1. |
Гергадеана нахана шайца хьесап дар, уьш тIаккха а терго ца еш‚ дуьхьалбевла бу. |
2. |
Цаьрга ца богIу шайн Кхиош-кхобучуьнгара цхьа а керла хьехам‚ цара цуьнга ладугIуш бен‚ шаьш ловзуш долуш. |
3. |
Шайн дегнаш гIайгIа еш доцуш. Къайладаьккхира хабар зулам диначара: “ХIара адам бен дац шу санна? Бозбуанчалла дохьу аша‚ шайна гуш долуш?” |
4. |
Цо /пайхамара/ элира: “Сан Кхиош-кхобучунна хаьа дош‚ стиглахь а‚ лаьттахь а /аьлла долу/. Иза хезаш верг а‚ хууш верг а ву”. |
5. |
ХIаъ‚ цара элира: “Вовшех ийна гIенаш ду. ХIаъ‚ цо кхоьллина и. ХIаъ‚ иза илланча ву. Вайга цхьа делил даийта цо‚ хьалхалернаш бахкийтаре терра”. |
6. |
Иман ца диллира царел хьалха а цхьана а юьрто‚ Оха ша хIаллакйина хилла йолчу. ХIокхара иман дуьллур дара? |
7. |
Оха ца бахкийтира хьоьл хьалха а божарий бен‚ Оха цаьрга вехьеш луш. Хаттал хьехам болчу нахе‚ шаьш хууш ца хиллехь. |
8. |
Оха ца хилийтира царех кхача ца боу дегI‚ уьш ца лаьттира даима. |
9. |
ТIаккха Оха бакъхилийтира цаьрца ваIда. Оха хьалхабехира уьш а‚ Тхайна луурш а‚ Оха хIаллакбира тIалам боцурш. |
10. |
Оха доссийна шуьга жайна /хIай Iарбий/‚ шена чохь шу хьехор /шух сийдар/ долуш /и шун маттахь хиларца/‚ шу хьекъале ца хуьлу? |
11. |
Мас йохийна Оха зуламе хилла йолу юрт! Кхиира царел тIаьхьа кхин къаьмнаш. |
12. |
Шайна Тхан ницкъ хаабелча‚ уьш цунах сиха бовду /гIерта/. |
13. |
“Ма довда! Духадерза шу шена чохь /хьалха/ ниIмат хиллачу /дахарна/‚ шайн хIусамашка. Шуьга /барт/ хатта мегара”. |
14. |
Цара элира: “Бала бу-кх тхуна! Баккъалла а, тхо хилла-кх зуламхой!” |
15. |
И церан кхайкхам ца сецира Оха шайх ялтан канаш хиллийтталц‚ шаьш дIатийна буьсуш. |
16. |
Оха ца кхоьллина стигал а‚ латта а‚ цаьршинна юккъехь ерг а‚ ловзуш хилла /эрна/. |
17. |
Тхо хиллехьара синкъерам безаш /зудчунца я доьзалхочунца/‚ Оха и эцна хир бара Тхайгара /Тхан гергахь болчу хьурулIинех а, маликех а/‚ Оха и деш хилча. |
18. |
ХIаъ‚ Оха бакъдолчуьнца туху харцдолчунна тIе – цо и дайа‚ и хIаллакьхуьлу‚ шуна бала бу шаьш /харц/ дуьйцучух. |
19. |
Цуьнан бу стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел берш. Цунна гергахь берш кура ца бовлу Цунна Iибадат дан‚ кIад ца ло уьш. |
20. |
Цара тасбахь до буьйсанна а‚ денна а‚ уьш лагI ца луш. |
21. |
Ткъа цара эцна-те делий лаьттах, цара денбеш /белларш/? |
22. |
Цу шиннахьа а АллахI воцург /кхин/ делий хиллехьара – уьш шиъа хIаллакьхилла хир яра. Вонах цIена ву и Дела‚ Iаьршан да волу‚ /лекха ву И/ цара дуьйцучух. |
23. |
Цуьнга ца хотту Цо дечух‚ цаьрга хоттур ду. |
24. |
Ткъа цара лецна И воцург /кхин/ делий? Ахьа ала: “Даладе шайн тешаллаш! ХIара хьехам бу соьца болчеран а /КъурIан/‚ соьл хьалха хиллачеран а /Товрат а, Инжил а, кхин жайнаш а – церанчохь массанхьа а Дела цхьаъ хилар чIагъдеш ду/. ХIаъ‚ дукхахболчарна ца хаьа бакъдерг‚ уьш дуьхьалбевлла”. |
25. |
Оха ца ваийтина хьоьл хьалха цхьа а элча‚ Оха шега вехьеца хоуьйтуш бен кхин дела вац Со бен‚ Суна Iибадат дейша‚ аьлла. |
26. |
Цара элира: “Лаьцна Къинхетам болчо доьзалхо”. Вонах цIена ву Иза! Уьш-м сийлахь болу леш бай! |
27. |
Уьш /пайхамараш/ Цул хьалха ца бовлу дашца‚ уьш Цуьнан омраца гIуллакх деш бу. |
28. |
Цунна хаьа церан хьалхахь дерг а‚ церан тIаьхьахь дерг а, цара шапаIат дийр дац Иза шена реза хиллачунна бен‚ уьш Цунах кхерарх эгош бу. |
29. |
Милла велахь а‚ царех олуш: “Со ву дела‚ Иза а воцуш”‚- цунна бекхам бийр бу Оха жоьжахатица. Иштта бекхам бо Оха зуламхошна. |
30. |
Цатешачарна ца го-техьа стигланаш а‚ латта а хилла хилар вовшех хоттаделла? Оха уьш къастийра! Хилийтира хих массо дийна хIума. Уьш ца теша-те? |
31. |
Оха хилийтира лаьттахь лаьмнаш‚ иза цаьрца чIагIдалийтархьама. Оха хилийтира цу чохь тогIин некъаш – уьш нийсачу новкъа баха мегар-кх. |
32. |
Оха хилийтира стигалах ша Iалашбеш болу тхов‚ ткъа уьш цуьнан /стиглан/ аятех бухарбуьйлуш бу /ойла ца еш/. |
33. |
Иза ву Ша кхоьллинарг буьйса а‚ де а‚ малх а‚ бутт а. Массо шен меттехь нека деш ю. |
34. |
Оха ца хилийтина адамна хьоьл хьалха а абаде. Ткъа хьо велча уьш гуттар лаьттар болуш бу-те? |
35. |
Массо сино Iовшур ду далар. Оха зуьйр ду шу вонаца а‚ диканца а питана хилла. Тхуна тIе духадерзор долуш а ду шу. |
36. |
Цатешачарна хьо гича‚ хьо сийсазвой бен тIе ца лоцу цара: “ХIара ву шун делий хьехош верг?” Ткъа уьш Къинхетам берг хьехорна керста бу. |
37. |
Адам кхоьллина сихонах. Гойтур ду Аса шуна Сан делилаш‚ аша Со сих ма ве! |
38. |
Цара олу: “Маца хир ю и ваIда /кхочуш/‚ шу бакълуьйш делахь?” |
39. |
Хаахьара цатешачарна шаьш шайн яххьашна тIера а, шайн баккъашна тIера а цIе дIа тоьттур йоцу‚ шайна гIо хир доцу хан! /Ма сих дийр дацра цара тIаккха и Делан Iазап/! |
40. |
ХIаъ‚ царна тIе догIур ду и /Къематде/ цIеххьана‚ уьш хьере бийр бу цо‚ царна могур дац и духатоха‚ уьш /цунах/ тIаьхьатоттур а бац. |
41. |
Сийсазбина элчанаш хьоьл хьалха а. Царех /элчанех/ ца бешаш хиллачарех шайх хьакхаделира шаьш сийсаздеш хилларг. |
42. |
Ахьа ала: “Хьан лардийр ду шу буьйсанна а‚ дийнахь а Къинхетам болчух /Делах/?” ХIаъ‚ уьш шайн Кхиош-кхобург хьехорах бухарбевлла. |
43. |
Я церан делий бу-те уьш юхатухур болуш /Iазапах/ Тхо доцург? Царна могур дац шайна гIо дан а‚ уьш Тхоьх /Тхан Iазапах/ ларор ма бац. |
44. |
ХIаъ‚ Оха ниIматаш деллера хIокхарна а‚ церан дайшна а шайн тIехь оьмар яхъяллалц. Царна ца го-те Тхо дохкуш латта эшадеш шен йисташкахула? Уьш бу‚ ткъа‚ тоьлларш? |
45. |
Ахьа ала: “Баккъалла а, аса шуна кхерам тосу вехьеца. Ца хеза-кх къора болчарна кхайкхам шайна кхерам тосуш”. |
46. |
Хьан Кхиош-кхобучун Iазапан хIо хьакхаро шаьш схьалецча цара эр ду: “Ма /боккха/ бала бу-кх тхуна! Тхо хилла-кх зуламхой!” |
47. |
Оха хIиттор ю Къематденна нийсонан терзанаш‚ зулам дийр дац сина /цхьана а/ хIуманца. КIоллан буьртиган барамехь ерг а дIалур ю Оха. Хьесап дийраш хила кхачо ю Тхан. |
48. |
Оха белира Мусага а‚ ХIаруне а къастам а‚ серло а‚ хьехам а /Делах/ кхоьруш болчарна. |
49. |
Ишттанаш бу уьш‚ шаьш кхоьруш шайн Кхиош-кхобучух‚ И гуш воццушехь‚ уьш бу сахьтах /кхоьруш/ бегабеш /эгош/. |
50. |
ХIара /КъурIан/ беркате хьехам бу‚ Оха ша боссийна болу. Аша цунна инкарло йо? |
51. |
Оха белира ИбрахIиме а хьалха шен нийса некъ‚ Тхо и вевзаш дара. |
52. |
Цо аьллера шен дега а‚ цуьнан къоме а: “ХIорш хIун суьрташ ду‚ шу шайна гуора оьхуш долу?” |
53. |
Цара элира: “Тхуна тхан дай а карийна-кх царна Iибадат деш”. |
54. |
Цо элира: “Шу а‚ шун дай а хилла-кх билгалчу тиларчохь”. |
55. |
Цара элира: “Хьо тхуна веъна-те бакъдолчуьнца‚ я хьо забар ечарех ву-те?!” |
56. |
Цо элира: “ХIаъ‚ шун Кхиош-кхобург ву стигланийн а‚ лаьттан а Кхиош-кхобург‚ Ша уьш кхоьллина а ву /хIумма йоцчу хIуманах/‚ со оцунна тIехь тешалла дечарех ву. |
57. |
Делаца дуй боу аса шун цIушна янне а мекарло йийр ма ю аса шу /царех/ гена девллачул тIаьхьа‚ баккъаш берзийна”. |
58. |
ТIаккха цо царех кийсакаш йира‚ церан йоккханиг йиссалц – уьш цунна тIе берза мегара. |
59. |
Цара элира: “Хьан дина хIара вайн делашна? Баккъалла а, и зулам диначарех ву-кх!” |
60. |
Элира: “Тхуна хезира цхьа кIант уьш /вай делий/ хьехабеш‚ цунах ИбрахIим олу”. |
61. |
Элира: “Схьавалаве иза нехан бIаьргашна хьалха – цара тешалла дан мегара”. |
62. |
Цара элира: “Ахьа дина хIара тхан делашна‚ хIай ИбрахIим?” |
63. |
Цо элира: “ХIан-хIа. И дина хIокхучарех воккхучо. Аша цаьрга хаттийша‚ уьш бистхуьлуш хиллехь!” |
64. |
Уьш шайна тIебирзира‚ цара элира: “Баккъалла а, шу ду-кх зуламхой!” |
65. |
ТIаккха уьш шайн кортошна тIе охьабахийтира: “Хьуна ма хаьий уьш бист ца хуьлий”. |
66. |
Цо /ИбрахIимо/ элира: “Ткъа аша Iибадат до‚ Дела а вуьтий‚ шайна хIумманца а пайда ца бечунна‚ зен ца дечунна? |
67. |
Туф! Шуна а‚ Дела а витина‚ аша Iибадат дечарна а! Шу хьекъале ца хуьлу-те?” |
68. |
Цара элира: “Вагаве и /ИбрахIим/‚ гIо де шайн делашна‚ шаьш /гIуллакх/ деш хиллехь!” |
69. |
Оха элира: “ХIай цIе! Хьох хилалахь ИбрахIимна шело а‚ маршо а”. |
70. |
Царна йийзира цунна дуьхьал мекарло – Оха уьш хилийтира доккха зен хиллачарех. |
71. |
Оха кIелхьараваьккхира иза а‚ ЛутIа а‚ ша Оха Iаламашна беркате динчу лаьтта. |
72. |
Оха цунна велира Исхьакъ а‚ кхин совгIатана ЯIкъуб а. /Уьш/ берриге а хилийтира диканаш. |
73. |
Оха царех хилийтира тхьамданаш. Тхан омраца шаьш /нахана/ нийса некъ гойтуш‚ Оха цаьрга хаийтира диканаш дар а‚ ламаз хIоттадар а‚ закат далар а‚ уьш хилира Тхуна Iибадат деш. |
74. |
ЛутIана а делира Оха хьукма а‚ Iилма а‚ Оха и кIелхьараваьккхира юьртара ша боьханаш деш хилла йолчу‚ баккъалла а, уьш хилира вонан нах‚ песакъаш. |
75. |
Оха иза /ЛутI пайхамар/ воьллира Тхан къинхетам чу. Баккъалла а, иза дикачарех ву. |
76. |
Нухь а‚ цо кхайкхира хьалха‚ Оха цунна жоп делира‚ кIелхьараваьккхира иза а‚ цуьнан доьзал а боккхачу баланах. |
77. |
Оха ларвира иза Тхан аяташ харцдинчу нахах. Баккъалла а, уьш бара вочу хIуманан нах‚ Оха уьш берриге /хина/ бухабахийтира. |
78. |
Давудана а‚ Сулейманна а‚ шаьшшиммо хьукма дечу хенахь /ялтин/ аренах лаьцна‚ ша нехан уьстагIаша хьаьшна хилла йолчу. Тхо хилира церан хьукманан тешаш. |
79. |
Оха цунах /хьукмех/ кхетийтира Сулейман а. Массарна Оха делира хьукма а‚ Iилма а. Оха муьтIахь дира Давудана лаьмнаш – цара тасбахь а деш‚ олхазарш а‚ тхо хилира /гIуллакх/ дийраш. |
80. |
Оха цунна Iамийра шуна бедарш яр‚ цара шу Iалашдархьама шун ницкъах‚ аш баркалла ца олу? |
81. |
Сулейманна а /муьтIахь бира Оха/ мох-дарц хуьлуш‚ дIа-схьа лелаш Тхан омраца лаьттахула‚ Оха ша беркате дина хиллачу. Тхо хилла массо хIума хууш дерш. |
82. |
ШайтIанех а хилла цунна /хIорда/ чу лелхаш‚ и доцург а‚ кхин белхаш а беш‚ Тхо хилира уьш Iалашдийраш. |
83. |
Аюб а /хьахаве/. Цо кхайкхира шен Кхиош-кхобучуьнга: “Со балано лаьцна‚ Хьо къинхетам болчарех а уггар къинхетам берг ву-кх”. |
84. |
Оха цунна жоп делира‚ айбира цуьнца хилла бала‚ белира цунна шен доьзал а‚ цаьрца цхьаьна царах тераниг‚ Тхан гергара къинхетам хилла‚ Iибадат дечарна хьехам а хилла. |
85. |
/Хьахаве/ ИсмаIил а‚ Идрис а‚ Зуль-Кифл а‚ массо а собаре хиллачарех бу. |
86. |
Тхан къинхетамчу бахийтира Оха уьш. Баккъалла а, уьш дикачарех бу. |
87. |
Зун-Нун а‚ дIавахара иза оьгIазвахана‚ цунна моьттура Тхан ницкъ кхочур бац шена тIехь‚ тIаккха цо кхайкхира боданехь: “Хьо воцург кхин Дела вац‚ вонах цIена ву-кх Хьо‚ со хилла-кх зулам диначарех”. |
88. |
Оха цунна жоп делира‚ и кIелхьараваьккхира сингаттамах‚ иштта кIелхьарабоху Оха муъма нах. |
89. |
Закарийа /хьахаве/‚ цо кхайкхира шен Кхиош-кхобучуьнга: “Со Кхиош-кхобушверг‚ ма витахь со цхьан‚ Хьо ирс лучарех уггар диканиг ма вара!” |
90. |
Цунна а жоп делира Оха‚ велира цунна /кIант/ Яхьъя‚ Оха цунна тоялийтира цуьнан зуда. Баккъалла а, уьш хилира сихлуш диканаш дарехь‚ Тхоьга кхойкхура догдохуш /Тхан дикане/‚ кхоьруш /Тхан Iазапах/. Уьш хилира Тхоьх кхоьруш. |
91. |
И шен дегI Iалашдинарг а /хьехайе/‚ Оха цу чу Тхан синах хIуп элира‚ цунах а‚ цуьнан кIантах а /массо/ Iаламна делил хилийтира Оха. |
92. |
Баккъалла а, хIара шун уммат цхъа уммат ду‚ Со шун Кхиош-кхобушверг а ву‚ Суна Iибадат дейша. |
93. |
Цара (тIаьхьабогIучара) дийкъира шайн гIуллакх вовшашна юкъахь. Дерриге а Тхуна тIе духадоьрзу. |
94. |
Диканаш деш верг‚ ша муъма волуш – хир дац цуьнан къахьегарна инкарло‚ баккъалла а, тхо цунна яздеш ду. |
95. |
Хьарам ду Оха ша хIаллакйинчу юьрта (-н дай) бухаберза |
96. |
Яъжуж а‚ Маъжуж а гучубовллалц? Уьш массо гу лакхарчу меттигашкара тIегIертар бу. |
97. |
Гергаеана бакъйолу ваIда‚ цатешаш хиллачеран бIаьргаш тIебаьлла: “Ма бала бу-кх вайна‚ вай дар-кх хIара тергал ца деш‚ вай хилла-кх зулам динарш”. |
98. |
Баккъалла а, шу‚ Дела а витина‚ аша шайна Iибадат деш берш а‚ жоьжахатин ягориг ю‚ шу цу чу гIур долуш а ду. |
99. |
Уьш делий хиллехьара – цу чу гIур бацара‚ массо а цу чохь гуттар лаьттар ву. |
100. |
Царна цу чохь хала са ийзар а ду‚ царна цу чохь хезар а дац. |
101. |
Баккъалла а, шайна Тхоьгара диканиг хьалхадаьлларш – уьш цуьнан /жоьжахатина/ генахь хир бу. |
102. |
Царна хезар дац цуьнан /жоьжахатин/ шах-ших а‚ уьш шай синошна дезначохь гуттар лаьттар бу. |
103. |
Уьш сингаттаме бийр бац бокхачу кхерамо‚ царна дуьхьалкхетар ду маликаш /олуш/: “ХIара ду шун де‚ шуна хир ду аьлларг”. |
104. |
Оцу дийнахь Оха тIегулйийр ю стигал‚ жайнан кехаташ тIегулдаре терра. Оха дуьххьара кхоллар долоре терра‚ карладоккхур ду иза Тхан тIехь хилла йолчу ваIдица. Баккъалла а, Тхо хилла /гIуллакх/ деш дерш. |
105. |
Оха яздинера Забура чохь хьехамал тIаьхьа: “Лаьттах ирс оьцур ду Сан дикачу леша”. |
106. |
Баккъалла а, хIокху чохь кхоччуш кхетам бу Iибадат дечу нахана. |
107. |
Оха ца ваийтина хьо /массо/ Iаламна къинхетам хилла бен. |
108. |
Ахьа ала: “Суна вехьеца хаийтина шун Дела цхьаъ вуйла‚ шу муьтIахь хуьлий?” |
109. |
Уьш дIаберзахь‚ ахьа ала: “Аса дIакхайкхийна шуьга цхьанисса‚ суна ца хаьа герга ду‚ я гена ду шуна ваIда йинарг. |
110. |
Баккъалла а, Цунна /Далла/ хаьа дашах хезаш дерг а‚ Цунна хаьа аш къайладоккхуш дерг а. |
111. |
Суна ца хаьа и /шуна таIзар ца деш тIаьхьа таттар/ хила тарло шуна питана /зер/ а‚ я цхьа хан яллалц бахам а”. |
112. |
Ахьа /хIай пайхамар/ ала: “Сан Кхиош-кхобушверг‚ Ахьа де-кха бакъонца хьукма. Тхан Кхиош-кхобург ву Къинхетаме верг‚ Шегара гIо эца дезаш верг аша сипат дечунна тIехь”. |