш хилла.

39.

Ишттанаш бу уьш /хьалха баханарш/ шаьш Делан элчаналла кхочуш дина‚ Цунах
кхоьруш болуш‚ Дела воцучех цхьаннех ца кхоьруш. Делаца кхачо хилла
хьесапдийриг.

40.

Ца хилла Мухьаммад шун божарех цхьанне а да‚ делахь а Делан элча а‚ пайхамарийн
мухIар а ду иза. Хили Дела массо хIума хууш верг.

41.

ХIай иман диллинарш! Хьехаве Дела дукха хьехаварца.

42.

Тасбахь де Цуна Iуьйранна а‚ суьйранна а.

43.

Иза ву шух къинхетамбеш верг‚ Цуьнан маликаш а /ду шуна гечдар доьхуш/‚ шу
боданера серлонга дахархьама. Иза хили муъма нахах къинхетамбеш верг.

44.

Церан маршал Цуьнца цхьанакхитинчу дийнахь – салам ду. Цо кечйина царна сийлахь
ял.

45.

ХIай пайхамар! Баккъалла а, Оха вахийтина хьо теш хилла‚ кхаъанча хилла‚
кхерамча хилла.

46.

Деле кхойкхуш верг а хилла Цуьнан пурбанца‚ нуре чиркх а хилла /вахийтина хьо/.

47.

Ахьа кхаъ баккха муъма нахана царна Делера доккха дозалла ду‚ аьлла.

48.

МуьтIахь ма хилалахь /Делах/ цатешачаьрна а‚ мунепакъашна а‚ дита церан /хьуна
деш долу/ халахетарш. Далла тIе товжа. Кхачо хили Делаца векал.

49.

ХIай иман диллинарш! Аша муъма зударий балийча‚ тIаккха уьш битича шу царех
хьакхадалале шуна царна тIехь цхьа Iидда дац аша тергал дан дезаш. Ло цаьрна
шайн пайда эццал хIума‚  хазачу кепара бита уьш.

50.

ХIай пайхамар! Оха хьанал бина хьуна хьан зударий‚ ахьа шайна мах белла болу‚
хьан аьтту куьйга дола динарш хьуна Дала хIонсана беллачарех‚ хьан ден вешин
мехкарий а‚ хьан ден йишин мехкарий а‚ хьан ненан вешин мехкарий а‚ хьан ненан
йишин мехкарий а‚ шаьш хьоьца хIижар дина болу; /кхин муьлхха/ муъма зуда а‚ цо
ша пайхамарна дIалахь‚ пайхамарна иза ялон а лаахь‚ еккъа хьуна а /хIай
пайхамар/ хуьлуш кхин муъма нахана йоцуш. Тхуна хии‚ хIун тIе диллина Оха царна
шайн зударшкахь‚ аьтту куьйгаша дола диначаьргахь а‚ хьуна хало ца
хилийтархьама. Хили Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.

51.

Ахьа тIаьхьатоттур ю хьайна луург царех; хьайна тIелоцур ю хьайна луург‚ хьайна
езахь айхьа юьстах яьккхиначарех – къа дац хьуна. Иза мелхо герга ду церан
бIаьргаш бузарна‚ уьш сингаттаме ма хуьлийла‚ уьш реза хуьлийла ахьа шайна
деллачунах – уьш массо а. Далла хаьа шун дегнашкахь дерг. Хили Дела хууш верг а‚
эсала верг а.

52.

Хьанал бац хьуна зударий царел сов а‚ уьш хийцабар а /кхечу/ зударех‚ церан
хазалло хьо цецваккхахь а‚ хьан аьтту куьйго дола дина боцурш. Хили Дела массо
хIуманна тIехь тергал деш верг.

53.

ХIай иман диллинарш! Пайхамаран цIеношка чу ма гIолаша шайна пурба делчи бен
кхача баа и /кхача/ кечбина баларе хьоьжуш ца Iаш. Мухха делахь шайга кхийкхича
– чу гIо‚ шаьш хIума йиъча дIасхьадаржа‚ хабарна юкъа а ца гIош. Баккъалла а,
шун иштта хилара пайхамарна новкъарло йо‚ цуна шух эхь хета /шуьга ала/. Далла
эхь ца хета бакъдолчух. Аша цаьрга /элчан зударшка/ цхьа хIума ехахь‚ аша еха и
цаьрга кирхьана юккъехула. Иза мелхо цIена ду шун дегнашна а‚ церан дегнашна а.
Шуна мегара дац Делан элчана новкъарло ян а‚ цуьнан зударий балабан а цул
тIаьхьа цIеллигацIа. Баккъалла а, иза хили Далла гергахь доккханиг.

54.

Аша гучадаккхахь а цхьа хIума‚ я хьулдахь и – баккъалла а, Дела хили массо хIума
хууш верг.

55.

Къа дац царна /зударшна‚ шайн юьхь гайта/ шайн дайшкахь‚ шайн кIенташкахь‚ шайн
вежаршкахь‚ шайн вежарийн кIенташкахь‚ шайн йижарийн кIенташкахь‚ шайн /хьалхахь
болчу/ зударшкахь‚ шайн аьтту куьйгаша дола диначаьргахь. Делах кхералаш /шу
зударий – хийрачу божаршна гучабаларехь/. Баккъалла а, Дела хили массо хIуманна
тIехь теш.

56.

Баккъалла а, Дала а‚ Цуьнан маликаша а салот дуьллу пайхамарна. ХIай иман
диллинарш! Аша дилла цуна салот‚ салам ло маршаллица.

57.

Баккъалла а, Далла а‚ Цуьнан элчанна а халахоьтуьтуш берш – Дала неIалт аьлла
царна дуьненахь а‚ эхартахь а‚ кечдина царна сийсазаллин Iазап.

58.

Муъма нахана а‚ муъма зударшна а халахоьтуьйтуш берш цара ца динчуьнца цара
дехьна доккха эладита а‚ билгала къа а.

59.

ХIай пайхамар! Ала хьан зударшка а‚ хьан мехкаршка а‚ муъма нехан зударшка а
шайна тIе шайн оба /паранжа‚ парду/ узийла цара. Иза мелхо герга ду уьш бовзарна
а‚ царна халахетар ца дарна а. Хили Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.

60.

Мунепакъаш а‚ шайн дегнашкахь цамгар ерш а‚ Мадинатехь эладитанаш даржош берш а
ца совцахь Оха хIоттор ма ву хьо царна тIе. ТIаккха хьан лулахь уьш цигахь Iийр
ма бац кIеззиг бен.

61.

Шайна неIалт хилларш. Миччахь хилахь схьалоьцур ма бу уьш‚ бойур ма бу байарца.

62.

Делан суннат ду иза‚ хьалха дIабаханчаьргахь а лелла. Хьуна каранне а карор бац
Делан суннатана хийцам.

63.

Хьоьга хоьтту наха сахьтах лаьцна. Ахьа ала: “Цуьнан Iилма Далла гергахь ду”.
Стено хоуьйту хьоьга? – и сахьт-м герга хилла а мега.

64.

Баккъалла а, Дала неIалт аьлла цатешачаьрна‚ Цо кечйина царна жоьжахате.

65.

Уьш лаьттар бу цу чохь гуттар. Царна карор вац вали а‚ гIоьнча а.

66.

Оцу дийнахь шайн яххьаш цIерга ерзош цара эр ма ду: “Вай хилла хиллехьара Далла
муьтIахь‚ элчана муьтIахь!”

67.

Цара элира: “Тхо Кхиош-кхобушверг‚ тхо муьтIахь хили тхан элашна а‚ тхан
тхьамдашна а. Цара тили тхуна некъ.

68.

Тхан Кхиош-кхобург‚ лолахь царна шозза Iазап‚ доккха неIалт алалахь царна”.

69.

ХIай иман диллинарш! Шу ма хилалаш Мусана халахетар диначарех тера. Дала
цIанвира иза цара аьллачух. Иза хилира Далла гергахь лоруш верг.

70.

ХIай иман диллинарш! Делах кхералаш‚ нийса дош алалаш.

71.

Цо дика хуьлуьйтур ю шун Iамалш‚ гечдийр ду шуна шун къинош. Далла а‚ Цуьнан
элчанна а муьтIахь верг – цо баьккхина боккха толам.

72.

Оха хьалха диллира закъалт стигланашна а‚ лаьттана а‚ лаьмнашна а – уьш дуьхьал
хилира и дахьан‚ уьш кхийрира цунах‚ и дIадихьира адамо. Баккъалла а, иза
хили-кх зуламе верг а‚ ца хууш верг а.

73.

Дала Iазап дархьама мунепакъ божаршна а‚ мунепакъ зударшна а‚ ширк динчу
божаршна а‚ ширк динчу зударшна а‚ Дала гечдархьама муъма божаршна а‚ муъма
зударшна а. Хили Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.