19. МАРЬЯМ

1.

Каф-хIа-йа-Iайн-сад.

2.

Шен лех Закарийах хьан Кхиош-кхобучо /бина болу/ къинхетам хьехор /ду хIара/.

3.

Цо кхайкхира шен Кхиош-кхобучуьнга къайлах кхайкхарца.

4.

Элира: “Сан даьIахкаш ледар евлла сол‚ /сан/ корта буьзна къоьжачу чоьша‚ со ца
хилира Хьоьга кхайкхарехь‚ /везан/ Дела‚ декъазниг /Ахьа сан доIийна жоп ца луш
ца вуьтура со – жоп лохьа суна хIинца а/.

5.

Со кхоьру соьл тIаьхьа буьсучу сан гергарчарех /цара Хьан дин дIатасарна/‚ зуда
а ю сан бер ца хуьлуш‚ лохьа суна Хьайгара доьзалхо.

6.

Сан ирс оьцур цо‚ ЯIкъубан доьзалан ирс а оьцур цо‚ ахьа хилийталахь иза‚ со
Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ /Хьо шена/ реза волуш”.

7.

“ХIай Закарийа! Оха кхаъ боккху хьуна кIантаца‚ шен цIе Яхья йолчу. Ца хилийтина
Оха цул хьалха и цIе ерг”.

8.

Цо элира: “Со Кхиош-кхобург‚ мичара хир вара суна кIант?! Сан зуда а бер ца
хуьлуш ма ю‚ со а воккхаллехь дукха беркъа ма ваьлла”.

9.

Цо /Делан малико/ элира: “Иштта аьлла хьан Кхиош-кхобучо: “И Суна /дукха/ атта
ду‚ хьо а кхоьллина Аса хьалха‚ хьо хIумма а ма яцара”.

10.

Цо (Закарес) элира: “Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ цхьа билгало хилийтахь
суна!” Элира: “Хьуна билгало ю-кх ахьа нахе нийсса кхаа буьйсанна хабар ца
дийцар”.

11.

ТIаккха шен нах болчу аравелира иза михьраба чуьра‚ цо цаьрга хаийтира ишар
ярца: “Тасбахь делаш /Далла/ Iуьйранца а‚ суьйранца а”‚- аьлла.

12.

/Дала элира/: “ХIай Яхья! Схьалаца жайна ницкъаца! “Оха делира цуьнга хьукам и
жима кIант волуш.

13.

Тхан гергара къахетар а‚ цIеналла а /дара иза/. И хилира /Делах/ кхоьруш а,

14.

Дена-нанна дика а /хилира и/‚ и вацара /нахана/ ницкъ бийриг а‚ Iеса верг а.

15.

Салам ду цунна и дуьнена ваьллачу дийнахь а‚ и лийр волчу дийнахь а‚ и вуха
/гIаттийна/ денвийр волчу дийнахь а.

16.

Ахьа хьахае жайна чохь Марьям. Жимма генаелира иза шен нахах малхбалечу меттиге.

17.

ТIаккха цо лецира шена царна дуьхьал пардо. Оха дахийтира цунна тIе Тхан Са‚ и
тарделира цунна боккъала долчу адамах.

18.

Цо элира: “Со Къинхетам болчуьнца /Делаца/ ларло хьоьх‚ хьо /Делах/ кхоьруш
хиллехь”.

19.

Цо /Джабраил малико/ элира: “Со хьан Кхиош-кхобучун элча ву‚ хьуна цIена кIант
вала веъна”.

20.

Цо /Марьяма/ элира: “Мичара хир ву суна кIант! Соьх адам а хьакха ца делла‚ со
нахаца лелаш а ца хилла”.

21.

Цо элира: “Иштта аьлла хьан Кхиош-кхобучо: “И суна атта ду”. И /Iиса пайхамар/
хуьлуьйтур ду Оха нахана делил а‚ Тхайгара къинхетам а. ГIуллакх кхочушхилла”.

22.

И цунах берах йисира‚ тIаккха и цуьнца генаелира генарчу меттиге.

23.

Бер хиларо и ялийра хурман диттан гIад долчу‚ цо элира: “Елла елахьара со
хIокхул хьалха – йицъелла яьлла хир яра со!”

24.

Цо /Джабраил малико/ цуьнга кхайкхира цуьнан /хурман диттан/ кIелара: “ГIайгIане
ма йожа‚ хьан Кхиош-кхобучо хьуна бухахь /хин/ татол хилийтина.

25.

ДIасаластаде хьайна хурман диттан гIад‚ цо егор ю хьуна мадъелла тIеда хурманаш.

26.

Даа‚ мала‚ бIаьрг бекхабе (йоккха еда). Хьайна нахах милла гахь а‚ ала: “Со
Къинхетам болчунна /Далла/ марха лаца ваIда йина ю‚ со тахана йист хир яц адамме
а”.

27.

ТIаккха и яхара цуьнца /бераца Iисаца/ шен нах болчу‚ ша и хьош /шен карахь/‚
цара элира: “ХIай Марьям‚ ма тамашийна хIума деъна ахьа!”

28.

“ХIай ХIарунан йиша! Хьан да ма ца хилла вон стаг‚ хьан нана ма ца хилла нахаца
лелаш”.

29.

Цо /Марьямо/ иза /шен кIант Iиса/ гайтира. Цара элира: “Тхо муха дист хуьлу ша
аганчохь бер долчуьнга?”

30.

Цо /Iисас/ элира: “Со Делан лай ву. Цо соьга жайна делла‚ Цо соьх пайхамар
хилийтина.

31.

Цо со декъала хилийтина со миччахь велахь а‚ суна весет дина Цо ламаз а‚ закат а
со дийна мел лаьтта.

32.

Сан нанна дика хилар а. Цо ца хилийтина со /нахана/ ницкъбийриг а‚ декъазниг а.

33.

Салам ду суна дуьнена ваьллачу дийнахь а‚ лийр волчу дийнахь а‚ юха /гIаттийна/
денвийр волчу дийнахь!”

34.

Иза ву Iиса‚ Марьяман кIант – бакъонан дош‚ цара шена чохь шеко еш долу.

35.

Далла ца хилла /там болуш/ шен доьзалхо лаца. Вонах цIена ву Иза. Ша цхьа
гIуллакх кхочушдеш‚ Цо цуьнга олу: “Хила!” – иза хуьлу.

36.

“АллахI – сан Кхиош-кхобург ву‚ шун Кхиош-кхобург а ву‚ Цунна Iибадат дейша.
ХIара бу нийса некъ”.

37.

Оцарех тобанийн юккъехь хилпалонаш хилира: бала бу тешаш хиллачарна дезачу
/къемат/ дийнахь гур долчух.

38.

Ма билгала хозур ду царна, ма къаьггина гур ду царна шаьш Тхуна тIедаьхкинчу
/къемат/ дийнахь! Делахь а зуламхой тахана билгалчу тиларчохь бу.

39.

Кхерам таса царна баланан /къемат/ дийнаца‚ гIуллакх кхочушхилла уьш тидаман
чохь боцуш‚ уьш цатешаш болуш.

40.

Баккъалла а, Оха ирсана оьцу латта‚ цунна тIехь мел верг а‚ Тхуна тIе бухаберзор
болуш бу уьш а.

41.

Хьехаве жайна чохь ИбрахIим. Баккъалла а, иза хилла бакълуьйш верг а‚ пайхамар
а.

42.

Цо аьллера шен дега: “Дади‚ ахьа хIунда Iибадат до ша шена хезаш йоцчу‚ шена гуш
йоцчу‚ ша хьо цхьана а хIуманах кIелхьара воккхуш воцчу хIуманна?

43.

Дади‚ соьга деъна Iилманах хьоьга ца деънарг‚ суна тIаьхьахIотта – аса нийсачу
новкъа вуьллур ву хьо.

44.

Дади‚ шайтIанна Iибадат ма дехьа. Баккъалла а, шайтIа Къинхетам болчунна /Далла/
Iеса хилла.

45.

Дади‚ со кхоьру Къинхетам болчуьнгара Iазапо хьо лацарна – тIаккха хьо шайтIанан
доттагIа хир ву”.

46.

Цо /ИбрахIиман дас/ элира: “Ткъа хьо къаьхка сан делех‚ хIай ИбрахIим? Хьо ца
сацахь‚ аса хьуна деттанне а тIулгаш деттар ма ду. Генавала суна цхьана ханна!”

47.

Цо /ИбрахIима/ элира: “Салам ду хьуна. Аса гечдар доьхур ду хьуна сан
Кхиош-кхобучуьнга‚ Иза соьца къинхетаме хилла.

48.

Шух а дIакъаьста со‚ аша‚ Дела а витина‚ шена Iибадат дечух а. Аса Iибадат до
сан Кхиош-кхобучуьнга‚ со ца хила тарло сан Кхиош-кхобучуьнга Iибадат дарца
декъазниг”.

49.

Иза царех а‚ Дела а витина‚ цара шена Iибадат дечух а дIакъаьстича‚ Оха цунна
велира Исхьакъ а‚ ЯIкъуб а – хIораннах хилийтира Оха пайхамар.

50.

Оха белира царна Тхан къинхетамах /даьхний а‚ доьзал а/‚ Оха хилийтира царна
бакъдолчун мотт лекхачу даржехь.

51.

Хьехаве жайна чохь Муса. Баккъалла а, иза вара /Дала Шена/ къастинарг‚ иза вара
элча а‚ пайхамар а.

52.

Оха цуьнга кхайкхира ламанан аьтту агIорхьара‚ гергавалийра иза къайлахчу
къамелана.

53.

Оха велира цунна Тхан къинхетамах шен ваша ХIарун пайхамар хилла.

54.

Хьехаве жайнахь ИсмаIил. Баккъалла а, иза вара ваIда бакъьеш верг‚ и вара элча
а‚ пайхамар а.

55.

Иза хуьлура шен охIланна омра деш ламазций‚ закатций‚ и вара шен Кхиош-кхобучун
гергахь шена /Иза/ реза верг.

56.

Хьахаве жайнахь Идрис. Баккъалла а, иза вара бакълуьйш верг а‚ пайхамар а.

57.

Оха хьалаваьккхира иза лекхачу меттиге.

58.

Уьш бу пайхамарех Дала шайна ниIмат делларш Адаман зуьретах‚ Оха Нухьаца
лелийначарех‚ ИбрахIиман а‚ Исраилан а зуьретах‚ Оха шаьш нисбинчарех а‚
хаьржинчарех а. Шайна Къинхетам болчун аяташ дешча – охьа гора гIора уьш сужд
дарца а‚ белхарца а.

59.

Царел тIаьхьа цхьа тIаьхье хилира ша ламаз дойуш‚ шовкъашна тIаьхьахIоьттина.
ТIаьхьа хIаллакхиларна дуьхьал гIур бу уьш.

60.

Тоба динарг а‚ иман диллинарг а‚ дика Iамал йинарг а воцург. Уьш ялсамани чу
гIур бу‚ царна хIумма зулам дийр дац.

61.

Iаднан бошмашна чу‚ Къинхетам болчо Шен лешна ваIда йина йолчу гуш йоцуш.
Баккъалла а, Иза вара Шен ваIда кхочушхир йолуш.

62.

Царна цу чохь деса хабар хезар дац‚ “Салам” бен‚ царна шайн рицкъа хир ду цу
чохь Iуьйранна а‚ суьйранна а.

63.

И ялсамани ю Оха ирсана луш Тхан лех /Делах/ кхоьруш хиллачунна.

64.

“Тхо охьа ца дуссу хьан Делан омраца бен. Цуьнан ду вайн хьалха дерг а‚ вайн
тIехьа дерг а‚ оцарна юккъехь дерг а. Ца хилла хьан Кхиош-кхобург вицлуш”.

65.

Стигланийн а‚ лаьттан а‚ царна юккъехь мел долчун а Кхиош-кхобург ву иза‚ Цунна
Iибадат де‚ Цунна Iибадат дар тIехь собар а де. Хьуна вевзий Цуьнан цIерхо?

66.

Адамо олу: “Со велча тIаьхьа денвина аравоккхур ву?”

67.

Дага ца догIу-те адамна Оха ша кхоьллина хилар хьалха – и хIумма ма яцара?

68.

Хьан Кхиош-кхобучух дуй боу‚ Оха гулбийр ма бу уьш а‚ шайтIанаш а‚ тIаккха
жоьжахатин гонаха балор ма бу горабахана.

69.

ТIаккха Оха схьавоккхур ву хIора тобанах Къинхетам болчунна дуьхьало ярца уггар
чIогIа верг.

70.

ТIаккха Тхо дика хууш ду шаьш цу чохь бага там берш.

71.

Шух ма вац цу чу гIуш верг бен. Хьан Кхиош-кхобучун и хилла сацам боллуш
кхочушхилларг.

72.

ТIаккха Оха кIелхьарабохур бу шаьш /Делах/ кхоьруш хилларш‚ зуламхой буьтур бу
Оха цу чохь горабахана.

73.

Шайна билгала долу Тхан аяташ дешча‚ цатешачара элира иман диллинчаьрга: “/Вайх/
шиннах муьлха тоба ю дика бахамца‚ вовшашца цхьаьнакхетарца хаза?”

74.

Мел хIаллакйина Оха царел хьалха тIаьхьенаш‚ оцарел мелхо хаза йолуш хьолаца а‚
гарца а!

75.

Ахьа ала: “Милла хиллехь а тиларчохь‚ Къинхетамболчо яхйо цунна хан /балане ца
лоцуш/, шайна ваIда йинарг галц я /дуьненан/ Iазап‚ я сахьт – тIаккха хуур ду
царна‚ мила ву вон верг меттигаца‚ уггар ледар верг эскарца.

76.

Совбоху Дала нисбалагIертарш нийсачу некъаца. Бухаюьсу дика Iамалш тоьлу хьан
Кхиош-кхобучун гергахь мелаца‚ тоьлу духадерзор долчуьнца а.

77.

Хьуна гирий и Тхан аятех цатешнарг? Цо элира: “Суна ланне а лур бу бахам а‚
доьзал а”.

78.

Къайлах дерг гучудаьлла-те цунна я Къинхетамболчуьнгара ваIда эцна-те цо?”

79.

ХIан-хIа! Оха яздийр ду цо бохург‚ яхйийр ю цунна Iазапан хан яхйарца.

80.

Тхуна тIе доьрзу цо мел бохург‚ Тхуна тIе вогIур ву иза цхьа /даьхний а‚ доьзал
а боцуш/.

81.

Цара лаьцна Дела воцург /кхин/ делий‚  шайна царех сий хилархьама.

82.

ХIан-хIа! Церан Iибадатна керсталла дийр ду цара‚ царна мостагIий хир бу царех.

83.

Хьуна ца го‚ Оха шайтIанаш дахийтина керстанашна тIе цара уьш луьйра къиношна
тIекхойкхуш (уьш царна хаздеш)?

84.

Сих ма ло царна. Оха царна дагардеш ду /денош/ дагардарца.

85.

Оцу /къемат/ дийнахь Оха гулбийр бу /Делах/ кхоьрурш Къинхетамболчунна тIе
тIехевшина.

86.

Оха лохкур бу къинош динарш жоьжахате гIаш.

87.

ШафаIатан да хир вац ша Къинхетамболчуьнгара ваIда эцнарг а бен.

88.

Цара элира: “Къинхетамболчо доьзалхо лаьцна /шена/”

89.

Ирча хIума деъна аша.

90.

Стигланаш этIаран герга ду цунах‚ латта дадаран‚ лаьмнаш доьхна дегаран /герга
ду/

91.

Цара Къинхетамболчунна доьзалхо кхайкхарна.

92.

Там бац Къинхетам болчунна доьзалхо лаца.

93.

Массо а стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел верг ма вац Къинхетам болчунна тIе лай
хилла вогIур волуш бен.

94.

Цо церан хьесап дина‚ багарбина уьш багарбарца.

95.

Уьш массо а Цунна тIе богIур бу шаьш-шаьш.

96.

Баккъалла а, иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а – царна Къинхетамболчо безам
хуьлуьйтур бу.

97.

Баккъалла а, Оха атта дина и /КъурIан/. Хьан маттахь хьоьга /Делах/ кхоьручарна
цуьнца кхаъ баккхийта‚ луьрачу къомана цуьнца кхерам тасийта.

98.

Мел хIаллакйина Оха царел хьалха тIаьхьенаш‚ хаалой хьуна царех цхьа а‚ я хезий
хьуна церан тата а?”.