26. АШ-ШУIАРАЪ

1.

ТIа-син-мим.

2.

ХIорш /хIума/
къастош долчу жайнан аяташ ду.

3.

Хьо хила мега хьуо
хIаллак веш уьш ца тешаш хиларна.

4.

Тхуна лаахь‚ Оха
доссор ду царна стиглара аят – тIаккха дуьсур ду церан легаш цунна /Делан
аятана‚ делилна/ муьтIахь хилла.

5.

Цаьрга ца богIу
Къинхетамболчуьнгара цхьаа керла хьехам уьш цунах дIабоьрзуш бен.

6.

Харц бира цара
/элчанаш/ – тIаьхьа богIур бу цаьрга хаам‚ уьш шех ца бешаш хилла болу.

7.

Уьш ца хьоьжу-те
латта – мел дукха дика хIуманаш ялийтина Оха цуьнах /шиш-шиш/!

8.

Баккъалла а, цу
чохь делил ма ду. Ца хили-кх царех дукханаш тешаш.

9.

Баккъалла а, хьан
Кхиош-кхобург – Иза ву-кх Веза верг а‚ Къинхетаме верг а.

10.

Кхайкхира хьан
Кхиош-кхобучо Мусага: “ДIагIо зуламе болчу нахана тIе,

11.

ФирIавнан нахана
тIе. Уьш кхоьрур бацара-те?”

12.

Цо /Мусас/ элира:
“Сан Кхиош-кхобушверг‚ баккъалла а, со кхоьру-кх цара со харцварна.

13.

Гаттало-кх сан
дог‚ ца бастало-кх сан мотт а. ХIарунан тIе бахийтахь /и соьца вайтан/.

14.

Церан суна тIехь
къа ду – со кхоьру цара со вен”.

15.

Цо /Дала/ элира:
“ХIан-хIа! ДIагIо шу шиъ Тхан аяташца. Баккъалла а, Тхо шуьца ду ладугIаш.

16.

Шу шиъ дIагIо
ФирIавнан тIе‚ аша шиммо дIаала: “Тхо Iаламийн Ден элчанаш ду.

17.

ДIабаийта тхоьца
Исраилан кIентий”.

18.

Цо /ФирIавнас/
элира: “Оха ца кхиира хьо /хIай Муса/ тхайна юккъехь /хьо/ бер а долуш‚ ахьа ма
дēхира тхан юккъехь хьан дахаран шераш.

19.

Ахьа ма дийра хьан
гIуллакх‚ айхьа дийриг‚ баркалла ца олучех хилли-кх хьо”.

20.

Цо /Мусас/ элира:
“И дийра аса иштта‚ со хилира-кх тилабеллачарех.

21.

Со дIаведира шух‚
суо шух кхеравеллачул тIаьхьа. ТIаккха делира суна сан Кхиош-кхобучо хьукам‚ Цо
хилийтира со элчанех.

22.

ХIара ниIмат ду
ахьа суна ша тIехдетташ айхьа Исраилан кIентийх леш барна”.

23.

ФирIавнас элира:
“Мила ву Iаламийн да? ”

24.

Цо /Мусас/ элира:
“Стигланийн а‚ латтан а‚ цу шиннан юккъехь мел долчун а Да ву-кх‚ шу
/бакъдолчух/ тешаш хиллехь”.

25.

Цо /ФирIавнас/
элира шена гонахь болчарга: “Шу ладугIаш дац?”

26.

Цо /Мусас/ элира:
“Шун Дела ву И‚ шун хьалхалерчу дайн а Дела ву”.

27.

Цо /ФирIавнас/
элира: “Баккъалла а, /хIара/ шун элча‚ шуьга ваитина волу‚ жинийх ма ву”.

28.

Цо /Мусас/ элира:
“Малхбален а‚ малхбузен а цу шиннен юккъехь долчун а Дела ву Иза‚ шу хиллехь
хьекъале”.

29.

Цо /ФирIавнас/
элира: “Ахьа со воцург дела лацахь‚ аса хьо набахтин чохь болчарех хуьлуьйтур ма
ву”.

30.

Цо /Мусас/ элира:
“Со хьайга цхьана кхаьсташ хIуманца веънехь а‚ э?”

31.

Элира /ФирIавнас/:
“Схьало и /айхьа деънарг/ хьуо хиллехь бакълуьйчарех”.

32.

ТIаккха цо /Мусас/
шен Iаса кхоьссира – цунах къегна лехь хилира.

33.

Цо арадаьккхира
шен куьйг – иза шурул кIайн хилира хьоьжучарна.

34.

Цо /ФирIавнас/
элира шен гонахь болчу элашка: “Баккъалла а, хIара говза волу бозбуанча ву.

35.

Лууш ву и шу ара
даха шун латтара шен бозбуанчаллица – аша хIун омра до?”

36.

Цара элира: “Хан ло цуна а‚ цуьнан вешина а‚ бахийта гIаланашка /нах/ гулбийраш.

37.

Хьуна тIе богIийла уьш массо говза волчу бозбуанчица”.

38.

ТIаккъа гулбийра бозбуанчаш билгалчу дийнахь /тоьхначу/ хенахь.

39.

Элира нахе: “Шу гулделлий?

40.

Вай тIехьадаза мега бозбуунчашна нагахь уьш хилахь тоьлларш”.

41.

Бозбуанчаш баьхкича‚ цара элира ФирIавне: “Тхуна баккъалла а, мах хир буй тхо
хилахь тоьлларш?”

42.

Цо (ФирIавнас) элира: “ХIаъ‚ баккъалла а, шу тIаккха /суна/ герга оьзначарех хир
ду”.

43.

Элира цаьрга Мусас: “Кхосса шаьш кхуссуш ерг”.

44.

Цара кхоьссира шайн мушаш а‚ Iансаш а‚ элира: “ФирIавнан воззалица‚ баккъалла а,
вай тоьлур ду”.

45.

ТIаккха кхоьссира Мусас шен Iанса – цо юьдира цара мел кхоьллинарг.

46.

Охьабигира бозбуанчаш сужд деш.

47.

Цара элира: “Оха иман диллина Iаламийн Кхиош-кхобучунна‚

48.

Мусан а‚ ХIарунан Кхиош-кхобучунга”.

49.

Цо (ФирIавнас) элира: “Аша иман дилли аса шайна пурба далале? Баккъалла а, иза
/Муса/ шун воккханиг ву‚ ша шуна бозбуанчалла Iаминарг‚ тIаьхьа хуур ду шуна.
Аса теданне а туьдар ду шун куьйгаш а‚ когаш а дуьхь-дуьхьал‚ аса ирх ухкур ма
ду шу дерриге”.

50.

Цара элира: “Зен дац. Баккъалла а, тхо тхан Кхиош-кхобучунга дIадоьрзуш ду.

51.

Баккъалла а, тхо /чIогIа/ лууш ду гечдан тхайна гIалаташ тхаш хиларна
дуьххьашхалгIа иман диллинарш”.

52.

Оха Мусага хаам бира вехьеца: “Сан лешца буьйсана ара вала‚ аьлла‚ баккъалла а,
/ФирIавнан нах/ шуна тIаьхьа бер болуш ма бу”.

53.

Бахийтира ФирIавно гIалашкахала гуламчаш.

54.

/Олуш/: “ХIорш-м /Исраилан кIентий/ кIеззиг йолу цхьа ледара тоба яра.

55.

Баккъалла а, цара вайн дегнаш ма этIо.

56.

Баккъалла а, вай сема хила дезаш къам ма ду”.

57.

Оха ара бехира уьш бошмашкара а‚ шовданашкара а.

58.

Хазнашкара а‚ сийлахь меттигера а.

59.

Иштта Оха уьш ирсана делира Исраилан кIенташна.

60.

Уьш царна тIаьхьабелира малх кхеташ.

61.

Шина тобана вовший гича‚ Мусан накъосташа элира: “Баккъалла а, /ФирIавнан бIо/
вайна тIаьхьа кхуьуьш бу”.

62.

Цо (Мусас) элира: “ХIан-хIа! Баккъалла а, соьца сан Кхиош-кхобург ву‚ Цо нисвийр
ву со”.

63.

Оха вехьеца хаийтира Мусага хьан Iаса тоха хIоьрдах‚ аьлла. ТIаккха иза
бекъабелира‚ хилира хIора дакъа боккхачу ламах тера.

64.

Оха герга балира цига важаш а.

65.

Оха хьалхаваьккхира Муса а‚ цуьнца верг а – берриге.

66.

ТIаккъа Оха /хIордан/ буха бахитийра важа берш.

67.

Баккъалла а, цу чохь делил ду-кх. Ца хилира царех дукханаш иман диллина.

68.

Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург – Иза ву сийлахь везза верг а‚ къинхетаме верг
а.

69.

Деша царна ИбрахIиман хабар.

70.

Цо ма элира шен дега а‚ шен къаме: “Стенна Iибадат деш ду шу?”

71.

Цара элира: “Тхо Iибадат деш ду тхан цIушна. Тхо лаьтта царана гора дахна”.

72.

Цо элира: “Царна шу хозий аша кхойкхуш?

73.

Я шуна пайда беш буй цара‚ я зен деш дуй?”

74.

Цара элира: “ХIан-хIа тхуна карийра тхан дай иштта /гIуллакх/ деш”.

75.

Цо элира: “Шуна ца го‚ шу стенна Iибадат деш хилла‚

76.

Шу а шун шира дай а?

77.

ТIаккха уьш мостагIий бу-кх суна‚ Iаламийн Да воцург.

78.

Ша со кхоьллина волу‚ Цо нисвийр ву со.

79.

Иза ву суна даа а‚ мала а лушверг.

80.

Со цомгаш хилча‚ Цо со таво.

81.

Цо со волуьйтур ву‚ тIаккха ден вийр ву.

82.

Иза ву суна чIогIа лууш верг Цо сан гIалаташ гечдойла Бекхаман дийнахь.

83.

Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ ло суна хьекъалалла‚ со кхиаве дикачарех.

84.

Хилийталахь суна бакъдолчун мотт тIаьхьачарийн юккъехь.

85.

Со хилийталахь ниIматийн ялсаманийн ирс оьцучарех.

86.

Ахьа гечделахь сан дена‚ баккъалла а, иза хили-кх тилабеллачарех.

87.

Сийсаза ма велахь со уьш ден бийр болчу дийнахь.

88.

Хьоло а‚ кIенташа а пайда бийр боцчу дийнахь‚

89.

Ша цIенчу дагца Далла тIе веънарг воцчунна”.

90.

Ялсамане гергаялора ю /Делах/ кхоьручаьрна.

91.

Жоьжахатий гойтур ю галабаьллачаьрна.

92.

Эр ду цаьрга: “Мичахь ю и шу шена Iибадат деш хилларг‚

93.

Дела витина‚ шуна гIо дой цара? Я шайна гIо дой цара?”

94.

Яххьашна тIе охьа тухур бу цу чохь уьш а‚ галабаьлларш а‚

95.

Иблисан массо эскар а.

96.

Эр ду цара‚ шаьш цу чохь кхуьсуш болуш:

97.

“ТаллахIи‚ тхо ма дара билгалачу тиларчохь‚

98.

Оха шу нисдечу хенахь Iаламийн Деца.

99.

Тхо тила ма ца дина къинош диначаьра бен.

100.

Ма вац тхуна шапаат дечарех цхьа а,

101.

Дог цIена доттагI а.

102.

Тхо духа /дуьнена/ дохуьйтуш далхьара – тхо хир ма дара иман диллнчарех”.

103.

Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хилира царех дукханаш муъма.

104.

Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург – Иза ву сийлахь-Веза верг а‚ Къинхетаме верг а.

105.

Харц бира Нухьан къамо а элчанаш.

106.

Ма аьллера цаьрга церан вашас Нухьас: “Шу ца кхоьру /Делах/?

107.

Баккъалла а, со шуна тешаме элча ма ву.

108.

Кхера Делах‚ суна муьтIахь а хила

109.

Аса шуьга цуьнан тIехь мах ца боьху. Суна мах балар Iаламийн Дегахь бен дац.

110.

Кхера Делах‚ суна муьтIахь а хила!”

111.

Цара элира: “Тхо муха теша хьоьх‚ хьуна тIаьхьа хIоьттина бухабисинарш”.

112.

Цо элира: “Суна хаац уьш хIун деш хилла.

113.

Церан хьесап сан Кхиош-кхобучун тIехь ду‚ шуна хаалахь.

114.

Аса лелхор бац иман диллинарш.

115.

Со билгала волу кхерамча бен вац.

116.

Цара элира: “Хьо ца сацахь‚ хIай Нухь‚ хьо хир ма ву шайна тIе /оха/ тIулгаш
биттинчарех”.

117.

Цо элира: “Сан Кхиош-кхобушверг‚ сан халкъо со харц ма вина.

118.

Ахьа кхиэл ехь суна а‚ царна а юккъехь‚ хьалха ваккхалахь со а‚ муъма нахах
соьца мел верг а”.

119.

Оха хьалхаваьккхира иза а‚ цуьнца мел верг дуьззинчу кеманан чохь.

120.

ТIаккха Оха /хIордан/ буха бахийтира биснарш.

121.

Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хилли-кх царех дукхаберш муъма нах.

122.

Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург – Иза ма ву Ша сийлахь-Веза верг а‚ Къинхетаме
верг а.

123.

Харцбира Iадаша элчанаш.

124.

Цаьрга ма элира церан вашас ХIудо: “Шу ца кхоьру /Делах/?

125.

Баккъалла а, со шуна тешаме элча ма ву.

126.

Шу кхера Делах‚ суна муьтIахь а хила.

127.

Аса ца боьху шуьга цуьнан тIехь мах. Суна мах балар Iаламийн Дена тIехь бен дац.

128.

Аша бо хIора айеллачу меттигехь гIирс /билгало еш лелачаьрна/ самукъадуьйлуш.

129.

Лоьцуш ду шу болх бен гIирсаш шаьш гуттар лаьттар ду моьттуш.

130.

Шаьш тухуш туху аша къинхетам боцуш.

131.

Шу кхера Делах‚ суна муьтIахь а хила.

132.

Шу кхера Ша шуна хуург шуна шортта деллачух.

133.

Цо шуна шортта делла дехний а‚ кIентий а,

134.

Бошмаш а‚ шовданаш а.

135.

Баккъалла а, со кхоьру шуна дезачу дийнан Iазапах”.

136.

Цара элира: “Цхьатерра ду тхуна ахьа ваIда йичи а‚ хьо ваIда ечарех ца хилчи а.

137.

ХIара хьалхалерачийн гIиллакх бен дац.

138.

Тхуна Iазап дийр долуш дац”.

139.

Цара иза харцвира‚ тIаккха Оха уьш хIаллакбира. Баккъалла а, цу чохь делил ма
ду. Ца хили-кх царех дукханаш муъма.

140.

Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург – Иза ву-кх Ша веза верг а‚ къинхетаме верг а.

141.

Харцбира Самудаша а элчанаш.

142.

Ма элира цаьрга церан вашас Салихьо: “Шу ца кхоьру?

143.

Баккъалла а, со шуьга тешаме элча ву.

144.

Кхера Делах‚ суна муьтIахь а хила.

145.

Аса ца боьху шуьга цуьнан тIехь мах. Суна мах балар Iаламийн Дена тIехь бен дац.

146.

Шу дуьтур долуш ду ткъа кхузахь долчун чохь кхерам а боцуш?

147.

Бошмашкахь а‚ шовданашкахь а.

148.

Ялтанашкахь а‚ хурманашкахь а – шен стом хьена болчу.

149.

Аша тоьсту лаьмнех цIенош деза-дедаш.

150.

Кхера Делах‚ суна муьтIахь хила.

151.

Шу муьтIахь ма хила исрап дечаьрийн омрана.

152.

Уьш бу лаьттахь боьханиг деш берш‚ диканиг ца деш берш.

153.

Цара элира: “Баккъалла а, хьо шена бозбуанчалла диначарех ву-кх.

154.

Хьо ма дац тхо санна адам а бен‚ даладе делил хьуо велахь бакълуьчарех”.

155.

Цо элира: “ХIара эмкал ю. Цуна малар ду‚ шуна а малар ду билгаладинчу дийнахь.

156.

Ма кхеталаш цунах вониг дарца – тIаккха сийлахь деза долчу дийнан Iазапо
схьалоьцур ду шу”.

157.

Цара цуна урс хьаькхира – уьш дохко баьлла Iуьйранга белира.

158.

Iазапо схьалецира уьш. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хили-кх царех
дукханаш муъма.

159.

Баккъалла а, хьан Дела – Иза ву-кх Ша веза верг а‚ къинхетаме верг а.

160.

Харцбира ЛутIан къамо элчанаш.

161.

Ма элира царга церан вашас ЛутIас: “Шу ца кхоьру?

162.

Баккъалла а, со шуна тешаме элча ма ву.

163.

Шу кхералаш Делах‚ муьтIахь хилалаш суна.

164.

Ас ца боьху шуьга цу тIехь цхьа а мах. Суна мах балар Iаламийн Дена тIехь бен
дац.

165.

Шу оьху ткъа божаршна тIе массо Iаламера?

166.

Аша дIатосу шун Кхиош-кхобучо шайна кхоьллина хиллачу шун зударех. ХIаъ‚ шу
ду-кх дозанах даьлла къам”.

167.

Цара элира: “Хьо ца сацахь‚ хIай ЛутI‚ хьо хилланне хир ма ву арабаьхначарех”.

168.

Цо элира: “Баккъалла а, со шун Iамална чIогIа оьгIазбахначарех ву-кх.

169.

Со Кхиош-кхобушверг‚ кIелхIара ваккхалахь со а‚ сан доьзал а цара лелочух”.

170.

Оха кIелхьараваьккхира иза а‚ берриге а цуьнан доьзал а‚

171.

Цхьа къена зуда йоцург бухабисинчаьрна юккъехь.

172.

ТIаккха хIаллакбира Оха бисинарш.

173.

Оха доьттира царна тIе догIа. Ма вон хилира шайна кхерам тесначаьрна и догIа!

174.

Баккъалла а, цу чохь делил ду-кх. Ца хилира царех дукханаш муъма нах.

175.

Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург – Иза ву-кх ша веза верг а‚ къинхетаме верг а.

176.

Харцбира Айкатан дайша а элчанаш.

177.

Ма элира цаьрга ШуIайбас: “Шу ца кхоьру?

178.

Баккъалла а, со шуна тешаме элча ма ву-й.

179.

Шу кхералаш Делах‚ муьтIахь хилалаш суна.

180.

Аса ца боьху шуьга цу тIехь цхьа а мах. Суна мах балар Iаламийн Дена тIехь бен
дац.

181.

Нийса хилийталаш /терзан/ барам‚ шу ма хилалаш /терза/ эшочарех.

182.

Озалаш нийсачу терзанца.

183.

Аша ма эшаелаш нахана церан хIуманаш‚ ма лиэлаш латта тIехь боьханиг даржадеш.

184.

Шу кхералаш‚ Ша шу а‚ хьалхалерачийн тоба а кхоьллинчух.

185.

Цара элира: “Хьо шайна бозбуанчалла диначарех ву-кх.

186.

Хьо а ма дац адам бен‚ тхо санна долу. Тхо тешна ма ду‚ хьо харцлуьчарех ву
аьлла.

187.

Ахьа егае тхуна кийсигаш стиглара‚ хьо велахь бакълуьйчарех”.

188.

Цо элира: “Сан Кхиош-кхобушверг дика хууш ву-кх аша дийриг”.

189.

ТIаккха цара иза харцвира‚ тIаккха уьш схьалецира IиндагIан дийнан Iазапо.

190.

Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хилира-кх царех дуккханаш муъма нах.

191.

Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург – Иза ву-кх Веза верг а‚ Къинхетаме верг а.

192.

Баккъалла а, иза /КъурIан/ – Iаламийн Дегара охьадоссар ду.

193.

Охьадоьссира цуьнца /КъурIанца/ Тешаме Са.

194.

Хьан дагна тIе‚ хьо хилийтархьама кхерам тосучарех.

195.

Билгалчу Iарбийн маттахь.

196.

Баккъалла а, иза хьалхарчерийн жайнийн чохь а ду.

197.

Царна ца хилла-те делил и хууш хилар Исраилан кIентийн Iеламнахана.

198.

Оха иза /КъурIан/ доссийна хиллехьара кхечу къаьмнийн цхьаболчаьрга‚

199.

Цара иза царна доьшура дара – хир бацара уьш цунах а тешаш.

200.

Иштта диллина /и КъурIан харцдар/ Оха иза къиношдечеран дегнашка.

201.

Тешар бац уьш цунах шайна лазаме долу Iазап галц.

202.

Иза догIур ду царна цIеххьана‚ шаьш хиллачу хьолахь хаа ца луш.

203.

Цара тIаккха эр ду: “Вайна цхьа /кIеззиг/ хан ца ло /Iазап ца деш/?

204.

Тхан Iазапе сихло уьш?

205.

Хьуна ца гора Оха уьш шерашкахь /дуьненахь/ бахийтича а…

206.

ТIаккха деара цаьрга‚ шайца хир ду‚ аьлла‚ ваIда йина хилларг.

207.

КIелхьара ца бехира уьш /Делан Iазапах/‚ царна белла хиллачу бахамо.

208.

Оха хIаллак ца йира цхьа а юрт шена кхерамчаш боцуш

209.

/Царна/ дагадайта. Тхо ца хилира зуламхой.

210.

Ца доьссира цуьнца шайтIанаш (шайтIанаша ца доссина и КъурIан, цхьаболчу
керстанаша ма бохху).

211.

Тарлуш дац царна /шайтIанашна вехьешца охьадосса/‚ царна ницIкъ ца кхочу.

212.

Уьш /шайтIанаш маликашка/ ладогIарах дIасхьакъастийна ду.

213.

Ма кхайкха Делаца кхин деле – тIаккха хьо хир ву шайна Iазап дийрдолчарех.

214.

Ахьа хьехам бе хьан юххера гергарчаьрга.

215.

Хьайн тIам охьабахийта муъмин нахах хьайна тIехьахIоьттинчарна /кIеда-мерза хила
царца/.

216.

Цара хьуна Iесалла яхь‚ ахьа ала: “Со цIена ву-кх аш дечух”.

217.

Хьо тIетовжа Ша Веза волчунна а‚ Къинхетаме волчунна а.

218.

Шена хьо гуш волчунна хьо ира хIуттучу хенахь.

219.

Хьан дIа-схьаидар а ду сужд дечарийн юккъехь.

220.

Баккъалла а, Иза ву-кх хозуш верг а‚ хууш верг а.

221.

Аса дуьйций шуна /хIай Маккан керстанаш/‚ шена тIе шайтIанаш дуссучух?

222.

Уьш дуссу хIора харцлуьчунна а‚ къинош дечунна а тIе.

223.

Цара /шайтIанаша маликашкара къайленаш/ хазар бозбуачашка кхуьссу‚ царех
дукханаш харцлуьйш бу.

224.

Назманчаш – царна тIехьахIутту тилабелларш.

225.

Хьуна ца го уьш массо буьйрахь дIа-схьа уьдуш?

226.

Цара дуьйцу шаьш ца дийриг.

227.

Иман диллинарш‚ дика Iамалш йинарш‚ дуккха Дела хьехийнарш боцурш – царна гIо
хилира шайна зулам диначул тIаьхьа. ТIаьхьа хуур ду зулам диначаьрна‚ муьлхачу
хьовзарна шаьш тIехьовзур бу.