1. |
Делан омра кхаьчна (герга деъна къематде хIоттар)‚ и сихдар ма дехалаш. Вонах цIена ву Иза‚ гена лекха ваьлла Иза цара /Шеца/ накъост лацарх. |
2. |
Маликаш диссадо Цо Шен омраца Шен лех Шена луучуьнга “Аша дIахьеде Со воцург кхин дела цахилар‚ Сох кхералаш”‚- олий. |
3. |
Цо кхоьллина стигланаш а‚ латта а хьакъ-бакъ‚ лекха вели И цара /Шеца/ накъост лацарх. |
4. |
Адам кхоьллина Цо тIадамах‚ ткъа иза билггала мостагI ву-кх /керста, Далла инкарло еш волу/. |
5. |
Даьхний – Цо кхоьллина уьш. Шуна царна чохь йовхо а ю‚ пайданаш а бу‚ царех аша дуу. |
6. |
Шуна царна чохь хазалла ю, аша чулохкучу хенахь а‚ аша дажа арадохуш а. |
7. |
Шун маххьаш дIахьо цара махка‚ шу цига кхочур доцчу, чIогIа хала а бен. Баккъалла а, шун Кхиош-кхобург дог лозуш а ву‚ къинхетаме а ву. |
8. |
Говраш а‚ вир-бIарзанаш а‚ варраш а шу шайна тIеховшархьама а‚ хазаллина а ю. Цо кхуллу шуна ца хуург а. |
9. |
Делан тIехь ду /стаг/ нийсачу новкъа нийсвар‚ цунах (некъах) бу (бакъдолчух) дIаверзош берг а. Шена лиънехьара, шу дерриге а нийсачу новкъа дехкина хир дара Цо. |
10. |
И ву Ша стиглара хи доссийнарг‚ шуна цунах малар а ду‚ цунах дитташ а ду‚ шен чохь аша бежнаш дажош. |
11. |
Цуьнца Цо шуна долуьйту ялта а‚ зайт-дитташ а‚ хурманаш а‚ кемсаш а‚ массо стоьмаш а. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду, ойла ечу нахана. |
12. |
Шуна муьтIахь йина Цо буьйса а‚ де а‚ малх а‚ бутт а. Седарчий а муьтIахь ду Цуьнан омраца. Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду, хьекъале болчу нахана. |
13. |
Цо шуна лаьттахь яржийна хIуманаш (динаташ, ораматаш…) /муьтIахь йина шуна/‚ шайн беснаш тайп-тайпана а долуш. Баккъалла а, цу чохь делил ду-кх, дагадойтуш болчу нахана. |
14. |
И ву шуна муьтIахь бинарг хIорд. Аша цунна чуьра керла жижиг даархьама‚ шуьга цунна чуьра жовхIарш арадахийтархьама‚ аша шаьш тIеухкуш долу. Хьуна го кема лелаш цунна чухула, аша Цуьнан комаьршаллих /хIуманаш/ лахархьама‚ шу хир дацара-те баркалла олуш. |
15. |
Лаьтта лаьмнаш дихкира Цо, иза шуьца ца лестийтархьама‚ хиш а‚ некъаш а /хилийтира/, – шу нийслур дацара-те (шайна Iалашонашна тIе). |
16. |
Iаламаташ а /хилла/‚ седарчашца уьш нийслур бацара-те (буьйсана шаьш баха безачу). |
17. |
Ша кхуллург ца кхуллучух тера ву-те? Аша ойла ца йо-те? |
18. |
Аша Делан ниIмат дагардахь – хьесап далур дац шуна Цуьнан. Баккъалла а, Дела гечдеш верг а ву‚ къинхетаме верг а ву. |
19. |
Далла хаьа аша къайладоккхуриг а‚ аша дIахьедориг а. |
20. |
Дела воцуш шайга кхойкхуш берш – цара хIумма а ца кхуллу‚ уьш шаьш а кхуллуш бу. |
21. |
Белла бу уьш‚ дийна боцуш. Царна ца хаьа‚ шаьш маца дендийр ду. |
22. |
Шун дела цхьа Дела ву. Шаьш эхартах цатешаш берш – церан дегнаш инкарло еш ду‚ шаьш курабевлла бу уьш. |
23. |
Шеко йоцуш, Далла ма хаьа аша къайладоккхург а‚ аша дIахьедийриг а. Баккъалла а, Цуна ца беза курабовлурш. |
24. |
Цаьрга аьлча: “ХIун доссийна шун Кхиош-кхобучо?”‚ олу: “Хьалхалерачийн туьйранаш”. |
25. |
Цара дIахьойла шайн /къинойн/ мохь кхоччуш Къематдийнахь‚ цхьа а хаар доцуш шаьш тилийнчийн цхьаболу мохь а. Вон ца хили цара дIахьош ерг!? |
26. |
Царел хьалха хиллачара а мекарло йира – дIаяьхьира Дала церан гIишло буххашкара‚ тхов тIебожийра царна шайна тIехула‚ Цо Iазап даийтира царна шайна ца хуучухула. |
27. |
ТIаккха Къематандийнахь Цо сийсазбийр бу уьш‚ эр ду: “Мичахь бу Сан “накъостий”‚ шаьш бахьанехь аша /бакъдолчуьнца/ къуьйсуш хилла болу?” Шайга Iилма деллачара эр: “Баккъалла а, тахана сийсазалла а‚ вон а ду-кх керстанашна‚ |
28. |
Маликаш болуьйтуш болчу шайн синошна зулам дечу хьолехь”. ТIаккха муьтIахь хилира уьш: “Тхо дацара вониг деш”. ХIаъ! Баккъалла а, Дела хууш верг ву аша деш хилларг. |
29. |
“Чу гIуо жоьжахатин неIаршкахула‚ гуттар лаьтташ цу чохь. Ма вон ю-кх курабевллачеран чугIойла”. |
30. |
/Делах/ кхийринчаьрга элира: “ХIун доссийна шун Кхиош-кхобучо?”‚ цара элира: “Диканиг”. Диканиг диначарна хIокху дуьненахь а диканиг ду‚ эхартан цIа-м дикох ду. Ма дика ду-кх /Делах/ кхоьручеран цIа! |
31. |
Iаднан бошмаш – царна чу гIур бу уьш – царна бухахула татолаш оьхуш. Царна цу чохь шайна езнарг хир ю. Иштта ял ло Дала /Шех/ кхоьручарна‚ |
32. |
Шаьш маликаша болуьйтуш болчу цIеначу хьолехь‚ олуш: “Маршалла ду шуьга! Чу гIуо ялсаманина, шаьш /дика/ Iамал еш хиларна”. |
33. |
Уьш /керстанаш/ хьоьжуш бу-те шайга маликаш дахкаре‚ я хьан Кхиош-кхобучун омра даре? Иштта дира хьуна царал хьалха хиллачара а. Дала зулам ца дира царна‚ делахь а шайна зулам деш хилира уьш. |
34. |
Шаьш дина вонаш кхиира царех‚ шаьш ца дешаш хилларг хьакхаделира царех. |
35. |
/Делаца/ накъост лаьцначара элира: “Далла лиънехьара, И воцчу цхьана а хIуманна Iибадат дина хир дацара оха – оха а‚ тхан дайша а‚ Цо ца йинарг, цхьа а хIума хьарам йина хир яцара оха”. Иштта /хьукма/ дора царел хьалха хиллачара а. Элчанийн тIехь ду-й, ткъа, билгала дIакхачор бен? |
36. |
ХIора умматана Оха ваийтира элча‚ Далла Iибадат де‚ ТIагIутах гена довла‚ аьлла. Царех Дала нисвинарг а ву‚ царех шена тIехь тилар кхочушхилларг а ву. Лела шу лаьттахула‚ хьажа‚ муха хилла /Делан цIена дин/ харцдиначеран тIаьхье! |
37. |
Церан нисбаларна тIехь хьо мел сутар хилча а‚ Дала нис ма ца во Ша тилавала витинарг. Царна гIоьнчий ма бац. |
38. |
Делаца чIогIа дуйнаш ма биъна цара “Денвийр вац Дала велларг”‚- бохуш. ХIаъ! Иза хьакъ-бакъ хилар Цуьнан тIехь йолу ваIда ю-кх! Делахь а дукхахболчу нахана ца хаьа-кх. |
39. |
Билгалдаккхархьама царна шена чохь церан хилпало ерг‚ керстанашка хаийтархьама шаьш харцлуьйш дерш дуйла. |
40. |
Тхан дош ду цхьа хIума Тхуна дезча алар: “Хила!” – и хуьлу. |
41. |
Шайна зулам диначул тIаьхьа Делан дуьхьа дIакхелхинарш – Оха уьш биссор ма бу дуьненахь а дикачунна тIе‚ эхартан ял-м мелхо а йоккха ю‚ уьш хиллехь хууш. |
42. |
Уьш бу шаьш собар динарш а‚ шайн Кхиош-кхобучунна тIетевжинарш а. |
43. |
Хьоьл хьалха а ца бахийтина Оха божарий бен Оха шайга вехьеш а луш. Аша хаттал хьехам шегахь болчу охIлане, шаьш хиллехь ца хууш. |
44. |
Билгалонашца а‚ жайнашца а /бахкийтира Оха элчанаш/. Хьоьга боссийна Оха хьехам, хьоьга нахана билгалдаккхийта цаьрга доьссинарг‚ уьш ойла еш хилийтархьама а. |
45. |
Вочуьнца мекарло йинарш тешна бу-те Дала шаьш лаьттаца хьулбийриг цахиларх‚ я шайга Iазап догIург цахилрх шайна ца хуучухула? |
46. |
Я Цо шаьш схьа цалацарх шайн дIа-схьа идаршкахь? Уьш ма бац карарабовлур берш. |
47. |
Я Цо шаьш схьалацарх кхерамна чохь? Баккъалла а, шун Кхиош-кхобург доглозуш верг а ву‚ къинхетаме верг а ву. |
48. |
Уьш ца хьожу-те Дала кхоьллинчу хIуманашка, шайн IиндагI теIаш долчу аьтту агIорхьара а‚ аьрру агIорхьара а Далла сужд дарца шаьш муьтIахь а долуш? |
49. |
Далла сужд до стигланашкахь мел долчо а‚ лаьттахь мел долчо а‚ бежанех /долчара а/‚ маликаша а‚ цара куралла ца йо. |
50. |
Уьш кхоьруш ду шайна тIехь волчу шайн Кхиош-кхобучух‚ деш ду шайга де бохург. |
51. |
Дала элира: “Аша ма лаца ши дела. Иза цхьа Дела ву‚ Соьх кхералаш!” |
52. |
Цуьнан ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Цуьнан ду даима долу дин‚ ткъа Дела воцчух кхоьру шу? |
53. |
Шуьца мел долу ниIмат а Делера ду-кх. ТIаккха шаьш цхьана зено схьалаьцча – Цуьнга цIогIа детта аша. |
54. |
ТIаккха Цо зен шух дIадаьккхича, шух /цхьана/ тобано шен Кхиош-кхобучуьнца накъост лоцу |
55. |
Оха шайна деллачу /ниIматна/ инкарло ярхьама. Зовкх хьега шайна! ТIаьхьа хуур ду шуна. |
56. |
Оха шайна деллачу рицкъех шайна ца хуучарна дакъа до цара. ТаллахIи‚ цаьрга хоттур ма ду цара харц кхуллуш хиллачух. |
57. |
Далла мехкарий хуьлуьйту цара – вонах цIена ву Иза – ткъа шайна – шайна дезарг /кIентий/ хуьлуьйту. |
58. |
Царех цхьаннан йоI хилла, аьлла, кхаъ баьккхича‚ юьхь Iаржало цуьнан, чIогIа пошме хуьлий. |
59. |
Хьулбо цо нахах шена кхаъ баьккхина болу цатам. “Сийсазаллин тIехь схьаоьцу-те ша и /йоI/‚ я лаьттах дIахьулъйо-те?” Ма вон ду-кх цара деш долу хьукам! |
60. |
Эхартах цатешачарна вонан масал ду‚ Далла лакхара масал ду‚ Иза веза верг а‚ хьукаме верг а ву. |
61. |
Дала нах шайн зулам бахьанехь /балане/ лоцуш хиллехьара‚ цуьнан /лаьтта/ тIехь цхьа а дийнат дуьтур ма дацара Цо‚ делахь а тIаьхьатотту Цо уьш цIетоьхна хан тIекхаччалц. Шайн хан еъча – цхьа сахьт тIаьхьа ца буьсу уьш‚ хьалха а ца бовлу. |
62. |
Далла шайна ца дезарг хуьлуьйту цара‚ харцдолчуьнан сурт хIоттадо церан меттанаша, шайна диканиг ду‚ бохуш. Шеко йоццуш царна /жоьжахатин/ цIе ю‚ уьш /цу чу/ сихбийр бу /массарел хьалха/. |
63. |
ТаллахIи‚ хьоьл хьалха а умматашка бахкийтира Оха /Тхан элчанаш/‚ шайтIано шайн Iамалш хазйира царна‚ тахана а церан верас и ду‚ царна лазош долу Iазап ду. |
64. |
Хьоьга жайна доссийна ма дац Оха, деккъа ахьа царна билгалдаккха бен церан шена чохь хилпало хилларг, нийса некъ а‚ къинхетам а хила а бен тешаш болчу нахана. |
65. |
Дала стиглара хи доссийна‚ цуьнца латта дендина Цо и деллачул тIаьхьа. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду ладугIучу нахана. |
66. |
Шуна бежанашкахь а маьIна ду: Оха шуна малайо церан кийрахь йолучух боьхаллин а‚ цIийнан а юккъера шура‚ цIена йолуш‚ чам болуш молучарна. |
67. |
Хурманийн а‚ кемсийн а стоьмех аша доккху вахош долу малар а‚ хаза рицкъа а. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду ойла ечу нахана. |
68. |
Хьан Кхиош-кхобучо накхаршка хаийтира: шайна цIенош лаца лаьмнех а‚ диттех а‚ цара (наха) ечух а (некхаршна чохь Iан кечам). |
69. |
ТIаккха даа шайна массо стоьмех‚ шайн Кхиош-кхобучун некъашкахула лела муьтIахь хилла‚ аьлла. Церан кийрара малар долу‚ шен бос тайп-тайпана а болуш‚ шена чохь нахана дарба а долуш. Баккъалла а, цу чохь делил ду-кх, шаьш ойла ечу нахана. |
70. |
Дала кхоьллина шу‚ тIаккха Цо долуьйту шу. Шух ву дахаран уггар ирчачу хьоле верзош верг а, цунна хууш хиллачул тIаьхьа хIумма ца хаийта. Баккъалла а, Дела хууш а ву‚ ницкъ кхочуш а ву. |
71. |
Дала шун цхьаберш вуккхарел базбина рицкьанна тIехь. Ма бац и базбинарш шайн рицкъа лур долуш шайн куьйган кIелболчарна‚ шаьш цу чохь цаьрца цхьанийса а деш‚ Делан ниIмат а харц до, ткъа, цара? |
72. |
Дала шуна шух шайх а зударий хилийтина‚ Цо шуна шун зударшкара кIентий а‚ кIентийн кIентий а хилийтина‚ Цо шуна дикачух рицкъа делла. Ткъа харцдолчух теша уьш‚ Делан ниIматана керстаналла до? |
73. |
Цара Iибадат до Дела воцчу‚ шайн долахь царна яла стигланашкара а‚ лаьттара а рицкехь хIумма а йоцучарна‚ ницкъ ца кхочучарна? |
74. |
Далла масалш ма даладе. Баккъалла а, Дела хууш ву‚ шу ца хууш ду. |
75. |
Дала далийна шуна масал: Шех /кхечара/ доладеш волу лай ву‚ шен цхьана а хIуманна ницIкъ а ца кхочуш волу‚ Оха шена Тхайгара дика рицкъа делларг а ву‚ цо цунах харж а йо /сагIа ло/ къайлах а‚ гучохь а. Цхьанийса буй уьш? Хастам Далла бу. Делахь а царех дукхахберш ца хууш бу. |
76. |
Дала /кхин/ масална оьцу ши стаг: оцу шиннех цхьаъ мотт ца хууш ву‚ цхьана а хIуманна ницкъ ца кхочу цуьнан‚ и верриг шен валина тIехь ву‚ миччахьа а цо и хьажийча а‚ цо диканиг ца дохьу. Ткъа цхьанийса вуй иза а‚ нийсонца омра деш верг а‚ ша нийсачу новкъахь а волуш? |
77. |
Делан ю стигланийн а‚ лаьттан а къайле. Ма дац сахьтан гIуллакх бIаьрнегIар тохар санна а бен‚ я кхин а гергахь а бен. Баккъалла а, Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ву. |
78. |
Дала схьадаьхна шу шун нанойн кийрара‚ хIумма хууш дацара шуна‚ Цо шуна хазар а‚ бIаьрса а‚ дегнаш а хилийтира‚ шу хила мегар-кх баркалла олуш. |
79. |
Царна ца го-те олхазарш‚ муьтIахь лелаш стиглан хIаваэхь? Уьш ца сацо /стиглахь/ Дала бен. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду тешаш болчу нахана. |
80. |
Дала шуна хилийтина шун цIенойх хIусам‚ Цо хилийтина шуна бежанийн неIарех цIенош‚ шаьш шуна дайа долуш шу дIа-схьа долучу дийнахь а‚ шу /севцина/ лаьттачу дийнахь а; церан тIаргIех а‚ месех а‚ чоьшех а шуна палтар а ю‚ цхьана ханна бахам а бу. |
81. |
Дала хилийтина шуна Ша кхоьллинчух IиндагIа‚ Цо хилийтина шуна лаьмнех лочIкъийла‚ Цо хилийтина шуна духар, шу лардеш йовхонах а‚ духар а шу лардеш вовшийн ницкъах. Иштта кхочушдо Дала Шен ниIмат шуна тIехь, шу хилархьама мукIар хилла. |
82. |
Уьш дIаберзахь – хьуна тIехь билгала дIакхачор ду (Тхан элчалалла). |
83. |
Делан ниIмат девза царна‚ тIаккха инкарло йо цара цунна‚ царех дукхахберш керстанаш бу. |
84. |
Оцу дийнахь Оха вохуьйтур ву хIора умматах теш‚ тIаккха керстанашна пурба лур дац‚ царна бехкаш а бохур бац. |
85. |
Зулам диначарна Iазап гича‚ царех и дайдийр дац‚ тIаьхьатоттур а бац уьш. |
86. |
/Делаца/ накъост лаьцначара шайн “накъостий” гича‚ эр ду: “Тхо Кхиош-кхобуш верг‚ хIорш бу тхан накъостий‚ Оха шайга хьо витина кхойкхуш хилла болу”. Цара цаьрга дош кхуссур ду: “Баккъалла а, шу харцлуьйш дерш ду-кх”‚- аьлла. |
87. |
Деле кхуссур цара оцу дийнахь мукIарло‚ дIатилар ю царех цара кхуллуш хилларг. |
88. |
Цатешначарна а‚ Делан новкъах /нах/ тилинчарна а Оха тIетухур ду Iазапан тIе а Iазап, уьш боьханиг деш хиларна. |
89. |
Оцу дийнахь хIора умматехь Оха вохуьйтур ву шайна тIехь теш царех шайх‚ хьо валор ву Оха теш хилла хIокхарна тIехь. Хьоьга жайна доссийна Оха ша массо а хIуманан билгало хилла долу‚ ша бусулбанашна нийса некъ а‚ къинхетам а‚ кхаъ а хилла долу. |
90. |
Баккъалла а, Дала омра до нийсо‚ диканиг‚ гергарчарна /сагIа/ далар‚ ца магадо /Дала/ боьханиг а‚ вониг а‚ хьагI а. Цо шуна хьехам бо, хьехам тIелоцурбацаре-те аша. |
91. |
Делаца чIагIо кхочушъе‚ шаьш чIагIо йинчул тIаьхьа‚ дуйнаш боха ма бе, шаьш уьш чIагIбинчул тIаьхьа: аша Дела ма хилийтина шайна тIехь векал. Баккъалла а, Далла хаьа аша дийриг. |
92. |
Шу ма хилалаш шен уьйриг баьстинчу зудчух тера, ша и хала хьарчинчул тIаьхьа‚ шайн дуйнех вовшийн юккъехь пайдаоьцуш‚ цхьаберш вукхарел хьал сов долуш хилийтирхьама. Дала шу цуьнца зуьйш ду. Цо шуна Къематдийнахь билгалдийр ду шу шена чохь хилпало еш хилларг. |
93. |
Далла лиънехьара Цо шу цхьа уммат хуьлуьйтур дара‚ делахь а Цо тилавала вуьту Шена луург‚ Цо нисво Шена луург. Шуьга хаттанне а хоттур ма ду аша деш хиллачух. |
94. |
Шайн дуйнех вовшийн юккъехь пайда ма эцалаш – тIаккха ког телхар бу, и чIагIбеллачул тIаьхьа‚ вониг Iовшур ду аша шаьш Делан новкъах /нах/ тилорна‚ шуна доккха Iазап а ду. |
95. |
Ма эца Делан ваIдах кIеззиг мах! Баккъалла а, Далла гергахь дерг дика ду шуна‚ шу хууш хиллехь. |
96. |
Шуьгахь дерг кхачалур ду‚ Делан гергахь дерг бухадуьсур ду. Собардеш хиллачеран ял дIалур ма ю Оха цара деш хиллачун уггар хазачуьнца. |
97. |
Дика Iамал йинарг‚ боьрша стаг велахь а‚ зуда-стаг елахь а‚ ша муъма волуш – и денвийр ма ву Оха хазачу дахарца‚ церан ял дIалур ма ю Оха цара деш хиллачун уггар хазачуьнца. |
98. |
Айхьа КъурIан доьшуш‚ Деле ларвалар дехалахь тIулгаш кхуьссуш эккхочу шайтIанах. |
99. |
Баккъалла а, цуьнан бакъо яц иман диллинчарна тIехь‚ шайн Кхиош-кхобучунна тIетевжачарна тIехь а. |
100. |
Цуьнан бакъо ю шех /шайна/ накъост виначарна тIехь‚ шаьш цунах (Делаца) накъост лоцучарна тIехь а. |
101. |
Оха аятан метта аят хийцийча – Дела дика хууш ву Ша доссош дерг‚ – цара олу: “Баккъалла а, хьо кхуллуш верг ву”. ХIаъ‚ царех дуккхахберш хууш бац. |
102. |
Ахьа ала: “И доссийна Дезачу сино хьан Кхиош-кхобучуьнгара бакъдолчуьнца, Ша чIагIбархьама иман диллинарш‚ Ша нийса некъ а‚ кхаъ а хилла бусулба нахана. |
103. |
Тхуна хууш ду‚ цара олу: “Иза Iамавеш ву адамо”. Уьш шена тIекхийдаш берг Iажам мотт ма бу‚ ткъа хIара билгала Iарбийн мотт ма бу. |
104. |
Баккъалла а, Делан аятех цатешаш берш – Дала нисбийр бац уьш‚ царна лазош долу Iазап а ду. |
105. |
Баккъалла а, Делан аятех цатешаш берш харцдерг кхуллуш бу‚ уьш – харцлуьйш берш бу. |
106. |
Ша иман эцначул тIаьхьа Делаца керсталла динарг‚ шен дог иманца чIагIделла долуш шена ницкъ бинарг а воцуш‚ керсталлина шен дог деллинарг – царна Делера оьгIазло а ю‚ царна доккха Iазап а ду. |
107. |
Иза цара эхартал дуьненан дахар дезар лахарна ду‚ Дала нисбеш цахиларна ду керста нах. |
108. |
Уьш бу Дала шайн дегнашна а‚ хазарна а‚ бIаьрсина а мухIар тоьхнарш‚ уьш бу шаьш гIовпал берш! |
109. |
Шеко яц эхартахь уьш эшнарш хиларан. |
110. |
ТIаккха, баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург /гечдеш ву/ хIижар диначарна, уьш питане лаьцначул тIаьхьа шаьш къахьегна болу‚ собар дина болу, – баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург цул тIаьхьа гечдеш верг а ву‚ къинхетаме верг а ву. |
111. |
Оцу /къемат/ дийнахь массо а вогIур ву шен са къуьйсуш‚ массо сина лур ду ша динарг‚ царна зулам дийр дац! |
112. |
Дала масална ялийна цхьа юрт. И хилла маьрша а‚ паргIат а: шен рицкъа догIура цига шортта массо меттигера. ТIаккха цо Делан ниIматашна керсталла дира. ТIаккха Дала цуьнга Iовшийтира мацаллин а‚ кхераман а духар, цара деш хилларг бахьанехь. |
113. |
Цаьрга веара элча, царех а волуш – цара иза харцвира – тIаккха уьш схьалецира Iазапо‚ уьш зуламхой бу. |
114. |
Аша даа Дала шайна деллачу рицкьанх хьанал дерг а‚ цIена дерг а‚ Делан ниIматашна шукур де‚ шаьш Цунна Iибадат деш хиллехь. |
115. |
Баккъалла а, Дала хьарам йина шуна еккъа къеелла хIума а‚ цIий а‚ хьакхин жижиг а‚ Дела воцуш /кхечун/ цIарца хьахийнарг а. Ша ца ваьлларг‚ къа деш воцуш‚ дозанах а ца волуш – тIаккха Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву. |
116. |
Аша ма алалаш шайн меттанаша дуьйцучу харцдолчунна: “ХIара хьанал ду‚ хIара хьарам ду”‚ Далла тIе харцдерг кхоллархьама. Баккъалла а, Далла тIе харцдерг кхуллуш берш баккхийбуьйр болуш бац. |
117. |
КIезиг зовкх хьоьгур ду‚ царна лазош долу Iазап ду. |
118. |
Жуьгтийн динехь хиллачарна а хьарам дина Оха хьоьга хьалха дийцинарг‚ Оха царна зулам ца дира‚ делахь а‚ уьш хилира шайна зулам деш. |
119. |
ТIаккха, баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург ца хууш вониг диначарна‚ тIаккха цул тIаьхьа тоба деш дика Iамалш йиначарна, – баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург цул тIаьхьа /царна/ гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ву. |
120. |
Баккъалла а, ИбрахIим хилла Далла муьтIахь имам‚ цIена дин дерг‚ и ца хилла ширк дечарех. |
121. |
Цуьнан ниIматашна шукар дийриг а /хилла иза/. Цо /Дала/ хаьржина иза‚ нис а вина нийсачу новкъа. |
122. |
Оха цунна делира дуьненахь а диканиг‚ иза эхартахь а дикачарех ву. |
123. |
ТIаккха Оха хьоьга вехьи доссийра цIена дин долуш хиллачу ИбрахIиман миллатан тIаьхьахIотта‚ аьлла‚ и ца хилла ширк дечарех. |
124. |
Шоьтаде /даздар/ хилийтина цуьнгахь хилпало хиллачарна. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург хьукам дийр долуш ву царна юккъехь уьш хилпало еш хиллачуьнгахь. |
125. |
Ахьа кхайкха хьан Кхиош-кхобучун новкъа хьекъалца а‚ хазачу ваIзийца а‚ цаьрца къийса хазачу кепаца. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург вуно дика вевзаш ву Шен новкъах тилавелларг. Иза вуно дика бевзаш ву нийсачу новкъахь берш а. |
126. |
Нагахь санна аша таIзар дахь‚ таIзар де шайна таIзар диначух терра‚ аша собар дахь – иза собар дечарна дика ду-кх. |
127. |
Ахьа собар делахь‚ хьан собар Делаца а бен дац‚ царна пошме ма хила‚ хьо ма хила сагатлуш цара ечу мекарлонах. |
128. |
Баккъалла а, Дела ву /Шех/ кхийринчаьрца‚ Иза ву дикачаьрца. |