25. АЛЬ-ФУРКЪАН

1.

Беркате хили Ша къастор доссош хилларг Шен лега‚ и хилийтархьама Iаламашна
кхерамча.

2.

Иза /АллахI-Дела/ ву стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла Шена дерг‚ Цо ца лаьцна
доьзалхо‚ вац Цунна накъост паччахьаллехь‚ Цо кхоьллина массо хIума‚ барам бина
цунна /массо хIуманна/ барамца.

3.

Цара лецира‚ Иза а витина‚ делий‚ цара хIумма ца кхуллу‚ уьш шаьш кхуллуш бу
/Дала/. Цара дола ца до шайн синошна зенна а‚ пайденна а‚ цара дола ца до
даларна а‚ дахарна а‚ дендарна а.

4.

Элира цатешачара: “ХIара /КъурIан/ харцдерг ду‚ ша цо /пайхамара/ кхоьллина
долу‚ цунна гIо дина цу тIехь кхечу наха а”. Цара деана зулам а‚ харцдерг а.

5.

Цара элира: “Хьалхалерачийн туьйранаш ду. Цо /Мухьаммада/ яздайтина уьш‚ уьш
цунна доьшуш ду Iуьйранна а‚ суьйранна а”.

6.

Ахьа ала: “Иза /КъурIан/ доссийна Шена стигланашкахь а, лаьттахь а къайле хууш
волчо. Баккъалла а, Иза хилла гечдеш верг а‚ къинхетам беш верг а”.

7.

Цара элира: “ХIун ду хIокху элчанна? Даар доу цо‚ базаршкахула лела иза.
Доьссина хиллехьара   цуьнга малик – и хир дара цуьнца кхерамча.

8.

Я кхоьссинехьара цуьнга хазна‚ я хир яра цунна беш цо цу чуьра юуш”. Элира
зуламхоша: “Шу тIаьхьахIиттина ма ду шена бозбуанчалла динчу стагана”.

9.

Хьажал‚ муха далийна цара хьуна масалш – тилабелла уьш‚ некъ ца карабо царна.

10.

Декъала хили Иза‚ Шена лиъча хуьлуьйтур ю хьуна цул диканиг – бошмаш‚ шена
бухахула татолаш лелаш йолу‚ Цо хуьлуьйтур ю хьуна гIаланаш.

11.

ХIаъ‚ цара харцдина сахьт. Оха кечйина сахьт харцдинчунна /жоьжахатин/ цIе.

12.

Цунна /жоьжахатина цIарна/ уьш гича генарчу меттигера‚ царна хезар ду цуьнан
дералла а‚ угIар а.

13.

Цу чуьра готтачу меттиге шаьш кхиссича‚ дIадихкина а долуш /куьйгаш логех/‚ цара
кхойкхур дара хIаллакьхиларе /и атта хир дара царна/.

14.

/Эр ду цаьрга/: “Аша ма кхайкха тахана цхьана хIаллакьхиларе‚ кхайкха дуккха а
хIаллакьхиларшка!”

15.

Ахьа ала: “ХIара тоьлу‚ я гуттаренан беш /тоьлу/‚ ша /Делах/ кхоьручарна хир ю
аьлларг? И хилира царна бекхам а‚ чугIойла – хIусам а”.

16.

Царна цу чохь шайна луург ю‚ гуттар /уьш/ лаьтташ. И хили хьан Кхиош-кхобучун
жоьпаллин ваIда.

17.

Ша уьш а‚ цара И воцчу шайна Iибадат динарш а гулбинчу дийнахь‚ Цо эр ду: “Аша
тилийра хIара Сан леш‚ я шаьш /нийсачу/ новкъах бевлира уьш?”

18.

Цара эр: “Вонах цIена ву Хьо‚ тхуна оьшуш ца хилира Хьо воцург верасаш лаца‚
делахь а Ахьа зовкх хьегийтира цаьрга а‚ церан дайшка а царна хьехам бицбаллалц‚
уьш хилира хIаллакьхилла нах”.

19.

/Эр ду Дала/: “Цара шу харцдира аша дуьйцучуьнца‚ шуна ца могу духатоха а /шайх
Iазап/‚ гIо хилийта а. Милла велахь а‚ шух зулам деш‚ – цуьнга Iовшуьйтур ду Оха
доккха Iазап”.

20.

Оха ца ваийтина хьоьл хьалха а элчанех цара кхача бууш‚ уьш базаршкахула лелаш
хуьлуш бен. Оха хилийтира шух цхьаберш вукхарна питана. Аша собар дой? Хилира
хьан Кхиош-кхобург гуш верг.

21.

Элира Тхоьца цхьаьнакхетаре дог дохуш боцучара: “Вайна доссинехьара маликаш‚ я
вайна гуш велахьара вайн Кхиош-кхобушверг”. Уьш курабевлира шаьшлахь‚ дозанах
бевлира уьш баларал а сов.

22.

Шайна маликаш гинчу дийнахь – кхаъ хир бац оцу дийнахь къинош диначарна‚ цара
/маликаш/ эр ду: “ЧIогIа дуьхьало ю”.

23.

Тхо тIедаьхкира цара йинчу Iамална‚ цунах хилийтира Оха баьржина чим (ца лерира
Оха церан Iамалш).

24.

Ялсаманин дай оцу дийнахь дика хир бу чIагIбаларан меттигца а‚ вуно дика хир бу
/делкъахь/ садаIаран меттигца а.

25.

Оцу дийнахь етIар ю стигал мархашца‚ охьадиссор ду маликаш /могIаршца/
охьадиссорца.

26.

Хьакъ-бакъ долу паччахьалла оцу дийнахь хир ду Къинхетам болчунна”. И хир ду
цатешачарна хала /де/.

27.

Оцу дийнахь зулам динчо цергаш юхкур ю шен куьйгех‚ эр ду: “Ма дакъазваьлла-кх
со. Элчанца некъ лаьцна хиллехьара аса.”

28.

“Ма бала бу-кх суна! Ма лаьцнехьара аса хьенех доттагIа.

29.

Тилийра цо со хьехамах‚ и соьга беъначул тIаьхьа. ШайтIа хилира адамна ямартхо”.

30.

Эр ду элчано: “Сан Кхиош-кхобуш волу Дела‚ баккъалла а, сан къомо хIара КъурIан
дIатесна ма дити!”

31.

Иштта хIора пайхамарна а Оха хилийтира мостагI къинош диначарех. Тоьур ду хьуна
хьан Кхиош-кхобушверг хилча нисвеш верг а‚ гIоьнча а.

32.

Элира цатешачара: “Доьссинехьара цуьнга /хIара/ КъурIан цхьана тептарца”. Иштта
/доссийна Оха и/ шеца хьан дог чIагIдархьама‚ Оха дийшира и тIеттIа”.

33.

Хьоьга богIур бац уьш цхьана масалца Тхо хьоьга догIуш бен бакъдолчуьнца‚ вуно
хазачу тидарца.

34.

Шаьш гулбийр берш шайн яххьашкахь жоьжахатина тIе – уьш бу вонаш меттигаца‚
уггар тилабелларш некъаца.

35.

Оха делира /хьалха/ Мусага жайна‚ вазир хилийтира цуьнца цуьнан ваша ХIарун.

36.

Оха элира: “ДIагIо шу шиъ шаьш Тхан аяташ харцдинчу халкъана тIе”. ТIаккха Оха
уьш этира атарца.

37.

Нухьан халкъ а‚ цара элчанаш харцбича‚ хин бухабахийтира Оха уьш‚ Оха хилийтира
царех нахана делил‚ Оха кечдира зуламхошна лазош долу Iазап.

38.

Iадаш а‚ Самудаш а‚ Рассан дай а, цу юкъахь тIаьхьенаш дуккха а /хIаллакйира
Оха/.

39.

ХIоранна Оха далийра шен масалш‚ хIора а Оха хIаллаквира хIаллакварца.

40.

Уьш /Маккан керстанаш/ ма бахарий юьрта тIе‚ шена тIе вонан догIа дилхина
хиллачу. Ткъа уьш хилира и ца гуш? ХIан-хIа! Уьш хилира духадендаре дог ца
дохуш.

41.

Хьо шайна гича‚ хьоьх белар до цара: “ХIара ву Дала ваийтинарг элча вина?

42.

Вай вайн делийх дIатиладарах ца соцу-кх иза‚ вай церан тIехь собар ца дахь”.
ТIаьхьа хуур ду царна шайна Iазап гича‚ мила хилла уггар тилавелларг некъаца.

43.

Хьуна гиний и шен Делах шен дезар динарг? Ткъа хьо хир вара цуьнан тIехь векал?

44.

Я хьуна моьтту царех дукханаш хозуш я ойла еш бу. Уьш-м бежнаш санна бен баций.
ХIаъ‚ уьш вуно а тилабелларш бу некъаца.

45.

Хьо ца хьоьжу хьан Кхиош-кхобучунга‚ муха даржина Цо IиндагIа? Шена лиънехьара‚
Цо и хуьлийтара дара /паргIат/ сецца. ТIаккха Оха малх хилийтира цуьнан тIехь
делил.

46.

ТIаккха Оха Тхайна тIе озадира и /IиндагI/ и дайа озадарца (кIез-кIеззиг доккхуш
дIа даьккхира Оха и IиндагIа, тIаккха кIез-кIеззиг духа хуьлуьйту).

47.

Иза ву Ша хилийтинарг шуна буьйсанах духар‚ набарах – синтем‚ Цо хилийтина
дийнах духадендалар.

48.

Иза ву баийтинарг мох кхаъ хилла Шен къинхетамал хьалха‚ Оха охьадоссира
стиглара цIена хи.

49.

Цуьнца Оха денбархьама белла мохк‚ и маладо Оха /шортта/ Тхаш кхоьллинчух
бежнашна а‚ дуккха нахана а.

50.

И /хи/ даржира Оха царна юккъехь царна дагадайтархьама /Делан ниIмат/. Дуккха
нах дуьхьал хилира /массо дикачу хIуманна/ керстаналла доцучунна.

51.

Тхуна лиънехьара‚ Оха ваийтина хир вара хIора юртахь кхерамча.

52.

Хьо муьтIахь ма хилалахь цатешачаьрна‚ къовса царца цуьнца /КъурIанца/ доккха
къовсарца.

53.

Иза ву ши хIоьрд хецна битинарг /я оьхучу хин ши агIо хецна йитинарг/: хIара –
теза-мерза‚ хIара – дуьра-чемаза‚ Цо хилийтина цу шиннан юккъехь /йоккха/ парду
а‚ чIогIа дуьхьало а /вовшех ца эва уьш/.

54.

Иза ву кхоьллинарг хих адам‚ Цо цуна хилийтина шен схьавалар а‚ зударийн
агIорхьара /захаллин/ гергарло а. Хилира хьан Кхиош-кхобург ницIкъ кхочуш.

55.

Цара Iибадат до Дела вуьтий шайна пайда а‚ зен а ца дечуьнна. Хили цатешарг шен
Кхиош-кхобучун дуьхьал гIоьнча.

56.

Хьо ца ваийтина Оха кхаъ бийриг а‚ кхерам тосург а хилла бен.

57.

Ахьа ала: “Аса шуьга ца боьху цуна цхьа а мах‚ шена луучо шен Кхиош-кхобучун
некъ лацар бен”.

58.

Хьо тIетовжа ша дийнаволчунна /Далла/‚ лийриг воцчу‚ тасбахь де Иза хасторца.
Кхачо ю Цуьнца Шен лайн къинош сов довзарца.

59.

Ишттанниг ву Иза Ша кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь мел дерг
ялх дийнахь‚ тIаккха дIанисвелла Иза Iаршана тIе. Къинхетаме верг ву Иза. Хатта
цуьнах хуушволчуьнга.

60.

Шайга элча: “Сужд де Къинхетаме волчунна”‚ цара элира: “ХIун ду и Къинхетаме
верг? ТIкъа оха сужд до ахьа тхуна омра дечунна”. Цо совбехира уьш /Делан
новкъах/ дог даларца.

61.

Беркате ву Ша стиглахь седарчийн тоба йинарг‚ Цо бина цу чохь чиркх а‚ нуре болу
бутт а.

62.

Иза ву хилийтинарг буьйса а‚ де а хийцалуш шена луучунна ойла ян‚ я баркалла
ала.

63.

Къинхетаме волчун леш бу – шаьш лаьттахь лелашберш муьтIахь хилла шайга жехIал
нах бистхилча‚ олуш берш: “Салам! “

64.

Буьсанаш йохуш берш а шайн Кхиош-кхобучун сужд деш а‚ ира хIоьттина лаьтташ а.

65.

Олуш берш: “Тхан Кхиош-кхобург! ДIадаккхалахь тхоьх жоьжахатин Iазап. Баккъалла
а, цуьнан Iазап хилла тIедоьжна (царех ца къаьсташ).

66.

Баккъалла а, ма вон хили-кх иза /чохь/ латтарна а‚ /садаIа/ меттиг хиларна а”.

67.

ШIаьш сагIина луш кхоам а беш берш‚ пис ца хуьлуш берш‚ цу юккъехь хIоьттина
лаьттарш /бу Цу Делан дика леш/.

68.

Делаца кхин деле ца кхойкхуш берш‚ ца дойу са Дала ша /ден/ хьарам дина долу‚
/ден/ хьакъ долуш бен‚ зина ца до. И деш верг къица дуьхьал кхетар ву.

69.

Шозза алсам доккхур ду цуна Iазап къемат дийнахь‚ гуттар лаьттар ву иза цу чохь
сийсаза хилла.

70.

Ша тоба дийнариг а‚ иман диллинарг а‚ дика Iамал йинарг а воцург – уьш бу Дала
шайн вонаш диканашца хийцор дерш. Хили Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме а верг.

71.

Тоба а‚ дика Iамал йинарг – баккъалла а, цо тоба до Деле /къиношна/ дохко
валарца.

72.

Харц тешалла ца деш берш‚ шаьш дессачу хабарна уллохула боьдуш – оьзда чекхболу
берш.

73.

Шайн Кхиош-кхобучун аяташ шайна тIехь хьехийча – царна бертал ца бегаш берш
къора хилла а‚ бIаьрса доцуш хилла.

74.

Олуш берш: “Тхан Кхиош-кхобург‚ лолахь тхуна тхан зударех а‚ доьзалах а бIаьрг
бекхабалар‚ тхо хилийталахь /Делах/ кхоьручарна масал (уьш Тхуна
тIаьхьахIуттуш)”.

75.

Царна ялана лур ю /ялсаманин/ хIусам цара /иманца/ собар дарна‚ цигахь царна
дуьхьал догIур ду /маликаш/ маршаллица а‚ саламца а.

76.

Гуттар лаьттар бу уьш цу чохь. Хаза хилла латтарца а /чIагIбелла/‚ меттигца а
/садаIа/.

77.

Ахьа ала: “Шуьца бала хир бацара сан Кхиош-кхобучун‚ шун кхайкхар ца хиллехьара.
Аша харцдина /Цуьнан дин/ – тIаьхьа хир ду шуна иза хилаза ца долуш дерг”.