29. АЛЬ-IАНКАБУТ

1.

Алиф-лам-мим.

2.

Нахана моьтту-те шаьш дуьтур ду ала “Оха иман диллина”‚ шаьш питане ца лоцуш?

3.

Оха питане ма лаьцна царел хьалха хилларш а. Далла хууш ма бу хьуна бакълина
хилларш а‚ Цуна хууш ма бу хьуна харцлуьйш берш а (Дала къастор бу иманца
бакъхилларш харцхиллачарел).

4.

Вониг деш берш моьттуш бу-те шаьш Тхоьл хьалха дер ду? Ма вон хьукам деш бу-кх
уьш!

5.

Милла хиллехь Делаца цхьанакхетаре дог дохуш – Делан тоьхна хан йогIур йолуш ма
ю! Иза хозуш верг а‚ хууш верг а ма ву!

6.

Милла велахь а /Делан гIуллакхна тIехь/ къахьоьгуш – цо къахьоьгу шена.
Баккъалла а, Дела ма вац Шен хьашташ долуш Iаламашкахь.

7.

Иман диллина берш а‚ дика Iамал йинарш а – царех айдийр ма ду Оха церан вонаш‚
бекхам бийр ма бу Оха царна шаьш деш хиллачул а мелхо а хазачуьнца.

8.

Оха весет дина адамна шен деца-ненаца дика хилар. Нагахь санна цу шиммо
къахьегахь Соьца хьоьга накъост лацийтархьама‚ хьуна шеца цхьа а Iилма доцуш‚ –
тIаккха ахьа цу шиннега ла ма догIалахь! Суна тIе ду шун дIадерзар‚ тIаккха Аса
шуьга дуьйцур ду аша деш хилларг.

9.

Иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а – уьш бохуьйтур бу Оха дикачаьрна юкъа.

10.

Нахах бу шаьш олуш берш: “Оха иман диллина Деле”‚- шайна бохам хилча Делан
дуьхьа цара лору нехан питна Делан Iазапах тера‚ хьан Кхиош-кхобучуьнгара толам
беъча цара олу: “Баккъалла а,‚ тхо шуьца ма дара”. Ткъа Дела вац дика хууш
Iаламийн дегнашкахь дерг?

11.

Банне а бевзаш бу хьуна Далла иман диллинарш а‚ бевзаш бу хьуна Цуна мунепакъаш
а (Дала гучадоккхур ду нахана церан а, вакхеран хьал).

12.

Ца тешна хиллачаьра элира иман диллинчаьрга: “ТIаьхьахIотта тхан новкъа‚ оха
хьур ду шун къинош”. Хьур ма дац цара церан къинойх цхьа а хIума. Баккъалла а,
уьш харцлуьйш ма бу!

13.

Цара хьур ма бу шайн моьхьаш а‚ /кхин/ моьхьаш а шайн моьхьашца. Цаьрга хоттур
ма ду къемат дийнахь цара /харц/ кхуллуш хиллачух.

14.

Оха вахийтира Нухь шен къамана тIе. Иза лаьттира царна юкъахь эзар шарахь
шовзткъе итт шо тоьхча‚ тIаккха уьш схьалецира тIовфано шаьш зуламхой хилла.

15.

Оха кIелхьараваьккхира иза а‚ кеманан дай а‚ хилийтира цунах Iаламашна делил.

16.

ИбрахIим а /вахийтира Оха шен къамана тIе/‚ цо ма элира шен къаме: “Далла
Iибидат де‚ Цунах кхера. Иза дика ду шуна шу хууш хиллехь.

17.

Баккъалла а, шу Iибадат деш ду-кх Дела а витина цIушна‚ кхуллуш ду эладита.
Баккъалла а, и Дела а витина аша Iибадат дечаьрийн долахь ма дац шун рицIкъ. Аша
лаха Далла гергахь рицIкъ‚ Цуна Iибадат де‚ Цуна баркалла а ала. Цуьнан тIе
духадерзор ду шу.

18.

Аша и харцдахь…- харцдира шуна и халкъаша шул хьалха а. Элчанна тIехь-м ма дац
билгала дIакхачор бен”.

19.

Царна ца гина-те‚ муха кхуллу Дала кхоллар‚ тIаккха карладоккху иза. Баккъалла
а, иза Далла атта ду.

20.

Ахьа ала: “Лела латтахула‚ хьажа‚ муха долийна Цо кхоллар‚ тIаккха Дала
кхуьуьйту тIаьхьара кхолладалар. Баккъалла а, Дела массо хIуманан тIехь ницIкъ
кхочуш ву.

21.

Iазап до Цо Шена луучунна‚ къинхетам бо Шена луучух‚ Цуьнан тIе дIадерзор долуш
ду шу.

22.

Шу ма дац гIелдийр долуш /хIумма а/ лаьттахь а‚ стиглахь а. Ма вац шуна Дела
воцург вали а‚ гIоьнча а.

23.

Делан аятех а‚ Цуьнца цхьанакхетарх а цатешнарш – цара догдиллина Сан
къинхетамах‚ уьш бу шайна лазош долу Iазап хир дерш.

24.

Ца хилира цуьнан къаман жоп‚ цара алар бен: “Ве иза‚ я вагаве иза!” Оха
кIелхьарваьккхира /ИбрахIим/ цIарал. Баккъалла а, цу чохь аяташ ма ду тешачу
къамана.

25.

Цо /ИбрахIимо/ элира: “Баккъалла а, аша леци-кх Дела а витина цIуш безам хилла
вовшийн юкъахь дуьненан дахарехь. ТIаьхьа къемат дийнахь шух цхьаболчара
вакхарна керста дер ма ду‚ цхьаболчара вакхарна неIалт эр ма ду‚ шун чугIойла
цIе ма ю‚ ма бац шуна цхьа а гIоьнчий”.

26.

Цунах тийшира ЛутI. Цо элира: “Со дIакхелха сан Кхиош-кхобучуьнга‚ баккъалла а,
Иза ву веза верг а‚ хьукаме верг а”.

27.

Оха велира цуна /ИбрахIимна/ Исхьакъ а‚ ЯIкъуб а‚ хилийтира цуьнан зуьрретехь
пайхамаралла а‚ жайна а, дIаелира цуна шен ял дуьненахь. Баккъалла а, иза
эхартахь а дикачарех ма ву.

28.

ЛутI а /хьахаве/‚ цо ма элира шен къаме: “Баккъалла а, аша кхуллуш ма ду
боьханиг‚ шеца шул хьалха Iаламех цхьа а ца ваьлларг.

29.

Шу доьду ткъа божаршна тIе аша хеда ма бо ткъа некъ. Аша леладо шайн
синкъерамехь ирчаниг.” Ца хилира цуьнан къоман жоп цара алар бен: “Дайта тхуна
Делан Iазап‚ хьуьо хиллехь бакълуьйчарех”.

30.

Цо элира: “Сан Кхиош-кхобушверг‚ Ахьа гIо делахь суна пасад хIума лелочу къоман
тIехь”.

31.

Тхан элчанаш баьхкича ИбрахIимна тIе кхаъца‚ цара элира: “Баккъалла а, тхо ду
хIокху юьртан нах хIаллак бан дохкуш. Баккъалла а, цуьнан нах хили зуламхой”.

32.

Цо /ИбрахIим пайхамара/ элира: “Ткъа царна юккъехь ЛутI ма ву-й”. Цара элира:
“Тхо дика хууш ду цу чохь верг. Оха ваккханне а кIелхьаравоккхур ву иза а‚
цуьнан доьзал а‚ цуьнан зуда йоцург – иза хили байначарех”.

33.

Тхан элчанаш баьхкича ЛутI волчу – уьш бахьанехь пошме хилира иза‚ дог гатделира
/кийрахь – уьш шен къоман боьхачу хIуманах ларбалур бац шена моттаделла/. Цара
/шаьш Делан элчий дуй хаийтина/ элира: “Хьо ма кхера‚ ахьа сагат ма де.
Баккъалла а, тхо ду хьо кIелхьаравоккхур верш‚ хьан доьзал а‚ хьан зуда йоцург –
иза хили байначарех.

34.

Баккъалла а, Оха доссор ду хIокху юьртан нахана тIе Iазап стиглара уьш песакх
хиларна”.

35.

Оха дитира цунах билгала асар хьекъалечу нахана.

36.

Мадъяне /вахийтира Оха/ церан ваша ШуIайб. Цо элира: “ХIай сан къам‚ Далла
Iибадат де‚ дог даха эхарчу дийне‚ ма даржа де лаьттахь пасад хIума”.

37.

Цара иза харцвира. Уьш схьалецира /лаьтта/ ластаро – тIаккха уьш Iуьйранга
белира шайн цIеношкахь горабахана.

38.

Iадаш а‚ Самудаш а /хIаллакбира Оха/. Шуна гучуделира церан цIенош. Хазъйира
царна шайтIано шайн Iамалш‚ цо дIатилира уьш /нисчу/ некъах‚ уьш хиллехь а дика
гуш.

39.

Къарун а‚ ФирIавн а‚ ХIаман а /хIаллак вира Оха/. Веара цаьрга Муса
билгалонашца‚ куралла йира цара лаьттахь‚ уьш ца хилира хьалхаболурш /Тхан
Iазапах/.

40.

Массо а схьалецира Оха шен къица. Царех бу Оха шайна тIе чIогIа мох бахийтинарш
а‚ царех бу мохь тохаро схьалийцинарш а‚ царех бу Оха шаьш лаьттан буха
бахийтинарш а‚ царех бу Оха шаьш хина буха бахийтинарш а. Ца хилира Дела царна
зулам деш‚ делахь а шаьш хилира уьш шайна зулам деш.

41.

Дела воцург гIоьнчий лаьцначаьрийн мисал хIусам лаьцначу гезган мисалх тера ду –
баккъалла а, уггар ледара хIусам гезган хIусам ю‚ уьш хууш хиллехь.

42.

Баккъалла а, Далла хууш ду Ша витина цара кхойкху хIума. Иза веза верг а ву‚
хьукаме верг а ву.

43.

ХIара мисалш Оха даладо нахана. Церан ойла-м ца йо Iеламнаха бен.

44.

Дала кхоьллина стигланаш а‚ лаьтта а бакъонца. Баккъалла а, цу чохь делил ду
муъма нахана.

45.

Ахьа деша хьайга вехьеца даийтинчу жайнах‚ ламаз хIоттаде. Баккъалла а, ламазо
духатуху боьханиг а‚ ирчаниг а. Дела хьехор мелхо а доккха ду. Дела хууш ву аша
дийриг.

46.

Аша ма къийса жайнан охIланца уггар дикачуьнца бен царех зулам динарш
боцучаьрца. Аша ала: “Оха иман дилли тхоьга доссьинчуьнга а‚ шуга доссинчуьнга
а‚ Тхан Дела а‚ шун Дела а цхьаъ ву‚ тхо Цуна мукIар (муьтIахь) ду”.

47.

Иштта Оха доссира хьоьга жайна. Оха шайга жайна делларш цунах тешаш бу.
ХIокхарех а /Iарбех/ цунах тешаш верг ву. Тхан аятех цатешаш бац керстанаш бен.

48.

Хьо вацара-май цул хьалха /КъурIан доссале/ цхьа а жайна доьшуш а‚ яздеш а хьан
/аьтту/ куьйга – хиллехьара цу харцболчаьра шеко йийр ма яра.

49.

ХIаъ‚ уьш – кхеташ долу аяташ ду шайна Iилма деллачаьрийн дегнашкахь долу. Тхан
аятех ца тешаш бац зуламхой бен.

50.

Цара элира: “Доьссинехьара цуьнга делилш шен Кхиош-кхобучунгара. Ахьа ала:
“Делилш Делан ду‚ со билгала волу кхерамча ву”.

51.

Царна кхачо ца йо-те Оха хьоьга жайна доссина хиларо‚ шайна тIехь доьшуш долу?
Баккъалла а, цу чохь къинхетам а‚ хьехам а ма бу тешаш болчу нахана.

52.

Ахьа ала: “Кхачо йо суний а шуний юккъехь Дела теш хиларо. Цуна хаьа
стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Харцдолчунна иман диллинарш‚ Делана
керстаналла динарш – уьш бу эшнарш”.

53.

Хьо сихво цара Iазап даийтарехь. Тоьхна хан ца хиллехь цаьрга догIур дара и
Iазап‚ цаьрга данне а догIур ду иза цIеххьана царна ца хаалуш.

54.

Хьо сихво цара Iазап даийтарехь – амма жоьжахати го бийр болуш ма ю ца
тешачаьрна.

55.

Оцу дийнахь Iазапо хьулбийр бу уьш шайн тIехула а‚ шайн когийн бухахула а‚ Цо эр
ду: “Iовша шаьш деш хилларг!”

56.

ХIай сан иман диллина леш! Сан лаьтта шортта ду‚ /деккъа/ Суна Iибадат дейша.

57.

Массо сино валар Iовшур ду. ТIаккха Тхуна тIе шу духадерзор ду.

58.

Иман диллинарш‚ дика Iамалаш йинарш – уьш чуховжор бу Оха ялсаманера цIеношка‚
шайн бухахула татолаш лелаш долчу‚ цу чохь уьш гуттар хир бу – дика ял ю иза
Iамал йиначаьрийн‚

59.

Шаьш собар дина долчу‚ шайн Кхиош-кхобучун тIе тевжина хилла болчу.

60.

Мел бежна ду шен рицIкъ ца хьош – Дала рицIкъ ло цуна а‚ шуна а. Иза хозуш верг
а ву‚ хууш верг а ву.

61.

Ахьа цаьрга хаьттича‚ хьан кхоьллина стигланаш а‚ лаьтта а‚ хьан болх бойтуш бу
малхе а‚ батте а‚ аьлла‚ цара эр ду хьуна: “Дала”. Ткъа муха Iехийна
/дIахьовзийна/ уьш /бакъдолчух/!

62.

Дала шортта ло рицIкъ Шен лех Шена луучунна‚ Цо барам а бо цуна /кIеззиг луш/.
Баккъалла а, Дела массо хIума хууш верг ву.

63.

Ахьа цаьрга хаьттича‚ хьан доссош дара стиглара хи‚ цуьнца лаьтта дендина и
деллачул тIаьхьа аьлла‚ цара эр ду хьуна: “Дала”. Ахьа ала: “Хастам бу Далла”.
ХIаъ‚ царех дукханаш кхеташ бац.

64.

ХIара дуьненан дахар-м дац синкъерам а‚ ловзар а бен. Баккъалла а, эхартан цIа –
иза ду дахар уьш хууш хиллехь!

65.

Шаьш кемана тIе хиъча цара Деле кхойкху шаьш Цуна дин цIандеш. Цо уьш аренга
кIелхьарабаьхча – цара /Цуьнца/ накъост лоцу

66.

Керстаналла дархьама Оха шайн деллачунна‚ зовкх хьегархьама а. ТIаьхьа хуур ду
царна

67.

Царна ца го-те‚ Оха ма йина Хьарам кхерам боцуш (тешаме)‚ ткъа царна /Маккан
бахархойн/ гонахь (йолчу кхечу ярташкахь) нах луьйцуш (зуламаш деш)? Ткъа
харцдолчух теша уьш‚ Делан ниIматана керстаналла до?

68.

Мила ву вуно зуламе Далла тIе харцдерг кхуллучул‚ я бакъдерг шега и деъначул
тIаьхьа и харц деш волчул? Ткъа жоьжахатин чохь /Iан/ меттиг яц керстанашна?

69.

Тхайгахь къахьегнарш – уьш нисбийр бу Оха Тхан некъана тIе. Баккъалла а, Дела
ву-кх дикачаьрца.