1. |
Хастам бу Далла‚ Ша Шен лега жайна доссийначу‚ цунна гамо ца йинчу. |
2. |
Нийса хилла долу /жайна ду иза/, цунах /цатешачарна/ кхерам тасийта Шегара чIогIачу ницкъаца‚ шаьш диканаш деш болчу муъма нахана кхаъ баккхийта, шайна хаза ял хиларца. |
3. |
Уьш цу чохь лаьтташ гуттар. |
4. |
Кхерам таса, шаьш аьллачаьрна: “Дала доьзалхо лаьцна”. |
5. |
Царна цуьнца Iилма дац‚ церан дайшна а. Доккха хили церан багахула долу дош. Харцдерг ма ду цара олуш дерг. |
6. |
Хьо хила мега хьайн дог дохош царна тIехь‚ хIокху хабарех а тешац-те уьш‚ бохуш, халахеташ. |
7. |
Оха лаьтта тIехь мел дерг хаздина цуна (лаьттана), уьш зерхьама: муьлха ву-те Iамалца уггар хазаниг? |
8. |
Оха хуьлуьйтур ю цу тIехь мел ерг декъа латта. |
9. |
Я хьо моьттуш вара-те и нокхин дай а‚ ракъим а Тхан аятийн /юккъехь/ тамаше хIума ду? |
10. |
Цхьа къонахий ма лечкъира нокхи чу‚ цара элира: “Тхан Кхиош-кхобушверг‚ Хьан гергара къинхетам лолахь тхуна‚ атта делахь тхуна тхайн гIуллакхехь нисдалар”. |
11. |
Оха туьйхира церан лергийх /кирхьа/, нокхин чохь масийтта шо /делира церан/. |
12. |
ТIаккха Оха уьш денбира, Тхайна /нахана гучадоккхуш/ хаархьама шинан тобанах муьлха ю цара яьккхина хан дика ягаръеш. |
13. |
Оха дуьйцу хьоьга церан хабар бакъдолчуьнца. Баккъалла а, уьш къонахий бара шайн Кхиош-кхобучух тешна‚ Оха совбехира уьш нийсачу некъаца. |
14. |
Оха чIагIдира церан дегнаш уьш хьалагIевттича‚ цара элира: “Тхан Кхиош-кхобушверг‚ стигланийн а‚ лаьттан а Эла ву хьо‚ Оха кхойкхур ма дац И воцчу Деле, – тIаккха Оха гIалат дерг эр ма дара! |
15. |
ХIокху тхан къомо Иза воцург делий лаьцна. Цара деънехьара царна тIехь билгала делил! Мила ву, ткъа, вуно зуламе ша Далла тIехь харцдерг кхоьллинчул?” |
16. |
“Нагахь санна шу царех а‚ цара Дела витина Iибадат дечух а дIакъаьстича‚ нокхечу дIалачIкъалаш – шуна баржор бу шун Кхиош-кхобучо Шен къинхетамах‚ кечдийр ду шуна шун гIуллакхах гIо”. |
17. |
Хьуна го малх схьакхетча дIахьаьвзаш церан нокхех аьтту агIорхула‚ дIабуьзча – царех дIатуьлуш аьрру агIорхула уьш цунах, шуьйрачу меттигехь болуш. Иза Делан делилех ду. Дала нисвеш верг – иза нийса верг ву‚ Дала тилавала вуьтуш верг – цунна карор вац хьуна вали а‚ баьчча а. |
18. |
Хьуна моьтту уьш сема бу‚ ткъа уьш наб еш бу‚ Оха берзабо уьш аьтто агIор а‚ аьрру агIор а. Церан жIаьла шен ши ког а баржийна лаьтта неIсагIехь. Царна тIекхиънехь – вухавер вара хьо ведда‚ вузур вара хьо царех кхерарца. |
19. |
Иштта денбира Оха уьш, цаьрга вовшашка хеттийтархьама. Царех цхьана олучо элира: “Мел лаьттира шу?” Цара элира: “Тхо лаьттира цхьана дийнахь я дийнан декъашкахь?” Цара элира: “Шун Кхиош-кхобург дикахо хууш ву шу мел лаьттинехь а. Аша вахийта шайх цхьаъ хIокху кехаташца гIала. Лохийла цо уггар цIена кхача – цунах рицкъа дохьийла цо шуна‚ сакх хуьлийла иза‚ цхьаьнгге ма хоуьйтила цо шух лаьцна. |
20. |
Баккъалла а, уьш шуна тIенислахь, цара тIулгаш деттар ду шуна‚ я шу духадерзор ду шайн дине – тIаккха цкъеллига цкъа даккхийдер дац шу!” |
21. |
Иштта Оха /нах/ царна тIе нисбалийтира, царна хаийтархьама Делан ваIда бакъ юйла‚ сахьт /Къематде хIуттур долуш ду/ – цу чохь шеко йоцийла. Церан гIуллакхехь вовшашца галморзахбевлира уьш. Элира: “ГIишло е царна тIехь. Церан Кхиош-кхобург дика хууш ву царех”. Церан гIуллакх тIехь тоьллачара элира: “Царна тIехь маьждиг (ламаз ден меттиг) дийр ду вай”. |
22. |
Цара эр ду: “Кхоъ ву‚ церан доьалгIаниг – церан жIаьла ду”. Олу /цхьа кхечара/: “Пхиъ ву‚ церан ялхалгIаниг – церан жIаьла ду”‚ гучохь доцург хаа гIерташ. Олу /вукхара/: “ВорхI ву‚ церан борхIалгIаниг – церан жIаьла ду”. Ахьа ала: “Сан Кхиош-кхобург дика хууш ву церан терахь‚ уьш ца бевза кIеззигчарна бен”. Цаьрца ма къийса билгалдолчуьнца бен. Царех лаьцна цаьрга цхьаьнгге ма хетта. |
23. |
Ахьа алланне ма алалахь цхьана хIуманна тIехь: “Аса дийр ду иза кхана |
24. |
Далла лаахь”‚- олуш бен. Хьан Кхиош-кхобург дагаваийталахь хьуо вицвелча‚ алалахь: “ХIокхул нийсачунна герга вахийта мега со сан Кхиош-кхобучо”. |
25. |
Шайн нокхе чохь уьш лаьттира кхо бIе шарахь‚ /кхин/ исс /шо/ алсамбевлира уьш. |
26. |
Ахьа ала: “Дела дика хууш ву уьш мел лаьттира‚ Цуьнан ю стигланийн а‚ лаьттан а къайле”. Гайта цуьнца‚ ладогIийта! И воцург гIоьнча ма вац царна‚ Шен хьукамехь цхьа а накъост ца лоцу Цо. |
27. |
Ахьа дийца /Iамаде/ хьайга вехьеца деллачу хьан Кхиош-кхобучун жайнах. Вац Цуьнан дешнаш хийцадийриг‚ хьуна каронне а карор яц Иза Ша воцург дIавада меттиг. |
28. |
Собар дайта хьайн сине Iуьйранца-суьйранца шайн Кхиош-кхобучуьнга кхойкхучаьрца Цуьнан юьхь езаш. Хьайн ши бIаьрг дIа ма берзабе царех дуьненан хазалла езаш‚ хьо муьтIахь ма хила Оха шен дог Тхо хьехорна гIовпал диначунна а‚ шен дезаршна тIаьхьахIоьттинчунна а‚ – цуьнан гIуллакх кIелдисина хилла. |
29. |
Ахьа ала: “Бакъдерг ду шун Кхиош-кхобучуьнгара. Шена лиънарг тешийла‚ шена лиънарг ма тешийла”. Баккъалла а, Оха кечйина зуламхошна /жоьжахатин/ цIе‚ цуьнан лабано гобийр бу царех. Цара гIо дехахь‚ царна гIо дийр ду хица‚ ша лалийначу эчигах тера долчу, ша яххьаш ягаеш. Ма вон малар ду-кх! Вон хилла /церан/ гIортор! |
30. |
Баккъалла а, иман диллинарш а‚ диканаш динарш а, – баккъалла а, Оха эшор ма яц Iамалца хаза волчун ял. |
31. |
Уьш бу шайна Iаднан бошмаш ерш‚ шайн бухахула татолаш оьхуш‚ хазбийр бу уьш цу чохь дашо хьозанашца‚ цара тIедухур ду атласан а, ездарин а баьццара духар‚ цу чохь шаьш маьнганий тIетевжина лаьтташ. Ма дика мел бу-кх! Хаза хилла гIортор! |
32. |
Масална валаве царна ши стаг. Цу шиннех цхьанна Оха кемсийн ши беш хилийтина‚ царна шиннена гобина Оха хурманашца‚ царна шиннена юккъехь ялта хилийтина. |
33. |
Шина а бешо шен даар делира‚ цунах /стоьмийн/ хIумма ца ийшира. Царна юккъехула /хин/ татолаш хилийтира Оха. |
34. |
Цунна хилира стоьмаш, тIаккха цо шен накъосте элира и шега къамел деш волуш: “Со хьоьл мелхо алсам ву хьолаца‚ вуно веза ву гIоьнчашца”. |
35. |
И шен беша чоьхьавелира‚ шена зулам деш а волуш‚ цо элира: “Суна ца моьтту цкъеллига цкъа дIайовр ю /хIара беш/. |
36. |
Суна ца моьтту сахьт хIуттур ду. Со сан Кхиош-кхобучуьнга дIаверзавахь, суна каронне карор ду цул диканиг дIаверзарна”. |
37. |
Элира цуьнга цуьнан накъоста, ша цуьнга къамел деш волуш: “Ахь керстаналла до ткъа /Далла/, хьо кхоьллинчу поппарх‚ тIаккха тIадамах‚ тIаккха хьо ша нисвина волчух стаг хилла? |
38. |
Делахь а соьх лаьцна аьлча‚ Иза АллахI ву – сан Кхиош-кхобург‚ сан Кхиош-кхобучуьнца цхьа а накъост лоцур вац аса-м! |
39. |
Хьуо хьан бешан чоьхьа ваьлча‚ ахьа аьллехьара: “Ма шааллахI! Делаца бен ницкъ ма бац, хьуна со гуш велахь, хьайл кIезигаха хьолаций‚ доьзалшций. |
40. |
Мега сан Кхиош-кхобучо суна дала хьан бешал а диканиг‚ доссадан цуьнан /хьан беша/ тIе стиглара хьесап – тIаккха цунах шера айелла меттиг хуьлуш‚ |
41. |
Я цуьнан хи лекъаш‚ хьуна цкъа а ницкъ ца кхочуш и карадан. |
42. |
Гобира цуьнан стоьмех‚ и волавелира шен куьйгаш вовшех детта ша шена чохь харж ярна‚ ткъа иза /беш/ шен бух тIе йоьжна лаьтта‚ цо олу: “Ма лаьцна хиллехьара-кх аса сан Кхиош-кхобучуьнца цхьа а накъост!” |
43. |
Ца хилира цунна тоба ша цунна гIо деш‚ Дела воцург‚ и ша ца хилира шена гIо дан луш! |
44. |
Цигахь гIо – хьакъ-бакъ волчу Делан ду. И ву дика верг мел баларца а‚ дика верг /хаза/ тIаьхье хилийтарца а. |
45. |
Даладе царна масална дуьненан дахар: хих тера ду и‚ Оха ша стиглара доссийначу‚ тIаккха цунах ийнера лаьттан орамат – цунах хилира екъа яр‚ ша мохо яржаеш йолу. Хилира Дела массо хIуманна тIехь ницкъ болуш. |
46. |
Бахам а‚ кIентий а – дуьненан дахаран хазалла ю‚ бухадуьсуш долу диканаш тоьлу хьан Кхиош-кхобучун гергахь мелаца а‚ тоьла дог дахарца а. |
47. |
Оха лаьмнаш доладолуьйтучу /къемат/ дийнахь‚ хьуна гур ду латта хьалха таьIаш‚ Оха гулбийр бу уьш /Тхайна тIе/‚ бухавуьтур вац царех цхьа а. |
48. |
Хьан Кхиош-кхобучун хьалха хIуттур бу уьш могIийца: шу даьхкина Тхуна Оха дуьххьара шу ма-кхоьлли. Шу-м моьттуш ма дарий Оха шайна /цхьанакхетарна билгала/ хан тухур яц‚ аьлла. |
49. |
Охьадуьллур ду жайна‚ тIаккха хьуна гур бу къинош динарш цу чохь долчух кхоьруш‚ шаьш олуш: “Ма бала бу вайна‚ хIокху жайно-м буха ца дитина жиманиг а‚ я доккханиг а тергал ца деш! Царна карийра шаьш динарг хьалхадиллина. Зулам ца до хьан Кхиош-кхобучо цхьаннена а. |
50. |
Оха ма аьллера маликашка: “Сужд де Адамна”. Цара сужд дира иблис диссалц – и хилира жинех‚ цо дохийра шен Кхиош-кхобучун омра‚ ткъа аша лоцу иза а‚ цуьнан зуьрет а доттагIий а‚ Со а вуьтий‚ – уьш шуна мостагIий ма бу-й?! Ма вон ю-кх зуламхошна /шайн белхан/ дуьхьал эцнарг! |
51. |
Аса уьш тешаш ца хIиттийна стигланаш а‚ латта а кхолларан а‚ уьш шаьш кхолларан а‚ Со ца хилира тилабелларш гIоьнчий лоцург а. |
52. |
Оцу /къемат/ дийнахь Цо /Дала/ эр ду: “Кхайкха аша шаьш Сан накъостий бу‚ бохуш‚ чIагIбеш хиллачаьрга!” Цара кхайкхира цаьрга. Цара оцарна жоп ца делира‚ Оха хилийтира царна юккъехь хIаллакьхилар. |
53. |
Гира къинош диначарна цIе‚ царна хиира шаьш цу чу кхетар дуйла‚ ца карийра царна цунах дIасахьовзийла. |
54. |
Оха /къастош/ далийна хIокху КъурIан чохь нахана массо масал. Адам хилира вуно дуккха хIуманца къуьйсуш. |
55. |
Духа ца тоьхна нах /Делах/ тешарх цаьрга нийса некъ беъча‚ шайн Кхиош-кхобучуьнга гечдар дехарх а – цаьрга хьалхалерачийн гIиллакх даро бен‚ я цаьрга духьал Iазап даро бен. |
56. |
Оха ца бохкуьйту элчанаш кхаъ боккхуш‚ кхерам тосуш бен. Цатешачара харцдолчуьнца къуьйсу бакъдерг кIелдитархьама. Сан аяташ а‚ шайна кхерам теснарг а цабешаш тIелаьцна цара. |
57. |
Мила ву зуламе шена шен Кхиош-кхобучун аяташ хьехийна‚ тIаккха царех вухаваьллачул‚ шен куьйгаша хьалхадаьккхинарг дицдийначул? Баккъалла а, Оха церан дегнаш чу гIат диллина – тIаккха уьш цунах /КъурIанах/ ца кхета‚ церан лергаш чу /йиллина/ – къоралла. Ахьа уьш нийсачу новкъа кхайкхича а‚ цкъеллига цкъа нислур бац уьш. |
58. |
Хьан Кхиош-кхобург гечдийриг ву‚ /Шегахь/ къинхетам а болуш. Цара карийначуьнца Цо уьш /Iазапе я баламе/ лоьцуш белахьара‚ царна Iазап сихдийр дара Цо. Царна тоьхна хан ю‚ Иза воцург кIелхьара долийла карор ма яц царна. |
59. |
И ярташ‚ Оха хIаллакьйира уьш‚ цара зулам дича‚ уьш хIаллакбарна хан йиллира Оха. |
60. |
Мусас аьллера шен къонахе: “Со соцур вац ши хIорд вовшахкхетачу меттиге кхаччалц‚ я лелар ву еххачу заманахь”. |
61. |
И шиъ /хIорд/ вовшахкхетачу меттиге кхаьчча‚ царна шайн чIара бицбелира‚ ткъа цо шен некъ хIорда чу биллира, /лаьттахула/ Iуьрг доккхуш. |
62. |
ТIаккха шаьшшиъ /оцу меттигах/ чекхваьлча‚ цо элира шен къонахе: “Схьало вайна вайн кхача. Вайна а дуьхьалкхийти хIокху вайн некъах хало”. |
63. |
Цо (Мусаца хиллачу кIанта) элира: “Хьажахь! Вай чара йолчу дирзича, суна бицбелира чIара‚ шайтIано а бен суна и биц ца балийти‚ суна и дага ца бойтуш‚ ткъа цо шен некъ цхьа тамаше кепара хIорда чу биллира”. |
64. |
Цо (Мусас) элира: “И дара вайна дезаш хилларг”. ТIаккха и шиъ шайн тачанх бухабирзира. |
65. |
Царна шиннена карийра Тхан лех цхьа лай‚ Оха шена Тхан гергара къинхетам белла волу‚ Оха шена Тхайгара Iилма Iамийна волу. |
66. |
Мусас цуьнга элира: “Хьуна тIаьхьахIуттий со‚ ахьа суна Iаморхьама хьайна Iамийначух кIорггера бакъдерг?” |
67. |
Цо элира: “Хьуна маганне могур дац соьца собар дан. |
68. |
Муха дийр ду ахьа собар‚ хьайна шех хаар доцучуьнца”. |
69. |
Цо (Мусас) элира: “Хьуна карор ву со‚ Дала мукъалахь‚ собар деш‚ хьуна Iеса хир вац со‚ омра /кхочуш дарца/”. |
70. |
Цо элира: “Хьо суна тIаьхьахIоттахь‚ соьга ма хетталахь цхьана а хIуманах лаций‚ аса хьуна шех дерг дийццалц”. |
71. |
ТIаккха и шиъ дIаволавелира кеманна тIехаъалц – цо цунна Iуьрг даьккхира. Цо (Мусас) элира: “Iуьрг даьккхи ахьа цуьнан нах бухабахийтархьама‚ цхьа тамаше хIума ма ди ахьа!” |
72. |
Цо элира: “Аса ца элира: хьуна маггане могур дац соьца цхьаьна собар дан”. |
73. |
Цо (Мусас) элира: “Ахьа суна бехк ма билла со вицваларна‚ хало ма е суна /кху/ сан гIуллакхах”. |
74. |
ТIаккха и шиъ дIаволавелира цхьана кIантаца цхьаьнакхетталц – цо и вийра. /Мусас/ элира: “/Ванах/ ахьа цIена са дий-кха, сина дуьхьал а доцуш! Ма вон хIума ди-кх ахьа!” |
75. |
Цо элира: “Аса ца аьллера хьоьга: хьуна данне а соьца собар далур дац‚ аьлла?” |
76. |
Цо /Мусас/ элира: “Нагахь санна аса хьоьга хIума хаттахь хIокхул тIаьхьа – суна накъосталла ма де: соьгара бехказло ю хьуна”. |
77. |
ТIаккха и шиъ дIаволавеоира цхьана юьртан нахана тIекхаччалц. Цара цуьнан нахе даа хIума дийхира, ткъа цара дуьхьало йира цу шиннена хьошалла дан. Царна карийра цу чохь чир йожа йоллуш – цо иза ира хIоттийра. Элира /Мусас/: “Хьайна лиънехь цунах мах оьцур бара ахьа”. |
78. |
Цо элира: “ХIара суна а‚ хьуна а юккъехь къастар ду. Аса достур ду хьуна шеца собар дан ца мегнарг. |
79. |
Ткъа кема – мискачу нехан дара иза‚ хIордан чохь болх беш болчу. Суна лиира иза дохо – церан тIехьахь лаьтташ вара паччахь‚ массо кема схьалоцуш ницкъаца. |
80. |
Ткъа кIант – цуьнан да-нана муъма нах бара‚ тхо кхоьрура цо царна халахетийтарна /Далла/ муьтIахь цахиларца а‚ /Далла/ керста хиларца а. |
81. |
Тхуна лиира церан Кхиош-кхобучо цу шиннена, хийцина‚ цул диканиг /доьзалхо/ волийла‚ цIена волуш‚ къинхетамца мелхо а герга волуш. |
82. |
ТIкъа чир‚ и яра гIалахь шина кIентан – буоберийн‚ цунна бухахь цу шиннан хазна яра. Цу шиннан да вара дика Iамал йолуш стаг. Хьан Кхиош-кхобучунна лиира и шиъ пхийттара валийта‚ цаьрга шайн хазна схьаяккхийта‚ хьан Кхиош-кхобучуьнгара къинхетамца. Иза аса ца дина сан гIуллакхаца. И ду хьуна шена тIехь собардан ца мегначун тидар”. |
83. |
Цара хьоьга хоьтту: “Ши маIа йолчух” лаьцна. Ахьа ала: “Аса дуьйцур ду шуна цунах лаьцна хабар”. |
84. |
Баккъалла а, Оха чIагIвира иза лаьттахь‚ белира цунна /шен лааме кхача/ массо хIуманан некъ. |
85. |
Цхьана новкъа хIоьттира иза. |
86. |
Малхбузе кхаьчча‚ цунна карийра и дIабузуш боьхачу шовдане‚ цуьнан уллохь цхьа нах карийра цунна. Оха элира: “ХIай Ши маIа ерг! Я Iазап дийр ду ахьа‚ я ахьа цаьргахь къинхетам бийр бу”. |
87. |
Цо элира: “Ткъа зулам динарг милла велахь – тIаьхьа цунна Iазап дийр ду оха. ТIаккха шен Кхиош-кхобучунна тIеверзор ву иза – Цо Iазап дийр ду цунна халачу Iазапаца. |
88. |
Ткъа иман диллинарг а‚ дика Iамал йинарг а – царна хаза бекхам бу. Оха цуьнга эр ду тхан омрах атта дерг”. |
89. |
ТIаккха цхьана /кхечу/ новкъа хIоьттира иза. |
90. |
Малх кхетачу меттиге кхаьчча‚ цунна карийра и схьакхеташ цхьана нахана‚ Оха шайна цуьнан /малхан/ дуьхьал цхьа а хьулам ца хилийтина болу /бедар елахь а, тхов белахь а/. |
91. |
Иштта дIалецира Оха цуьнгахь дерг хаарца. |
92. |
ТIаккха цхьана /кхечу/ новкъа хIоьттира иза. |
93. |
Шина /лаьмнийн/ дуьхьалонан юккъе кхаьчча‚ цунна карийра царна бухахь /Зул-Къарнайн цхьана а/ дашах кхеташ боцу нах. |
94. |
Цара элира: “ХIай Ши маIа ерг! Баккъалла а, Яъжуж а‚ Маъжуж а боьханиг даржош ву лаьттахь. Оха хьуна – ясакх‚ токхе‚ ахьа тхуна а‚ царна а юккъехь дуьхьало йийриг?” |
95. |
Цо элира: “Сан Кхиош-кхобучо со шена чохь чIагIвинарг дика ду. Суна ницкъаца гIо де‚ ер аса шуна а‚ царна а юккъехь чIагIо. |
96. |
Ло суна эчиган кескаш”. Ша уьш шина ломан йистошкахь нисйича‚ цо элира: “/ЦIе/ марсаяккха!” Цо цунах цIе хилийтича‚ элира: “Схьало соьга‚ аса цунна тIе лалийна эчиг дуттур”. |
97. |
Ца мегира царна цунна тIе бовла а‚ ца мегира царна цунна Iуьрг даккха а. |
98. |
Цо элира: “ХIара сан Кхиош-кхобучуьнгара къинхетам бу. Сан Кхиош-кхобучун ваIда еъча‚ Цо лаьттаца нисйийр ю иза. Сан Кхиош-кхобучун ваIда хьакъ-бакъ хилла”. |
99. |
Оха буьтур бу уьш оцу /къемат/ дийнахь цхьаберш вукхарна тIе бетталуш. Сур локхур ю‚ Оха уьш гулбийр бу берриге а. |
100. |
Хьалхаюьллур ю Оха оцу дийнахь цатешачарна жоьжахати шуьйрра. |
101. |
Уьш шайн бIаьргашна тIехь парду долуш бара Со хьехорах‚ уьш бара ладогIа ца могуш. |
102. |
Цатешначарна моьтту-те шаьш‚ Со воцург‚ Сан леш гIоьнчий лоцур бу? Оха кечйина жоьжахати цатешачарна чубисса. |
103. |
Ахьа ала: “Аса буьйций шуна Iамалашца уггар эшнарш‚ |
104. |
Дуьненан дахаре шайн къахьегар /эрна/ дайина хилларш шаьш дика болх беш бу моьттуш?” |
105. |
Уьш бу шаьш шайн Кхиош-кхобучун аяташна а‚ Цуьнан цхьанакхетарна а керсталла динарш‚ эрна хилла церан Iамалш‚ хIоттор дац Оха царна Къематдийнахь терза. |
106. |
И церан бекхам – жоьжахати ю царна‚ шаьш керсталла дарна‚ Сан аяташ а‚ Сан элчанаш а бахьош хиларна. |
107. |
Баккъалла а, иман диллинарш а‚ диканаш динарш а – царна хилла ФирIдавс бошмаш чубиссар‚ |
108. |
Цу чохь гуттар лаьтташ‚ царех шайна дIатила ца лууш. |
109. |
Ахьа ала: “ХIорд сан Кхиош-кхобучун дешнашна шекъа хилча а – хIорд кхачалур бара сан Кхиош-кхобучун дешнаш кхачадалале‚ цунах тераниг Оха алссам деъчи а /кхин хIорд хилийтича а/”. |
110. |
Ахьа ала: “Со адам ду шу санна‚ суна вехьеца хаийтина шун Дела цхьа дела вуйла. Шен Кхиош-кхобучун цхьаьнакхетаре догдохуш хиллачо – дика Iамал йойла‚ шен Кхиош-кхобучун Iибадатна цхьа а накъост ма лоцийла”. |