31. ЛУКЪМАН

1.

Алиф-лам-мим.

2.

ХIорш хьукаме долчу жайнан аяташ ду.

3.

Шаьш нийса некъ а‚ къинхетам а хилла долу диканиг дечаьрна.

4.

Уьш бу шаьш ламаз хIоттадеш‚ закат луш‚ эхартах уьш тешаш бу.

5.

Уьш шайн Кхиош-кхобучуьнгара нийсачу новкъахь бу. Уьш бу баккхийбуьйр берш.

6.

Нахах ву шегахь Iилма доцуш синкъераман хабар оьцуш верг Делан некъах /нах/
тилорхьама‚ сийсазбой схьалоцу цо иза /Делан некъ/. Уьш – царна сийсаздолу Iазап
ду.

7.

Шена Тхан аяташ доьшуш кураваьлла дIавирзи иза‚ шена уьш ца хезча санна‚ шен
лергашкахь къоралла ерг санна. Ахьа цунна кхаъ баккха лазош долчу Iазапца.

8.

Баккъалла а, иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а – царна НаIим /ялсаманин/
бошмаш ю.

9.

Уьш цу чохь гуттар лаьттар бу. Делан бакъ хилла йолу ваIда ю иза. Иза веза верг
а ву‚ хьукаме верг а ву.

10.

Цо кхоьллира стигланаш цхьа а бIогIам боцуш‚ шуна гуш болу. Лаьттахула лаьмнаш
кхиссира Цо и шуьца ца лестийтархьама‚ даржийна Цо цигахь массо а бежана. Оха
доссийра стиглара хи‚ Оха кхиийра цу чохь /лаьттахь/ хIора сийлахь шишша
/орамат/.

11.

Иза Делан кхоллар ду. ХIинца аша Соьга гайтал‚ хIун кхоьллина Иза воцчо. ХIаъ‚
зуламхой билгалчу тиларчохь бу-кх!

12.

Оха /хьалха/ деллера Лукъманна хьекъал: “Далла шукр де. Шукр дечо – шена шукр
деш ду. Керсталла деш верг – Дела хьал долуш а ву‚ хастаме а ву”.

13.

Лукъмана элира шен кIанте‚ ша цунна хьехар деш: “ХIай сан кIант‚ ахьа Делаца
накъост ма лацалахь. /Делаца/ накъост лацар – доккха зулам ду”.

14.

Оха весет дина адамна шен деца-ненаца /дика хилар/: цуьнан нанас /кийрахь/
лелийна иза гIелъяларна тIе а гIелъяларца‚ цуьнан /ненах/ къастар – шина шарахь
хилла. Шукр де Суна а‚ хьан дена-нанна а. Соьга ду хьан дIаверзар.

15.

Нагахь санна цу шиммо къахьегахь‚ ахьа Соьца накъост лацарна тIехь хьуна шеца
Iилма доцучуьнца – тIаккха ахьа цу шингге ла ма догIалахь. Накъосталла де царна
шиннена дуьненахь дикачу хIуманна тIехь. Хьо тIаьхьа ваза Суна тIевирзинчуьнан
новкъа. ТIаккха Суна тIе ду шун дIадерзар. Аса дуьйцур ду шуна аша деш хилларг.

16.

“ХIай сан кIант‚ и (вониг) хилахь а цхьа жимма кIоллан буьртигал я тархахь
(чарчохь)‚ я стигланашкахь‚ я латтахь а – иза а схьадоккху Дала. Баккъалла а,
Дела тIех кхетаме верг а ву‚ сов дика хууш верг а ву.

17.

ХIай сан кIант‚ хIоттаде ламаз‚ диканиг /нахана/ омра де‚ вочух /нах/ духатоха‚
собар де хьайх хьакхаделлачун тIехь. Иза гIуллакхийн чIогIаллех ду.

18.

Хьан юьхь ма хеба е нахана‚ ма лела латтахула кура. Баккъалла а, Далла ца  веза
массо кура верг а‚ везаведарг а.

19.

Юкънеккъара де хьан болар‚ аз а лагIде хьан. Аьзнех уггар ирчаниг виран аз ду”.

20.

Шуна ца го-те‚ Дала шуна болх бойтуш хилар стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел
долчуьнга‚ Цо шуна шортта делла Шен ниIматаш‚ гуш дерш а‚ хьуламехь дерш а?
Нахах ву ша Делехь къуьйсуш верг цхьа а Iилма доцуш‚ нийса некъ боцуш‚ нуре
жайна доцуш.

21.

Шайга элча: “ТIаьхьахIотта Дала доссинчунна”‚ цара эли: “ХIан-хIа‚ тхо
тIаьхьахIутту тхуна шена тIехь тхан дай карийначунна”. Я шайтIа хилчи цаьрга
кхойкхуш жоьжахатин Iазапе?

22.

Шен юьхь Далла муьтIахь еш верг дика а хилла – цо схьалецна чIогIа уьйр‚ Деле ю
гIуллакхийн тIаьхье.

23.

Керстаналла динарг – хьо сингаттаме ма войла цуьнан керстаналло. Тхоьга ду церан
дIадерзар‚ Оха дуьйцур ду цаьрга цара динарг. Баккъалла а, Дела хууш ву
дегнашкахь дерг.

24.

Оха пайда оьцуьйтур бу цаьрга цхьа кIеззиг тIаккха Оха бойтур бу уьш ирчачу
Iазапе.

25.

Ахьа цаьрга хаьттича‚ хьан кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ аьлла‚ цара эр ма ду:
“Дала”. Ахьа ала: “Хастам бу Далла”. ХIаъ‚ царех дукхох берш хууш бац.

26.

Делан ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Баккъалла а, Дела – Иза ву хьал
долуш верг а‚ хастаме верг а.

27.

Лаьттахь мел долчу диттах къоламаш хилча‚ ткъа хIоьрдана шел тIаьхьа ворхI
хIоьрдо гIо а дича /шекъа а хилла/ – кхачалур ма дацара Делан дешнаш. Баккъалла
а, Дела веза верг а‚ хьукаме верг а ву.

28.

Шу кхоллар а‚ шу духадендар а цхьа садаIар бен дац /Далла/. Баккъалла а, Дела
хозушверг а ву‚ гушверг а ву.

29.

Хьуна ца го-те‚ Дала буьйса дийнан чу йохуьйту‚ де буьйсана чу дохуьйту‚ болх
бойтуш бу малхе а‚ батте а‚ массо а дIасхьалелаш ю шен тоьхна хан тIекхаччалц‚ и
Дела аша дийриг дика хууш хилар а /ца го хьуна/?

30.

Иза ду И Дела Ша бакъдерг хилар‚ ткъа цара Иза витина шега кхойкхург харцдерг
хилар‚ Дела – Иза лекха верг а‚ воккха верг а хилар а /ду иза/.

31.

Хьуна ца го кема дIасхьалелар хIоьрдан чохь Делан ниIматаца‚ Цо шуьга
гайтархьама Шен аятех /аяташ/. Баккъалла а, цу чохь аяташ ду массо а собаре
волчунна а‚ шукр деш волчунна а.

32.

Шаьш толгIано хьулбича‚ рагIус санна‚ цара Деле кхойкху Цуна дин а цIандеш. Цо
уьш аренга кIелхьарабаьхча – царех юкънеккъар верг а ву /керстаналлин а‚ иманан
а юкъахь‚ керстаналлин тIехь сеццарг а ву/. Тхан аяташ керста дийр ма дац массо
тешнабехк бечо а‚ /Делан ниIматашна/ инкарло е чо а бен.

33.

ХIай нах! Шу кхералаш шайн Делах‚ шу кхералаш дийнах‚ дас шен берах бекхам
уьйцур боцчу‚ беро шен дегара а бекхам уьйцур боцчу цхьанне хIуманца. Баккъалла
а, Делан ваIда хьакъ-бакъ ю. Шу Iеха ма дойла дуьненан дахаро‚ шу Iеха ма дойла
Делаца Iехадаларо.

34.

Баккъалла а, Далла гергахь ду сахьтан Iилма /къемат де дар хаар/‚ Цо доссадо
догIа‚ Цуна хаьа беран цIа чохь дерг а. Сина ца хаьа‚ хIун гулдийр ду ша кхана‚
сина ца хаьа‚ муьлхачу лаьттахь ша лийр ду. Баккъалла а, Дела хууш верг а ву
/къайлахь дерг‚ гучахь дерг санна/ девзаш верг а ву.