22. АЛЬ-ХЬАДЖ

1.

ХIай нах! Кхера шайн Кхиош-кхобучух. Баккъалла а, Сахьт дегар доккха-деза хIума
ду.

2.

Оцу дийнахь‚ шуна шайна гуш‚  массо /бер/ дакхош ерг йицлур ю ша дакхийначух‚
охьабуьллур бу шен /кийрахь/ мохь болчо шен мохь /хеназа/‚ хьуна гур бу нах
бехна – бехна бац уьш‚ делахь а Делан Iазап чIогIа ду.

3.

Нахах ву ша Делехь къуьйсуш верг /цхьа а/ Iилма доцуш‚ ша тIаьхьахIуттуш верг
массо кIоршаме шайтIанна.

4.

Цунна /шайтIанна/ язделла шеца доттагIалла лелийнарг ша тилор а ву‚ цIеран
Iазапе дIанисвийр а ву‚ аьлла.

5.

ХIай нах! Шу хиллехь юха дендина /гIовтторах/ шекончохь – Оха шу кхоьллина
поппарах‚ тIаккха тIадамах‚ тIаккха цIийнан улхах‚ тIаккха жижиган кийсаках‚
хорма йолуш долчух а‚ хорма йоцуш долчух а шуна билгала даккхархьама /Тхан ницкъ
гайтар/. Оха дIанисдо /шу/ беран цIийна чохь Тхайна ма луъу цIе тоьхна хан
тIеккхаччалц‚ тIаккха Оха арадоху шу бер хуьлий‚ тIаккха шу тIекхиархьама шайн
ницкъана. Шух лешверг а ву‚ шух /къанваларца/ уггар сийсазчу дахарна тIеверзош
верг а ву‚ шена Iилмал тIаьхьа хIумма ца хаийтархьама. Хьуна го латта
дакъаделла. Оха шена тIе хи доссийча и деттало‚ деста‚ /цуьнца/ кхуьу массо хаза
шишша тайпа /яраш/.

6.

Иза ду – Дела хиларна бакъдерг‚ Цо денбийриг хиларна белларш‚ Иза хиларна массо
хIуманна тIехь ницкъберг.

7.

/Иза ду/ – Сахьт догIург хиларна‚ цу чохь шеко яц‚ Дела хиларна юха денбина
гIовттор болуш кешнийн чохь берш.

8.

Нахах ву ша Делехьа къуьйсуш верг‚ шегахь Iилма а доцуш‚ нийса некъ боцуш‚ нуьре
долу жайна доцуш.

9.

/Куралла ярца/ шен лаг дIагIертош Делан новкъах /нах/ тилабархьама. Цунна
дуьненахь а сийсазалла ю‚ Оха Iовшуьйтур ду цуьнга Къематдийнахь цIеран Iазап.

10.

/Цуьнга эр ду/: “И ду хьан шина куьйго хьалхадаьккхинарг бахьанехь‚ Дела
цахиларна а зуламаш дийриг лешна”.

11.

Нахах ву ша Далла Iибадат деш верг уьраллин юьхьига тIехь волчух тера: шех
кхиъча диканиг – цуьнца паргIатволу иза‚ шех питана (бала) кхиъча – шен юьхь тIе
дIавоьрзу и /цатешарна тIе/ – дуьне а‚ эхарт а дайна цуьнан. Иза билггала эшар
ду-кх!

12.

Цо кхойкху Дела воцучуьнга‚ шена зен ца дечуьнга‚ шена пайда ца бечуьнга. Иза
ду-кх генара тилар!

13.

Цо кхойкху шена зен герга долчуьнга‚ шена /хуьлучу/ пайданал – ма вон эла ву-кх‚
ма вон накъост ву-кх /цо лаьцнарг‚ Дела а витина/!

14.

Баккъалла а, Дала чубохуьйтур бу иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а
бошмашна‚ шайн бухахула татолаш лелаш йолчу. Баккъалла а, Дала до Шена луъург.

15.

/Шен элчанна/ Дала дуьненахь а‚ эхартахь а гIодийр дац моьттуш хилларг – цо муш
дIатосийла тхов тIе ирх оллавала‚ тIаккха хададойла /шен лаг/‚ тIаккха хьожийла
шена‚ дIадехьний-те цуьнан мекарлос и оьгIазвохуьйтург /Делан элчанан мостагIий
цунна хуьлучу кхиамашна оьгIазбовлахь – шайн тховтIе муш кхозийн ирх оллойла уьш
– лойла уьш, Дала Шен элчанна гIо дийр ду/.

16.

Иштта доссийра Оха и /КъурIан/ билгала аяташ хилла‚ Дела хиларна нисвеш Шена
луург.

17.

Баккъалла а, иман диллинарш а‚ яхIудийш а‚ сабиинаш а‚ насараш а‚ цIеран
гIуллакх деш берш а‚ /Делаца/ накъост лаьцнарш а… Баккъалла а, Дала къастор ду
царна юккъехь Къематдийнахь. Баккъалла а, Дела массо хIуманна тIехь теш ву.

18.

Хьуна ца го Далла сужд ма дой стигланашкахь волчо а‚ лаьттахь волчо а‚ малхо а‚
батто а‚ седарчаша а‚ лаьмнаша а‚ дитташа а‚ дийнаташа а‚ нахах дукхахболчара а?
Дукхахболчарна Iазап хьакъ хилла. Дала сийсазвинарг‚ милла велахь а‚ – ма вац
цунна сий айдан цхьа а. Баккъалла а, Дала до Шена луург.

19.

ХIокху шина мостагIчо шайн Кхиош-кхобучуьнгахь къийсира. Цатешнарш – царна
бедарш хадор ю цIарах‚ церан кортошна тIе дагийна хи дуттур ду.

20.

Дагор ду цуьнца церан гайш чохь дерг а‚ чкъор а.

21.

Царна аьчкан чхьонкарш ю.

22.

Царна цу чуьра бала хьегарах арабовла мел лии‚ цу чу берзор бу уьш /эр ду/:
“Iовша шайна цIеран Iазап!”

23.

Баккъалла а, Далла иман диллинарш а‚ дика Iамалаш йинарш а чубухкур бу бошмашна‚
шайн бухахула татолаш лелаш йолчу‚ хазбина хир бу уьш цу чохь дашочу чIагаршца
а‚ жовхIаршца а‚ церан духар цу чохь хир ду дари.

24.

Уьш нисбина /дуьненахь/ дашах хазачуьнга /КъурIанах/‚ уьш нисбина хастамечу
новкъа.

25.

Баккъалла а, цатешнарш а‚ шаьш /нах/ дIатоттуш берш Делан новкъах а‚ хьарамечух
ларвеш долчу маьждигах а‚ Оха ша нахана цхьанисса хилийтина долчу – шена чохь
волчунна а‚ арахь волчунна‚ – цу чохь зуламца /Делах/ цатешар дезаш верг – Оха
Iовшуьйтур ду цуьнга лазош долу Iазап.

26.

Хьахаде: Оха билгалъяьккхира ИбрахIимна /Хьаьжин/ цIийнан меттиг, олуш: “Ма лаца
Соьца накъост цхьана а хIуманца‚ цIанде Сан цIа гуо боккхучарна а‚ хIоьттина
лаьттачарна а‚ рукIе баханчарна а‚ суждане баханчарна а.

27.

Кхайкха нахалахь хьаьжалла: уьш /муъма нах/ богIур бу хьуна гIаш а‚ массо
эзачунна тIехь а‚ шаьш йогIуш хилла йолчу массо туьпара‚ боьрара

28.

Тешалла дан шайна пайданашна‚ Делан цIе хьехаян а цхьана билгалчу деношкахь‚ Цо
шайна рицкъа деллачу бежанна тIехь: даа цунах‚ дааде балане волчу пекъарна а.

29.

ТIаккха дIайохийла цара /Хьаьж дехкарца/ шайн боьхаллаш (гIурбан бежна динчул
тIаьхьа корта баша я ларга, маIарш теда…)‚ кхочушдойла шайн нузарш‚ гуобоккхийла
Ширачу ЦIийнна”.

30.

/ГIуллакх иштта ду/. Делан хьурматаш даздеш верг – и цунна шена дика ду шен
Кхиош-кхобучунна гергахь. Хьанал дина шуна бежанаш /даа/‚ шуна тIехь доьшуш
доцуш. Генадовла цIуйн рижсах‚ генадовла харц дашах

31.

Далла тIедирзинарш а хилла‚ Цуьнца накъост лаьцнарш ца хуьлуш. Ткъа Делаца
накъост лоцург… и тера ву стиглара воьжначух‚ тIаккха олхазарш а схьалоцуш‚ я
мехо генарчу меттиге дIавуьгуш волчух.

32.

/ГIуллакх иштта ду/. Делан Iедалаш даздеш верг‚ – баккъалла а, иза дегнаш
/Делах/ кхерарх ду.

33.

Шуна цу чохь пайданаш бу цIетоьхна хан тIекхаччалц‚ тIаккха церан /урс хьакха
хьанал йолу/ меттиг Ширчу ЦIийнан гергахь ю /Маккан 8-10 км генахь йолчу Минахь
ю бежнашна урс хьокху меттиг/.

34.

ХIора умматана а Iибадат даран кеп хилийтина Оха цаьрга Делан цIе хьахаяйта‚ Цо
Шена рицкъина деллачу дохнан бежанна тIехь. Шун Дела цхьа Дела ву‚ Цунна
муьтIахь хила: ахьа кхаъ баккха муьтIахь болчарна.

35.

Уьш бу Дела хьахавича шайн дегнаш кхоьруш берш‚ шайна тIедеъначу вочунна
собардеш берш‚ ламаз хIоттадеш берш‚ Оха шайна деллачу рицкъех напаха луш берш.

36.

И бежана хилийтина Оха шуна Делан дин гучудоккхачу билгалонах‚ шуна цу чохь
диканиг ду. Хьахае царна тIехь‚ цхьана могIара хIоьттинчу хьолехь‚ Делан цIе.
Уьш шайн агIонашна тIедегча‚ даа царех‚ дааде доьхучунна а‚ ца доьхучунна а.
Иштта Оха муьтIахь дина уьш /бежанаш/ шуна‚ – шу хир дацара-те баркалла олуш.

37.

Далла ца кхочу церан жижиг а‚ церан цIий а‚ делахь а Цуьнга кхочу шуьгара
/Делах/ кхерар.  Иштта Цо уьш /бежанаш/ муьтIахь дина шуна аша Дела вазвархьама‚
Цо шу нийсачу новкъадаьхна хиларна‚ ахьа кхаъ баккха дикадечарна.

38.

Баккъалла а, Дала ларбо иман диллинарш. Баккъалла а, Далла ца веза массо
тешнабехк берг а‚ цатешарг а.

39.

Магийна шайца тIом беш болчарна /тIом бан/‚ царна зулам дина хиларна. Баккъалла
а, Дела царна /цу бусулбанашна/ гIодарна тIехь ницкъ болуш ву‚

40.

Шайн цIеношкара арабаьхна болчу‚ цхьа а бакъо йоцуш‚ деккъа цара аларна: “Тхан
Кхиош-кхобург Дела ву”. Дала нах вовшашца ларбеш ца хиллехьара йохийна хир яра
/насарийн монахийн/ Iибадат ден меттигаш а‚ килсаш а‚ /жуьгтийн/ ламазан
меттигаш а‚ маьждигаш а‚ шайна чохь дуккха Делан цIе хьехош йолу. Данне а
гIодийр ма ду Дала Шена /гIуллакхна/ гIодеш волчунна. Баккъалла а, Дела ницкъ
болуш а‚ веза а ву.

41.

Уьш бу Оха шаьш лаьттахь чIагIбича‚ ламаз хIоттадеш берш‚ закат луш берш‚
диканиг де‚ аьлла‚ омра деш берш‚ вочух /нах/ бухатухуш берш. Делан ю
гIуллакхийн тIаьхье.

42.

Хьо цара харцвахь – харцбина царал хьалха Нухьан а‚ Iадийн а‚ Самудийн а
къаьмнаша‚

43.

ИбрахIиман къомо а‚ ЛутIин къомо а.

44.

Мадъян дайша а харцвира Муса а. Аса ханна тIаьхьатеттира цатешаш берш. ТIаккха
Аса схьалецира уьш. Муха хилира Сан цаларар /уьш шайна Iазап дарца/!

45.

Маса юрт хIаллакйина Оха‚ шаьш зуламе хилла йолу! Уьш шайн буха тIехь еса ю.
Маса шовда деса дисина! Маса йоьгIна гIала /есса йисийна/!

46.

Лаьттахула ца лела уьш? – хир дара царна дегнаш‚ шайца цара ойла еш‚ я лергаш‚
шайца цара ладугIуш. БIаьрса дац бIаьрзе – кийрахь долу дегнаш ду бIаьрзе!

47.

Хьо сихво цара Iазапаца. Дала йохор яц Шен ваIда. Цхьа де хьан Кхиош-кхобучун
гергахь эзар шо санна ду аша дагардеш лоручух.

48.

Маса юрт /ханна/ тIаьхьатеттира /Iазап ца деш/ Аса‚ уьш зуламе а йолуш? ТIаккха
схьалецира уьш Аса‚ Суна ду тIекхачар.

49.

Ахьа ала: “ХIай нах! Баккъалла а, со шуна билгала кхерамча ву-кх”.

50.

Иман диллинарш а‚ дика Iамал йинарш а – царна гечдар а‚ сийлахь рицкъа  а ду.

51.

Тхан аяташна тIегIиртинарш‚ уьш ледара дахархьама – уьш жоьжахатин дай бу.

52.

Оха ца ваийтина хьоьл хьалха цхьа а элча а‚ цхьа а пайхамар а цо сатуьйсучу
хенахь цуьнан сатийсамийн чу шайтIа ца оьккхуш‚ тIаккха Дала дIадоккхуш бен
шайтIано кхоьссинарг‚ тIаьхьа Дала хьукма  дойтур ду Шен аяташка. И Дела хууш
верг а‚ хьукма деш верг а ву.

53.

/И ду/ шайтIано кхоьссинчух питана дархьама шайн дегнашкахь цамгар йолучарна‚
шайн дегнаш къиза долучарна. Баккъалла а, зуламхой генарчу /барт/ эгIарехь бу.

54.

Iилма деллачаьрга хаийтархьама‚ иза хьан Кхиош-кхобучуьнгара бакъдерг хилар‚
цунах тешийла уьш‚ мукIар хилий Цунна церан дегнаш. Баккъалла а, Дела ма ву
нисбеш верг иман диллинарш нийсачу новкъа.

55.

ДIа тилар бац цатешнарш цунах шекончохь латтарах‚ шайна тIе цIеххьана Сахьт
кхаччалц‚ я шайна тIе Iахар дийнан Iазап кхаччалц.

56.

Паччахьалла оцу дийнахь Делан ду‚ Цо хьукма дийр ду царна юккъехь. Ткъа иман
диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а – ниIматан бошмашкахь хир бу.

57.

Цатешнарш а‚ Тхан аяташ харцдинарш а – уьш бу шайна сийсаза долу Iазап хир дерш.

58.

Делан новкъахь дIакхелхинарш‚ тIаккха байина‚ я белларш – даллане а хаза рицкъа
лур ду царна Дала. Баккъалла а, Дела – И ву-кх рицкъа лучарех уггар диканиг.

59.

Цо чу бухкур бу уьш шаьш шайна реза долчу чугIойлина /ялсамани чу/. Баккъалла а,
Дела ма ву хуург а‚ дукха собаре верг а.

60.

Иштта ду иза. Милла велахь а /муъма нахах/ ша шена /керстанаша/ динчул /царна/
таIзар а дина‚ тIаккха шена /цара юха а/ зулам дина – данне а цунна гIодийр ду
Дала. Баккъалла а, Дела бехк тIера боккхург а ву‚ гечдийриг а ву.

61.

И /гIо ду/ Дела хиларна буьйса дийнан чу йохуьйтуш‚ де – буьйсанчу дохуьйтуш‚
Дела хиларна хезаш верг а‚ гуш верг а.

62.

И /гIо ду/ Дела – Иза хиларна бакъдерг‚ И воцуш цара кхойкхург – и хиларна
харцдерг‚ Дела – Иза хиларна лекха верг а‚ воккха верг а.

63.

Хьуна ца го Дала доссийна стиглара хи – тIаккха лаьтта хуьлу сенделла. Баккъалла
а, Дела ву тIекере верг а‚ девзаш верг а.

64.

Цуьнан ду стигланашкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а. Баккъалла а, Дела – И ву хьоле
верг а‚ хастаме верг а.

65.

Хьуна ца го‚ Дала шуна болх бойтуш бу лаьттахь мел долчуьнга‚ кемане а – лела и
хIорда чухула Цуьнан омраца‚ Цо сацайо стигал лаьтта тIе йожарх‚ Шен пурбанца а
бен. Баккъалла а, Дела нахах доглозуш верг а‚ къинхетаме верг а ву.

66.

И ву шу дендина‚ тIаккха долуьйтуш‚ тIаккха дендеш верг. Баккъалла а, адам –
керста ду-кх.

67.

ХIора умматана Оха хилийтина Iибадат ден меттиг‚ цара шена Iибадат а деш. Хьоьца
ма къуьсийла цара гIуллакхехь. Хьан Кхиош-кхобучуьнга кхайкха /уьш/. Баккъалла
а, хьо нийсачу новкъахь ву.

68.

Цара хьоьца къийсахь‚ ахьа ала: “Далла дика хаьа аша деш дерг”.

69.

Дала хьукма дийр ду шуна юккъехь Къематдийнахь шуна шегахь хилпало хиллачохь.

70.

Хьуна ца хаьа Дела хууш вуй-ла стиглахь а‚ лаьттахь а мел дерг? Баккъалла а, иза
жайна чохь ду. Баккъалла а, иза Далла атта ду.

71.

Цара Iибадат до‚ Дела а вуьтий‚ Цо шеца цхьа а делил ца доссийнчунна‚ шайна шех
лаьцна цхьа а Iилма доцучунна. Ма вац зуламхошна цхьа а гIоьнча.

72.

Шайна тIехь Тхан билгала долу аяташ дешча‚ хьуна хаало цатешачерийн яххьашкахь
инкарло. Лата кийча бу уьш шайна тIехь Тхан аяташ доьшучаьрца. Ахьа ала: “Аса
дуьйций шуна цул вочух? – ЦIе ю Дала цатешначарна ваIда йина йолу‚ ма вон
тIекхачар ду-кх!”

73.

ХIай нах! Масал далийна‚ ладогIа цуьнга. Баккъалла а, Дела а витина‚ аша /Шега/
кхойкхучо цхьаьллига цхьа моза а кхуллур бац‚ уьш цунна гулбелча а. Мозано
шайгара цхьа хIума яьккхича – иза цуьнгара юха ца яккхало царна. Ледара ваьлла
лоьхург а‚ шегара лоьхург а.

74.

Цара ца вазвира Дела ша вазван ма-веззара. Баккъалла а, Дела нуьцкъала верг а
ву‚ веза верг а ву.

75.

Дала хоржу маликех а /пайхамаршка/ элчанаш‚ нахах а /нахе элчанаш/. Баккъалла
а‚ Дела хезаш верг а ву‚ гуш верг а ву.

76.

Цунна хаьа царал хьалха хилларг а‚ царал тIаьхьа дерг а‚ Деле духадоьрзу
гIуллакхаш.

77.

ХIай иман диллинарш! РукIе гIуо‚ суждане гIуо‚ Iибадат де шайн Кхиош-кхобучунна‚
диканиг де – шу даккхийден там бу.

78.

Къахьега Делехь ша къахьега ма-деззара‚ Цо шу хаьржина‚ ца йина шуна динехь цхьа
а хало‚ шун ден ИбрахIиман миллатах /ду и шун дин/‚ Цо аьлла шух бусулбанаш
хьалха а‚ хIокху /КъурIан/ чохь а‚ элча шуна тIехь теш хилийтархьама‚ шу а тешаш
хилийтархьама нахана тIехь. Ламаз хIоттаде‚ закат ло‚ Делаца чIагIло. И ву шун
вали – дика вали а ву‚ дика гIоьнча а ву.