1.

Алиф-лам-мим.

2.

ХIара жайна – цу чохь шеко яц – нийса некъ бу /Делах/ кхоьруш болчарна.

3.

Ишттанаш бу уьш тешаш къайленах /гуш доцчу хIуманех – ялсамани, жоьжахати,
сур-тIай и. дI. кх./‚ хIуьттуш ламазна. Оха шайна деллачу рицкъанна тIера сагIа
луш.

4.

Ишттанаш а бу уьш – тешаш хьоьга доссийначух а‚ хьол хьалха доссийначух
/КъурIанах‚ Товратах‚ Инжилах‚ и. дI. кх./ а‚ эхартах уьш кхоьруш а бу.

5.

Уьш бу шайн Делера нийсачу новкахь‚ уьш бу баккхийбийраш.

6.

Баккъалла а. ца тешаш берш – царна бен дац ахьа шайна кхерам тесча а‚ ца тесча
а‚ – уьш тешар бац.

7.

Церан дегнаш а‚ лергаш а мухIар тоьхна дIакъевлина‚ церан бIаьргашна дуьхьал
кирхьа ду‚ – царна хир ду доккха Iазап.

8.

Нахах бу цхьаберш‚ шаьш олуш: “Тешна тхо Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а”‚ – уьш
ма бац тешаш.

9.

Iехо гIерта уьш Дела а‚ иман диллинарш а‚ амма цара-м ца Iехабо шаьш бен‚ – /и/
ца хаало-кх царна.

10.

Церан дегнашкахь цамгар ю‚ Дала алсам яьккхи и цамгарца‚ царна ма ду лазош долу
Iазап‚ шаьш хиларна харц луьйш.

11.

Цаьрга аьлча: “Ма леладе лаьтта тIехь телхина дерг”‚ – цара олу: “Тхо-м дика
дерг лелош ма ду!”

12.

Уьш бац‚ ткъа‚ телхинарш? Мухха делахь а‚ хаа ца ло-кх царна.

13.

Цаьрга аьлча: “Тешийша‚ нах ма тешна”‚ – цара олу: “Тхо тешар ду‚ ткъа‚ Iовдалш
санна?” Баккъалла а. уьш бац‚ ткъа‚ Iовдалш? Амма ца хаьа-кх царна.

14.

Иман диллинчаьрца цхьаьнакхетча‚ цара олу: “Тхо тешна”. Шайн шайтIанашца
цьаьнабисча‚ цара олу: “Баккъалла а. тхо шуьца ма ду‚ тхо-м уьш /иман диллинарш/
хьийзош дарий”.

15.

Дала хьийзор бу уьш‚ бахбийр бу уьш шайн тиларчохь‚ дIай-схьай уьдуш.

16.

Уьш бу нийсачу новкъах тилар эцнарш‚ ма са ца хили-кх церан йохка-эцарх‚ уьш ца
хили-кх нийсачу новкъахь.

17.

Уьш тера бу‚ цIе а латийна‚ тIаккха цо шена гонаха дерг серладаьккхича‚ Дала
шайн нур дIа а даьхьна‚ боданехь бисинчарех‚ шайна ган а ца гуш.

18.

Къора‚ мотт а ца хууш‚ бIаьрса доцуш – уьш буха ца боьрзу-кх /Далла тIе/.

19.

Я стигларчу догIанан мархах тера‚ шена чохь бода‚ къовкъар‚ ткъес тухуш – цара
лергашчу пIелгаш духку‚ ткъес тоьхна баларх ларлуш. И Дела ма ву гуо бийр болуш
цатешачарех.

20.

Ткъес герга ду церан бIаьрса дIадайа‚ шайна серла ма яьллинехь‚ дIабоьлху уьш цу
чохь  /серлонгахь/‚ шайна Iарж ма еллинехь‚ совцу. Далла лиънехьара‚ хазар а‚
бIаьрса а дIахьур дара церан: Дела массо хIуманна а ницкъ кхочуш ма ву.

21.

ХIай нах! Шайн Кхиош-кхобуш волчунна Iибадат де‚ И ву шу а‚ шул хьалха хилла
берш а кхоьллинарг‚ шу хила мегара /Делах/ кхоьруш.

22.

И ву шуна латтанах мотт бина‚ стигланах гIирс бина‚ стиглара хи даийтина‚ цуьнца
стоьмийх шуна рицкъ хилитийна. Ма нисве Делаца цхьа а‚ шайна хуъушехь.

23.

Шу шеконехь делахь‚ Оха Тхан лайга /Мухьаммад пайхамаре/ доссош хиллачух даладе
цхьа сурат‚ цуьнга терра‚ кхайкха шайн тешаш‚ Дела воцург‚ шаьш бакълуьйш
делахь.

24.

Аша и ца дахь‚– аша и дийр ма дац – шу кхера цIерах‚ ша нах а‚ тIулгаш а дагор
долчу‚ ша кечйина хилла йолчу цатешачарна.

25.

Ахьа /хIай Мухьаммад/ кхаъ баккха иман диллинчаьрга а‚ дика Iамалш йиначаьрга а
царна бошмаш хилар /ялсаманин/‚ бухахула оьхуш хин татолаш а долуш. Шайна цу
чуьра стоьмийх рицкъа мел дели‚ цара олу: “ХIара ду хьалха а вайна делла хилла
долу рицкъа” – царна деллера цу чохь цунах тераниг. Царна цу чохь цIена зударий
а хир бу‚ уьш цу чохь гуттар а лаьттар бу.

26.

Ма-дарра аьлча‚ Дела ийза ца ло масал даладан чуьрккал хIуманах а‚ цул лакхарчех
а. Иман диллинчарна хаьа и шайна Делера бакъдерг дуйла‚ ткъа цатешачара олу:
“ХIун лиъна-те  Далла цу масалца?” Цо тилабо цуьнца дукханаш‚ Цо нисбо цуьнца
дукханаш. Цуьнца тила-м ца бо Цо песакх берш бен.

27.

Уьш ма бу йохош Делаца хилла ваIда‚ барт хиллачул тIаьхьа‚ цара доькъу Дала
хотта аьлла омра динарг‚ лела ма до лаьтта тIехь телхина хIуманаш‚ – уьш ма бу
эшнарш.

28.

Шу муха ца теша Делах: шу ма дарий делла‚ тIаккха Цо шу ден ма дира? Юха Цо
долуьйтур ду шу‚ юха а дендийр ду‚ тIаккха Цунна тIе дIадуьгур ду шу.

29.

Иза ву лаьтта тIехь мел дерг шуна кхоьллинарг‚ тIаккха тIевирзира стигланна – Цо
дIанисйира и ворхI стигал йина‚ – И массо хIума Ша хууш ма ву.

30.

Хьан Кхиош-кхобуш волчо аьллера маликашка: “Со воллу лаьтта тIехь эла ван”. Цара
элира: “Ахьа кхуллу‚ ткъа‚ цу тIехь боьханиг дийрдерг а‚ цIий Iенордерг а‚ оха
бийр бара Хьуна хастам а‚ вазвийр а ма вара Хьо”. Цо элира: “Со хууш ма ву шуна
ца хуург а”.

31.

Цо Iамийра Адамна массо хIуманийн цIераш‚ тIаккха гайтира уьш маликашка‚ элира:
“Йийца Суна церан цIераш‚ шаьш хиллехь бакълуьйш”.

32.

Цара элира: “Вонах цIена ву Хьо‚ ма дац-кха тхуна Iилма‚ Ахь тхуна Iамийнарг
бен. Хьо ву-кх хууш верг а‚ хьекъале верг а”.

33.

/Дала/ элира: “ХIай‚ Адам‚ ахь йийцал цаьрга церан цIераш”. ТIаккха цо цаьрга
церан цIераш йийцича‚ элира /Дала/: “Аса шуьга ца аьллера‚ ткъа‚ Со хууш ву
стигланийн а‚ лаьттан а къайле‚ Со хууш ву аша гучудоккхуриг а‚ аша хьулдеш
хилларг а”.

34.

Оха аьллера маликашка: “Сужд де Адамна”. ТIаккха цара сужд дира‚ иблис диссалц‚
и дуьхьала делира‚ цо куралла йира‚ – и хиллера цатешачарех.

35.

Оха элира: “ХIай‚ Адам‚ ваха хьо а‚ хьан зуда а /ялсаманин/ бешахь‚ даа цунах
шортта шайна луург‚ амма шу герга ма гIолаш хIокху диттана – тIаккха шу хир ду
шуна зулам динчарех”.

36.

ТIаккха и шиъ дIашаршийра шайтIано цунах /ялсаманех/‚ арабехира уьш шаьш
хиллачуьра. Оха элира: “Охьадисса‚ цхьаберш вукхарна мостагIий а хилла‚ шуна
лаьттахь хIоттам а‚ цхьа хан тIекхаччалц бахам а хир бу”.

37.

Адама Iамийра шен Кхиош-кхобучуьнгара дешнаш‚ Цо цунна гечдира‚ баккъалла а‚ И
ву гечдеш а‚ къинхетаме а.

38.

Оха элира: “Охьадисса цигара /ялсаманера/ массо а. Соьгара нийса некъ ца кхочуш
буьсур бац шуьга. Сан некъана тIаьхьа хIоьттинарг – царна кхерам а хир ма бац‚
сингаттаме а хир бац уьш.

39.

Цатешаш берш а‚ Тхан аяташ харц дийраш а – уьш ма бу /жоьжахатин/ цIеран дай‚
уьш цу чохь гуттар а лаьттар ма бу”.

40.

ХIай‚ Исраилан кIентий‚ Аша дагадаийта Сан ниIмат‚ Аса шуна делла хилла долу‚
аша кхочушъе Соьца хилла ваIда‚ Аса кхочушйийр ю шуьца хилла ваIда‚ Сох
кхералаш.

41.

Шу тешалаш Аса охьадоссийначух /КъурIанах/‚ шуьгахь долчуьнца нийса догIуш а
долчу‚ – шу ма хила цунах дуьххьарлера цатешарш. Сан аяташца кIеззиг болу мах ма
эца‚ Сох кхералаш.

42.

Ма кегаде бакъдерг харц долчуьнца аша‚ бакъдерг хьул ма де‚ шайна хуьушехь
(Товрата чохь долу Мухьаммада сипат).

43.

Ламаз хIоттаде‚ ло закат‚суждане гIо сужда дечаьрца.

44.

Аша омра до нахана диканиг? Ткъа дицдеш ма ду шайн догIмаш‚ шу ма ду жайна
доьшуш – шу хьекъале ца хуьлу?

45.

Аша гIо лаха собарца а‚ ламазца а. Иза кхочушдалур долуш дац /Далла/ муьтIахь
болчаьрга а бен.

46.

Уьш бу шаьш тешаш шайн Кхиош-кхобуш волчуьнца шаьш цхьанакхетарг хиларх‚ шаьш
Цунна тIе дIадуьгург хиларх.

47.

ХIай‚ Исраилан кIентий! Аша дагадаийта Сан ниIмат‚ Аса шуна делла хилла долу –
Аса шу  даздина хилар Iаламел (шух элчанаш баийтарца, жайнаш доссорца).

48.

Шу кхера дийнах‚ шена чохь сино синера цхьана а хIуманца бекхам оьцур боцчу‚
цуьнгара шапаIат къобалдийр доцчу‚ цуьнгара нийсо оьцур йоцчу‚ шайна гIо дийр
доцчу.

49.

Оха хьалхадехира шу ФирIавнан нахах: вон Iазап шуна тIехь хIоттадора цара‚
бойура шун кIентий‚ дийна буьтура шун зударий – цу чохь шун Сийлахь-веза хилла
волчу Кхиош-кхобучун зер ду.

50.

Оха шуна хIорд бийкъира – шу хьалхадехира‚ ФирIавнан нах буха бахийтира‚ шу
хьоьжуш лаьтташехь.

51.

Оха ваIда йира Мусаца шовзткъа буьйсанна‚ тIаккха аша эса дIалецира‚ цул тIаьхьа
шу ма хилира зуламхой.

52.

ТIаккха а Оха гечдира шуна цул тIаьхьа‚ аша баркалла ала мегар дацара‚ ткъа?

53.

Оха делира Мусага жайна а‚ фуркъан а – шу нийсачу новкъа довла мегар дацара‚
ткъа?

54.

Мусас аьллера шен къоме: “ХIай‚ сан къам‚ аша шайна зулам дина‚ аша эса дIалацар
бахьанехь. Тоба де шаьш Кхоьллинчуьнга‚ тIаккха шаьш дайа. И дика ду шуна шаьш
Кхоьллинчунна хьалха – тIаккха Цо шун тоба къабал дира: баккъалла а, И ма ву
тоба къабал дийриг а‚ къинхетам берг а.

55.

Аша аьллера: “ХIай‚ Муса‚ тхо тешар ма дац хьох‚ и Дела тхайна къаьстташ ца
гахь”. ТIаккха шу схьалецира ткъесо‚ шу хьоьжуш лаьтташехь.

56.

ТIаккха Оха шу дендира шу деллачул тIаьхьа – шу хила мегар ма дара баркалла
олуш.

57.

Оха шуна тIехIоттийра марха‚ охьадоссийра шуна манна а‚ салва а – даа шайна
цIенадерг‚ Оха шайна деллачу рицкъанах. Тхуна зулам ца дира цара‚ амма уьш
хилира шайна зулам деш.

58.

Оха аьллера: “Чу гIо цу юьртана‚ даа цу чуьра шайна луьург шортта‚ неIарехула
чудовла сужда деш‚ аша ала: “Гечдар!” – оха гечдийр ду шун гIалаташ‚ тIаккха
алсамбохур бу дика дийриш.

59.

Зулам динчара хийцира дош шайга аьлла доцчуьнца‚ тIаккха зулам динчарна Оха
стиглара рижс йоссийра‚ уьш песакъ хиларна.

60.

Ткъа Мусас ма дийхира /Деле/ шен къомана мала хи. ТIаккха Оха элира: “ДIатоха
хьайн Iаса тIулгах”. ТIаккха цунах даьржира шийтта хьаст. Массо нахана хиира
шайн-шайна хи молу меттиг – даа‚ мала Делан рицкъах – ма де лаьтта тIехь
боьханиг а, ирчаниг а.

61.

Баккъалла а, иман диллинарш а‚ иудейш а‚ насараш а‚ сабейцаш а – Делах а‚
тIаьххьарчу дийнах а тешна‚ дика Iамалш йинарш – царна шайн Кхиош-кхобучун
гергахь совгIат ду‚ царна тIехь кхерам хир бац‚ уьш сингаттаме а хир бац.

62.

Оха шуьца барт бира‚ шуна тIехула лам айбира. Схьалаца Оха шайна даийтинарг
ницкъаца‚ цу чохь дерг а хьахаде‚ тIаккха шу хила тарло /Делах/ кхоьруш.

63.

ТIаккха‚ цул тIаьхьа‚ шу духадевлира. Делан дозалла а‚ къинхетам а шуна ца
хиллехьара – шу хилла хир дара эшначарех.

64.

Шуна бевзира шайх шотдийнан бакъо талхийнарш. Оха цаьрга элира: “Хила шух
дIасхьалелхош йолу маймалш”.

65.

Оха иза хилийтира цу заманна а‚ тIаьхьа йогIур йолчу заманна а масална‚ /Делах/
кхоьручарна хьехамна а.

66.

Мусас аьллера шен къоме: “Баккъалла а, Дала омра до шуьга аттана урс хьакха‚
аьлла”. Цара элира: “Ахьа хьийзор дара тхо?” Цо /Мусас/ элира: “Дала ларвойла со
жехIал нахах хиларх”.

67.

Цара элира: “ДIакхайкха хьайн Кхиош-кхобучуьнга‚ билгалбе тхуна и хIун етт бу‚
алий”. Цо элира: “Цо /Дала/ боху: “И етт бу‚ къена а боцуш‚ жима а боцуш‚
юкъанаккъара‚ шайга бохург кхочушде”.

68.

Цара элира: “ДIакхайкха хьайн Кхиош-кхобучуьнга‚ билгалде тхуна‚ бос хIун бу
цуьнан‚ алий”. Цо элира: “Цо боху: “И етт бу‚ сирла-можачу бесан‚ шега хьоьжурш
чIогIа цецбохуш”.

69.

Цара элира: “ДIакхайкха хьайн Кхиош-кхобучуьнга‚ билгалде тхуна‚ и муха бу‚
алий. Хьелий дерриге вовшашка тера ду тхуна. Тхо‚ Далла лаахь‚ дIанислур долуш
ду”.

70.

Цо элира: “Цо /Дала/ боху: “И етт бу‚ Iамийна бац иза шеца охана дан а‚ я хи
кхехьа  а‚ Iайбех цIена бу иза‚ чIама боцуш бу иза”. Цара элира: “ХIинца деана
ахьа бакъдерг”. ТIаккха цара цунна урс хьаькхира‚ шаьш герга хиллехь а /и/ ца
дан.

71.

/Хьахаде цаьрга/: “Аша са ма дийра. Цу тIехь вовшашца девне девлира шу”. Дела ма
ву Iорадоккхург аша дIахьулдеш дерг.

72.

ТIаккха Оха элира: “Цу докъах тоха аьттан цхьа кийсиг”. Иштта денво Дала
велларг‚ гойту шуна Шен Iаламаташ‚ шу хилийтархьама кхеташ.

73.

ТIаккха цул тIаьхьа шун дегнаш къиза хилира‚ шаьш тIулг санна я цулла а чIогIа
шайн къизаллица. Баккъалла а,‚ тIулгех ду шех /хин/ татолаш долург а‚ цунах ду
/дакъошка/ декъалуш дерг‚ тIаккха шех хи долуш. Баккъалла а, цунах ду /охьа/
дужуш дерг‚ Делах кхерарца; ма вац Дела тергам боцуш аша дечунна.

74.

Шу догдохуш ду цара шайга иман дилларе? Хилла царех цхьа тоба Делера даше
ладоьгIуш‚ тIаккха‚ шаьш цунах кхийтинчул тIаьхьа‚ и харцхьадоккхуш‚ шена
хуьушехь.

75.

Шаьш иман диллинчаьрца цхьана кхетча‚ цара олу: “Иман диллина ду тхо”‚– ткъа
шаьш вовшашца бисича олу: “Аша цаьрга дуьйцу‚ ткъа‚ шайна Дала делла дерг цаьрга
/бусулбанашка/ цуьнца /и гучудаккхарца/ шайца къийсийта‚ шу хIунда ца хуьлу
хьекъале?”

76.

Я царна ца хаьа-те‚ Делана цара хьулдинарг а‚ гучудаьккхинарг а хууш хилар?

77.

Царех бу бодане берш‚ шайна дешар ца хууш‚ беккъа цхьа лаам бен‚ уьш ма бац
мотталуш бен.

78.

Бала бу /жоьжахатийн Iазап/ шайн куьйгашца жайна яздечарна‚ тIаккха олуш: “ХIара
ду Делера”‚– шайна цунах кIеззиг мах эцархьама. ТIаккха бала бу царна шайн
куьйгаша яздинчух‚ бала бу царна шаьш карочух.

79.

Цара элира: “Тхоьх кхеттане кхетар яц /жоьжахатийн/ цIе‚ цхьа масийтта дийнахь
бен”. Ахьа ала /я Мухьаммад/: “Делера ваIда эцна аша? – Дала цкъа а ца йохайо
Шен ваIда – я шу Делах лаьцна дуьйцуш ду шайна ца хуург?”

80.

ХIаъ‚ вониг динарг а‚ шен гIалат шех хьаьрчинарг а – уьш бу жоьжахатийн дай‚
шаьш цу чохь гуттар лаьттар болуш.

81.

Ткъа иман диллинарш а‚ диканиг динарш а – уьш бу ялсаманийн дай‚ шаьш цу чохь
гуттар лаьттар болуш.

82.

/Хьахаде царна‚ хIай‚ Мухьаммад/ Исраилан кIенташца чIагIо йира Оха: “Далла бен
Iибадат дийр дац аша‚ деца-ненаца а дика хир ду шу‚ гергарчарца а‚ боберашца а‚
мискачарца а /дика хир ду/‚ аьлла; аша ала нахе диканиг‚ ламаз де‚ закат ло”.
ТIаккха шу духадевлира‚ шух цхьа кIеззиг берш боцурш‚ шу дуьхьал а дуьйлуш.

83.

ЧIагIо йинера Оха шуьца: “Аша вовшийн цIий Iенор дац‚ шаьш вовшийн цIеношкара
ара а дохур дац”‚ – аьлла‚ тIаккха аша чIагIдира /и барт/‚ шаьш тешаш а долуш.

84.

ТIаккха шу ду хIорш: хIаллакдеш шайн синош‚ вовшех цхьаберш шайн цIеношкара
арабохуш‚ къа латорца а‚ мостагIаллица а царна гIо а деш. Шайна тIе йийсарш
баьхкича‚ мехах паргIатбоху уьш‚ шуна хьарам ду уьш дIабахийтар. Ткъа жайнан
цхьадолчех шу теша‚ важа харцдо аша? Шух и лелочунна бекхам бац дуьненан
дахарехь эхь бен‚ ткъа къемат дийнахь уьш дIаберзор ма бу уггар чIогIачу Iазапе‚
ма вац и Дела тидам боцуш аша дечунна.

85.

Уьш ма бу эхартах дуьненан дахар эцна. Царна Iазап дайдийр ма дац‚ царна гIо
дийр ма дац.

86.

Оха деллера Мусага жайна‚ цул тIаьхьа бахийтира пайхамарш‚ Марьяман кIанте
Iисага делира кхоччуш тоьшаллаш /Инжил/‚ чIагIвира и Къудусан сица‚ ткъа мелла а
шайн догIмашна ца дезарг дохьуш пайхамар веача‚ шу курадовлура‚ /пайхамарех/
цхьаберш харц бора аша‚ цхьаберш бойура аша.

87.

Цара /Исраилан кIенташа/ элира: “Тхан дегнаш мужулт ду (дIакъевлина ду). ХIаъ‚
Дала неIалт элира царна‚ уьш ца тешарна; ма кIеззиг хили-кх уьш /шех/ тешарг.

88.

Цаьргахь дерг /Товрат/ бакъдеш долу жайна /КъурIан/ Делера шайга деанчул
тIаьхьа…– хьалха уьш ма хиллера цатешачарна тIехь шайна гIо а доьхуш…– шайга и
шайна хууш дерг деъча /Мухьаммад пайхамар/‚ цунах ца тийшира уьш; Делан неIалт
ду ца тешачарна.

89.

Ма кIеззиг мехах доьхки цара шайн догIмаш Дала Шен лех Шена луучуьнга Шен
къинхетамах доссийнарг харцдархьама‚ шайн хьагI бахьанехь. ОьгIазаллина тIе а
оьгIазалла йожийра царна тIе. Ца тешначарна ду сийсаза долу Iазап.

90.

Цаьрга аьлча: “Теша Дала доссийначух /КъурIанах/”‚– цара олу: “Тхо теша тхайга
доссийначух”. Уьш ма тешац цул совнаха. Ткъа и ма ду бакъдерг‚ цаьргахь
долчуьнца нийса а догIуш. Ахьа ала /жуьгташка/: “Ткъа хьалха Делан пайхамарш
хIунда байира аша‚ шаьш тешаш хиллехь?”

91.

Шуьга ма веънера кхоччуш тоьшаллашца Муса‚ тIаккха цул тIаьхьа аша тIелецира
эса; шу ма ду зуламе.

92.

Оха ма бира шуьца барт‚ шуна тIехула айбира ТIур лам; “ДIалаца Оха шайна делларг
ницкъаца‚ ла а догIа”. Цара элира: “ЛадоьгIна оха‚ Iеса хилла тхо”. Церан
дегнашкахь мийлира эса‚ уьш ца тешарна. Ахьа ала: “Ма вон хIума дук-кх шеца шун
имано шуьга омра деш дерг‚ шу иман диллина хилла делахь”.

93.

Ахьа ала: “ТIаьххьара цIа Далла гергахь‚ нахана доцуш‚ деккъа шуна хилахь‚ дала
лаа‚ шаьш бакълуьйш делахь”.

94.

Шайн куьйгаша хьалха динчуьнца царна и цкъа а лаъанне а луур дац. Дела ма ву
бевзаш и зуламхой.

95.

Хьуна баккъалла а, карор ма бу уьш /жуьгтий/ массо нахал /дуьненан/ дахарна
суттар‚ Делаца накъост лаьцначарел а‚ царех хIоранна а луур дара эзар шарахь
ваха. Ма вац и Iазапах хIумма а духатохалур долуш ша /мел дукха/ вахарх. Дела
гуш ма ву цара дийриг.

96.

Ахьа ала: “Мила хилла Джибрилана мостагI? Цо ма доссийна и /КъурIан/ хьан дагчу
Делан пурбанца‚ цул хьалха хиллачуьнца нийса а догIуш тешачарна ша нийса некъ а‚
кхаъ а хилла долу”.

97.

Мила хилла мостагI Далла а‚ Цуьнан маликашна а‚ Цуьнан элчанашна а‚ Джибрилана
а‚ Микална а..? Ткъа Дела а ма ву мостагI цатешачарна.

98.

Оха доссийна хьоьга билггала долу аяташ‚ уьш керстдийр дац песакъ наха бен.

99.

Шаьш ваIда мел йи а‚ царех цхьана тобано и йохайо‚ мелхо а царех дукхах берш
тешаш ма бац.

100.

Шайга Делера элча веача‚ цаьргахь дерг бакъ деш хилла волу‚ жайна доссийначарех
цхьана тобано дIатесира Делан жайна шайн баккъашна тIехьа‚ шайна ца хууш санна.

101.

Уьш тIаьхьа ма хIиттира шайтIанаша Сулейман шен паччхьаллех ваккхарна тIехь
дешначунна. Сулеймана керст ца дира‚ амма шайтIанаша керстдира‚ цара нахана
Iамадора бозбуунчалла а‚ Бабилехь шина малике ХIаруте а‚ Маруте а доссийнарг а.
Ткъа цара шиммо цхьанна а Iама ца дора‚ шаьш олуш бен: “Баккъалла а, тхо цхьа
питана ду – хьо ца тешаш ма хилалахь”. ТIаккха цара цу шингара /ХIарутера а‚
Марутера а/ Iама ма дора майрачун а‚ цуьнан зудчун а юкъара барт бохор. Цара ма
ца до цуьнца /бозбуанчаллица/ зен цхьанна а‚ Делан пурбанца бен. Цара Iамадо
царна зен ден хIума‚ ца Iамадо царна пайда бен хIума. Царна /жуьгташна/ хиира и
эцначарна эхартахь кхоллам цахилар. Ма вон хIума ду-кх иза‚ цара шех синош шайн
доьхкинарг‚ царна хууш хиллехьара.

102.

Уьш тешна а‚ /Делах/ кхоьруш а хиллехьара – Делера миэла тоьлуш хир бара‚ царна
хууш хиллехьара.

103.

ХIай‚ иман диллинарш! Аша ма ала: “Тхоьх тергам бе”‚ аша ала: “Тхоьга хьажа”‚
аша ладогIа. Цатешачарна лазош долу Iазап ма ду.

104.

Ма ца деза жайнан дайх а‚ мушрикунех а болчу цатешначарна шуна шайн
Кхиош-кхобучуьнгара диканиг досса. Дала къаставо Шен къинхетамца Шена луьург. И
Дела сийлахь – доккха дозалла долуш ву.

105.

Оха цхьа аят дIадаьккхича я дицдалийтича‚ доуьйту цул диканиг я цунах тераниг.
Хьуна ца хаьа‚ и Дела массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш хилар?

106.

Хьуна ца хаьа‚ стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла Делехь хилар? Шуна ма вац-кха
и Дела воцург кхин вали а‚ гIоьнча а.

107.

Я шуна лаьа шайн элче деха‚ хьалха Мусага дехна ма-хиллара? Иман цатешарца
хийцинарг ма ву-кх тилавелла нийсачу некъах.

108.

Лиира жайнан охIлах дукхахболчарна шаьш шу цатешаре дIадерзо‚ аша иман диллинчул
тIаьхьа‚ шайгара хьагI хиларца‚ бакъдерг шайна гучудаьллачул тIаьхьа. Гечде аша‚
бита уьш Дала Шен омра даийтталц. Баккъалла а, и Дела массо хIуманна тIехь ницкъ
кхочуш ву.

109.

Ламаз хIоттаделаш‚ закат лолаш‚ аша шайн догIмашна хьалха мел дахийтина диканиг
карор ма ду шуна Далла гергахь. Баккъалла а, и Дела аша дийриг гуш ма ву.

110.

Цара элира: “Вахханне а ялсамане гIур ма вац ша жуьгти я насари бен”. Иза церан
дагахь дерг ду. Ахьа ала: “Схьагайта шу бакъ хиларан билгалонаш‚ шаьш бакълуьйш
делахь”.

111.

ХIан-хIа! Шен юьхь Далла муьтIахь йинарг‚ ша дика а хилла‚ цунна ял хир ма ю шен
Далла гергахь; царна кхерам хир ма бац‚ уьш сингаттаме а хир ма бац.

112.

Жуьгташа элира: “Насараш цхьанне а хIуманна тIехь бац”. Насараша элира: “Жуьгтий
цхьанне а хIуманна тIехь бац”. Ткъа уьш ма бу жайна доьшуш. Иштта элира хIумма
ца хууш болчара‚ церан дешнех терра. И Дела ма ву хьукма дийр долуш царна
юккъехь къемат дийнахь цара хилпало ечу хIуманехь.

113.

Ткъа мила ву зуламе Делан маьждигашна чохь Цуьнан цIе яккхар ца магош волчул‚
уьш дохо тIехьоьдуш волчул? Уьш /и нах/ баха безаш бацара царна чу
/маьждигашна/‚ кхоьруш бен. Царна ду дуьненахь эхь‚ ткъа эхартахь царна ма ду
доккха долу Iазап.

114.

Делан ю малхбале а‚ малхбузе а. шу миччахьа дирзича а – цигахь го Делан юьхь. И
Дела ма ву шорте йолуш а‚ дика хууш а.

115.

Цара элира: “Дала тIелаьцна кIант”. Вонах цIена ву Иза. ХIаъ! Цуьнан ма ду
стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Массо а Цунна муьтIахь ма ву.

116.

Ша юьхьанца кхоьллина ву И стигланаш а‚ латта а. Цхьана гIуллакхан тIехь сацам
бича‚ Цо олу цуьнга: “Хила!” – и хуьлу.

117.

Шайна ца хуучара элира: “Тхоьга вистхилла велахьара Дела‚ я тхоьга цхьа делалла
деъна хиллехьара”. Иштта олура царел хьалха баханчара‚ цара бохучуьнга терра‚
цхьатерра хилира церан дегнаш. Билгалдаьхна Оха аяташ тешаш болчу нахана.

118.

Баккъалла а, Оха хьо ваийтина бакъдолчуьнца /кхоан/ хаамча хилла а‚ /Iазапан/
кхерамча хилла а‚ хьоьга хоттур ма дац жоьжахатийн охIланна тIера.

119.

Хиллане а реза хир ма бац хьуна жуьгтий а‚ насараш а‚ хьо шайн дине вирзича бен.
Ахьа ала: “Делан нийса некъ – и ма бу нийса некъ”‚ хьо нагахь церан лаамашна
тIаьхьа хIоттахь‚ хьайга Iилма /бакъдолу дин – ислам/ деъначул тIаьхьа‚ Делера
хьуна хир ма вац вали а‚ гIоьнча а.

120.

Оха шайга жайна деллачара и доьшу‚ деша ма-деззара‚– уьш ма бу цунах тешаш берш;
цунах цатешаш берш – уьш хир ма бу эшначарех.

121.

ХIай‚ Исраилан кIентий! Аша дагадаийта Сан ниIмат‚ Аса шуна делла долу‚ Аса даз
ма дира шу Iаламал.

122.

Шу кхера дийнах‚ са сина пайдане хир доцчу‚ цуьнгара къиношна дуьхьал нийса мах
оьцур боцчу‚ гIо даккхаро (шапаIато) цунна пайда бийриг боцчу‚ царна гIо дийриг
доцчу.

123.

/Ахьа хьахаде царна‚ хIай Мухьаммад/. ИбрахIим ма зийра цуьнан Дала дешнашца‚ цо
уьш кхочуш ма дира. Цо /Дала/ элира: “Аса хьох нахана имам веш ву”. Цо
/ИбрахIима/ элира: “Ткъа сан тIаьхьенах?”. Элира /Дала/: “Сан ваIда ца хьакхало
зуламхойх”.

124.

Оха и цIа дира нахана гулам хила а‚ маьршо хила а: “Схьалаца ИбрахIиман меттиг‚
ламаз ден меттиг хуьлуьйтуш”. Оха омра дира ИбрахIиме а‚ ИсмаIиле а: “Аша шиммо
цIанде Сан цIа /КаIба/ го боккхучарна а /тIавап деш/, чохь хевшина Iибадат
дечарна а‚ горабахана ламаз дечарна а”.

125.

ИбрхIима аьллера: “ХIай‚ сан Дела‚ Ахьа хилийтахь хIара маьрша мохк‚ Ахьа рицкъа
лолахь цуьнан охIланна стоьмашца‚ царех Делах а‚ тIаьххьарчу Дийнах а
тешачарна”. Цо элира: “Ткъа цатешарш – Аса марзо оьцуьйтур ю цаьрга цхьажимма‚
тIаккха дIахьажор ма бу уьш цIеран Iазапе”. Ма вон дIавоьрзу меттиг ю-кх иза!

126.

ИбрахIима а‚ ИсмаIила а айбо цу цIийнан бух: “ХIай‚ тхан Кхиош-кхобушверг!
Къобалде Ахьа хIара тхоьгара‚ баккъалла а, Хьо ма ву хезаш верг а‚ хууш верг а.

127.

ХIай‚ тхан Кхиош-кхобушверг! Тхо хилийта Ахьа Хьайна муьтIахь /муслим –
бусулба/‚ тхан тIаьхьенах а Хьайна муьтIахь уммат де Ахьа‚ гайтахьа тхуна тхан
Iибадат ден меттигаш‚ Ахь гечделахь тхуна‚ баккъалла а, Хьо ма ву гечдеш верг а‚
къинхетаме верг а.

128.

ХIай‚ тхан Кхиош-кхобушверг! Ахьа ваийталахь царна элча‚ царех а волуш‚ ша царна
доьшуш Хьан аяташ‚ царна Iамош жайна а‚ хьекъалалла а‚ уьш цIанбеш‚ баккъалла а,
Хьо ма ву веза верг а‚ хьукаме верг а”.

129.

Ткъа мила ву ИбрахIиман миллат ца дезаш верг? – Ма вац иза шен Iавдаллалица ша
вайвеш верг бен. Оха хаьржина и /ИбрахIим/ дуьненахь‚ ткъа эхартахь и хир ма ву
дикачарех.

130.

Аьллера цуьнга цуьнан Кхиош-кхобушволчо: “МуьтIахь хила!” Цо элира: “МуьтIахь ву
со Iаламийн Дена /Далла/”.

131.

Цуьнца /исламаца/ весет дира ИбрахIима шен кIенташка‚ Якъуба а дира: “ХIай‚ сан
кIентий! Дала хаьржина шуна дин‚ шу дIа ма кхелхийла /цу Далла/ муьтIахь хилла
бен”.

132.

Ткъа шу дарий уллохь лаьтташ ЯIкъубана  тIе Iожалла хьажаелча‚ цо шен кIенташка
олуш: “Хьанна Iибадат дийр ду аша сол тIаьхьа?” Цара ма элира: “Оха Iибадат дийр
ма ду хьан Делана‚ хьан дайн – ИбрахIиман‚ ИсмаIилан‚ Исхьакъан – Делана‚ ша
цхьаъ волчу цу Делана‚ Цунна муьтIахь ма ду тхо”.

133.

И уммат дIадахана. Цунна цо шена карийнарг ду‚ шуна аша шайна карийнарг ду‚
шуьга жоп доьхур ма дац цара деш хиллачух.

134.

Цара элира: “Хила иудейш я насараш‚ тIаккха хир ду шу нийсачу новкъахь”. Ахьа
ала: “ХIан-хIа! Ша цIена Делах тешаш хиллачу ИбрахIиман дин ду сан‚ ца хилла иза
мушрикунех”.

135.

Аша ала: “Тешна тхо Делах‚ тхайга доссийначух /КъурIанах/ а‚ ИбрахIиме‚
ИсмаIиле‚ Исхьакъе‚ ЯIкъубе‚ цуьнан тIаьхьене а доссийначух а‚ Мусага а‚ Iисага
а деллачух а‚ шайн Делера пайхамаршка даийтинчух а. Оха царех цхьа а ца
къаставо. Тхо цунна /АллахIана/ муьтIахь ма ду”.

136.

Нагахь санна уьш тешна белахь‚ шу ма тешшара – тIаккха уьш хир бу нийсачу
новкъахь. Нагахь санна уьш дIаберзахь /цу тешамах/ – баккъалла а, уьш барт
боьхна ма бу. Дала царна тIехь толам хуьлуьйтур бу хьуна. И ма ву ша хезаш верг
а‚ хууш верг а.

137.

Делан амале /динах теша тхо/. Мила ву‚ ткъа‚ Делал хаза амал йолуш? Цунна
Iибадат до оха.

138.

Ахьа ала: “Тхоьца къуьйсу аша Делаца? И ма ву тхан Кхиош-кхобург а‚ шун
Кхиош-кхобург а‚ тхуна тхан Iамалш ю‚ шуна шун Iамалш ю‚ тхо цунна /АллахIана/
тешаме ду”.

139.

Я аша боху‚ ИбрахIим‚ ИсмаIил‚ Исхьакъ‚ ЯIкъуб‚ цуьнан тIаьхье а хилла иудейш я
насараш? Ахьа ала: “Шуна дика хаьа я Далла дика хаьа? Мила ву зуламе шена
гергахь Делера хилла долу тоьшалла хьулдеш волчул? Ма вац и Дела тергам ца беш
аша дечунна”.

140.

И уммат дIадахана. Цунна цо шена карийнарг ду‚ шуна аша шайна карийнарг ду‚
шуьга жоп доьхур ма дац цара деш хиллачух.

141.

Нахах хьекъале боцучара эр ма ду: “Стено дIаберзийна техьа уьш шаьш тIехIиттийна
хиллачу къилбанна тIера?” Ахьа ала: “Делан ю малхбале а‚ малхбузе а‚ нисвеш ву И
Шена луург нийсачу новкъа”.

142.

Иштта шух дира Оха юкъара /Iедале/ уммат‚ шу хилийтархьама а нахана тIехь тешаш‚
элча хилийтархьама а шуна тIехь теш. Оха ма ца дира хьо шена тIехь хилла волу
къилба‚ шаьш динах дIабирзинчарех элчанна тIаьхьа хIуттурш бовзархьама бен. Дала
шаьш нийсачу новкъа бихкинчарна-м ца хийтира и доккха хIума. Дела ца хилла шун
иман эшор долуш. Баккъалла а, и Дела ма ву нахах дог лозуш а‚ къинхетаме а.

143.

Гира Тхуна /хIай‚ Мухьаммад/ хьан юьхь дIай-схьай хьийзаш стиглахула. Оха хьо
тIе воьрзуьйтур ма ву хьо реза волчу къилбанна. ДIаерзае хьайн юьхь Хьарам
Масжидан агIор. Шаьш миччахьа лаьтташ делахь а‚ дIаерзае шайн яххьаш цуьнан
агIор. Жайнан охIланна хуур ма ду и шайн Кхиош- кхобучуьнгара бакъдерг хилар. Ма
вац и Дела тергам ца беш цара дийриг.

144.

Жайнан охIланна муьлхха делалла ахьа далийча а‚ уьш тIебоьрзур ма бац хьан
къилбанна‚ хьо а воьрзур ма вац церан къилбанна тIе. Царах цхьаберш боьрзур ма
бац кхечеран къилбанна тIе. Хьо церан дезаршна тIаьхьа хIоттахь‚ хьайга Iилма
кхаьчначул тIаьхьа‚ хьо хир ма ву зулам дечарех.

145.

Оха шайга жайна доссийнчарна и /Мухьаммад пайхамар/ вевза‚ шайн кIентий шайна
бовзаре терра. Баккъалла а, царах цхьа тоба хьулдеш ма ю бакъдерг‚ шайна хууш
долуш.

146.

Бакъдерг /ду иза/ хьан Кхиош-кхобучуьнгара. Хиллане хьо ма хилалахь шеко йолуш
болчарех.

147.

ХIоранна а – шен агIо ю‚ и цунна тIе а хьожуш. Аша хьалхадаха диканаш. Миччахьа
а шу делахь а‚ – Дала дерриге а дIадуьгур ду шу /Шена тIе/. Баккъалла а, и Дела
массо хIуманна ницкъ кхочуш ма ву.

148.

Миччахьара хьо араваьлча а‚ дIаерзае хьайн юьхь Хьарам Масжидан агIор. И
баккъалла а, бакъдерг ма ду хьан Кхиош-кхобучуьнгара. Ма вац и Дела тергал ца
деш аша дийриг.

149.

Миччахьа хьо араваьлча а‚ дIаерзае хьайн юьхь Хьарам Масжидан агIор. Шаьш
миччахьа хилча а‚ дIаерзае шайн яьххьаш цуьнан агIор‚ нехан шуна тIехь делалла
ца хилийтархьама‚ царех зулам диначарна а бен – шу царах ма кхералаш – Сох
кхералаш‚ Аса шуна тIехь Сайн ниIмат кхочушдархьама а – шу нислур дацара техьа.

150.

Оха шуьгахь шух-шайх элча ваийтарх терра‚ цо доьшу шуна Тхан аяташ‚ цо шу
цIандеш‚ Iамадеш шуна жайна а‚ хьекъалалла а‚ шуна Iамадеш шуна хууш ца хилларг.

151.

Аша Со дагаваийта – Аса шу а дагадохкуьйтур ду /гечдарца/‚ Суна шукур де‚ Со
харц ма ве.

152.

ХIай‚ иман диллинарш! Аша гIо лаха собарца а‚ ламазца а. Баккъалла а, и Дела ма
ву собаре болчарца.

153.


Аша ма ала Делан новкъахь беллачарна “белла”. – Дийна бу уьш. – Амма шуна ца
хаало.

154.


Оха диттанне а ца зуьйш дуьтур дац шу кхерам тасарца а‚ мацалла яийтарца а‚
даьхний а‚ синош а‚ стоьмаш а эшийтарца а‚ – ахьа кхаъ баккха собаре хиллачарна‚

155.

иштаннаш бу уьш шайна тIе цхьа боккха бала беьча‚ олуш: “Вай Делан ду‚ Цуьнга
дIадоьрзур долуш а ду”.

156.

Царна шайн Кхиош-кхобучуьнгара гечдар ма ду‚ къинхетам а ма бу‚ уьш ма бу
нисбелларш.

157.

Сафа а‚ Марват а Делан дин довзийтарах ду. ХьаьжцIа воьдучунна а‚ Iумрат дечунна
а къа дац царна гуо баьккхича. Даггара диканиг дича – и Дела баркалла олуш а‚
хууш а ву.

158.

Баккъалла а, Оха яийтина билгалонаш а‚ нийса некъ а Оха шаьш нахана Жайна чохь
билгалъяьхначул тIаьхьа хьулдеш берш – уьш ма бу Дала шайна неIалт эр берш а‚
неIалт олучара а шайна неIалт эр берш а.

159.

Бац /неIалтан кIел/ шаьш дечунна тIера /тоба дарца/ бухабевлла‚ дика а лелла‚
/шаьш хьулдеш хилларг/ билгала даьккхинарш-м – церан тоба Аса къабал дийр ду –
Со тоба дукха /къабал/ дийриг а ву /Сан лешна/, шорта къинхетаме верг а ву.

160.

Баккъалла а, шаьш /дин/ керстадинарш‚ шаьш ца тешаш хилла белларш – царна
хуьлийла Делан а‚ маликийн а‚ массо нехан а неIалт.

161.

Шаьш цу чохь гуттар а лаьтташ‚ Iазап дайдийр ма дац царна‚ тIехьа тоттур а ма
бац уьш.

162.

Шун Дела – цхьа Дела ву. Кхин Дела вац И бен‚ сов къинхетаме а‚ къинхетаме а
верг ву И.

163.

Баккъалла а, стигланаш а‚ латта а кхолларехь‚ буьйса-де хийцадаларехь‚ нахана
пайда а беш‚ хIордачохь дIасалелаш долчу кеманахь а‚ Дала шеца деллачул тIаьхьа
латта дендеш стиглара охьадоуьйтучу хинехь а‚ Цо цу /латта/ тIехь массо дийнат
даржадарехь а‚ мох хьакхарехь а‚ шаьш Далла муьтIахь хилла стигланна а‚ лаьттана
а юккъехь дIасалелачу мархашкахь а – делилаш ма ду шаьш ойла ян хуучу нахана.

164.

Нахах бу Дела а витина‚ кхин делий лоьцуш берш‚ шайн уьш безаш Дела везарх
терра. /Баккъалла а, Делах/ тешаш берш чIогIа дукхабезаш бу Далла. Гуш белхьара
и зулам деш берш – царна гур ма дара Iазап – царна гур ма дара ницкъ берриге а
Делан буй‚ и Дела Iазап чIогIа долуш вуй.

165.

Шайна нах тIаьхьахIуттуш хилла берш цIанлур ма бу шайна тIаьхьа хIиттийна
хиллачарех‚ царна гур ду Iазап‚ тедалур ю церан юкъаметтигаш.

166.

Шаьш кхечарна тIаьхьахIуттуш хиллачара эр ду: “Тхан юха дуьнена доьрзуьйла
делахьара‚ тхо а цIанлур ма дара царех‚ уьш тхох цIанбаларх терра”. Иштта гойтур
ю Дала церан Iамалш‚ царна бала хилла. Уьш арабовлур ма бац цIергара.

167.

ХIай нах! Даа лаьттахь долчух хьаналдерг а‚ цIена дерг а. Шу ма хIитталаш
шайтIанан тачча – и шуна билггала мостагI ма ду.

168.

Баккъалла а, цо шуна омра ма до вониг‚ ирчаниг‚ аша Далла /Делах лаьцна/ алар а
шайна ца хуург.

169.

Цаьрга аьлча: “ТIаьхьахIитта Дала шайга доссийначунна /КъурIан/”‚ цара олу:
“ХIан-хIа! Тхо тIаьхьахIуьттур ду‚ тхуна тхан дай тIехь карийначунна”… – и церан
дай хилла бацахь цхьанне хIуманах кхеташ а‚ нийсачу новкъахь а.

170.

Цатешачеран масал ду шена кхайкхар а‚ мохь беттар бен ца хезаш волчуьнга цIогIа
хьоькхучун масалх терра: къора‚ мотт ца хууш‚ бIаьрзе – уьш ца кхета.

171.

ХIай‚ иман диллинарш! Даа Оха шайна деллачу рицкъанх цIена дерг‚ цу Далла шукур
а де‚ шаьш Цунна Iибадат деш делахь.

172.

Цо шуна хьарам йина къеелла хIума а‚ цIий а‚ хьакхин жижиг а‚ Далла доцуш‚
кхечунна лерина йийна хIума а. Нагахь санна ницкъ хилахь‚ дог тIе а ца
дохуьйтуш‚ дозанах а ца волуш‚ цо и /хьарамниг даарх/ цунна къа дац – баккъалла‚
и Дела ма ву гечдеш а‚ къинхетам болуш а.

173.

Баккъалла а, Дала Ша доссийначу жайнах /цхьацца дерг нахах/ хьулдеш берш‚ цунах
шайна кIеззиг мах оьцуш берш – уьш ма бу шайн кийрахь цIе бен юур йоцурш‚
вистхир ма вац и Дела цаьрга къематан дийнахь‚ цIанбийр ма бац Цо уьш‚ царна хир
ма ду лазош долу Iазап.

174.

Уьш ма бу шаьш нийса некъ боьхкина талхар эцнарш‚ шаьш гечдар доьхкина Iазап
эцнарш. Хьан лур ду те царна собар жоьжахатийн цIарна дуьхьал?

175.

Иза ду Дала и жайна доссийна хилар бакъдолчуьнца‚ цу жайнаца цхьаьна ца богIурш
генарчу /барт/ эгIарехь хилар.

176.

Мел хир бац аша шайн яьххьаш малхбалехьа а‚ малхбузехьа а тийжаярах. Ткъа миэл
хир бу и /нах/ Делах тийшича‚ тIаьххьарчу дийнах а тийшича‚ маликех а тийшича‚
жайнах тийшича‚ пайхамарех а тийшича‚ шена дезачух даьхний делча /сагIина/
гергарчарна а‚ боберашна а‚ мискачу нахана а‚ некъхочунна а‚ доьхучунна а‚ лай
паргIат ваккхархьама‚ ламаз цо хIоттийча‚ закат делча‚ шаьш делла дош
кхочушдича‚ яккхийчу халонашкахь а‚ баланашкахь а‚ тIамехь а собаре хилча. Уьш
бу бакълуьйш берш. Уьш бу /Делах/ кхоьруш берш.

177.

ХIай‚ иман диллинарш! Шуна тIедиллина вийначунна тIера чIир эцар: оьздачунна
тIера – оьздачуьнца‚ лен тIера – леца‚ зудчунна тIера – зудчуьнца. /Бусулба/
вашас цхьанна гечдича – диканца цунна тIаьхьахIотта веза. Нийса кхочушдан деза
дият. И шуна Делера атталла ю‚ къинхетам а ма бу. Цул тIаьхьа дозанах
ваьллачунна хир ма ду лазош долу Iазап.

178.

Шуна чIир эцарехь дахар ду‚ хIай хьекъал дерш! Шу хила мегара /Делах/ кхоьруш.

179.

Шуна тIедиллина цхьанна тIе валар деъча‚ нагахь цуьнан буха дуьсуш хIума делахь
цо и нийсонца дена-нанна‚ гергарчарна дала весет дар – хьакъ-бакъ долуш ду и
/весет дар/ кхоьручарна /Делах/.

180.

Нагахь санна цхьаммо и /весетан чулацам/ шена хезначул тIаьхьа хийцахь – къа и
хийцинчунна хир ду. И Дела ма ву ша хезаш а‚ хууш а.

181.

Нагахь санна цхьаъ весет дечуьнгара нийсо ца хиларх я къа даларх кхерахь‚ цо
маслаIат дахь царна юккъехь‚ цунна къа хир дац. И Дела ма ву гечдеш а‚ къинхетам
болуш а.

182.

ХIай‚ иман диллинарш! Шуна тIедиллина марха лацар‚ шул хьалхабаханчарна
тIедилларх терра‚ шу хилийтархьама /Делах/ кхоьруш.

183.

Цхьа масийтта де; шух цхьаъ цомгуш велахь я новкъахь нислахь – кхечу хенахь
денош /кхочушдер цо/. Марха ца кхабалучарна тIехь ду мискачу стагана даар далар.
Диканиг цо сов даьккхича (шен даггара сагIа сов луш) – и цунна дика ду. Аша
марха лаьцча – шуна дика ду‚ шу хууш делахь.

184.

Рамазан бутт‚ шена чохь КъурIан доссийна болу‚ нахана нийса некъ а‚ нийсачу
некъан а, /бакъдерг-харцдерг, хьанал-хьарам/ къасторан а билгалонаш а ю. Шух и
тергал бинчо марха лоцийла. Цхьаъ цомгуш велахь‚ я новкъахь велахь – кхечу
денойх цхьаъ дакъа /кхочушдер цо/. И Дела лууш ву шуна атто‚ лууш вац И шуна
хало. Кхочушдер аша и денош‚ вазвер аша и Дела /АллахIу акбар аларца/‚ Цо шу
нисдарна нийсачу новкъа‚ шу хилахьара баркалла олуш.

185.

Сан леша хьоьга хаттахь Сох лаьцна – Со гергахь ву‚ жоп луш доьхучун дехарна –
цо дехча, Сан пайхамаршна жоп лойла цара (Суна муьтахь хиларца)‚ Сох тешийла уьш
– уьш хила там бара нийсачу новкъахь.

186.

Магош ду шуна мархийн баттахь буьйсанна шайн зударшна тIе дахар – уьш шун духар
ду‚ шу – церан духар ду. Далла хиира шу хилла хилар шаьш Iехадеш. Шун тоба
къобалдира Цо‚ шуна гечдира. ХIинца цхьаьнакхета цаьрца /зударшца/‚ леха Дала
шайна яздинарг. Даа‚ мала шайна сатасаран кIайн тай Iаьржачу тех къастадаллалц.
ТIаккха кхачаде марха буьйсане. Цхьаьна ма кхета цаьрца /зударшца/ шаьш
маьждигийн чохь лаьтташ долуш /иIтикаф деш/. Уьш Делан дозанаш ду. Герга ма гIо
царна /дозанашна – уьш дохо/. Иштта билгалдоху Дала шен аяташ нахана‚ уьш
хилийтархьама /Делах/ кхоьруш.

187.

Аша ма даа вовшийн даьхний харцонца‚ хьаькамашна тIе а лелаш нехан даьхний
даархьама къица‚ шайна хуьушехь /и шайн доцийла/.

188.

Хьоьга /хIай Мухьаммад/ хоьтту беттан куьцаш хийцадаларах лаьцна‚ ахьа ала: “Иза
нахана хан билгалъяккхархьама а‚ хьаж дехкарна а ду”. Миэл хир бац шу цIеношка
тIехьахула дахарх. Миэл бу /шу Делах/ кхоьруш хилар. Чу гIуо цIеношка
неIаршкахула! Делах кхера – шу даккхийдедийр ду.

189.

ТIом бе Делан дуьхьа шайца тIом беш болчаьрца‚ шаьш дозанах ма
довла. Далла ца беза дозанах буьйлурш.

190.

Байа уьш шайна карабаьхккичохь‚ арабаха уьш шаьш арадаьхначуьра. Питана чIогIа
ду стаг верал а. ТIом ма бе цаьрца Хьарам-Маьждигана уллохь‚ цара шаьш шуьца ца
бахь цигахь. Цара шуьца бахь /тIом/ – байа уьш! Иштта бу цатешачарна бекхам.

191.

Уьш совцахь – Дела гечдеш а‚ къинхетаме а ву.

192.

ТIом бе цаьрца питана ца хилийтархьама‚ дин АллахIана хилийтархьама. Уьш совцахь
– тIелатар дац зулам динчарна а бен.

193.

Безза бутт – безза баттаца‚ хьуьрамташ а – бекхам эца дезаш ду. Шайна цхьаъ
тIелатахь – шу а тIелата цунна‚ и шайна тIе ма летти. Делах а кхера, шуна хаа: и
Дела Шех кхоьручарца вуйла.

194.

Харжаш е Делан дуьхьа. Шайн куьйгашца шаьш хIаллакх ма де. Диканиг де. Далла
дукхабеза диканаг деш берш.

195.

Чекхдаккха хьаьж дехкар а‚ Iумрат а Далла. Шу духатохахь шайна атта долу бежана
де сагIина. Шайн кортош ма даша и сагIина дийна бежана шен меттиге дIакхаччалц.
Шух цхьаъ цомгуш велахь я цунах коьртан цамгар елахь – /корта бошур бац‚ амма/
цунна дуьхьал марха лоцур ду /кхаа дийнахь/‚ сагIа лур ду /ялх мискачу стагана‚
цхьаннена ах сахь луш/‚ я устагI буьйр бу. Шу кхерамах паргIат девлча‚ шух
цхьаммо Iумрат хьалхадаккхахь хьаж дехкарал – шена атта долчу бежанна урс хьакха
сагIина. И ца карадахь – марха лоцур ду кхаа дийнахь хьаьж доьхкучу хенахь‚
ворхI дийнахь – цIа вухавирзича. Уьш кхоччуш итт де ду. И ду шен нах
Хьарам-Маьждигана гонаха боцучарна. Шу кхера Делах‚ шуна хаа и Дела бекхам
чIогIа болуш вуйла.

196.

Хьаьж дехкар – девзаш долу беттанаш ду. Цу чохь Хьаьж дихкинчунна – зудчуьнца
гIуллакх хилар а‚ Iесалла а‚ къийсар а ца мега хьаьж дехкарехь. Аша муьлхха а
дина дика ша хууш ма ву и Дела. Шайца сурсаташ эца новкъана (хьаьж дихка
доьдуш). Ткъа уггар дика сурсат – Делах кхерар ду. Сох кхера‚ хIай хьекъал дерш.

197.

Шуна къа дац‚ аша шайн Делера диканаш лехча. Шаьш Iарафатера охьатекхича – Дела
хьахаве сийдолчу машIарехь. Хьахаве И‚ Цо шу нисдарах терра‚ шу хиллехь а хьалха
тиллачарех.

198.

ТIаккха лела нах лелачухула‚ Деле гечдар а деха. И Дела гечдеш а‚ къинхетаме а
ву.

199.

Шаьш хьаьж дехкар кхочушдина девлича‚ хьехаве и Дела‚ шаьш шайн дай хьехабарх
терра‚ я кхин а чIогIа. Нахах ма бу олурш: “ХIай‚ тхан Кхиош-кхобург‚ ло тхуна
дуьненахь” /диканаш/ – ма дац цунна эхартахь дакъа.

200.

Царех бу олурш а: “ХIай‚ тхан Кхиош-кхобург! Ахьа тхуна лолахь дуьненахь а
диканаш‚ эхартахь а диканаш‚ Ахьа тхо ларделахь цIеран Iазапах”.

201.

Царна ма ду дакъа шаьш тардинчух. И Дела ма ву хьесап сиха деш.

202.

Дела хьехаве цхьана масийтта деношкахь. Шина денна сихвеллачунна къа дац‚
(кхоалгIачу денна) тIехьависинчунна а къа дац – къа дац /Делах/ кхоьруш
волчунна. Делах кхералаш‚ шуна хаалаш шаьш Цунна тIе дIагулдийр дуйла.

203.

Цхьацца нах бу шаьш дуьненан дахарех лаьцна дуьйцучу дешнашца хьо цецвоккхуш‚
шайн дегнашкахь долчунна Дела теш хIоттаво цара – уьш ма бу луьра мостагIий.

204.

/Хьоьх/ дIа ма къаьсттинехь сихло уьш лаьтта тIехь пасад хIуманаш дан‚ хIаллакдо
цара охана а‚ дохкана а‚– Далла ца деза пасад хIума.

205.

Цаьрга аьлча: “Делах кхера!” – къа дарца куралло схьалоьцу уьш. Царна кхачойийр
ю жоьжахатис‚ – ма вон ю-кх царна нисйина меттиг.

206.

Нахах ву Дела реза хиларах ша оьцуш верг /берриг шен бахам дIабелла/ – и Дела ма
ву дог лозуш /шен лех/.

207.

ХIай‚ иман диллинарш! ЧугIо исламна кхоччуш. Шу ма хIитта шайтIанан гIулчашна
тIаьхьа – и шуна билггала мостагIа ма ду.

208.

Шайга хIара билгалонаш кхаьчначул тIаьхьа шу талхахь – шуна хаалаш: и Дела веза
ву /бекхам эцарехь/‚ хьекъале ву /гIуллакхаш дIадахьарехь/.

209.

Уьш хьоьжуш бу-техьа Дела шайга варе мархашна юккъехь‚ иштта маликаш а /шайга
даре Iазап дохьуш/‚ тIаккха /Iазапан/ гIуллакх кхочушхиларе? Деле дIадоьрзуш ма
ду гIуллакхаш.

210.

Ахьа хаттахь Исраилан кIенташка: “Мел даийтина Оха цаьрга билгала долу делаллаш.
Делан ниIмат хуьйцучунна‚ шега и деъначул тIаьхьа – и Дела ма ву чIогIа бекхаме.

211.

Цатешачарна хаздина дуьненан дахар‚ уьш боьлуш бу тешачарех. Баккъалла а,
/Делах/ кхоьрурш царна тIехь хир бу къемат дийнахь. Дала рицкъа ма ло Шена
луучунна хьесап доцуш.

212.

Нах хилла цхьа уммат‚ тIаккха Дала баийтира шаьш кхаъ боккхуш хилла болу‚ кхерам
тосуш хилла болу пайхамарш‚ цаьрца доссийра бакъдолчуьнца жайна‚ цаьрга нахана
юккъехь хьукма дайта церан хилпало хиллачохь. Цу чохь хилпало-м ца хили и /Делан
жайна/ шайга деллачарийн бен‚ шайга билгалонаш кхаьчначул тIаьхьа вовшийн
юккъехь хьагI хиларна. Дала Шен пурбанца нисбира иман диллинарш шаьш шеконехь
хилла долчу бакъдолчунна тIе. И Дела ма ву нисвеш Шена луург нийсачу новкъа.

213.

Шу моьттуш ду-те шайл хьалха баханчаьрга деънарг шайга а ца кхочуш шаьш ялсамане
гIур ду? Лийцина хилла уьш баланаша а‚ цамгарша а‚ мехкаш дегийна царна‚ элчано
а‚ цуьнца цхьаьна иман диллинчара а олуш: “Маца хир ду Делера гIо?” – Ткъа
Делера гIо дац герга?

214.

Цара хьоьга хоьтту: “ХIун лур ю сагIина?” Ахьа ала: “Аша сагIина даьккхина дика
/даккха/ – дена-нанна а‚ гергарчарна а‚ боберашна а‚ мискачу нахана а‚ некъан
накъостана а. Аша деш долу дика Дела хууш ву”.

215.

Шуна тIедиллина тIом бар. Иза шуна ца деза хIума ду. Шуна ца деза тарло цхьа
хIума – и шуна дика ду. Шуна деза тарло цхьа хIума – и шуна вон ду. И Дела хууш
ву‚ шу хууш дац.

216.

Цара хьоьга хоьтту безачу баттах лаьцна‚ цу чохь тIом барх. Ахьа ала: “Цу чохь
тIом бар – доккха къа ду. Ткъа Делан некъах /нах/ духатохар а‚ Цунах ца тешар а‚
дезачу маьждигах /нах духтохар/ а‚ цуьнан нах цу чуьра арабахар кхин доккха ду
Далла гергахь”. Питана доккха ду тIом барал а. Уьш совцур бац тIом бечуьра шу
шайн динах дIадерзийча бен‚ шайн ницкъ кхачахь. Шух шен динах дIавирзина керста
хьолехь велларг – уьш бу шайн Iамалш эшнарш дуьненахь а‚ эхартахь а‚ уьш бу
жоьжахатин дай‚ уьш цу чохь гуттар лаьттар бу.

217.

Баккъалла а, иман диллинарш а‚ хIижар динарш а‚ Делан новкъахь къийсам
латтийнарш а – уьш догдохур долуш бу Делан къинхетаме. И Дела ма ву гечдеш а‚
къинхетаме а.

218.

Цара хьоьга хоьтту чагIарх а‚ майсирх а лаьцна‚ ахьа ала: “Царна чохь доккха къа
а ду‚ нахана пайданаш а бу. Царна чохь долу къа доккха ду‚ царна чохь болчу
пайданал”. Юха а хоьтту цара хьоьга: “ХIун доккхур ду шаьш сагIина?” ахьа ала:
“Сов даьлларг”. Иштта Дала билгалйоху шуна билгалонаш‚ шу хилийтархьама ойла еш

219.

Дуьненахь а‚ эхартахь а /долчу гIуллакхех/. Цара хьоьга хоьтту боберех лаьцна.
Ахьа ала: “МаслаIат дар дика ду царна”. Аша уьш вовшех тоьхча – уьш шун вежарий
бу. И Дела хууш ма ву харцо йийриг а‚ нийсо йийриг а. Далла лиънехьара‚ Цо хало
йийр яра шуна. Баккъалла а, Дела ма ву веза а‚ хьекъале а.

220.

Аша ма балабе Делаца накъост лоцу зударий‚ цара иман диллахь бен. Тешаш йолу лай
тоьлу Делаца накъост лоцу зудчул‚ цо шуьга тамаша байтахь а. Делаца накъост лоцу
божаршна а ма балабе /бусулба/ зударий‚ цара иман диллахь бен. Тешаш волу лай
тоьлу Делаца накъост лоцучу стагал‚ цо шуьга тамаша байтахь а. Цара кхойкху
жоьжахате‚ Дала кхойкху ялсамане а‚ Шен лаамца гечдаре а. Цо билгалйоху Шен
билгалонаш нахана‚ уьш хилийтархьама ойла еш.

221.

Хьоьга хоьтту зударийн цIано йохарх‚ ахьа ала: “Иза бала хьегар ду”. ЦIано
йоьхначу хенахь зударех дIакъаста‚ царна герга ма гIо‚ цIанбаллалц. Уьш
цIанбелча‚ гIуо царна улло‚ Дала шайга ма хьеххара. Баккъалла а, цу Далла ма
беза тоба динарш а‚ Цуна ма беза цIена берш а.

222.

Шун зударий – шун охана ду‚ шайн охана де шайна ма луьу. /Диканиг/ хьалха даккха
шайна. Делах кхера‚ шуна хаа‚ шу Цуьнца цхьаьнакхетарг хилар. Ахьа кхаъ баккха
иман диллинчарна.

223.

И Дела ма хилийта шайн дуьйнашна Iалашо диканиг ца дан а‚ /Делах/ ца кхера а
/вониг деш/‚ нахана юккъехь маслаIат ца дан а. И Дела хезаш а ма ву‚ хууш а ма
ву.

224.

Дала бехке ца лоцу шу даьсса дуйнех‚ шун дагахь доцуш и хиллехь‚ амма Цо бехке
лоцу шу шун дегнаша динчунна. И Дела гечдеш а‚ кIеда а ма ву.

225.

Шайн зударшна юххе гIур дац аьлла дуй биинчарна тIехь ду беа баттахь хьажар.
ТIаккха уьш бухаберзахь – и Дела гечдеш а‚ къинхетаме а ву.

226.

Нагахь санна зударий бита сацам церан хилахь – и Дела хезаш а‚ хууш а ву.

227.

Битина болу зударий хьовсур бу кхузза цIано чекхъяларе. Мегаш дац царна шайн
кийрахь Дала кхоьллинарг хьулдан‚ шаьш Делах а тIаьххьарчу дийнах а тешаш
белахь. Церан марой хьакъ бу уьш юхаберзо цу чохь уьш лууш белахь маслаIат‚
царна ду шайна тIехь долчуьнах тераниг диканца. Божарийн царна тIехь дарж ю. И
Дела ша веза-воккха а‚ хьекъале а ву.

228.

Къастар шозза ду‚ цул тIаьхьа – нийсонца юхаерзор ю /зуда/‚ я диканца
дIайохуьйтур ю. Шуна хьанал дац аша дIаделлачух хIумма юхаэца. Мегар ду уьш
кхоьруш хилахь Делан дозанаш ца латтадарна. Шу кхоьруш делахь цара шиммо а Делан
дозанаш ца латтадарна‚ царна шинна а къа дац зуда мехах паргIат яьлча. Уьш ду
Делан дозанаш‚ уьш доха ма делаш. Делан дозанаш дохийнарш – уьш зулам динарш бу.

229.

Нагахь санна зуда йитахь /кхузза/‚ цул тIаьхьа цунна и хьанал яц‚ кхечуьнга и
маре йодахь бен. ТIаккха цо и йитича‚ царна шинна а къа дац шаьш цхьаьнакхетча‚
уьш моьттуш белахь‚ шаьш Делан дозанаш латтор ду‚ аьлла. Уьш ду Делан дозанаш‚
Цо билгалдеш долу хууш долчу къомана.

230.

Аша зударий битина /цкъа я шозза/ болуш‚ церан хан тIекхаьчча – юхаберзабе уьш
нийсонца‚ я дIабахийта уьш диканца. Аша юха ма берзабе уьш зуламца – тIаккха аша
дозанаш талхор ду. И динчо шена зулам до. Делан аяташ забаре ма лаца. Аша
дагадаийта шайна хилла долу Делан ниIмат а‚ Цо шеца шуна хьехам беш долу Ша
шуьга доссийна долу жайна а‚ /шуна делла долу/ хьекъалалла а. Шу Делах кхера‚
шуна хаалаш и Дела массо хIума хууш вуйла.

231.

Аша зударий битина‚ церан хан герга кхаьчча‚ аша новкъарло ма елаш уьш шайн
марошка юхаберзан‚ уьш вовшашна реза хиллехь диканца. И хьехам беш бу шуна‚ шух
Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а тешаш волчунна. Иза хьекъале а ду шуна‚ цIена а
ду. И Дела хууш ву‚ шу хууш дац.

232.

Наноша дакхадойла шайн бераш дуьззина шина шарахь. Иза ду лууш волчунна дакхор
кхочушдан. Шена бер динчунна тIехь ду – зударшна даа хIума а, тIе духа хIума
далар а нийсонца. Сина тIедуьллуш дац цуьнан ницкъ ца кхочург. Нанна зен ма
дойла шен бер бахьанехь‚ шена бер динчунна а зен ма дойла шен бер бахьанехь.
/Ден/ ирс оьцучунна – цуьнга терра (да веллехь, цу беро цуьнгара эцначу ирсан
юккъера вакхочунна мах лойла беран валис). Царна шинна а лаахь дакхор
юкъахдаккха вовшийн резаллица а‚ дагабовларца а – къа дац царна. Шуна лаахь шайн
бераш дакхон кхин зуда лаха  шуна къа дац аша цунна мах белча даггара. Шу Делах
кхералаш‚ шуна хаалаш и Дела аша дийриг гуш вуйла.

233.

Шух дIакхелхина шайл буха зударий бисинарш – церан зударий хьовсур бу беа
баттахь а‚ итт дийнахь а. И хан тIекхаьчча‚ шуна къа дац цара шайх динчунна
диканца. И Дела аша дийриг дика хууш ву.

234.

Къа дац шуна аша шайн захало цу зударшка дIахьедича а‚ я къайладаьккхина шайгахь
дитича а. Далла хаьа аша и тIаьхьа хьахор дуйла. Мухха делахь а‚ ваIда ма е
царна къайлах‚ нийса дош олуш бен. И ялор чIагI ма де яздинарг шен ханна
тIекхаччалц. Шуна хаалаш‚ и Дела хууш вуйла шун дагахь дерг. Цунах ларлойла шу.
Шуна хаалаш‚ и Дела гечдеш а‚ хьена-кIеда а вуйла.

235.

Къа дац шуна аша шаьш Iиттаделла а доцу я‚ шайн мах хадийна а боцу зударий
битича. Ло царна шайн пайденна цхьацца хIума: хьал долчо – шен тароне хьаьжжина‚
хьал доцучо – шен тароне хьаьжжина‚ гIиллакхаца нийса болчу пайданна‚ дика
Iамалш ечарна хьакъ хилла болчу пайданна.

236.

Аша зударий битахь‚ шаьш царех Iиттаделла а доцу‚ амма шайна мах хадийна болу –
шаьш хадийначул ах мах лур бу аша‚ лур бац‚ нагахь цара я зуда ялор-йитар шайн
карахь долчара битахь. Мах ца оьцуш битар (урдох хIумма юха ца даккхар) герга ду
/Делах/ кхоьруш хиларе. Аша диц ма де шайн юккъера дозалла‚ баккъалла а, и Дела
аша дийриг гуш ву.

237.

Ларде ламазаш а‚ юккъера ламаз а‚ дIахIотта Далла муьтIахь хилла.

238.

Шайна кхерам хилахь – ламазаш де шаьш гIаш лаьтташехь я хевшина доьдушшехь. Шаьш
кхерамах хьалхадевлча‚ Дела хьехавелаш‚ Цо шуна Iамадеш ма-хиллара‚ шуна хууш ца
хилларг.

239.

Шух дIакхелхина шайл буха зударий бисинчара шайн зударшна весет дина дакъа
дуьтийла цхьа шо дуззалц. Уьш арабовлахь‚ шуна къа дац цара шайлахь динчунна
нийсонца. И Дела веза а‚ хьекъале а ву.

240.

Битинчу зударшна напха ду нийсонца‚ Делах кхоьручарна хьакъ долуш.

241.

Иштта билгалдоху Дала шуна Шен аяташ‚ шу хьекъале хилийтархьама.

242.

Хьуна ца го и шайн цIеношкара арабевлларш – эзарнаш – баларх бевдда? Дала цаьрга
элира: “ДIакхалха (лев)!” ТIаккха Цо уьш денбира. Баккъалла а,‚ и Дела дозалла
долуш ву нахана тIехь.амма дукхахболчу наха баркалла ца олу.

243.

ТIом бе Делан новкъахь. Шуна хаа‚ и Дела ша хезаш а‚ хууш а вуйла.

244.

Далла хаза декхар делларг‚ милла велахь а‚ Цо масийттаза алсамдоккхур ду цунна
и. И Дела ша рицкъа дIакъовлуш верг а ву‚ дIахоьцуш верг а ву‚ Цуьнга шу
дIадерзор долуш а ду.

245.

Хьуна ца го Исраилан кIентех элаша Мусал тIаьхьа шайн пайхамаре алар: “Ваийта
тхуна паччахь‚ оха Делан новкъахь тIом бийр бу”. Цо элира: “Шу хила тарло-те‚
шайна тIе тIом бар диллича‚ и ца бан дохкуш?” Цара элира: “Оха хIунда ца бо
Делан новкъахь тIом‚ тхо тхан цIеношкара а, тхан доьзалах а ара даьхна хилча?”
Царна тIом бар тIедиллича‚ бухабевлира уьш‚ царех кIеззиг берш боцурш. И Дела
хууш ма ву зулам дийриш.

246.

Церан пайхамара цаьрга элира: “Дала ваийтина шуна ТIалут‚ паччахь вина”. Цара
элира: “Цуьнан муха хир ду тхуна тIехь паччахьалла? Тхо хьакъ ду цул паччахьалла
дан. Шортта даьхний а ца делла цунна”. Цо элира: “Дала и хаьржина шуна тIехь‚ Цо
и сов ваьккхина Iилманехь а‚ дегIехь а. Дала паччахьалла луш ду шена луучунна. И
Дела шорта ву‚ Ша хууш а ву”.

247.

Церан пайхамара цаьрга элира: “Цуьнан паччахьалла хиларан билгало ю шуьга
тIорказ дар‚ шена чохь сакинат долуш шун Делера‚ Мусан а‚ ХIарунан а доьзало
бухайитина цхьацца хIуманаш йолуш шаьш маликаша хьош а йолуш”. Баккъалла а, цу
чохь делалла ма ду шуна‚ шу хиллехь тешаш.

248.

ТIалут шен эскарца араваьлча‚ цо элира: “Дала шу зуьйр долуш ду хица: цунах хи
мелларг сох вац (сан эскарца гIазоте гIур вац)‚ цунах чам ца баьккхинарг‚ шен
куьйга эцна цхьа кана боцург‚ и сох ву (и гIур ву гIазоте)”. Цара цунах хи
мелира‚ цхьа кIеззиг берш боцучара. Иза а /ТIалут/ цуьнца /Делах/ тешаш хилларш
а дIабахча‚ цара элира: “Вайн ницкъ кхочур бац тахана Джалутан а‚ цуьнан эскарна
а тIехь”. Шаьш Делаца цхьаьнакхетарг хиларх тешна болчара элира: “Моссаза жимачу
тобано йоккха тоба эшийна Делан лаамца. Баккъалла а, Дела ма ву собар
долчаьрца”.

249.

Джалутана а‚ цуьнан эскарна а уьш гучубевлча‚ цара элира: “Тхан Кхиош-кхобуш
верг! Ахьа собар лолахь тхуна‚ чIагIбелахь тхан когаш‚ гIо делахь тхуна ца тешаш
долчу къомана тIехь”.

250.

Делан лаамца цара уьш эшийра. Давуда вийра Джалут. Дала цунна паччахьалла а‚
хьекъал а делира‚ Iамийра цунна Шена луучух. Дала нах цхьаберш кхечаьрца ларош
бацахьара‚ латта бехлур дара‚ амма и Дела ву Iаламна тIехь дозалла долуш.

251.

Уьш Делан аяташ ду‚ Оха хьуна доьшуш бакъхиларца. Баккъалла а‚ хьо ма ву /Дала/
ваийтинчарех.

252.

Уьш элчанаш бу! Базбина Оха царех цхьаберш вукхарел. Царех ву Дала шеца къамел
динарг‚ Цо айбина царех цхьаберш даржашца. Оха елира Марьяман кIанте Iисага а
билгалонаш‚ чIагI а вира Оха и сийдолчу сица. Далла лиъна хиллехьара‚ тIом бийр
бацара царел /элчанел/ тIаьхьа болчара шайга билгалонаш дIакхаьчначул тIаьхьа‚
амма цхьа барт ца хилла уьш – царех бу тешарш а‚ царех бу цатешарш а. Далла
лиъна хиллехьара‚ тIом бийр бацара цара‚ амма Дала до Шена луьург.

253.

ХIай‚ иман диллинарш! СагIа ло Оха шайна деллачу рицкъанх‚ шена чохь йохкар а‚
доттагIалла а‚ шапаIат а доцу де тIекхачале. Цатешарш – уьш бу-кх зулам дийраш.

254.

АллахIу – кхин Дела вац И воцург‚ дийна ву И‚ Ша дIахIоьттина ву‚ наб озоро а
схьа ца лоцу И‚ набаро а. Цуьнан ду стигланашкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а. Цхьа
а ма вац Цуьнан гергахь шапаIат дийр долуш‚ Цуьнан лаамца бен. Царел хьалха
хилларг хууш ву И‚ тIаьхьа хиндерг а /хууш/ ву. Цуьнан Iилманан хIуманна а
тIаьхьакхуьур ма бац уьш, цунна луучунна а бен. Шуьйра хилла Цуьнан курс
стигланаш а, латта а чу лоцуш. Уьш Iалашъярехь хIумма а хало ца хуьлу Цунна, И
лекха верг а‚ сийлахь – веза верг а ву.

255.

Ницкъ бийр бац динехь‚ билгалбаьлла нийса некъ харц некъал. ТIагIутах ца тешаш‚
Делах тешнарг – и схьалаьцна ву чIогIа гIортор /чIогIа тоба/‚ ша южур йоцу. И
Дела ша хезаш а‚ хууш а ма ву.

256.

Дела ву тешаш болчеран вали. Цо уьш арабоху боданера серлонга. Ца тешаш берш –
церан авлияаш‚ тIагIуташ ду‚ цара ара ма боху уьш серлонгара бодане‚ уьш ма бу
цIеран дай‚ уьш цу чохь гуттар а лаьттар ма бу.

257.

Хьуна гой и ИбрахIимца къуьйсуш хилларг цуьнан Кхиош-кхобучух лаьцна‚ Дала шена
паччахьалла делла хиларна? ИбрахIима элира: “Сан Кхиош-кхобург ву Ша дендеш а‚
долуьйтуш а верг”. Цо /Номруз паччахьа/ элира: “Аса дендо‚ долуьйту”. ИбрахIима
элира: “Дала малх боуьйту малхбалехула‚ ахь баийтал и малхбузехула”. ТIаккха
карзахвелира цатешарг. Дала нис ца до зуламе долу къам.

258.

Я цхьана эвлана уллохула воьдучух терра‚ и ша тхевнийн тIейоьжна хилла йолу. Цо
элира: “Мичара денйийр ю хIара Дала‚ хIара еллачул тIаьхьа!?” Дала и валийтира
бIешарна‚ тIаккха денвира. Элира /Дала/: “Мел лаьттира хьо?” Цо элира: “Со
лаьттира /велла/ цхьана дийнахь я ахдийнахь”. Цо /Дала/ элира: “ХIан-хIа‚ хьо
лаьттира бIешарахь‚ хьо хьажал хьайн кхачане а‚ маларе а – хийца ца делла уьш‚
хьо хьажал хьайн вире‚ Оха цхьа делалла хуьлуьйтур ду хьох нахана. Хьажал хIинца
даьIахкашка‚ муха Оха уьш денйо‚ тIаккха царна тIе жижиг латадо”. И шена
билгалдаьллачул тIаьхьа‚ цо элира: “Суна хаьа Дала массо хIуманна тIехь ницкъ
кхочуш вуйла”.

259.

ИбрахIима аьлла хилла: “Сан Кхиош-кхобург‚ гайтахь суна‚ Ахьа муха денбо
белларш”. Цо /Дала/ элира: “Хьо ца теша‚ ткъа?” Элира /ИбрахIима/: “Теша‚ делахь
а‚ дог чIагIдалийтархьама”. /Дала/ элира: “ХIета‚ схьаэца диъ хьоза‚ хьайна
тIедаладай‚ дакъош де царех. ТIаккха хIора ломана тIе цхьацца дакъа дилла царех‚
тIаккха уьш тIекхайкха хьайна – сихха тIедогIур ду хьуна уьш‚ хьо хууш хилалахь
и Дела Ша веза а‚ хьекъале а вуйла”.

260.

Шен долахь дерг Делан новкъахь даьккхинчун масал ду‚ буьртиган масалх терра: цо
схьабалийтина ворхI кан‚ хIора кена чохь бIе буьртиг болуш. Цу Дала алсам ма
доккху Шена луучунна‚ и Дела шорто йолуш а‚ хууш а ма ву.

261.

Шен долахь дерг Делан новкъахь доккхуш берш‚ тIаккха шаьш даьккхинчунна тIаьхьа
тIехдеттарш а‚ бехкаш а ца идош‚ царна шайн миэл ма бу‚ шайн Кхиош-кхобучун
гергахь‚ кхерам ма бац царна‚ сагатдийр ма дац цара.

262.

Хаза дош а‚ гечдар а тоьлу шена тIаьхьа бехк идош долчу сагIанал‚ и Дела хьал
долуш а‚ собаре а ма ву.

263.

ХIай‚ иман диллинарш! ХIаллак ма де шайн сагIанаш тIехдеттаршца а‚ бехкашца а‚
шен долахь дерг даьккхинчух тера нахана гайтархьама‚ ша Делах а‚ тIаьххьарчу
дийнах а тешаш а воцуш. Цуьнан масал ду шерачу тIулгах тера‚ шена тIехь латта
долу‚ шена тIе чIогIа догIа а кхетта‚ и бисира шерра /шена тIера латта
дIадаьлла/. Ницкъ кхочур бац церан шаьш гулдинчух хIуманна а /пайдаэца/‚ цу Дала
нис ца до цатешаш долу къам.

264.

Дела реза хиларе догдохуш, /имана тIехь/ шаьш чIагIдалархьама шайн долахь дерг
/сагIина/ даьккхийнчийн масал тера ду басахь йолчу бешах‚ шена тIе чIогIа догIа
деача‚ стом дуккха алсамбуьйлуш‚ чIогIа догIа ца дагIахь‚ догIа серсаш /цунах
тоам хуьлуш/. И Дела цара лелориг гуш ма ву.

265.

Шуна цхьанна а луур дарий шена хурманийн а‚ кемсийн а беш хила‚ шена бухахула
татолаш а лелаш‚ массо стом шена чохь болуш‚ тIаккха и воккха а хилча‚ шен кегий
доьзал болуш‚ шена чохь цIе йолу чIогIа мох баьлла‚ цо и ягаян? Иштта билгалдоху
Дала шуна аяташ‚ шу хилийтархьама ойла еш.

266.

ХIай‚ иман диллинарш! СагIина ло‚ шаьш тардина хиллачух цIенчух‚ Оха шайна
лаьттах схьадалийтинчух а. Аша сагIа доккхуш шун Iалашо ма хуьлийла боьханиг‚
аша а оьцур ма яцара и /шайна елча/ бIаьргаш хьабийна бен‚ шуна хаалаш‚ и Дела
хьал долуш а‚ хастам болуш а вуйла.

267.

ШайтIано ваIда йо шуна пекъаралла‚ хьоьху шуна ирчаниг. Дала ваIда йо шуна
Шегара гечдар а‚ комаьршалла а‚ И Дела шорто йолуш а‚ хууш а ву.

268.

Шена луучунна хьекъал луш ву И‚ шена хьекъал делларг – шена дуккха а диканна
делларг ву-кх‚ цуьнан ойла-м ца йо хекъал долчара а бен.

269.

Аша хIума сагIийна елча‚ муьлха нузар дийча – баккъалла Дела и дика хууш ма ву.
Ма хир бац зуламхошна гIоьнчий.

270.

Аша /нахана/ гуш дахахь сагIанаш – дика ду иза. Аша уьш къайлах дахахь‚
пекъаршна лахь – и ду шуна тоьлашха‚ цо дойур ду шуна шун вонаш‚ и Дела аша
дийриг дика хууш ма ву.

271.

Хьуна тIехь дац уьш нийсачу новкъахь хилар‚ амма Дала нисво Шена луург‚ аша
диканна мел даьккхинарг – шуна шайна ду. Аша ца доккху и Делан юьхье сатуьйсуш а
бен. Аша мел даьккхинчу диканна бекхам хир бу шуна‚ зулам дийр дац шуна.

272.

Пекъарашна /ло сагIанаш/‚ шаьш Делан новкъахь чIагIбелла болчу‚ ца кхуьу уьш
лаьттахула кхерста; ца хуучунна моьтту уьш хьал долуш бу‚ уьш /сагIа/ ца доьхуш
болу дела‚ хьуна бевзар бу уьш церан Iаламаташца‚ тIехIоьттина /сагIа/ ца доьху
цара нахе. Муьлхха диканиг аша (сагIийна) даьккхийча – баккъалла Дела и дика
хууш ма ву шуна.

273.

Шаьш шайн долахь дерг /сагIина/ доккхуш берш буса а‚ дийнахь а‚ къайлах а‚ гуш а
– царна шайн миэл хир бу шайн Кхиош-кхобучун гергахь‚ кхерам а хир бац царна‚
сингаттаме а хир бац уьш.

274.

Шаьш риба юуш берш гIовттур ма бац ша шайтIано таIийнарг гIоттуш санна а бен.
Иза ду цара аларна: “Йохка-эцар рибах тера ду”. Йохка-эцар хьанал дина Дала‚
риба хьарам дина. Шега шен Кхиош-кхобучуьнгара хьехам а беъна сецнарг – цунна
хьалха дахнарг а ду‚ цуьнан гIуллакх Деле дIадоьрзу. Юха а цунна тIевирзинарг –
уьш цIеран дай бу‚ цу чохь уьш гуттар лаьттар бу.

275.

ДIадойу Дала риба‚ кхиадо сагIанаш. Цу Далла ца веза массо цатешарг а‚ къинош
дийриг а.

276.

Шаьш тешнаберш‚ дика Iамалш йинарш‚ ламаз хIоттадеш‚ закат луш берш – царна миэл
бу шайн Кхиош-кхобучун гергахь‚ кхерам хир бац царна‚ сингаттаме хир бац уьш.

277.

ХIай‚ иман диллинарш! Кхера Делах‚ дита бухадуьсуш долу риба‚ шаьш иманехь
делахь.

278.

И аша ца дахь – Делера а‚ Цуьнан элчанера а тIом кхайкхабе. Аша тоба дахь – шуна
шайн долахь долчун кортош ду‚ аша зулам дийр дац – шуна а зулам дийр дац.

279.

Цуьнгахь хало хилахь – атта хиллалц тIаьхьатоттур ду /декхар схьадехар/‚ аша и
сагIина дитахь – дика ду шуна‚ шу хууш делахь.

280.

Шу кхера дийнах‚ шена чохь шу Далла тIе дIадуьгур долчу‚ тIаккха массо сина ша
тардиначуьнца бекхам бийр бу‚ царна зулам дийр дац.

281.

ХIай‚ иман диллинарш! Шаьш вовшашкара декхарш оьцуш цIе тоьхначу ханна – дIаязде
уьш. Яздойла шуна юккъехь яздечо нийсонца. Яздийриг дуьхьала ма хуьлийла яздан‚
Дала ша Iамийна ма хиллара. Цо яздойла‚ шена тIехь декхар долчо дIадуьйцийла.
Делах – шен Кхиош-кхобучух кхоьрийла и /харц дийца/‚ хIумма ма эшадойла цо
цунах. Нагахь санна и шена тIехь декхар дерг хилахь тIалам боцуш я заьIап‚ ша
дIадийца ца луш‚ – цуьнан варис дуьйцийла нийсонца. Шайн божарех шина теше
тоьшалла а дайта‚ ши боьрша стаг ца хилахь – цхьа боьрша стаг а‚ ши зуда а‚ шаьш
царна тешаш хила реза долчу‚ царех /зударех/ цхьаъ тилалахь а – вукхо цунна
дагадоуьйтур ду. Тешаша дуьхьало ма йолда /тоьшалла дан/ шаьш кхайкхинчу хенахь.
Аша мало ма йолда и /декхар/ дIаяздан‚ жима делахь а‚ доккха делахь а шен хан
тIекхаччалц. Иза мелхо а нийса ду Далла гергахь‚ чIогIа ду тоьшаллина‚ герга ду
шуна шеко ца хиларехь. Нагахь и хилахь лаьтташ йолу йохка-эцар‚ аша вовшийн
юккъехь дIахьош йолу‚ – и ца яздарх къа дац шуна. Тешаш хIиттабе шаьш йохка-эцар
еш. Яздеш волчунна а зен ма дойла‚ тешана а. Аша и дахь – и шуьца песакъалла
хилар ду. Шу кхера Делах‚ Дела шу Iамадеш ву. И Дела массо хIума ша хууш ву.

282.

Шу новкъахь хилла‚ шуна яздан стаг ца каравахь – кара хIума ло закъалтана. Шух
цхьаболчара вукхарна тешамна хIума елча – шена тешамна елла хIума юхаерзайойла
цо‚ шен Делах – шен Кхиош-кхобучух – кхоьрийла иза /и юха ца ерзаян/. Аша ма
хьулделаш тоьшалла‚ и хьулдинарг – шен даго къинош динарг ву. И Дела аша дийриг
хууш ма ву.

283.

Делан ду стигланашкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а‚ аша гучудаьккхича а шайгахь
дерг‚ я хьулдича а – и хьесап дийр ду шуна Дала. Шена луучунна гечдийр ду Цо‚
Шена луучунна Iазап дийр ду. И Дела массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ма ву.

284.

Элча тийшира шен Кхиош-кхобучуьнгара шега доссийнчух‚ муъма нах а тийшира. Массо
тийшира Делах‚ Цуьнан маликех а‚ Цуьнан жайнех а‚ Цуьнан элчанех а‚ Цуьнан
элчанийн юккъера цхьа а къаста ца во оха. ТIаккха цара элира: “ЛадоьгIна оха‚
муьтIахь хилла тхо. Ахьа гечделахь тхуна‚ тхан Кхиош-кхобург‚ Хьоьга ду-кха
дIадерзар”.

285.

Синна тIе ца дуьллу Дала цуьнан ницкъ кхочург бен. Цунна – ша тардинарг ду‚
цунна дуьхал а – ша тардинарг ду. “Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахьа тхо бехке ма
лацалахь тхо дицделча а‚ я гIалатдаьлча а. Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахьа тхуна тIе ма
йиллалахь хало‚ Ахьа тхол хьалхабаханчарна тIе йилларх терра. Тхан
Кхиош-кхобург‚ Ахьа тхуна тIе ма диллалахь тхуна шена тIехь ницкъ ца кхочург‚
хьалхадахалахь тхо‚ гечделахь тхуна‚ къинхетам а белахь тхох‚ Хьо ву тхан верас‚
гIо делахь тхуна ца тешачу къомана тIехь”. /Иштта деха боху Дала муъма нахе/.

286.