27. АН-НАМЛ

1.

ТIа-син. ХIорш ду КъурIанан – билгалчу жайнан а аяташ.

2.

Шаьш нийса некъ а‚ муъма нахана кхаъ а хилла болу.

3.

Уьш бу шаьш ламаз а хIоттадеш‚ закат а луш‚ уьш эхартах а тешаш бу.

4.

Баккъалла а, эхартах ца тешаш берш – Оха хазйина царна шайн Iамалш – иштта уьш
дIа-схьа уьдуш бу.

5.

Уьш бу шайн Iазапан боьханиг шайна хуьлуш дерш‚ эхартахь уьш хир бу тIех эшнарш.

6.

Баккъалла а, /хIай Мухьаммад/ хьуна /нуьцкъала а/ дуьйцуш ду КъурIан Ша хьукаме
а‚ хууш а волчун гергара.

7.

Мусас ма элира шен доьзале: “Суна хааели-кх цIе‚ со шуна тIавогIур ву цунах цхьа
хабар дахьаш‚ я аса шуна бахьар бу цхьа бегаш болу кIогалг – шу дохдала
мегара-кх”.

8.

Иза цига веъча‚ цуьнга кхайкхира: “Декъала хили цIергахь верг а‚ цуна гонахь
верг а‚ вонах цIена ву Дела – Iаламийн Да.

9.

ХIай Муса! Баккъалла а, Со веза волу хьукаме волу Дела ву.

10.

Охьатаса хьайн Iаса”. Шена иза /Iаса/ гича‚ етталуш текхарг санна‚ и /Муса/
дIаведира‚ вуха а ца вирзира. “ХIай Муса! Ма кхера. Ца кхоьру Сан гергахь
элчанаш

11.

Зулам динарг а бен. ТIаккха цо ша динчу вонна метта диканиг дахь – тIаккха
баккъалла а, Со гечдийриг а‚ къинхетам бийриг а ву-кх.

12.

Хьан че долла хьан куьйг – ахьа схьадоккхур ду иза кIайделла цхьа а хало а
йоцуш‚ ФирIавне а‚ цуьнан къаме а долчу исс /Iаламатийн/ чохь /цхьа Iаламат ду
иза/. Баккъалла а, уьш хили песакх нах.

13.

Шайга Тхан гучадевлла‚ аяташ деъча‚ цара элира: “ХIара билгала бозбуанчалла ду!”

14.

Царна керстаналла дира цара‚ шаьш /дагца/ тешнехь а /уьш Делера хиларах/, зулма
дарца а‚ куралла ярца а. Хьажал‚ муха хилла вон леллачийн тIаьхье?

15.

Оха делира Давуде а‚ Сулеймане а Iилма. Цу шиммо элира: “Хастам бу Далла‚ Ша тхо
даздинчу Шен дукхах болчу муъма лел.

16.

Сулеймана ийцира Давудан ирс‚ цо элира: “ХIай нах! Тхуна Iимийна олхазарийн
мотт‚ тхуна делла массо хIуманах /ниIматаш/. Баккъалла а, иза билгала дозалла
ду”.

17.

Гулдира Сулейманна цуьнан эскар жинех а‚ адамех а‚ олхазарех а долу – тIаккха
иза (эскар) дийкъира (могIаршкахь).

18.

Уьш зингатийн боьрана тIе кхаьчча‚ элира /цхьана/ зингато: “ХIай зингаташ!
Чудолалаш шайн баннашна‚ шу хьеша ма хьешахьара Сулеймана а‚ цуьнан эскаро а‚
шайна ца хууш”.

19.

Иза вела къежира цуьнан /зингатан/ дешах‚ элира: “Сан Дела‚ ахьа суна таро
лолахь хам бан Хьайн ниIматана‚ Айхьа суна а‚ сан дена а делла долчу‚ Хьо шена
реза волу‚ дика Iамал ян а‚ со дIатохалахь Хьайн къинхетамца дикачу лешна юкъа”.

20.

Иза волавелира олхазарш леха‚ тIаккха элира: “Суна хIуттут хIунда ца го‚ я
йоцучарех хили иза?

21.

Аса Iазап дийр ма ду цунна чIогIа Iазап‚ я аса урс хьокхур ма ду цунна‚ я суна
цхьа билгала делил дахьар ма ду цо”.

22.

Жимма хан ялийтина /еъначу хIуттуто/ элира: “Суна хиира‚ хьуна ца хиънарг‚ аса
деъна хьуна Сабаъара бакъболу хаам.

23.

Баккъалла а, суна карийна /цхьа/ зуда‚ ша царна тIехь паччахьалла деш йолу‚ цуна
делла массо хIуманах /паччахьалла‚ ниIмат‚ беркат‚ хазалла и. дI. кх./‚ цуьнан
сийлахь-йоккха Iарш а ю (хаза кечбийна маьнга).

24.

Суна карийна иза а‚ цуьнан къам а сужд деш малхана‚ Дела а витина‚ хазйина царна
шайтIано шайн Iамалш‚ цо дIатилина уьш /нийсачу/ новкъах – уьш нис ца ло.

25.

Цара сужд хIунда ца до-те Далла‚ Ша Iорадоккхуш волчу хьулделларг стигланашкахь
а‚ латтахь а‚ Шена хууш волчу аша къайладоккхург а‚ аша дIахьедориг а?

26.

АллахI ву‚ кхин дела вац‚ Иза воцург‚- сийлахь-йоккхачу Iаршан Да Ша волу”.

27.

Цо /Сулеймана/ элира: “Вай хьовсур ду‚ бакъ лийна-те хьо‚ я хьо хилла-те
харцлуьйчарех?

28.

Хьада‚ хIара сан кехат эций дIагIо‚ царна хьалха кхосса иза‚ тIаккха царна
юьстахвала‚ хьажа‚ цара хIун жоп лур ду”.

29.

Цо элира: “ХIай‚ элийн тоба‚ баккъалла а, кхаьчна соьга сийлахь долу кехат.

30.

Баккъалла а, иза ду Сулейманера‚ цо /дуьйцу-кх/: “Ша сов къинхетаме а‚
къинхетаме а волчу Делан цIарца.

31.

Шу лакхадовла ма гIерта сол‚ суна тIе дуьйла мукIара а хилий (Дела цхьаъ веш)”.

32.

Цо /Билкъисо/ элира: “ХIай элийн тоба! Сацам бе суна сан гIуллакха тIехь. Со ца
хилла-кх сацам беш гIуллакхан‚ шух дагайолуш бен”.

33.

Цара элира: “Вай ницIкъ болуш а ду‚ чIогIа хьуьнар долуш а ду‚ гIуллакх хьоьгахь
ду-кх‚ хьажахь-ткъа‚ хIун омра до ахьа”.

34.

Цо элира: “Баккъалла а, паччахьаша шаьш юьртана чубаьхкича‚ йоха йо иза‚ цуьнан
охIлах сийлахь берш сийсаза боху цара. Иштта до цара.

35.

Баккъалла а, аса дохьуьйту царна /Сулеймангара/ совгIат‚ тIаккха хьожур ю‚
стенца буха боьрзу бахийтинарш”.

36.

Иза /Билкъисо ваийтинарг/ Сулейман волчу веъча‚ цо /Сулейманас/ элира: “Со
даьхница хьоле во аша? Дала суна делларг дика ма ду Цо шуна деллачул а‚ делахь а
шу шайн совгIатаца даккхийдеш ду-кх.

37.

Вухаверза царна тIе‚ тхо догIур ду царна тIе эскарца‚ шеца уьш лалур боцчу‚ Оха
арабохур бу уьш цу чуьра /шайн махкара/ сийсаза хилла‚ уьш кIелбуьсур бу”.

38.

Цо /Сулеймана/ элира: “ХIай элийн тоба! Шух муьлха вогIур вара суна тIе цуьнан
/Билкъисан/ таж яхьаш‚ уьш суна тIе бахкале мукIар а хилла?”

39.

Жинех уггар нуьцкъал долчо (Iифрито) элира: “Со догIур ду хьуна тIе цуьнца‚ хьо
хьан меттигера хьалагIаттале. Со цу тIехь нуьцIкъала а‚ тешаме а ду”.

40.

Шегахь жайнан Iилма долчо элира: “Со догIур ду хьуна тIе цуьнца‚ ахьа бIаьрган
негIар тохале”. Шена иза /Билкъисан Iарш – маьнга/ гича‚ шена хьалхахь лаьтташ‚
цо /Сулеймана/ элира: “ХIара сан Кхиош-кхобучун дозаллех ду‚ Цо со зерхьама‚
баркалла олу аса я инкарло йо. Баркалла аьлларг – цо шен дуьхьа олуш ду‚ инкарло
йинарг – баккъалла а, сан Кхиош-кхобург хьал долуш а ву‚ сийлахь а ву”.

41.

Цо элира: “Хийцам бе цуьнан Iарша тIехь‚ вай хьовсур‚ евзий цунна иза‚ я хир
ю-те иза и ца евзачарех.

42.

Иза /Билкъис/ еъча элира /цуьнга/: “Иштта ю-й хьан Iарш?” Цо элира: “Иза йолчух
тера ю хIара”. /Сулеймана элира шена Билкъисехь Iилма дуйла хиъначул тIаьхьа/:
“Тхуна Iилма деллера цунначул /Билкъисал/ хьалха‚ тхо муьтIахь хилира /Далла/”.

43.

Иза /Билкъис/ юхатуьйхира /цхьана Далла Iибадат дарах/‚ цо иза а витина кхечунна
Iибадат даро. Баккъалла а, иза ма яра ца тешачу къамах.

44.

Элира цуьнга: “Чуйола гIалина!” Шена иза гича‚ цуна моттаделира иза алссам хи
ду‚ цо шен настарш гучаехира. Цо /Сулеймана/ элира: “Баккъалла а, иза гIала ю
къегинчу аьнгалех йина”. Цо /Билкъисо/ элира: “Со Кхиош-кхобушверг‚ бакъалла а
аса зулам ма дина сайна‚ мукIар хили со Сулейманаца цхьаьна Далла – Iаламийн
Дена”.

45.

Оха вахийтира Самудашка церан ваша Салихь‚ Далла Iибадат де‚ аьлла – уьш‚ ши
тоба а хилла‚ къийсабала буьйлабелира.

46.

Цо элира: “ХIай сан къам‚ шу хIунда сихло вониг /дарца/ диканиг /дарал/ хьалха?
Гечдар дехахьара аша Деле‚ шух къинхетам бан там бара”.

47.

Цара элира: “Хьо а‚ хьоьца берш бахьанехь тхуна вон билгалонаш хааелла”. Цо
элира: “Шун дакъа (диканиг я вониг) Далла гергахь ду. ХIаъ‚ шу ду-кх питане
лоьцуш долу къам”.

48.

Цу гIалахь хиллера исс стаг‚ лаьттахь боьханиг даржадеш волу‚ диканиг а ца деш.

49.

Цара элира: “Вовшашна дуйнаш баа Делаца‚ вай буьйсана войур ву иза а /Салихь/‚
цуьнан доьзал а‚ аьлла тIаккха эр вай цуьнан верасе: “Тхо дацара цуьнан доьзал
хIаллак хуьла чохь‚ тхо бакълуьйш ма ду”.

50.

Мекарло йира цара мекарлонца‚ Оха йира /церан мекарлонан дуьхьал/ мекарло
мекарлонца‚ царна ца хууш.

51.

Хьажал‚ муха хилла церан мекараллин тIаьхье: Оха этира уьш а‚ церан къам а –
берриге.

52.

ХIорш ду церан цIенош‚ доьхна лаьтташ‚ цара зулам дина хиларна. Баккъалла а, цу
чохь делил ду-кх ша хууш долчу къомана.

53.

Оха кIелхьарабехира иман диллина хилларш‚ шаьш /Делах/ кхоьруш хилларш.

54.

ЛутI а /вахийтира Оха шен къомана тIе/‚ цо шен къоме ма элира: “Боьханиг леладо
ткъа аша? Шуна гуш ма ду и!

55.

Шу оьху ткъа божарашна тIе безамца‚ зударий буьтий? ХIаъ‚ шу ду-кх жехIал къам”.

56.

Ца хилира цуьнан къоман дала жоп‚ шаьш алар бен: “Арабаха ЛутIан доьзал шайн
юьртара. Баккъалла а, уьш ма бу цIанбала гIерташ болу нах”.

57.

Оха кIелхьара ваьккхира иза а‚ цуьнан доьзал а‚ цуьнан /цхьа/ зуда йоцург –
цуьнан кхоллам бухаюьсучарех хилийтира Оха.

58.

Оха доьттира царна тIе догIа – вон хилира шайна кхерам тесначаьрна догIа.

59.

Ахьа ала /хIай Мухьаммад/: “Хастам бу Далла‚ салам ду Цуьнан лешна‚ Цо хаьржина
хиллачаьрна. Дела тоьлу‚ я цара /Цуьнца/ лаьцна накъостий тоьлу?

60.

Я Ша стигланаш а‚ латта а кхоьллинарг‚ шуна стиглара хи а даийтинарг /тоьлу/?
Оха ялийтина цуьнца /догIица/ бошмаш‚ шайца хазалла а йолуш‚ аша ма долуьйтара
дацара цуьнца /цу хица/ дитт‚ – /я кхин/ дела ву АллахIаца? ХIаъ‚ уьш ду къам‚
ша юьстахгIерташ /бакъдолчух/.

61.

Я Ша латта хилийтинарг чIагIо хилла‚ юккъехула татолаш динарг‚ цу тIехь лаьмнаш
динарг‚ шина хIоьрдан юккъехь дуьхьало йинарг‚ я /кхин/ дела ву АллахIаца? ХIаъ‚
царех дукхахберш ца хууш бу-кх.

62.

Я Ша жоп луш верг шена гIело хиллачунна иза Шега кхайкхича‚ и зулам
дIадоккхушверг‚ шу хуьлуьйтушверг лаьттан дай – я /кхин/ дела ву АллахIаца?
КIеззиг ду-кх шу кхетарг.

63.

Я Ша шу нисдешверг аренан а‚ хIоьрдан а боданашкахь‚ Ша мох бохуьйтушверг кхаъ
хилла /догIа дарна/ Шен къинхетамал хьалха – я /кхин/ дела ву АллахIаца? Лакха
ваьлла Дела цара /Шеца/ накъост лацарх.

64.

Я Ша кхоллар долошверг‚ тIаккха иза карладоккхург‚ шуна рицIкъ луш верг стиглара
а‚ латтара а – я /кхин/ дела ву АллахIаца? Ахьа ала: “Даладе шайн делил‚ шаьш
хиллехь бакълуьйш”.

65.

Ала: “Ца хаьа стиглахь волчунна а‚ лаьттахь волчунна а къайлахьдерг Дела
воцчунна”. Царна хаалур дац шаьш маца юха дендийр ду.

66.

ТIекхиъний церан хаарш эхартана? ХIаъ‚ уьш шеконехь бу цунах. ХIаъ‚ уьш цунах
бIаьрса дайна бу.

67.

Элира цатешначара: “Тхох а‚ тхан дайх а латта хилча‚ тхо арадохур долуш ду-й
/кешнашкара/?

68.

ЧIагIо йинера хIокхунца тхуна а‚ тхан дайшна а хьалха а. Иза-м хьалхалерачийн
туьйранаш бен дац”.

69.

Ахьа ала: “Лела лаьттахула‚ хьажа‚ муха хилла къинош диначеран тIаьхье”.

70.

Ахьа са ма гаттаде царна‚ ма хила халонехь цара ечу мекарлонех.

71.

Цара олу: “Маца хир ю и ваIда шу бакълуьйш хиллехь”.

72.

Ахьа ала: “Тарло герга хила шуна цхьацца аша сихдеш дерш”.

73.

Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобушверг дозалла долуш ма ву нахана тIехь‚ делахь а
царех дукхахболчара баркалла ца олу-кх.

74.

Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобушверг Ша хууш ву-кх церан дегнаша хьулдеш дерг а‚
дIахьедориг а.

75.

Дац цхьа а къайлахдерг стиглахь а‚ лаьттахь а билгалчу жайна чохь /яздина/
доцуш.

76.

Баккъалла а, хIокху КъурIано дуьйцу Исраилан кIенташна церан шена чохь хилпало
йолчух дукхадерш.

77.

Баккъалла а, иза нийса некъ бу‚ къинхетам а бу муъма нахана.

78.

Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобучо кхиэл йийр ю царна юкъахь Шен хьукамца. Иза
сийлахь-везаверг а ву‚ хууш верг а ву.

79.

Хьо тIетовжа Далла. Баккъалла а, хьо билгалчу бакъдолчунна тIехь ма ву.

80.

Баккъалла а, ахьа /хIумма а/ хозуьйтур дац беллчарна‚ ахьа хозуьйтур дац
кхайкхар къора болчарна уьш юхабевла а дIабевдича.

81.

Хьо ма вац нисбешверг бIаьрса доцурш шайн тиларах. Ахьа хозуьйтур ду деккъа Тхан
аятех тешаш болчарна – тIаккха уьш бу мукIар берш.

82.

Царна дош тIедоьжча‚ Оха лаьттан кийрара схьадоккхур ду царна бежана‚ цо цаьрца
къамел а ден долу. Баккъалла а, нах хилла Тхан аятех ца тешаш.

83.

/Ахьа хьахаде/: оцу дийнахь Оха гулйийр ю хIора умматах Тхан аяташ харцдеш
хиллачух цхьа тулгIе – уьш дIа-схьа нисбийр бу.

84.

ТIаккха уьш /хьесап дечу меттиге/ беъча‚ /Дала/ эр ду: “Аша харцдира Сан аяташ?
Шу ма дацара шайгахь /уьш харцдан/ Iилма долуш а‚ хIун Iамал еш хиллера шу?”

85.

ТIедуьйжира царна тIе /Iазап бакъхиларан/ дош цара шайгара зулам далийтарна‚ уьш
бист ца хуьлу.

86.

Царна ца го-те Оха хилийтина хилар буьйса‚ шайна чохь садаIан‚ де а серладаккха.
Баккъалла а, цу чохь билгалонаш ма ю тешаш долчу къомана.

87.

Оцу дийнахь сур локхур ю – кхоьрур ву стигланашкахь мел верг а‚ лаьттахь мел
верг а Далла лиънарг воцург. Массо а Цуьнан тIе вогIур ву мукIар а хилла.

88.

Хьуна гур ду лаьмнаш‚ хьуна шаьш Iуьллуш ду моьттуш – амма уьш дIа-схьа лелаш
хир ду мархаш санна – Делан кхоллар ду иза‚ Ша массо хIуманна хьукам динчу.
Баккъалла а, Иза аша дийриг дика хууш верг ву-кх.

89.

Дикачуьнца веънарг – цуна цул диканиг /ша деъначух/ хир ду‚ уьш кхерамах оцу
дийнахь маьрша хир бу.

90.

Вочуьнца веънарг – юьхь цIарга ерзийна хир ю цуьнан. Аша еш хиллачу Iамалашца
бен бекхам хир бу-й шуна?

91.

Суна омра дина хIокха /Макка/ гIалин Дена Iибадат де аьлла‚ Ша иза хьарам йина
йолчу‚ Цуьнан ду массо хIума а. Суна омра дина со мукIар хиллачех хила‚ аьлла.

92.

КъурIан деша аьлла а‚ нисвелларг /цу КIуръана тIе/ иза нислуш ву шена. /Нах
иманах/ тилошболчунга ахьа ала: “Со кхерам тосучарех ву”.

93.

Ахьа ала: “Хастам бу Далла. Цо гойтур ду шуна Шен аяташ – тIаккха шуна уьш
девзар ду. Хьан Кхиош-кхобург ма вац цара дечух гIапал”.