30. АР-РУМ

1.

Алиф-лам-мим.

2.

Эшинера румой /парисаша/.

3.

Лаьттан мелхо /шайн махкана/ гергахь‚ уьш шайн эшарал тIаьхьа тоьлар болуш бу.

4.

Цхьа масийтта шерахь. Делан ду гIуллакх хьалха а‚ тIаьхьа а. Оцу дийнахь
хазахетар ду муъма нахана.

5.

Делан гIоьнца. Цо гIо до Шена луучунна. Иза веза верг а‚ къинхетаме верга а ву.

6.

Делан ваIда ю. Дала йоха ца йо Шен ваIда‚ делахь а нахах дукхох болчаьрна ца
хаьа-кх.

7.

Царна хаьа дуьненан дахарах гучахь дерг‚ эхартах уьш гIапал бу.

8.

Цара ойла ца йо-те шайх? Дала ца кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ цу шиннан
юккъехь мел ерг а бакъонца а‚ цхьана тоьхна ханна а бен. Баккъалла а, нахах
дукхах берш шайн Кхиош-кхобучуьнца цхьанакхетарна керстаналла деш бу-кх.

9.

Уьш лелаш бац лаьттахула‚ ца хьоьжу-те‚ муха хилла царел хьалха хиллачаьрийн
тIаьхье? Уьш царел мелхо чIогIа ма бара ницIкъаца‚ цара асар ма дитина лаьттахь‚
беха ма баьхна цу тIехь уьш баьхначул мелхо дукха‚ цаьрга ма баьхкира шайн
элчанаш билгалонашца. Дела вацара царна зулам деш‚ делахь а уьш шаьш хилира
/шайна/ зулам деш.

10.

ТIаккха вон диначаьрийн тIаьхье ирчаниг хилира цара Делан аяташ харцдарна‚ уьш
царех ца бешаш хиларна.

11.

Дала доладо кхоллар‚ тIаккха Цо иза карладоккха‚ тIаккха шу Цуна тIе духадерзор
а ду.

12.

Сахьт хIоьттинчу дийнахь совцурбу къиношдинарш догдиллина /шайна къийса хIума
доцуш/.

13.

Ца хилира царна шайн накъостех шапаIат деш берш‚ уьш хилира шайн накъосташна
керстаналла деш берш.

14.

Сахьт хIоьттинчу дийнахь – оцу дийнахь уьш бекъалур бу.

15.

Иман диллинарш‚ дика Iамалш йинарш – уьш бошмашкахь хазахеташ хир бу.

16.

Ца тешнарш а‚ Тхан аяташ а‚ эхартаца а цхьанакхетар а харцдинарш а – уьш Iазапна
чубоьхкина хир бу.

17.

Тасбахь де Далла (ламаз де Цунна) шу суьренга даьлча а‚ шу Iуьйрана гIевтича а,

18.

Цуна хастам бу стигланашкахь а‚ лаьттахь а‚ малхбузехь а‚ аша делкъаюкъ
хилийтинчу хенахь а /де ламазаш/.

19.

Цо схьавоккху дийнаверг веллачух‚ велларг а схьавоккху дийначух‚ дендолуьйту
латта и деллачул тIаьхьа. Иштта шу а схьадохур ду /кешнашкара къематдийнахь/.

20.

Цуьнан делилех ду Цо шу кхоллар поппарах‚ тIаккха шу адамаш хилла даьржаш.

21.

Цуьнан делилех ду Цо шуна шух шайх зударий кхоллар шу царца /паргIат/ даха‚ Цо
хилийтина шуна юкъахь безам а‚ къинхетам а. Баккъалла а, цу чохь делилш ду-кх
ойлаечу нахана.

22.

Цуьнан делилех ду стигланаш а‚ латта а кхоллар‚ шун меттанаш а‚ беснаш а
хийцадалар. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду Iаламашна.

23.

Цуьнан делилех ю шун наб буьйсана а‚ дийнахь а‚ Цуьнан къинхетамах аша /бахам/
лахар а. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду ладугIучу нахана.

24.

Цуьнан делилех ду Цо шуьга тIкъес гайтар кхерамца а‚ /догIа даре/ догдахарца а‚
Цо доссадо стиглара хи‚ цуьнца дендолуьйту латта и деллачул тIаьхьа. Баккъалла
а, цу чохь делилш ма ду хьекъалечу нахана.

25.

Цуьнан делилех ду стигал а‚ латта а‚ хIоьттина Iар Цуьнан омраца. ТIаьхьа Цо
шуьга кхийкхача латтара кхайкхарца шу /кешний чуьра/ арадовлур ду
/къематдийнахь/.

26.

Цуьнан ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Массо а Цунна муьтIахь а бу.

27.

Иза ву /хIума/ кхоллар долошверг – тIаккха Цо иза карладоккху. Иза Цуна вуно
атта ду. Цуьнан вуно лакха мисал ду стигланашкахь а‚ латтахь а. Иза – веза верг
а‚ хьукаме верг а ву.

28.

Цо шуна мисал далийна шух шайх: шуна бу-й шун аьтто куьйгаша доладиначарех
накъостий Оха шуна деллачу рицIкъех шу цу чохь цхьанисса а долуш‚ шу царех
кхоьруш /царна вон хIума хиларна/ шайх кхераре терра? Иштта къастадо Оха аяташ
хьекъалечу нахана.

29.

ХIаъ‚ зулам динарш тIаьхьахIоьттира шайн дезаршна цхьа а Iилма доцуш. Хьан
нисвийр ву-те Дала тилавала витийнарг? Ма бац царна цхьа а гIоьнчий!

30.

Ахьа хIоттае хьан юьхь динан тIе цIена дин дерг а хилий. Делан кхоллар ду иза Цо
Шена тIехь нах а кхоьллина долу. Хийцам бац Делан кхолларан‚ Иза мехала дин ду‚
делахь а дукхох болчу нахана ца хаьа-кх.

31.

Цуна тIедоьрзуш /хилалаш тоба дарца/‚ Цунах кхералаш‚ ламаз хIоттаделаш‚ шу ма
хилалаш мушрикунех.

32.

Шайн дин декъна тобанаш хиллачарех а. Массо с тоба шегахь долчух яккхиедаш ю.

33.

Нах цхьана зено схьаьлаьцча цара шайн Кхиош-кхобучуьнга кхойкху‚ Цуьнан
тIебуьрзий‚ тIаккха Цо цаьрга Шегара къинхетам Iавшитича – царех цхьана декъо
шен Кхиош-кхобучуьнца накъост лоцу

34.

Оха шайна делларг керста дархьама. Зовкх хьега! ТIаьхьа хуур ду шуна.

35.

Оха цаьрга тешалла доссина‚ ткъа цо дуьйцуш цара шех накъост лоцуш хиллачух?

36.

Оха нахе къинхетам Iавшитича‚ уьш цунах баккхийбеда. Ткъа царех вониг кхиъча
шайн куьйгаша хьалхадаьккхинчуьнца – цара дог дуьллу /Делан къинхетамах/.

37.

Царна ца го-те Дала рицIкъ даржадо Шена луучунна‚ барам а бо /кIеззиг луш/.
Баккъалла а, цу чохь делилш ду-кх тешаш долчу къамана.

38.

ДIало гергарчунна шен хьакъ‚ мискачунна а‚ некъахь волчунна а /шен хьакъ/. Иза –
дика ду Делан юьхь езачаьрна. Уьш бу баккхибедар берш.

39.

Аша делла долу риба нехан бахамехь кхиархьама – ца кхиа Далла гергахь. Аша делла
долу закат Делан юьхь езаш /алссам кхиа Далла гергахь/ – уьш бу алссам ял
хилларш.

40.

Дела ву шу кхоьллинарг‚ тIаккха шуна рицIкъ делларг – тIаккха шу долуьйтушверг‚
тIаккха шу дендолуьйтуш верг. Шун накъостех ву-й ша цунах хIума деш верг? Вонах
цIена ву Иза‚ лакха вели цара накъост лацарх.

41.

Боьханиг гучадели аренгахь а‚ хIоьрдан чохь а нехан куьйгаша гулдинчуьнца‚
/Дала/ шаьш динчух цхьадерг Iовшийта мега /цаьрга/. Уьш бухабоьрзур бац-те
/вониг дечух Далла тIе/?

42.

Ахьа ала: “Шу лела лаьттахула‚ хьовсал‚ муха хилла шул хьалха хиллачаьрийн
тIаьхье. Царех дукхох берш /Делаца/ накъост лоцурш ма хилла.

43.

Ахьа хIоттае хьан юьхь мехалчу дине шена Делера духатохар доцу /къемат/ де дале
хьалха. Оцу дийнахь уьш бекъалур бу.

44.

/Дин/ керста динарг – цуна шена ду шен керстаналла. Дика Iамал йинарг – цара
шаьш шайна /ялсаманехь хIусамаш/ кечйо‚

45.

Иман диллинчаьра а‚ дика Iамалш йиначаьра а Цуьнан къинхетамах ял эцархьама.
Баккъалла а, Цуна ца беза /Делах/ цатешарш.

46.

Цуьнан аятех ду Цо мехаш даийтар кхаьънаш хилла шуьга Iовшийтархьама Шен
къинхетамах‚ кема лелийтархьама Шен омраца‚ шуьга лахийтархьама Цуьнан дозаллах‚
аша баркалла эр дацара-те.

47.

Оха баийтира хьоьл хьалха а элчанаш шайн къамана тIе‚ уьш беара цаьрга
билгалонашца‚ Оха чIир ийцира къинош диначаьргара. Тхуна тIехь хьакъ хилла муъма
нахана гIо дар.

48.

Дела ву Ша мехаш доуьйтург‚ цо хьейо марха‚ Цо иза яржайо стиглахь Шена ма луу‚
Цо цунах кийсигаш хуьлуьйту. Хьуна го догIа схьадолуш цуьнан юккъехула. Цо иза
кхиича Шен лех Шена луучаьрна – царна хазахета /догIа деъча/.

49.

Цул хьалха иза шайна тIе доссале уьш хиллехь а догдиллина.

50.

Хьажал Делан къинхетаман тIаьхьенашка: муха дендо Цо латта и деллачул тIаьхьа.
Баккъалла а, Иза белларш денбийриг ву. Иза массон хIумана тIехь ницIкъ кхочуш
берг ву.

51.

Оха баийтинехьара мох‚ тIаккха царна иза /лаьттахь схьадолуш дерг/ мажделла
гича‚ цул тIаьхьа а уьш лаьттара ма бара цатешаш.

52.

Баккъалла а, ахьа хозуьйтур дац беллачаьрга‚ ахьа хозуьйтур дац къорачаьрга
кхайкхар уьш бухабевдича.

53.

Хьо ма вац нисбийр болуш бIаьрсадоцурш шайн тиларах. Ахьа хозуьйтур ду беккъа
Тхан аятех тешачаьрга шаьш /Далла/ мукIар а болуш.

54.

Дела ву шу кхоьллина верг ледараллах‚ тIаккха Цо хилийтина ледараллал тIаьхьа
ницIкъ‚ тIаккха хилийтина ницIкъал тIаьхьа ледаралла а‚ къоьжа чоьш а. Цо кхуллу
Шена луург. Иза хууш верг а ву‚ ницIкъ кхочург а ву.

55.

Сахьт хIоьттиначу дийнахь дуйнаш буур бу къинош диначаьра шаьш сахьтехь а ца
лаьттина бохуш /дуьненахь къинош деш/. Иштта Iехийна хилла-кх уьш!

56.

Iилма а‚ иман а шайна деллачаьра элира: “Шу лаьттира Делан жайнан чохь
дендаларан де даллалц. ХIара ду дендаларан де‚ делахь а шу ца хууш хили-кх”.

57.

Оцу дийнахь пайда бийр бац зулам диначаьрна шайн Iуьзарша‚ бехказа довлар а
доьхур дац цаьрга.

58.

Оха далийна нахана хIокху КъурIанан чохь массо мисал. Хьо цаьрга веъча цхьана
аятаца‚ эр ма ду цатешачаьра: “Шу ма дац /бакъдерг/ дIатилинарш а бен”.

59.

Иштта мухIар туху Дала ца хуучаьрийн дегнашка.

60.

Ахьа собар де! Баккъалла а, Делан ваIда бакъ ю хьуна. Хьо атта ма хетийла
цатешначаьрна /собарах ма валалахь/.